22-г1а урок
Урокан ц1е: «Мукъа аз (О) , элп Оо»
1алашо: мукъа аз(О) довзийтар , элп Оо довзийтар. Аьзхнех , элпех лаьцна болу хаамаш шорбар.
Кхочушдан лерина жам1аш:
1.Предметни: берашна девзар ду мукъа аз (О) , хуур ду аз (О) билгалдар Оо элпаца. Берашна девзар ду зорбанан докха а , жима а элп а. Берашна хуур ду аз (О) схемехь билгалдаккха (дешан юьххьехь, юккъехь, чаккхенгахь).
2.Метапредметни:
· Регулятивни: берашна 1емар ду учебникаца болх бан. Берийн аьтту хир бу учебника аг1она т1ехь гайтинчу таронца шайн болх д1анисбан. Хьалха –т1аьхьа 1амон дериг ган , шайн планаца и билгалдаккха. Берашна 1емар ду цу планан рог1аллица шайн дешаран болх д1анисбан
· Познавательни: берашна хуур ду мукъа аз (О) шина тайпана алар долуш хилар , шен маь1не хьаьжжина (деха а , доца а) Берашна 1емар ду х1етал-металшна жоьпаш лаха. Берийн тидаме хилар, ойлаяр алсамдер ду.Берашна хаьар ду дешнийн тайп- тайпана маь1наш хилар. Керла дешнаш довзарца берийн алсамъер б дешнаш довзар. Берашан хуур ду мукъачу озо дешдакъа кхуллуш хилар.
· Коммуникативни: берашна хуур ду хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала, 1емар ду вовшашца къамеле довла. Берашна 1емар ду тобанашкахь болх бан. Шайн накъосташка ладог1а, шайна хетарг ала.
3.Личностни: берийн лаам кхоллалур бу керланиг довза.Дешаре лаам кхоллалур бу берийн.
Урок д1аяхьар.
1.Маршалла хаттар.
-Де дика хуьлда шун бераш!
-Диканца дукха ехийла!
2.Дешаре шовкъ кхоллар.
· Х1етал -металш
Х1етал-метал хаийла хьуна:
Шозза дуьненчу даьлларг? (Олхазар)
Дуьнен т1ехь уггаре а чехканиг? (Ойла)
Ц1ергахь ца йогу, хи буха а ца йоьду,
лаьттахь яхка а ца ло? (Ойла)
Ша лаьттах а йоьдуш,
Ирах хьала дег1 дохуьйтург? (Орам)
-Х1ун ю х1етал-метарш т1ехь юьйцурш? (Ойла, орам, олхазар)
-ООЙЛА дашехь муьлха аз хьеза дешан юьххьехь? (Аз (О) хеза).
-ООРАМ дашехь муьлха аз хьеза дешан юьххьехь? (Аз (О) хеза).
-ООЛХАЗАР дашехь муьлха аз хьеза дешан юьххьехь? (Аз (О) хеза).
-Х1ун 1амо ду вай тахана? (Берийн жоьпаш)
-Вайна тахана девзар ду аз (О) , элп Оо.
3. 1алашо йовзийтар.
-Д1аелла учебникан 33 -г1а аг1о.
-Х1ара х1ун ю? (Керла элп ду)
-Х1ун дийр ду вай цунна? (Вайна девзар ду керла элп)
-Х1орш х1ун ю? (Дешнийн схеманаш)
-Царна х1ун дийр ду вай? (Вай 1амор ду дешнийн схеманашца болх бан)
-Х1ара х1ун ю? (Сурт ду)
-Цунна х1ун дийр ду вай? (Вай 1амор ду суьртах лаьйна дийцар х1отто)
-Х1ораммо шех лаьцна ала , муьлха кхиамаш бохар бу аша тахана урокехь?
·
Суна девзар ду керла ….
Суна 1емар ду….
