Конспект урока по чеченскому языку.
Оценка 4.6

Конспект урока по чеченскому языку.

Оценка 4.6
docx
16.04.2024
Конспект урока по чеченскому языку.
97. урок. айдамиров абузар..docx

97-г1а урок

Урокан  ц1е: «Вайн  яздархой.Абузар Айдамиров, цуьнан байт: «Беза хьо,Нана-мохк».

1алашо: берашна нохчийн яздархо Абузар Айдамиров вовзийтар. Цуьнан байт : «Беза хьо,Нана-мохк» йовзийтар. Нийса а , шера а еша 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1.Предметни:берашна вевзар ву нохчийн  г1араваьлла яздархо Абузар Айдамиров, евзар ю цуьнан байт: «Беза хьо,Нана-мохк». 1емар ду   шера а, кхеташ а байташ еша.

2. Метапредметни:

·        Регулятивни: берашна 1емар душ ай кийча план а йолуш , дешаран кхиамаш баха кийча хилар.1емар ду интернет чохь, яучабникаш т1ехь , баккхийчаьрга хеттарца оьшу г1ирс гулбан , цунах пайдаэца. Берашна хуур  ду  шайн кхиамаш ган , царех пайдаэца. 1емар ду  кхачамбацарш  ган   уьш  д1адаха.

·        Коммуникативни:  берашна  1емар ду  хьехархочун хаттаршна дуьззина жоьпаш дала. 1емар ду  вовшашца къамеле  бовла, ладог1а. Берашна 1емар ду  шайна хеттарг д1аала, шайн накъоста дуьйцучунга  ладог1а, кхета.

·        Познавательни: берашна вевзар ву яздархо. Хуур ду  яздархо мила ву.Хуур ду ешначу юкъара коьрта долу х1ума  довза и схьаэца.Берашна хуур ду  ешарца  яздархочун дог-ойла билгалъяккха.

3. Личностни:Берийн дозалла кхоллалур ду шайн къомах, яздархойх. Берашна луур ду Даймахка дуьхьа, къома дуьхьа кхиамаш баха.Берашна 1емар ду шайн амалехь диканиг кхио.

Урок  д1аяхьар.

1.     Маршалла  хаттар

 -Де дика хуьлда шун, бераш!

-Диканца дукха  ехийла! 

2. Дешаре  шовкъ  кхоллар.

·        Кица таллар.

Вина  мохк  мазал мерза бу

-Д1адеша кица. Муха кхета шу цунах? (Берийн жоьпаш).

-Вина мохк хьуна хьоме а беза  а бу. Цхьа а адам дац кху дуьнен т1ехь шеен мохк ца безаш. Махках  ваьлла стаг  даимна сатуьйсуш хуьлу ц1а верза. Х1унда аьлча ,хьо вина мохк иза хьоьх цхьа дакъа ду.

Уьн т1е д1аязйо байт : «Даймохк».

Де дийне мел долу

Хьо хазлуш лаьтта.

Ма ирсе ю-кха со,

Дай баьхна латта!

                                                                                  (З. Серганова).

-Стенах яккхий юьй яздархо? (Даймахках).

-Х1ун боху цо Даймахках лаьцна? (Даймохк хазлуш лаьтта).

-Х1ун кхиамаш бу вайн Даймахкахь? (Дуг1уш ду маьждигаш, школаш, больницаш).

3. 1алашо йовзийтар.

-Бераш, аша  хьан кхочушбина аса ц1ахь бела болх? Дийца, х1ун кхиамаш баха дагахь душ у тахана.

Суна вевзар ву яздархо…

Суна евзар ю цуьнан байт…

Суна 1емар ду…

-Бераш , вайна тахана  вевзар ву нохчийн  сийлахь яздархо Саь1ид бадуев. Вай  йоьшур ю цо берашна  лерина  язйина  байт : «Вайн беш».

