Конспект урока по чеченскому языку.
Оценка 4.6

Конспект урока по чеченскому языку.

Оценка 4.6
docx
26.03.2024
Конспект урока по чеченскому языку.
94.урок .вайн турпалхой..docx

94-г1а урок

Урокан  ц1е: «Вайн турпалхой».

1алашо: берашна нохчийн турпалхой бовзийтар.Церан корматаллаш йовзийтар.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1.Предметни:берашна бевзар бу нохчийн цхьаболу турпалхой: А. Кадыров, Х. Нурадилов.

2. Метапредметни:

·        Регулятивни: берашна 1емар душ ай кийча план а йолуш , дешаран кхиамаш баха кийча хилар,1емар ду интернет чохь, яучабникаш т1ехь , баккхийчаьрга хеттарца оьшу г1ирс гулбан , цунах пайдаэца. Берашна хуур  ду  шайн кхиамаш ган , царех пайдаэца. 1емар ду  кхачамбацарш  ган   уьш  д1адаха.

·        Коммуникативни:  берашна  1емар ду  хьехархочун хаттаршна дуьззина жоьпаш дала. 1емар ду  вовшашца къамеле  бовла, ладог1а. Берашна 1емар ду  шайна хеттарг д1аала, шайн накъоста дуьйцучунга  ладог1а, кхета.

·        Познавательни: берашна девзар ду турпалхочун аматаш: адамалла , г1иллакх, майралла, Даймахке безам.

3. Личностни:Берийн дозалла кхоллалур ду шайн къомах динах, турпалхойх. Берашна луур ду Даймахка дуьхьа, къома дуьхьа кхиамаш баха.Берашна 1емар ду шайн амалехь диканиг кхио.

Урок  д1аяхьар.

1.     Маршалла  хаттар

 -Де дика хуьлда шун, бераш!

-Диканца дукха  ехийла! 

2. Дешаре  шовкъ  кхоллар.

·        Ловзар : «Дош кагделла».

-Бераш , аса уьн т1е д1аяздинера цхьа дош. Иза доьхна. Вай  иза нисдан деза.

ХО ТУР ПАЛ

-Муьлха дош ду иза? (Турпалхо)

-Мила ву турпалхо? (Берийн жоьпаш).

-Хьан кечдина турпалхочух лаьцна дийцар? Байт? Муьлха турпалхо вевза шуна?

3. 1алашо йовзийтар.

-Бераш , х1ун кхиамаш баха дагахь душ у. Х1ун 1емар ду шуна тахана?

-Вайна хуур ду турпалхо мила ву . Бевзар бу къоман коьрта турпалхой , церан хуьнарш.

4. Нохчийн турпалхой.

·        Мила ву турпалхо.

-Нохчийн къам шеен  ширачу заманчохь дуьйна орамаш болуш схьадог1уш ду. Оцу бехачу дахаран новкъа т1ехь вонаш , бохамаш гина вайн къомана. Амма и бохамаш буха тоха , къам к1елхьардаккха  а нах болуш хила даимна нохчийн къома юкъара. Уьш кийча хила къоман парг1атонан , ирсан дуьхьа шайн са д1адала. Ишттанаш бу ширачу заманчохь дуьйна болу турпалхой:Жуми Акхтулла, Мадин Жаьммирза,Эвтархойн Ахьмад. Ишттачу нахах  олу кхоман турпалхой.

-Вайн халкъо уьш ца бицбалийта царна дохуш хила иллеш ,эшарш.

-Хьан эр дара: мила ву турпалхо? (Берийн жоьпаш).

·        Вайн  турпалхо-Ханпаша Нурадилов.

-Д1адеша 127-аг1он т1ера дийцар.

-Муьлхачу юьртахь вина хила Х. Нурадилов?Д1адеша жоп.

-Мила ву Х. Нурадилов?

-Муха лийтира иза мостаг1ех?

-Х1унда довр дац цуьнан сий?

-Вай турпалхой вайна биц ца балийта царна доху иллеш ,эшарш , байташ. Иштта Х. Нурадиловх лаьцна яккхина байт Б. Сулеймановс.Д1аеша иза.

-Муха боху яздархочо Ханпашех лаьцна? (Къонахех къонаха ву , дай г1иллакхехь ца тилла).

-Шуна хаьнна лаьа Ханпашех тера хила?

5. Сада1аран миноташ.

6. Вайн турпалхо- А. Кадыров.

·        А. Кадыровх лаьцна дийцар дешар.

-Д1адеша 128 г1а аг1он т1ера дийцар.

-Мила вара А. Кадыров?

Цунна х1ун лаьара?

-И стена дуьхьала велира?

Хьенан дуьхьа хилира цуьнан кхалхар?

-Х1ун хаьа шуна А. Кадыровх?

·        Кхоллараллин болх

-Бераш турпалхочуьнгахь  товш долу х1уманаш схьаязде .

Уьн т1е д1аяздо.

Майралла, оьздангалла, г1иллакх, оьг1азло , хьарцхьа лелар, бусалба дог, адам дезар, 1алам ца дезар.

·        Турпалхо дешан синквейн х1оттор

Турпалхо

1алашдо, лета

Оьзда, майра, къинхетаме

Турпалхо-адман дуьхьа вала кийча ву.

-Х1ун до  турпалхочо? (Халкъ 1алашдо , цуьнандуьхьа лета).

-Муха ву турпалхо? (Оьзда, майра,г1иллакхе).

-Хьан эр дара :мила ву турпалхо?Х1отта е предложении.

7. Жам1 дар.

-Муьлха турпалхой бевза шуна?Х1ун хаьа шуна царех лаьцна?

8. Рефлекси.

Х1ун кхиамаш бехи аша? Аша ц1ахь х1оттина  план кхочушъян ницкъ кхечин шу?

-Х1отта е кханалерачу белхан план.


 

Урокан ц1е: «Вайн турпалхой»

Урокан ц1е: «Вайн турпалхой»

ХО ТУР ПАЛ -Муьлха дош ду иза? (Турпалхо) -Мила ву турпалхо? (Берийн жоьпаш)

ХО ТУР ПАЛ -Муьлха дош ду иза? (Турпалхо) -Мила ву турпалхо? (Берийн жоьпаш)

Муха боху яздархочо Ханпашех лаьцна? (Къонахех къонаха ву , дай г1иллакхехь ца тилла)

Муха боху яздархочо Ханпашех лаьцна? (Къонахех къонаха ву , дай г1иллакхехь ца тилла)

Муьлха турпалхой бевза шуна?Х1ун хаьа шуна царех лаьцна? 8

Муьлха турпалхой бевза шуна?Х1ун хаьа шуна царех лаьцна? 8
Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
26.03.2024