Йоза
Урокан ц1е: Йозанан доккха а,жима а элпХ!х1
1алашонаш
1.Предметни:Йозанан Доккха ,жима элп Х1 х1довзийтар, элп х1 цхьаъ ша, дешдакъошкахь , дешнашкахь яздан 1амор.
2.Метапредметни:
· Регулитивни: шеен белхан план х1оттор, цуьнан рог1алла йовзар, шеен дан делларг ган, цунах бахьнаш довзар царех пайдаэцар, шеен дан ницкъ ца кхаьчнарг ган, цуьнан бахьнаш довзар.
· Познавательни: дешнашкахь г1 элпан меттаг билгалъяккха хаар, дешнаш дешдакъошка декъар, церан башхаллаш йовзийтар.1аламах лаьцна керланаш довзар(Х1уттут)
· Коммуникативни: хьехархочуьнца, накъосташца нийса къамел дан хаар, шеен хетарг масаллица т1еч1аг1дан хаар.
3.Личностни:1аламе безам кхоллар..
Урок д1аяхьар.
1.Дешаре шовкъ кхоллар.
Хьуьн чохь еха
Бен ца бо
Бераш доькъу?(Х1уттут)
-Х1ун хаьа шуна х1уттутах лаьцна?
Х1уттух.
Х1уттут хьуьн чохь еха.Цо шеен бен ца бо.Шен х1оаш кхечу лхазарийн баннаш чохь до цо.Уьш ижуна арадевлача.Кхечу олхазарша церах шайн х1оаш ду моьттуш к1орнеш йоху х1уттутан.Х1уттутан к1орне шеен шолг1ачу ненан к1орнейл яккхий хуьлуш меттиг хуьлу.Х1утту тун к1орнеша шаьш кхиа йоьлча йуург ца тоьачу даьлча вукху олхазарийн к1орнеш бен чуьра охьакхуьйсу.
-Х1ун хии шуна?
-Х1уттут дашехь муьлха элп ду?Х1ун 1амор ду вай урокехь?
2.1алашо йовзар.
-Х1ун 1емар ду вайна урокехь?тидам бе книгин 107 аг1онан.
Суна девзар ду….
1емар ду…
3.Керла тема хьехар.
· Йозанан доккха ,жима элп Х1 х1 довзийтар.
Х1уттут дашехь хьалха муьлха элп ду?(Х1)
-Х1ара йозанан жима элп х1 ду.Муьлха элп ду х1?(Шалха)
-Муьлха элпех пайдаэцна и яздеш?(х+1)
-Х1ун хии шуна?(Элп х1 девзи)
· Йозанан доккха ,жима элп х1 яздар.
Х1 Х1 Х1 Х1 Х1 Х1 Х1 Х1 Х1
х1 х1 х1 х1 х1 х1 х1 х1 х1 х1
-Х1ун 1еми шуна?(элп х1 д1аяздан)
· Дешдакъош яздар.
Ах1 ох1 ух1 их1 ех1
Х1а х1о х1у х1и х1е
-Х1ун 1еми шуна?(х1 элпаца дешдакъош яздан)
· Дешнаш яздар
Х1уттут,х1оа, х1оз,х1орд.
-Маса дешдакъа ду хьалхарчу дашехь?(шиъ)
-Х1унда?(Шиъ мукъа элп ду)
-Муьлханаш ду уьш?(у,у)
-Шолг1ачу?(Цхьаъ)
-Х1унда ?(Цхьаъ мукъа элп ду)
-Д1аязде дешнаш х1 элпана буха сиз хьакха.
4.Сада1аран миноташ.
Х1уттут
Хьехархочо цхьа дешархо г1анта охьахааво: иза х1уттут хирю.
Хьуьнах екаш х1уттут ю.
Х1уттут, х1уттут, жима х1уттут.
Бераш дагардан ма xlyтт y: -
Х1уттут, xlyттy т, - боху цо.
Ялх шо цо дагар ма до.
Юха т1ема йолий, йоьду,
Кхечу диттана т1ейоьду.
Х1уттут, х1 уттут - хаза корта,
Гаьн т1е хиъна иза 1а,
Корта хьийзош д1а а, схьа,
Массо arlop хьажа г1ерта.
