Конспект открытого урока по математике для 1 класса: «вычитание - 17».

  • docx
  • 24.04.2024
Публикация на сайте для учителей

Публикация педагогических разработок

Бесплатное участие. Свидетельство автора сразу.
Мгновенные 10 документов в портфолио.

Иконка файла материала dokument_microsoft__11___eee_office_word.docx

 Йоза

Урокан ц1е: Йозанан доккха а , жима  а элп Ее.

1алашонаш:

1.Предметни:.Йозанан доккха а , жима а элп Ее довзийтар, уьш  дешна юккъехь , юьххьехь , чаккхенгахь яздан 1амор.

2.Меторедметни:

·        Регулитивни:Урокан 1алашо йовза хаар, иза д1айийца говзвлла кхиор, шена дан делларг, даза диснарг   ган 1амор.

·        Комуникативни:Дешдакъойх дешнаш х1итто хаар, книги т1ехь  болчу хаамех шена пайда эца хаар.Дошамца болх  бан  хаар.

·        Познавательни:Белхан 1алашонех къамел дан хаар, дадезачух дагавала хаар.

3.Личностни:.Шен  накъосташца яхье вуьйлуш массарчул дика болх бан  лаам хилар.Шена хетарг  д1аала говзалла хилар.

Урок д1аяхьар.

1.Дешаре шовкъ кхоллар.

Езиратна нанас эцна

Еанера морожни.

Едда яхна ц1ерга лаьцна,

Езирата и яший.

Елхарх х1инца пайда бац -

Ешнарг меттах1уттур яц.

(Ж. Махмаев)

-Муха йо1   ю Езират?

-Муьлха элп ду Езират дешан хьалхахь?

2.1алашо йовзар.

-Бераш хьовсал книги т1е.Х1ун го шуна?(ехк,Зезаг,,,)

-Х1ун ду церан юкъара?(Элп Е)

-Х1ун 1амор дув ай урокехь?(Элп Е)

-Х1ун дийр дув ай  Е элпаца?(Дешнаш , дешдакъош д1аяздийр ду)

-Х1окху дешнашна х1ун хила?(аг1о 49)

-Уьш кегделла.

-Царна  х1ун дийр дув ай?(Уьш хуьттуш д1аяздийр ду)

-Хьан эр дара:х1ун 1амор дув ай урокехь?

3.Керла тема хьехар.

v Йозанан доккха а , жима а элп  Ее довзийтар.

Уьн т1е д1аяздо.

Дд  Аа  Ии Оо Ее.

-Муьлха элп ду совнаха?Х1унда?(Элп ДД- мукъаза ду, дисина элпаш мукъа)

-муьлханиг  ца хаьа  вайна яздан?(Ее)

-Х1ара йозанан доккха элп Е ду, х1ара йозанан жима элп е ду.

-Х1ун 1еми вайна?(Девзи йозанан доккха а , жима а элп Ее)

v   Элп Ее яздар.

Хьехархочо д1агойту элп Ее муха яздан деза.

Е Е Е Е Е Е Е Е Е Е

  е е е е е е е е е е

Ее Ее Ее Ее Ее Ее

v Дешдакъош яздар.

Ле  ме  се  ре  хе  бе  де

-Х1ун 1еми вайна?(Дешдакъош яздан,элп Ее яздан)

4.Сада1аран миноташ

5.Керла тема кхин  д1а а хьехар.

v Ойлайойту шардар.

Д1адеша  дешнаш .Х1ун хила царна?(Уьш кегделла)

-Цанна х1ун дан деза?(Нисдан деза)

-Хьан нисдийр дара хьалхара дош?(Бедар)

-Д1аязде и дош доски т1е?

(Иштта толлу важа дешнаш)

-Х1ун 1еми шуна?(Кегделла дешнаш нисдан)

v Творчески болх.

1.Кроссворд

 

Нагахь санна аша кроссвордехь деллачу хаттаршна нийсажоьпаш лахь, туьйранашкахь юьйцучу зудчун-бозбуунчин ц1еешалур ю шуьга лакхара охьа дешнийн хьалхара элпаш вов-

шахтесча.

1. Аьчкан тайна.

2. Аттах доккхушдолу сурсат.

3. Берзалойн тоба.

4.31акардаьхиин хьера.

(Жоп: 1. Ез 2. Шура. 3. Арданг. 4. Потак. (ЕШАП.)

е

з

 

ш

у

р

а

 

а

р

д

а

н

г

п

о

т

а

к

 

-Дошам т1е хьовса х1ун  ю ешап?

2. Т1 адамийн метта дог1у элпаш а дохкуш дешнаш кхолла:

1. ...е... (мел, бел, тел, теш, пеш, хьех, гел, цел, пес, кхес,

бен, пен).

2. е ......... (ехк, еха, ела, еза, етт, ерг, еша, ета, его, ело).

3.... е..........(бекъа, мекха, шекъа, тега, Бека, седа, т1еда).

-Х1ун ю кхес?

-Х1ун 1еми вайна?

(Творчески болх бан, дошамца болх бан)

6.Рефлекси.

-Х1ун 1алашонаш яра вайн?

v Элп Ее довзар.

v Элп Ее яздан хаар.

v Элп Ее дешан юккъехь, юьххьехь , чаккхенгахь яздар

v Кегделла дешнаш хиттар.

v Дошамца болх бар.

-Х1ун дан ницкъ кхечи?

-Х1ун диси ца далуш?