51-г1а урок
Урокан ц1е: «Мукъаза зевне аз (1), элп II .
1алашо: мукъаза зевне аз (I) довзийтар, элп Йй довзийтар. Элп II дешан юьххьехь, чаккхенгахь, юккъехь деша 1амор.
Кхочушдан лерина жам1аш:
1.Предметни:мукъаза зевне аз (I) девзар ду берашна, элп II девзар ду. Нийса а , кхеташ а элп II юкъадог1у дешнаш деша 1емар ду.
2. Метапредметни:
· Регулятивни: берашна 1емар ду учебника т1ехь ялийначу материалах пайда а оьцуш , шайн белхан план х1отто. Планан рог1алла а ларъеш шайн болх д1абахьа а 1емар ду берашна. Берашна хуур ду шайн кхиамаш ган , царех пайдаэца. 1емар ду кхачамбацарш ган уьш д1адаха.
· Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина жоьпаш дала. 1емар ду вовшашца къамеле бовла, ладог1а. Берашна 1емар ду шайна хеттарг д1аала, шайн накъоста дуьйцучунга ладог1а, кхета.
· Познавательни: берашна 1емар ду элп II юкъа а х1оттош дешдакъош кхолла , уьш деша. Дешнашкахь элп а хуьйцуш керла дешнаш кхолла а хуур ду берашна. Берашна евзар ю керла говзалла-хьехархо.
3. Личностни:берийн лаам хир бу 1алам довза , цуьнан хийцамийн тидам бан. 1аламна пайдениг дан лаам кхоллалур бу берийн.
Урок д1аяхьар.
1. Маршалла хаттар
-Де дика хуьлда шун, бераш!
-Диканца дукха ехийла!
2. Дешаре шовкъ кхоллар.
· Ловзар : “Х1етал-металш».
-Бераш, уггаре тидаме муьлханиг ву шух? Аса д1адоьшу х1етал-металш , шуна каро деза цанна жоьпаш.
Х1етал-метал хаийла хьуна:
Мел дестарх а хиэ цахьуриг? (1индаг1)
Тоьхча, туьро а ца хадориг? (1индаг1)
Хи чу кхоьссича, буха цадоьдург,
ц1ерга кхоьссича, дага цадогург? (1индаг1)
Шарахь цкъа вог1уш волу беркат доцу хьаша (1а).
Къеначу стеган говр? (Iaca)
-Муьлха дешнаш карий шуна жоьпашна? (1А, 1аса, 1индаг1).
-Ала и дешнаш ша-ша: 11АСА, 11ИНДАГ1, 11А).
-Муьлха аз хеза дешнашна юьххьехь? (Аз (1)).
-Х1ун 1амор ду вай тахана? (Берийн жоьпаш).
-Тахана вайна девзар ду аз (1), элп 11.
3. 1алашо йовзийтар.
-Д1аелла учебникан 75-г1а аг1о. Абатан аг1он т1ехь ялийначу материалах пайда а оьцуш х1отта е шаьш бийр болчу белхан план.
Суна девзар ду …
Суна 1емар лу…
Аса х1оттор ду…
-Вайна тахана девзар ду керла аз а, элп а II . Шуна 1емар ду элп II юкъадог1у дешнаш , предложенеш а еша. Вай дийцар а х1оттор ду суьртах лаьцна.
4. Мукъаза зевне аз (I) довзийтар . Элп II довзийтар.
-Х1ун 1амор ду вай хьалхара? (Вайна девзар ду керла элп)
· Суьрташца болх бар. Дешан юьххьехь, чаккхенгахь, юккъехь элп II довза 1амор.
-Х1ара х1ун ю? (Iахар бу)
-Маса дешдакъа ду 1ахар дешан? (Шиъ ду)
-Ала 11ахар . Муьлха аз хеза 1АХАР дешан юьххьехь? (Аз (1) хеза)
-Ала 111 . Аз (1) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза ду)
-Х1унда ду и мукъаза? (Аз (1) ца лакхало)
-Аз (1) зевне ду я къора ду? ( Аз (1) къора ду)
-Тидам бе схемин . Х1ун бос бу аз (1) билгалдечу еък1овн? (Сийна)
-Х1ара х1ун ю? (Ма1ар бу)
-Маса дешдакъа ду МА1АР дешан ? (Шиъ ду)
-Муьлханиг ду хьалхара ? (МА)
-Шолг1аниг ? (1ар)
-Мича меттехь хеза аз (1) ? (Дешан юккъехь хеза)
-Х1ара х1ун ю ? (Не1)
-Маса дешдакъа ду НЕ1 дешан? (Цхьаъ)
-НЕ1 дашехь мича меттехь ду аз (1) ? (Чаккхенгахь)
· Элп II довзийтар.