Т1емаш тухий,
Ц1еххьанаКъайлайолу и ханна.
(Бераш х1угтутана гонах хьийза. Х1уттуто шен хаза корта гой- ту, д1ай-схьай хьийзабо, цхьана г1анта т1ера вукху г1анта хуу,
х1уттут бохуш, бераш дагардо)
5.Керла тема кхин д1а хьехар.
· Предложени язъяр.
Х1ума хаар - нахе ладог1ар.
-Муха кхета шу цу кицанах?
-Маса дош ду цу предложенехь?(диъ)
-Хьалхарниг?(Х1ума)
-Шолг1аниг?(хаар)
-Кхоалг1аниг?(нахе)
-Йоьалг1а?(Ладогар)
-Д1аязъе предложении.
6.Рефлекси.
-Х1ун керланиг 1еми шуна урокехь?
Йоза
Урокан ц1е: Йозанан доккха а , жима а элп Х1 х1
1алашонаш
1.Предметни:Йозанан доккха , жима элп г1довзийтар, элп Х1 цхьаъ ша, дешдакъошкахь , дешнашкахь яздан 1амор.
2.Метапредметни:
· Регулитивни: шеен белхан план х1оттор, цуьнан рог1алла йовзар, шеен дан делларг ган, цунах бахьнаш довзар царех пайдаэцар, шеен дан ницкъ ца кхаьчнарг ган, цуьнан бахьнаш довзар.
· Познавательни: дешнашкахь Х1 элпан меттаг билгалъяккха хаар, дешнаш дешдакъошка декъар, церан башхаллаш йовзийтар. Коммуникативни: хьехархочуьнца, накъосташца нийса къамел дан хаар, шеен хетарг масаллица т1еч1аг1дан хаар.
3.Личностни:Нохчийн шира хумнаш довза лаам кхоллар.
Урок д1аяхьар.
1.Дешаре шовкъ кхоллар.
-Бераш, шун ц1ахь кегий йижарий , вежврий буй?Уьш муха хьосту шун наноша?
-Вай нохаша хьалха заман чохь беран шена –шен меже хьостуш хила.Куьйган п1елгаш хьостуш хил ла.Х1ора п1елг хьа а лочуш олуш хила:
(Хьехархочо берашка шайн п1елгаш рог1ехь схьа а лоцуьйтуш олуьйту)
XIOKXO балийна,
XIOKXO урс хьаькхна,
XIOKXO тилийна,
XIOKXO кхехкийна,
XIOKXO кхаьллина
Д1абахийтина.
-Вайна муьлханиг далур дара п1елгаша диначарех?
2. 1алашо йовзар.
-Х1ун 1емар ду вайна урокехь?
Суна девзар ду….
1емар ду…
3.Керла тема хьехар.
· Элпаш яздар .
Х1 Х1 Х1 Х1 х1 х1 х1 х1
Т1 Т1 Т1 Т1 т1 т1 т1 т1
Ч1 Ч1 Ч1 Ч1 ч1 ч1 ч1 ч1
-Х1ун ду цу элпийн юкъара?(Шолг1а хьаьрк 1 ду)
· Дешнаш яздар
Х1ижан,Х1азан,б1ух1а,х1орд.
-Маса дешдакъа ду Х1ижан дашехь?
Х1унда?(Шиъ мукъа элп ду)
-Муьлханаш ду уьш?(и,а)
-Хьалхара дакъа муьлханиг ду?(Х1и )
-Шолг1а?(Жан)
-Д1аязде дешдакъошка доькъуш.
4.Сада1аран миноташ.
5.Керла тема кхин д1а а хьехар.
· Предложени язъяр.
Х1орда чохь шортта ч 1ерий хуьлу.
-Маса дашах лаьтта х1ара предложении?Хьан х1оттор яра схема?
· Дайна элп караде.
…уттут, …орд, …оз,бу…а,…аваъ, …усам.
-Хьехархочо берашна хала делахь суьрташ гойту цу х1уманийн.
-Муьлха дешнаш хили шу?
-Муьлха элп ду цу массо дашехь?
6.Рефлекси.
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.