· Суна хуур ду…
-Нийса боху. Вайна тахана девзар ду керла аз (О), элп Оо. Хуур ду аз (О) мукъа я мукъза хилар. Вай 1амор ду суьртах лаьцна къамел дан, схеманашца болх бан. Шуна хуур ду мукъа аз шина тайпана алар долуш хилар. Шуна девзар ду тайп- тайпана маь1наш долу дешнаш.
4. Мукъа аз (О) довзийтар. Мукъа элп Оо довзийтар.
· Суьрташца болх бар.
-Х1ун 1амор ду вай хьалхара? (Вайна девзар ду керла элп)
-Х1ара х1ун ю?(Орам бу)
-Маса дешдакъа ду ОРАМ дашехь? (Шиъ дешдакъа ду )
-Муьлханиг ду хьалхара дешдакъа? (Хьалхара дешдакъа О- ду)
-Муьлханиг ду шолг1а дешдакъа? (Шолг1а дешдакъа -РАМ ду)
-ОООРАМ дешан юьххьехь муьлха аз хеза? (Аз (О) хеза)
- Аз (О) Мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа ду)
-Х1унда ? (Иза лакхало)
-Х1ара ОРАМ дешан схема ю. Маса мукъа аз ду ОРАМ дашехь? (Шиъ ду)
-Х1ара х1ун ю ? (ЧОА)
-Маса дешдакъа ду ЧОА дашехь?(ШИЪ ду)
-Муьлханиг ду хьалхара дешдакъа? (Хьалхара дешдакъа ЧО- ду)
-Муьлханиг ду шолг1а дешдакъа? (Шолг1а дешдакъа -А ду)
Х1ара ЧОА дешан схема ю. Маса мукъа аз ду ЧОА дашехь? (Шиъ ду)
-ЧОА дашехь дуй аз (О)? (Ду)
-Мича меттехь? (Дешан юккъехь)
-Х1ара х1ун ю? (Окхло)
-Маса дешдакъа ду ОКХЛО дашехь? (Шиъ ду)
-Муьлханиг ду хьалхара дешдакъа? (Хьалхара дешдакъа ОКХ - ду)
-Муьлханиг ду шолг1а дешдакъа? (Шолг1а дешдакъа -ЛО ду)
Х1ара ОКХЛО дешан схема ю. Маса мукъа аз ду ОКХЛО дашехь? (Шиъ ду)
· Элп Оо довзийтар.
-Муьлха аз девзира вайна? (Аз (О))
-Х1ун ю аз? (Вайна хезаш , вай олуш дерг аз ду.
-Ткъа х1ора аз билгалдо элпаца. Элп ган йиш юй вайн? (Ю)
-Х1ара зорбанан доккха элп О ду, х1ара зорбанан жима элп о ду.
-Стенах тера ду элп У?(Берийн жоьпаш)
-Схьаэца шайн палочкаш . Х1оттаде эл И цаьрца. (Бераша х1оттадо)
-Х1ун кхиамаш бехира аша ?
· Суна керла аз а , элп а Оо девзира.
· Суна хиира аз (О) мукъа хилар.
5. Сада1аран миноташ.
Керчаш дог1у, керчаш дог1у,
Элп ду дог1 уш О.
Багахь боху, г1ийла боху:
- Юадделла со.
0x1! До цо Axl! До цо Axl!
Керчаш дог1у О.
Массо а дешархо, хьала а г1оттий, д1ах1утту. Хьалхарчу мог1арехь хьалхха лаьтташ волчу дешархочо шегара х1оз (и элп О ду) шена т1ехьарчу дешархочуьнга д1ахохку, ткъа вукхо – шена т1ехьарчуьнга и. д1. кх.
Байтан xlopa мог1а мел эли, х1оз д1ахохку. Шена юххехь х1оз сецначу дешархочо сихха аз О юкъахь долу дош ала деза. Дош ца далалуш воьхнарг, цкъачунна гонна юкъара волу, амма
ловзар чекхдолуш кхо дош дало деза цо (шайца О дерш) дешан юьххьехь, юккъехь, чаккхенехь.