-Х1ара зорбанан доккха элп I ду , х1ара зорбанан жима элп I ду. И ши элп цхьатера ду я тайп-тайпана ду.
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
· Суна девзи мукъаза зевне аз (I). Элп II .
· II элпах лаьцна байт 1амор.
1аьржа мархаш гулъелира,
1индаг1 х1оттош тхан юьртахь.
1анийча сана дог1а деара,
1ам х1оьттира майданахь
-Х1ун 1еми шуна х1инца?
· Суна 1еми 11 элпах лаьцна байт.
5. Дешдакъош дешар.
· II элпаца дешдакъош кхоллар.
-Х1ун 1амор ду вай х1инца? (Вай 1амор ду дешдакъош деша)
-Бераш , вай х1инца 1амор ду дешдакъош деша. Аса хьала ойбу элп I, аша аз а ца хадош д1адеша иза. (Хьехархочо д1агойту элп , бераша д1адоьшу..
-Аса цунна улло дуьллу кхин цхьа элп А. (I) олуш долуш долу аз а ца хадош д1адеша дешдакъа. (Бераша д1адоьшу)
-IIАА.
-Д1адеша аса гойтуш долу элп юха.
-II.
-Аса дуьллу цунна улло кхин элп О. (I) олуш долуш долу аз а ца хадош ший цхьана д1адеша.
-IIОО.
-Юха аса дуьллу элп У. Аз ца ходуьйтуш д1адеша.
-IIУУ,
-Юха аса дуьллу элп И. Д1адеша аз а ца ходуьйтуш.
-IIИИ.
· II элп юкъадог1у дешдакъош дешар.
(Хьехархочо уьн т1е д1ах1иттадо дешдакъош ,бераша д1адоьшу)
II
АА II УУ II ЕЕ
II
ОО II ИИ
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
· Суна 1еми дешдакъош деша.
6. Дешнаш дешар.
· Уьн т1ера ешар
-Д1адеша хьалхарчу б1ог1амалгера дешнаш. Маса дешдакъа ду 1АД дешан? (Цхьаъ ду)
-Х1ун ю 1АД? ( Берийн жоьпаш)
-1АД- хьалхалера нехан герз ду.
-Д1адеша шолг1ачу б1ог1амалгера дешнаш. Маса дешдакъа ду ВО1 дешан? (Цхьаъ)
-Мила ву ВО1? (К1ант ву)
-Д1адеша кхоалг1ачу б1ог1амалгера дешнаш. Х1унда яздина и дешнаш даккхийчу элпашца? (Уьш адамийн ц1ераш ю. Адамийн ц1ераш даккхийчу элпашца язйо)
(Иштта толлу важа дешнаш)
· Учебникан 75-г1ачу аг1он т1ера д1адоьшу дешнаш.
-Х1ун кхиамаш бехи вай?
· Суна 1еми дешнаш деша.
· Дехий , доций мукъа аьзнаш таллар.
-Д1адеша сийначу шекъанца яздина дош. (Деша)
-Бераш школе х1унда оьху? (Деша)
-ДЕША дашехь мукъа аз(Э) деха ду я доца ду ? (Деха).
-Б1аьста лона х1ун хуьлу? (Деша).
ДЕША дашехь мукъа аз(Э) деха ду я доца ду ?(Доца).
7. Дийцар х1оттор.
-Шеран муьлха зама ю т1ееанарг? (Т1едеана шийла 1а)
-Х1ун ю арахь 1уьллуш? (Арахь 1уьллуш ло ду).
-Х1ун хилла хишна? (Хишна шаш бина).
-Х1ун до 1умара ? (1умара салаз хохку)
-Х1ун до 1ашас? (1ашас конькеш хохку)
-Муха хуьлу 1ай? Дийца.
-Х1ун кхиамаш бехи вай?
· Суна 1еми дийцар х1отто.
