Йоза
Урокан ц1е: Йозанан доккха а , жима а элп Зз.
1алашонаш:
1.Предметни:.Йозанан доккха а , жима а элп Вв довзийтар, уьш дешна юккъехь , юьххьехь , чаккхенгахь яздан 1амор.Адамийн ц1ераш доккхачу элпаца яздар.
2.Меторедметни:
· Регулитивни:Шен урокан 1алашо йовза, белхан план х1отто, цунах шена дан ницкъ кхаьчнарг ган, т1аьхьа –хьалхе белхан ларъян хаар, цакхьчнчун бахьна лахар.
· Комуникативни: ша ца кхетачух шеен накъосташца, хьехархочух дагавалар, иза нийса хатта хаар.Керланиг шена зеделлачух лаьцна накъостех дагавалар..
Познавательни: Цхьана дашах масийтта дош дан хаар,ойлаяр кхиор ,дешнашкахь элп хийцарца керла маь1на долуш дош кхолла хаар.Схемина дешнаш лаха хаар.
3.Личностни:Доттагалла лело хаар кхиор, накъостийн жоьпаш леера , галл нисделлачух ца велар, г1о дан лаам кхиор.Шегахь йолу х1ума екъа лаам кхиор.
Урок д1аяхьар.
1.Дешаре шовкъ кхоллар.
Туькнахь.
Туькнахь охьаехкина дукха х1умнаш ю(З1, моЗ,зурма, зезага, хьоза. Г1аз, салаз, моза, куз, заза,гезг,зингат,борз,гали, мача. Коч, хеча.)
-Аша д1аэца деза з элпаца гергарло долу товар.Дукха эцнарг тоьлла ву)
-Ахьа х1ун эцна ?(Зу)
-Мичазь ду аз (З)?
(Иштта толлу важа дешнаш)
-Муьлхачун ю уггар дукха х1умнаш?Ахьа хьанна лур яра уьш?
2.1алашо йовзар.
-Книги т1е хьовса .Х1ун дийр ду аша х1ораммо?Х1ун дан ницкъ кхочур бу аьлла хера шуна?Х1ун далур дац?
· Элп Зз девзар ду.
· Элп Зз д1аяздан 1емар ду.
· Дешдакъош, дешанаш яздийр ду.
· Кхоллараллин болх бийр бу.
-х1ара х1ун ю?Дешнаш
-Царна х1ун дийр ду?(Дешдакъошка доькъар ду)
3.Керла тема д1акхачор.
· Йозанан доккха а , жима элп Зз довзийтар.
-Адам , ахь х1ун ийцира?(Зу, моз, салаз)
-Д1аязъян хуур дуй хьуна айхьа эцна х1уманаш?(Дац)
-Х1унда?(Элп Зз яздан ца хаьа)
-Хьовсал.Х1ара йозанан доккха элп З ду, х1ара йозанан жима элп з ду.
-Гайтал.шайгарчу элпашна юкъахь элп Зз.
-Х1ун хии вайна?(Девзи элп Зз)
-Кхин д1а х1ун 1емар ду вайна?(Элп Зз д1аяздан)
· Дешдакъош яздар.
За зо зу зи зе
Аз оз уз из ез
-Х1ун 1еми вайна?(дешдакъош яздан)
· Дешнаш яздар.
Х1инца язлур дуй ,Адам, хьан дешнаш д1а?
Зу, моз, салаз
-Д1аеша ц1ераш 57 аг1он т1ера?Д1аязъе.
Зина, Зухра, Замани, Рамзан
-Муха язйо ц1ераш?Д1аеша бакъо)
5.Сада1аран миноташ.
Массара а йой аша 1уьйранна зарядка? Х1инца цхьаьнии яй вай иза?
Маьлхан серло яржале -
Цхьаъ - шиъ - кхоъ,
Пенаш лахка, човхаде -
Цхьаъ, шиъ - кхоъ.
Йиша, ваша г1аттаде
-Цхьаъ -шиъ - кхоъ.
Физзарядка йолае
-Цхьаъ - ш иъ -кхоъ.
Т1аьхьараалар:
Цхьаъ - шиъ - кхоъ,
Цхьаъ - шиъ - кхоъ,
Цхьаъ - шиъ - кхоъ,
Цхьаъ - шиъ - кхоъ.
Меттахвала, кхоссало
Цхьаъ - шиъ - кхоъ,
Паж схьалаца, кхозало -
Цхьаъ - шиъ - кхоъ.
Куьйгаш айба, волало -
Цхьаъ - шиъ - кхоъ.
Ницкъ бохьур бу боларо -
Цхьаъ - шиъ - кхоъ.
(Цугаев Салман)
XIapa физминот музыка а локхушян тарло. Багахь xiapa йиш
а локхуш зарядка яйта тарлуш ду.
6.Керла тема кхин д1а а хьехар.
· Дешнаш дешдакъошка декъар.
-Хьовсал бераш,соьгахь дечигаш ю.Х1ораш ахьа саттийча х1ун хили?(Кагъели)
-Х1ара масазза кагъели?Маса дакъа хили?(Шиъ)
-Х1ара?(Кхоъ)
-Х1ара?(ца кагло)
-Нохчийнматтахь ду дешнаш иштта ца каглуш, шозза кхузза каглуш.Вай х1инца дешнаш кеггор ду.Х1унда аьлча уьш мог1ане ца тарделча сехьадаха деза.
Моз,зама, заза, хаза.
-Куьйгаш нисде.Алал Заааа-заааа.
-Маса дакъа ду цу дешан?Хьалхара?Шолг1а?
-Ала моз.Х1ун хуьлу?(Ца кагло)
(Иштта толлу дешнаш)
· Кхоллараллин болх.
1.Элп хийцар.
Зарет-…арет,…арет,…арет.
2.Схемина дош карор.
Замани, моз, йоза.
____ _____ ____
-Маса дакъа ду схемин?Муьлхачу дешан ду кхоъ дакъа?
7.Рефлекси.
-Дагаяийта вайн план.
-Х1ун дан дели?Ца далуш диси?
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.