Конспект урока по чеченскому языку.
Оценка 4.6

Конспект урока по чеченскому языку.

Оценка 4.6
docx
06.04.2024
Конспект урока по чеченскому языку.
13. урок. Ялташ . Дош . Дешдакъа..docx

13-г1а урок

Урокн  ц1е: «Ялташ . Дош . Дешдакъа»

1алашо: берашна  тайп-тайпана ялташ йовзийтар. Берийн дешнех , дедакъойх болу хаамаш  шорбар.

 

Кхочушдан лерина жам1аш

1.Предметни: брашна евзар ю тайп-тайпана  ялташ .Берашна  1емар ду  ялташ вовшех къасто , уьш довза. Бераша  шорбийр бу дешнех ,дешдакъойх болу хаамаш, 1емар ду дешдакъош схемица билгалдаха.

2.Метапредметни:

·        Регулятивни: берашна 1емар ду  шайн белхан  план х1отто, учебника  аг1он т1ехь шаьш  хьалха-таьхьа 1амор долчунан  план х1отто.  Цу планан  рог1алла ларъеш  учебникаца  болх бан. Берашна хуур ду шайн кхиамийн мах  хадо, кхачамбацарш  довза  царех ларбала.

·        Познавательни: берашна  хуур ду  ялташ   стенгахь  кхуьу ,ялта стена оьшу Берийн алсам дер ду тидаме хилар.

·        Коммуникативни: берашна  1емар ду  хьехархочуьнга ладог1а , цуьнан  хаттаршна  жоьпаш дала. Берашна  1емар ду  вовшашка  хаттарш дала  , царна  жоьпаш дала. Берашна хуур ду шаьш бинчу белхан мах хадо.Берашна 1емар ду  тобанашкахь болх бан , шайн накъосташна г1о дан. Билгалбохур бу  кхачамбацарш, кхиамаш а.

 

3.Личностни:  берийн лаам кхоллалур бу  ялташ 1алашдян , церан доладан. 1аламе  безам кхоллалур бу берийн .

Урок д1аяхьар.

1.Маршалла хаттар.

-Де  дика хуьлда шун бераш!

-Диканца дукха ехийла!

2.Дешаре шовкъ  кхоллар.

 

·        Ловзар «Х1ун ю совнаха?»

(Хьехархочо уьн т1е  д1аухку  суьрташ:

Хьаьжк1а, маьлхан х1уш, к1а,  кхоьш, мукх, тарсал)

-Хьовсал кху суьрташка .Х1ун ю кхарна  юкъахь совнаха? (Тарсал)

-Х1унда ю тарсал совнаха? (Берийн жоьпаш)

-Тарсал акхаро  ю, важа   йисинчу х1уманех  ялташ олу. Алал  массара  ялташ.

-Стенах лаьцна дуьйцур ду   вай  таханан?  (Берийн  жоьпаш)

 

3. 1алашо йовзийтар.

 

-Д1аелла  учебникан  20-г1а  . Х1ун ю цу т1ехь гуш ерг? Х1ун 1амор ду   вай   хьалхара?

-Х1орш х1ун ю? (Ялташ ду )

-Х1ун 1емар ду    вайна  хьалхара?

·        Суна 1емар ду  ялтийн ц1ераш  яха.

-Х1ун дийр ду   вай схеманашна?

·        Суна 1емар ду дешнийн схеманашца болх бан.

-Х1ара х1ун ю? (Сурт ду)

-Х1ун дийр ду вай  суртана?

·           Суна 1емар ду  суьртах  лаьцна дийцар х1отто.

-Вайна  тахана 1емар ду ялташ довза .Вайна  1емар ду  дешнийн схеманашца белхаш бан, суьртах лаьцна дийцар х1отто.

4. Ялташ довзийтар.

-Х1ун  1амор ду вай   хьалхара?

- Ялтийн   ц1ераш яха.

·        Суьрташца  болх бар.

-Х1ара х1ун ю? (К1а ду)

-Х1ара х1ун ю?( Мукх бу)

-Х1ара х1ун ю? (Хьаьжк1а ю)

-Х1ара х1ун ю? (Кхоьш ю)

-Х1ара х1ун ю?( Маьлхан х1уш ду)

-Царех массарех х1ун олу? (Ялташ олу)

-Кхин муьлха  ялташ девза шуна? (Берийн жоьпаш)

-Хьан эр дара  аша: х1ун йо к1анах? (Берийн жоьпаш)

-К1анах  цкъа  хьалха  дама доккху , демах  до кхаллар, булачкаш, торташ.

-Х1ун  йо хьаьжк1ах ?  (Ахьар доккху, ахьарах  йо сискал. Хьолт1амаш . цу  а боккху)

-Х1ун йо  маьлхан  х1ух? (Маьлхан х1у доккху  даьтта ,  хьовла а до цунах)

-Х1ун 1еми шуна  х1инца?

·        Суна  1еми  ялтийн ц1ераш яха

·        Суна хии цу  ялтех х1ун йо

-Х1ун дийр ду  вай  х1инца?

·        Вай  дешнийн  схеманашца болх бийр бу.

·        Дешнийн   схеманашца  болх бар.