8. Сада1аран миноташ.
9. «1а» дийцар дешар.
-Д1аеша хьалхара предложени. Муха ду 1а ? (1а шийла ду)
-Д1аеша шолг1а предложени. Х1ун до 1умара? (1умара салаз хохку)
-Д1аеша кхоалг1а предложени. Х1ун до 1ашас? (1ашас а хохку салаз)
-Д1аеша йоьалг1а предложени . Х1ун боху цу т1ехь? (Иза тахана шел ца ло).
-Д1аеша пхоьалг1а предложени . Х1ун хилла хина? (Хина ша бина).
-Д1аеша йолхалг1а предложени . Муха бу ша? (Ша шера бу)
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
· Тхуна 1еми предложенеш еша.
· Кхоллараллин болх
-Массара а язде элп 11 , дахка цунна дог1у сурташ.
10. Жам1 дар.
Муьлха элп девзира шуна? (Элп II )
-Элп II мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза )
-Зевне ду я къора ду? (Зевне ду)
11. Рефлекси.
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
52-г1а урок
Урокан ц1е: «Мукъаза зевне аз (1), элп II .
1алашо: мукъаза зевне аз (1) кхин д1а а довзийтар, элп II довзийтар. Элп II дешан юьххьехь, чаккхенгахь, юккъехь деша 1амор.
Кхочушдан лерина жам1аш:
1.Предметни:мукъаза зевне аз (1) кхин д1а девзар ду берашна, элп II девзар ду. Нийса а , кхеташ а элп II юкъадог1у дешнаш деша 1емар ду. Берашна 1емар ду, хьехархочун т1едилларца, къастош еша.
2. Метапредметни:
· Регулятивни: берашна 1емар ду учебника т1ехь ялийначу материалах пайда а оьцуш , шайн белхан план х1отто. Планан рог1алла а ларъеш шайн болх д1абахьа а 1емар ду берашна. Берашна хуур ду шайн кхиамаш ган , царех пайдаэца. 1емар ду кхачамбацарш ган уьш д1адаха.
· Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина жоьпаш дала. 1емар ду вовшашца къамеле бовла, ладог1а. Берашна 1емар ду шайна хеттарг д1аала, шайн накъоста дуьйцучунга ладог1а, кхета.
· Познавательни: берийн алсамдер бу дешнаш довзар , тидамбар , ойлаяр. Берашна 1емар ду дешнашкахь элп а хуьйцуш керла дешнаш кхолла а хуур ду берашна.
3. Личностни:берийн лаам хир бу 1алам довза , цуьнан доладан.
Урок д1аяхьар.
1. Маршалла хаттар
-Де дика хуьлда шун, бераш!
-Диканца дукха ехийла!
2. Дешаре шовкъ кхоллар.
· Ловзар : «Х1етал-металш».
Ц1ога лаьцчий бен бедана чу ца боьдург? (1айг)
Б1аьргашца го, куьйгашца схьа ца эцало? (1индаг1)
Дийнахь сарралц т1аьхьаидарх схьа ца лацалург? (1индаг1)
Б1аьргаш бац, лергаш дац, б1аьрзениг лелаво? (1аса)
Жима а ву, каде а ву, дерриг некъаш девза? (Iaca)
Дерриг дуьненна т1е к1айн шаршу юьйхинарг? (la)
-Х1ун ю х1етал-металш т1ехь юьйцуш ерш? (1айг, 1индаг1, 1аса, 1а).
-Муьлха аз хеза оцу дешнашна юьххьехь? (Аз (1)).
-Х1ун 1амор ду вай тахана? (Вай кхин д1а а 1амор ду аз а , элп а 11).
3 . 1алашо йовзийтар.
-Д1аелла учебникан 75-г1а аг1о. Абатан аг1он т1ехь ялийначу материалах пайда а оьцуш х1отта е шаьш бийр болчу белхан план.
Суна девзар ду …
Суна 1емар лу…
Аса х1оттор ду…
-Вайна тахана девзар ду керла аз а, элп а II . Шуна 1емар ду элп II юкъадог1у дешнаш , предложенеш а еша. Вай дийцар а х1оттор ду суьртах лаьцна.
4. Дешнаш дешар.