4. 1умар Гайсултановхн дахар кхолларалла довзийтар.

·        Абатан 131-г1а  аг1он т1ера д1а боьшу  яздархочух лаьцна мог1анаш.

-Бераш, дабеша 131-г1а  аг1он т1ера Абузар Айдамировх лаьцна мог1анаш.

-Мила ву Абузар Айдамиров? (Абузар Айдамиров угара дикачу яздархойх  цхьаъ ву).

-Муьлха произведенеш  яздина цо? (Цо яздина : «Еха буьйсанаш», «Лаьмнашкахь ткъес», «Дарц» ц1е йолу произведенеш).

·        Хьехархочо д1айоьшу : «Нана-мохк»  ц1е йолу байт.

-Стенах олу яздархочо Нана-мохк? (Дай баьхначу латтах).

-Муьлханиг бу вайн Нана-мохк ? (Нохчийчоь).

-Муха кхета шу :

«Хьан дуьхьа къахьега,

1ожал т1еэца,

Ца луун долу к1ант

Дена ма войла!»-бохучу дешнех? (Берийн жоьпаш).

-Массо  а стаг декхарийлахь ву шеен Даймохк хазбан  къахьега а , цунна т1е бохам х1оьттича  шеен са д1адала кийа хила а.

 

5. Сада1аран миноташ.

Бераш, гуо бохуш лела xlapa байташ а йоьшуш:

Т1араштухуш, т1араштухуш

Тонна т1аьххье дуьйлало.

Хаьн т1е куьйгашх1иттаде.

Цхьаъ - схьаверза,

Шиъ - д1аверза.

Кхоъ -охьата1а,

Диъ - хьалата1а.

Т1араштухуш, т1араштухуш,

Тонна т1аьххье дуьйлало.

Юха хаьн т1е куьйгаш х1иттош,

Когаш тохий, кхоссало.

6. 1амийнарг т1ечг1агдар.

·        Бераша  д1айоьшу : «Нана-мохк»  ц1е йолу байт.

Массара  цхьана дешдакъошца д1аеша байт.

Дешнашца д1аеша байт.

Меллаша д1аеша байт.

·        Синквейн Даймохк.

-Д1адеша дош. (Даймохк).

-Даймохк муха бу? (Мерза ,хьоме)

-Даймехкан дуьхьа х1ун до? (Къахьоьгу, беза,ларбо).

-Муха хетта Даймохк? (Даймохк –мазал мерза бу).

-Кхин муха эр дара  Даймахках лаьцна? (Нана-мохк).

Даймохк

Мерза,хьоме

Къахьогу ,беза , ларбо

Даймохк –мазал мерза бу

Нана-мохк.

            6. Жам1 дар.

-Муьлха яздархо вевзира шуна?

-Муьлха  байт йийшира  аша?

8. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

Бераш, ц1ахь билгалбаккха шаьш кхана бен болу  болх.


 


 


 


 


 

Урокан ц1е: «Вайн яздархой

Урокан ц1е: «Вайн яздархой

Кица таллар. Вина мохк мазал мерза бу -Д1адеша кица

Кица таллар. Вина мохк мазал мерза бу -Д1адеша кица

Мила ву Абузар Айдамиров? (Абузар

Мила ву Абузар Айдамиров? (Абузар

Д1адеша дош. (Даймохк). -Даймохк муха бу? (Мерза ,хьоме) -Даймехкан дуьхьа х1ун до? (Къахьоьгу, беза,ларбо)

Д1адеша дош. (Даймохк). -Даймохк муха бу? (Мерза ,хьоме) -Даймехкан дуьхьа х1ун до? (Къахьоьгу, беза,ларбо)

Конспект урока по чеченскому языку.

Конспект урока по чеченскому языку.

Конспект урока по чеченскому языку.

Конспект урока по чеченскому языку.

Конспект урока по чеченскому языку.

Конспект урока по чеченскому языку.
Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
16.04.2024