29.02.2024
Урокан ц1е: «Мукъаза къора аз (К1), элп К1к1».
1алашо: мукъаза къора аз (К1) , элп К1к1 довзийтар. Элп К1к1 дешан юьххьехь деша 1амор.
Урок д1аяхьар.
1. Маршалла хаттар
2. Дешаре шовкъ кхоллар.
· Ловзар: «Х1етал-металш».
Х1етал-метал хаийла хьуна:
-Х1ун ю уьш? (К1ора, к1а, к1ац,к1есарк1аг,к1удал).
-Х1ун ду церан цхьатера? (Юьххьехь ду аз (К1)).
-Х1ун 1амор ду вай тахана?
3 . 1алашо йовзийтар.
4. Мукъаха къора аз (К1) , мукъаза шалха элп К1к1 довзийтар.
· Суьрташца болх бар. Дешан юьххьехь аз (К1) довза 1амор.
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
· Суна девзи мукъаза къора аз (К1). Мукъаза шалха элп К1к1.
· К1к1 элпах лаьцна байт 1амор.
К1оршаме хила мегар дац —
К1он дошцкъа а товш. мадац!
К1ант дика ву — г1иллакх делахь.
К1еда-мерза даим велахь.
-Муьлхачу дешнашкахь хеза аз (К1)?
-Муьлхачу элпаца билгалдо йозанехь аз (К1)?
· К1к1 элпаца дешдакъош кхоллар.
-Бераш , вай х1инца 1амор ду дешдакъош деша. Аса хьала ойбу элп К1к1 , аша аз а ца хадош д1адеша иза. (Хьехархочо д1агойту элп , бераша д1адоьшу.
-К1К1.
-Аса цунна улло дуьллу кхин цхьа элп А. (К1) олуш долуш долу аз а ца хадош д1адеша дешдакъа. (Бераша д1адоьшу)
- К1К1АА.
-Д1адеша аса гойтуш долу элп юха.
-К1К1.
-Аса дуьллу цунна улло кхин элп О. (К1) олуш долуш долу аз а ца хадош ший цхьана д1адеша.
- К1К1ОО.
-Юха аса дуьллу элп У. Аз ца ходуьйтуш д1адеша.
- К1К1УУ,
-Юха аса дуьллу элп И. Д1адеша аз а ца ходуьйтуш.
- К1К1ИИ.
-Юха аса дуьллу элп И. Д1адеша аз а ца ходуьйтуш.
- К1К1ЕЕ.
-Юха аса дуьллу элп УЬ. Д1адеша аз а ца ходуьйтуш.
- К1К1УЬУЬ.
· К1К1 элп юкъадог1у дешдакъош дешар.
(Хьехархочо уьн т1е д1ах1иттадо дешдакъош ,бераша д1адоьшу)
К1К1АА К1К1УУ
К1К1 ЕЕ
К1К1ОО К1К1 ИИ К1К1УЬУЬ
(1аматан аг1он т1ера а д1адоьшу бераша дешдакъош)
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
· Суна 1еми дешдакъош деша.
6. Дешнаш дешар.
· Уьн т1ера д1адоьшу дешнаш.
· Абатан 109-г1а аг1он т1ера д1адоьшу дешнаш.
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
· Суна 1еми дешнаш деша.
· Дехий доций мукъа аьзнийн тидам бар.
-Д1адеша дош. (К1отар).
-К1ОТАР дашехь аз (О) деха ду я доца ду? ( Деха ).
7. Барта къамел кхиор.
· Дийцар х1оттор.
-Мила ву суьрта т1ехь? Ц1е тилла цунна. (Адам).
-Мила ву Адаман? (Адаман деда ву).
-Дедас Адамна х1ун эцна? (Дадас Адамна книжка эцна).
-Х1ун ю цу т1ехь? (Цу т1ехь туьйранаш ду).
-Хьан доьшу Адамна туьйранаш? (Дадас Адамна туьйранаш доьшу)
-Адамна дукха везий дада? Шуна безий шайн деда, денана дукха? Цара аьлларг дой аша?
8. Сада1аран миноташ.
9. Дийцар дешар.
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
· Тхуна 1еми предложенеш еша.
· Кхоллараллин болх
-Массара а язде элп К1к1, дилла цунна дог1у сурт.
· Кицанан маь1на таллар.
-Д1адеша кица. Муха кхета шу цунах? (Хабар дукха дийца 1еминчо , болх к1еззиг бо).
10. Жам1 дар.
-Муьлха аз девзира шуна? (Аз (К1) )
-Аз (К1) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза)
-Зевне ду я къора ду? (Къора)
-Муьлхачу элпаца билгалдо аз (К1) ? (К1к1 элпаца)
-Элп К1к1 цхьалха ду я шалха ду? (Шалха ду)
11. Рефлекси.
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.