· Уьн т1ера ешар
-Д1адеша хьалхарчу б1ог1амалгера дешнаш . Х1ун ю 1алам ? (Гонахара дуьне , адам, дийнаташ, ораматаш иза 1алам ду)
-Д1адеша шолг1ачу б1ог1амалгера дешнаш. Маса дешдакъа ду 1УСМАН дешан? (Шиъ ду)
-Муьлханиг ду ъьалхара дешдакъа? (1УС)
-Шолг1а? (МАН)
-Д1адеша кхоалг1ачу б1ог1амалгера дешнаш. Х1ун ю 1уналла? (Цхьана х1уманан дола деш хилча олу 1уналла деш ву).
-Д1адеша боьалг1ачу б1ог1амалгера дешнаш. Маса дешдакъа ду 1АХАР дешан? (Шиъ ду).
-Муьлханиг ду хьалхара дешдакъа ? (1А).
-Шолг1аниг? (ХАР).
· Абат т1ера д1адеша и дешнаш.
· Къастош ешар.
-Д1адеша цхьана дешдекъах лаьтта дешнаш.
-Д1адеша шина дешдекъах лаьтта дешнаш.
-Д1аеша адамийн ц1ераш.
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
· Суна 1еми дешнаш деша.
· Ловзар : «Довза элп 1»
-Аса цхьацца х1уманийн ц1ераш йохур ю . Элп 1 долуш , доцуш .1 юкъахь долуш дош аьлча, д1адийша . Доцуш дош аьлча ,хьалаг1овтта.
1АСА, МАСА, ХОХ, 1АД, НЕ1, 1У, КИЦА, 1АХАР.
5. Дийцар х1оттор.
-Хара мила ву? (1усман)
-Х1ун ю 1усманан? (1усманан 1ахарий ду).
-Цо муха 1алашдо 1ахарий? (Цо 1ахарий дика 1алашдо).
-Х1ун ло 1усмана 1ахаршна? ( 1усмана 1ахаршна буц ло).
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
· Суна хии дийцар х1отто.
4. Сада1аран миноташ.
Эх1, ма хаза бу-кха из а!
Муттанах и ма бу буьзна.
Куьг ахь кховдош лаккха, 1аж цу т1ера баккха.
Мохо генаш лестадо,
Соьга 1аж ца баккхало.
Кхоссалуш, куьг кховдор ду,
Сихха 1аж схьабоккхур бу!
Эх1 ма 1аж бу-кха из а!
Муттанах и ма бу буьзна.
(Бераша байташ т1ехь дуьйцург до.)
7. «1ахарий» дийцар дешар.
· Массара цхьана д1адоьшу дийцар.
· З1енаца д1адоьшу дийцар.
-Д1аеша шолг1а предложени . Х1ун де шву 1усман ?(1усман 1ахарий 1алашдеш ву)
-Д1аеша шолг1а предложени. Цо царна х1ун ду? (Цо церан дика 1уналла до)
-Д1аеша кхоалг1а предложени. Х1ун ло 1усмана 1ахаршна? (1усмана 1ахаршна сих-сиха буц ло)
-Д1аеша йоьалг1а предложени. Иза муха йоу цара? (Иза цара дика йоу).
-Д1аеша пхоьалг1а предложени. Муха ловзу 1ахарий? (1ахарий хаза ловзу)
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
· Суна 1еми дийцар дийши.
· Кицанан маь1на таллар.
-Д1адеша кица. Муха кхета шу цунах?
-Харц дерг дийцича иза адамашна бале долу, харцо гучуяланза ца юьсу.
· Ловзар : «Самукъане аьзнаш».
- Мила ду со хийца шеца
Лууш? - хаьттира А элпо.
- Хуьйцур ду ас сайца хьо!
Жоп делира I элпо. ... (Iaca)
1ийсас хьебо хьаьжк1ан хьаса,
Аптис луьйзу дадин ... (Iaca)
Цхьана куьйга лаьцна маж,
Артист воллу бууш . . . . (1аж)
9. Жам1 дар.
Чакхъяккха сан ойла:
Аз (1) ца лакхало , цундела иза ду ….(мукъаза)
Аз (1) олуш логан пхенаш тохало , цундела иза ду … (къора)
Аз (1) йозанехь билгалдо элпаца … (1)
10. Рефлекси
-Х1ун кхиамаш бехира аша?
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.