-Х1ара  х1ун ю? (К1а  ду)

-К1А  иза х1ун ю? (Иза дош ду)

-Маса дешдакъа ду  К1А дешан? (К1АААА –цхьаъ дешдакъа ду)

-Йилла  цуьнан  схема. Муха  ю  учебника  т1ехь йиллинарг?

-Кхин муьлха дешнаш ду  кхин а  оцу  схемина  дог1уш? (Мукх, кхоьш)

-Х1ара х1ун ю? (Хьаьжк1а)

-ХЬАЬЖК1А  иза  вуьшта  х1ун ю? (Дош ду)

-Маса  дакъа  ду ХЬАЬЖК1А  дешан? (ХЬАЬЖ-К1А – шиъ  дешдакъа ду)

-Йилла  цуьнан  схема? Кхин муьлха дешнаш дог1у  цу  схемина?

-Х1ун  1еми шуна  ?

·        Дешнийн  схеманашца  болх бан 1еми.

  5. Сада1аран миноташ.

-Массара а йой аша 1уьйранна зарядка? Х1инца цхьаьнии яй  вай иза?

 

Маьлхан серло яржале -

Цхьаъ - шиъ - кхоъ,

Г1енаш лахка, човхаде -

Цхьаъ, шиъ - кхоъ.

Йиша,ваша г1аттаде

-Цхьаъ -шиъ - кхоъ.

Физзарядка йолае

-Цхьаъ - ш иъ -кхоъ.

Т1аьхьараалар:

Цхьаъ - шиъ - кхоъ,

Цхьаъ - шиъ - кхоъ,

Цхьаъ - шиъ - кхоъ,

Цхьаъ - шиъ - кхоъ.

Меттахвала, кхоссало

Цхьаъ - шиъ - кхоъ,

Г1аж схьалаца, кхозало -

Цхьаъ - шиъ - кхоъ.

Куьйгаш айба, волало -

Цхьаъ - шиъ - кхоъ.

Ницкъ бохьур бу боларо -

Цхьаъ - шиъ - кхоъ.

(Цугаев Салман)

     XIapa физминот музыка а локхушян тарло. Багахь x1apa йиш а локхуш зарядка яйта тарлуш ду.

 

6. Дозуш долу къамел кхиор.

-Х1ун дийр ду  вай  х1инца?

-Суьртах лаьцна  дийцар х1оттор  ду.

·        Суьртах  лаьцна  дийцар х1оттор.

-Х1ара х1ун ю? (Ялтийн аре ю)

-Х1ун кхуьу  ялтийн арахь? (Ялийн арахь кхуьу  ялташ)

-Муьлха  ялташ кхуьу  ялтийн арахь? (Ялтийн арахь кхуьу :  к1а, хьаьжк1а,  кхоьш, мукх)

-Уьш  хьан кхиайо? (Уьш наха кхиайо)

-Цара  уьш муха 1алашйо? (Цара  уьш дика  1алашйо)

-Стенца  чудерзадо наха  ялташ? (Ялташ  чудерзадо машинашца)

-Муьлха машинаш  оьшу  ялтийн арахь?  (Ялтин арахь  оьшу : комбайнаш, трактораш)

-Шуна лаьий цхьанна  комбайнер хила? (Берийн  жоьпаш)

·        Тобанашкахь  болх.

(Суьрташ хьехархочо хьалххе кечдина хила деза. Цхьана  суьрта т1ехь ю тайп-тайпана  х1умнаш :  сикал , шура бепиг)

1 –ра  тоба – аша  к1анах йина  х1уманаш  чу  къолам хькхуш  схьакъасте е.

 2 г1а  тоба – аша  хьаьжк1ах йина  х1уманаш  чу  къолам хькхуш  схьакъасте е.

3 –г1а  тоба – аша  маьлхан х1ух йина  х1уманаш  чу  къолам хькхуш  схьакъасте е.

6. Жам1 дар.

-Муьлха  ялташ девзира шуна?

-Стенгахь кхуьу  ялташ ?

-Шуна гиний ялтийн аренаш?

7.Рефлекси.

-Дагаяйита вайн  план.

-Х1ун дан ницкъ кхечи х1ораннан?

Суна евзи…

Суна 1еми…

Суна хии..

 

 


 

Урокн ц1е: «Ялташ . Дош . Дешдакъа» 1алашо: берашна тайп-тайпана ялташ йовзийтар

Урокн ц1е: «Ялташ . Дош . Дешдакъа» 1алашо: берашна тайп-тайпана ялташ йовзийтар

Д1аелла учебникан 20-г1а

Д1аелла учебникан 20-г1а

Х1ун йо хьаьжк1ах ? (Ахьар доккху, ахьарах йо сискал

Х1ун йо хьаьжк1ах ? (Ахьар доккху, ахьарах йо сискал

Цхьаъ - шиъ - кхоъ , Цхьаъ - шиъ - кхоъ ,

Цхьаъ - шиъ - кхоъ , Цхьаъ - шиъ - кхоъ ,

Жам1 дар. -Муьлха ялташ девзира шуна? -Стенгахь кхуьу ялташ ? -Шуна гиний ялтийн аренаш? 7

Жам1 дар. -Муьлха ялташ девзира шуна? -Стенгахь кхуьу ялташ ? -Шуна гиний ялтийн аренаш? 7
Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
06.04.2024