6. Т1айп- тайпана маь1наш долу дешнаш довзийтар.
-Х1ун 1амор ду вай х1инца? (берийн жоьпаш)
-Х1ара х1ун ю ? (Дог1а ду)
-Х1ун ю дог1а? (Дог1а мархашкара охьадог1у хи ду)
-Х1ара х1ун ю? (Дог1а)
-Х1ун ю дог1а? (Ц1енна тухуш болу г1ирс бу)
-Х1ун ду цу шинан дешан цхьатера? (Алар цхьатера ду)
-Х1ун ду тайп- тайпана? (Маь1наш тайп- тайпана ду)
-Ала ДОГ1А, ала ДООГ1А. Муьлхачу дог1анехь ду аз (О) деха? (Ц1енна тухучу ДООГ1АНЕХЬ деха аз ду)
-Муьлхачу ДОГ1АНЕХЬ ду доца аз (О)? (Стигларчу дог1анехь аз (О) доца ду)
-Х1ун хии шуна?
· Мукъачу озо дешдакъа кхуллуш хилар хаийтар.
-Х1ара х1ун ю?(Стол ю)
-Маса дешдакъа ду СТОЛ дашехь? (СТОЛ дашехь цхьаъ дешдакъа ду)
-Тидам бе , масса мукъа аз ду СТОЛ дешан схемехь? (Цхьаъ ду)
-Муха хиира шуна? (Цу т1ехь цхьаъ ц1ен к1айдарг ю)
-Х1ара х1ун ю? (Г1омут)
-Маса дешдакъа ду Г1ОМУТ дешан? (Шиъ ду)
-Маса мукъа аз ду Г1ОМУТ дашехь , схемица тала. (Шиъ ду)
-Муха хуур дара дешан масса дакъа ду? (Берийн жоьпаш)
-Дешдакъа мукъачу озо кхуллуш ду. Дашехь мукъа аьзнаш долчулла хуьлу дешдакъош. Дашехь цхьаъ мукъа аз делахь , цхьа дешдакъа хуьлу, дашехь шиъ мукъа аз делахь шиъ дешдакъа хуьлу.
· Суна хии цхьана дешан тайп- тайпана маь1наш хилар.
· Суна хии аз (О) деха а , доца а хилар.
7. О элп шардеш байт 1мор.
(Хьехархочун г1оьнца 1амайо байт)
Орга дог1у сов г1овгане,
Охкушогушбуто берд.
Ойла ейша:х1ун аз ду те
«Орга « аьлчахьалхадерг?
-Муьлха аз ду цу т1ехь дуьйцург?
-Х1ун 1еми шуна х1инца?
· Суна 1еми О элпах лаьцна байт.
6. Жам1 дар.
-Муьлха элп а , аз а девзи шуна?
-Элп (О) мукъа ду я мукъаза ду?
-Х1унда?
7.Рефлекси.
-Дагаяйита вайн план.
-Х1ун кхиамаш бехи аша ? Х1ун керланиг 1еми шуна.
Суна евзи…
Суна 1еми…
Суна хии.
23-г1а урок
Урокан ц1е: «Мукъа аз (О) , элп Оо»
1алашо: мукъа аз(О) довзийтар , элп Оо довзийтар. Аьзхнех , элпех лаьцна болу хаамаш шорбар.
Кхочушдан лерина жам1аш:
1.Предметни: берашна девзар ду мукъа аз (О) , хуур ду аз (О) билгалдар Оо элпаца. Берашна девзар ду зорбанан докха а , жима а элп а. Берашна хуур ду аз (О) схемехь билгалдаккха (дешан юьххьехь, юккъехь, чаккхенгахь).
2.Метапредметни:
· Регулятивни: берашна 1емар ду учебникаца болх бан. Берийн аьтту хир бу учебника аг1она т1ехь гайтинчу таронца шайн болх д1анисбан. Хьалха –т1аьхьа 1амон дериг ган , шайн планаца и билгалдаккха. Берашна 1емар ду цу планан рог1аллица шайн дешаран болх д1анисбан
· Познавательни: берашна хуур ду мукъа аз (О) шина тайпана алар долуш хилар , шен маь1не хьаьжжина (деха а , доца а) Берашна 1емар ду х1етал-металшна жоьпаш лаха. Берийн тидаме хилар, ойлаяр алсамдер ду.Берашна хаьар ду дешнийн тайп- тайпана маь1наш хилар. Керла дешнаш довзарца берийн алсамдер ду дешнаш довзар. Берашан хуур ду мукъачу озо дешдакъа кхуллуш хилар. Берашна евзар ю керла корматалла (лоьралла)
· Коммуникативни: берашна хуур ду хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала, 1емар ду вовшашца къамеле довла. Берашна 1емар ду тобанашкахь болх бан. Шайн накъосташка ладог1а, шайна хетарг ала.
3.Личностни: берийн лаам кхоллалур бу керланиг довза.Дешаре лаам кхоллалур бу берийн. Берийн таро хир ю шайна корматталла харжа.
Урок д1аяхьар.
1.Маршалла хаттар.
-Де дика хуьлда шун бераш!
-Диканца дукха ехийла!
2.Дешаре шовкъ кхоллар.
· Стенах тера ду элп?
Горга ду и,
Горга ду.
Са а боцуш,
Чкъург и ю.
Д1ахьажал цу чкъурге хьо:
Гур ду хьуна горга …(О).
-Муьлха элп ду байт т1ехь далийнарг? (Элп О)
-Стенах тера ду боху элп О? (Чкъургах)
-Х1ун 1амор ю вай тахана? (Вай тахана а 1амор ду элп О)
3. 1алашо йовзийтар.
-Д1аелла учебникан 34-г1а аг1о.
-Х1орш х1ун ю ? (Суьрташ , дешнийн схеманаш)
-Х1ун дийр ду вай царна? (Вай 1амор ду дешнийн схеманашца болх бан)
-Х1ара х1ун ю ? (Сурт ду)
-Х1ун дийр ду вай цунна? (Вай суьртах лаьцна дийцар х1оттор ду)
-Х1отта е шайн белхан план.
· Суна 1емар ду…
· Ас дийр ду…
· Суна хуур ду..
-Тахна а вай болх бийр бу элп О о , аз (О) довзаран. Шуна хуур ду дешнийн тайп-тайпана маь1наш хилар. Мукъа аьзнаш шина тайпана алар долуш хилар гурд у шуна.
3. Дешнийн схеманашца болх бар. Мукъа аз схемех канн 1амор.
· 34- г1а аг1он т1ехь болх бар.
-Х1ун дийр ду вай хьалхара? (Дешнашна .церан схеманашна т1ехь болх бийр бу)
-Х1ара х1ун ю? (Кор ду)
-Маса мукъа аз ду кор дашехь? Схемин тидам бе? (Цхьаъ ду)
-Маса дешдакъа хир ду цу дешан? (Цхьаъ)
-Х1унда ду КОР дашехь цхьаъ дешдакъа? (КОР дашехь цхьаъ бен мукъа аз дац, мукъа аьзнаш долчул хуьлу дешдакъош)
-Муьлханиг ду и мукъа аз? (КОООР , аз (О) ду)
(Иштта толу важа дош)
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
· Аса болх би дешнаш , схеманаш 1амош.
· Деха а , доца а мукъа аьзнаш дешнашкахь довзар. Дешнийн тайп- тайпана маь1наш таллар.
-Х1ара х1ун ю ? (Лом ду)
-Х1ун ю ЛОМ? (Лом- эчиган г1ирс бу)
-Х1ара х1ун ю? (Лом ду)
-Х1ун ю ЛОМ? (Лом_-акхаро ю)
-Х1ун ду цу шина дешан цхьатера? (Алар цхьатера ду)
-Х1ун ду тайп- тайпанара? (Тайп- тайпанара маь1наш ду)
-Х1ун хии шуна?
· Суна хии дешан тайп- тайпана маь1наш хуьлуш хилар.
-Х1ара х1ун ю? (Гомаш ю)
-Маса мукъа аз ду ГОМАШ дашехь? (Шиъ ду)
-Гайта дешан схеми т1ехь. (Бераша гойту шиъ мукъа аз билгалдар)
-Маса дешдакъа хир ду ГОМАШ дешан? (Шиъ хир ду)
-Муьлхачу дешдекъехь ду аз (О)? (Хьалхарчу)
-И деха ду я доца ду? (Гоомаш деха ду)
-Х1ара х1ун ю? (Хьоза ду)
-Маса мукъа аз ду ХЬОЗА дашехь? (Шиъ ду)
-Маса дешдакъа хир ду ХЬОЗА дашехь? (Шиъ ду)
-Муьлхачу дешдекъехь хир ду аз (О)? (ХЬалхарчу)
-Аз (О) ХЬОЗА дашехь деха ду , я доца ду? (ХЬооза деха ду)
-Х1ун хии шуна?
· Тхуна хии аз (О) деха а . доца а хилар.
4. Сада1аран миноташ.
Керчаш дог1у, керчаш дог1у,
Элп ду дог1 уш О.
Багахь боху, г1ийла боху:
- Юадделла со.
0x1! До цо Axl! До цо Axl!
Керчаш дог1у О.
Массо а дешархо, хьала а г1оттий, д1ах1утту. Хьалхарчу мог1арехь хьалхха лаьтташ волчу дешархочо шегара х1оз (и элп О ду) шена т1ехьарчу дешархочуьнга д1ахохку, ткъа вукхо – шена т1ехьарчуьнга и. д1. кх.
Байтан xlopa мог1а мел эли, х1оз д1ахохку. Шена юххехь х1оз сецначу дешархочо сихха аз О юкъахь долу дош ала деза. Дош ца далалуш воьхнарг, цкъачунна гонна юкъара волу, амма
ловзар чекхдолуш кхо дош дало деза цо (шайца О дерш) дешан юьххьехь, юккъехь, чаккхенехь.
5. Дозуш долу къамел кхиор.
· Суьртах лаьцна дийцар х1оттор.
-Х1ара мила ву? (К1ант)
-Ц1е тилла цунна? (Лоьми)
-Лоьма стенга веана? (Лоьма веана лоьра на т1е)
-Х1ун хила Лоьмина? (Лоьма цомгаш хила)
-Лоьро х1ун до? (Лоьро цунна дарба леладо)
- Муха хетта шуна лоьрийн говзалла? (Дика)
-Х1унда ю иза дика? (Лоьраша цомгаш нах табо)
-Хьанна лаьа лор хила? (Берийн жоьпаш)
-Х1ун ди аша?
· Аса дийцар х1отти суьртах лаьцна.
· Тобанашкахь болх.
(Хьехархочо хьалххе д1ало элп О т1ехь долуш , О элпаца д1адолалуш долу дешнашна , А элпана лерина суьрташ т1ехь долуш кехаташ)
1-ра тоба цхьана кехата т1е д1анисде элп О , цунна лерина суьрташ.
2-г1а тоба цхьана кехата т1е д1анисде элп А , цунна лерина суьрташ.
6. Жам1 дар.
-Муьлха элп а , аз а девзи шуна?
-Элп (О) мукъа ду я мукъаза ду?
-Х1унда?
7.Рефлекси.
-Дагаяйита вайн план.
-Х1ун кхиамаш бехи аша ? Х1ун керланиг 1еми шуна.
Суна евзи…
Суна 1еми…
Суна хии.
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.