Йоза 01.12.2014
Урокан ц1е:Йозанан доккха а , жима а элп Пп.
1алашонаш:
1.Предметни:Йозанан доккха а , жима а элп Пп довзийтар, элп Пп цхьаъ ша яздан, кхечу дешнашкахь яздан 1амор
2.Метопредметни:
· Регулитивни:Шена учебника т1ехь гучух пайда а оьцуш шеен белхан 1алашо билгалъяккха, цуьнан план х1отто хаар , шега дан деллачух, ницкъ ца кхаьчначух бахьнаш довзар, уьш нисдан хаар.
· Познавательни:дешдакъойх дешнаш кхоллар, оан элпан башхаллех кхетар.Предложенина схема х1оттор
· Коммуникативни:шеен накъостех дагаволуш хилар, церан шеен белхах лаьцна вистхилар.Хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала хаар.
3.Личностни:Ненан метан хаазала гар.
Урок д1аяхьар.
1.Дешаре шовкъ кхоллар.
Гу
П ду салаз т1ехь хехкалуш.
Цхьа гу а лехна, цу т1е хьаладолуш, xlopa дашна хьалха саца а соцуш, и дош доьшу цо. Амма гу т1ера чудоггуш, хахкаделла дог1у дела, саца йиш яц, салаз т1омаяьлча санна йог1у. Ца ларадо элп П керла кхолладелла дош деша.Г1 о дейша цунна!(Жоп: пен, пале, поппар,липпар, къепал, бепиг, айп,апари.)
-Аша дагалаца П аз долу дешнаш.Вайна хаьий и дешнаш деша?(Ца хаьа.Вайна элп Пп яздан ца хаьа)
2.1алашо йовзар.
-Т1ехьовса книгин 62-64 аг1онашна.
-План х1оттор вай белхан.Х1орш х1ун ю?(Полла, пил)
-Х1ун элп ду хьалха?(П)
-Х1ун дийр дув ай цунна?(Девзар ду йозанан элп Пп, и яздан 1амор ду)
-Х1орш х1ун ю?(дешдакъош, дешнаш яздийр ду)
-Х1орш х1ун ю?(Ах дешнаш т1едузур ду)
-Х1ара х1ун ю?(Ребусаш йийр ю вай)
-Дика ду.Стенна т1ера д1адолор дув ай?
3.Керла тема д1акхачор.
· Йозанан доккха а , жима а элп Пп довзийтар.
Гайтал массара зорбанан элп Пп .Книги т1е цунна улло хьовса.Ала.Х1ара йозанан доккха элп П ду, х1ара йозанан жима элп п ду.
-Гайта массара элп Пп.
-Муьлханаш ду цуьнах тера?
-Х1ун хии вайна?(Элп Пп девзи)
-Шолг1а х1ун дийр дув ай?(1амор ду элп Пп д1аяздан)
· Элп Пп яздар.
Хьехархочо д1агойту элп Пп муха яздан деза.Берашка яздлйту х1аваэхь, цул т1аьхьа тетрадаш т1ехь)
П П П П П П П П П П П П П
п п п п п п п п п п п п п п
Пп Пп Пп Пп Пп Пп Пп Пп
-Муха хоьттина элп Пп?
-Х1ун 1еми вайна?(Элп Пп яздан)
-Кхин д1а х1ун 1амор ду?(Дешдакъош яздан)
· Дешдакъош яздар.
-Язди П, схьалаца куьг а , хуьлу …..(Па)
-Язди А , схьалаца п , хуьлу…..(Ап)
Па по пу пи пе
Ап оп уп ип еп
-Х1ун 1еми вайна?(Дешдакъош яздан)
-Кхин х1ун 1емар ду?(Дешнаш яздан)
· Дешнаш яздар.
-Х1инца язлур дуй вайна аша дагалаьцна дешнаш?
-Д1аязде.
Поп, палс,падам, Напса.
-Х1ун 1еми вайна?(Дешнаш яздан)
4.Сада1аран миноташ.
5.Керла тема кхин д1а хьехар.
-Стеннгахь дисна вай.Х1ун дан деза х1инца?(предложенеш язъян)
Уьн т1е д1аяздо.Полла боду.Полла бедира.
-Д1аеша хьалхара предложении?Маса дош ду?Схемин масса сиз хила деза?(Шиъ)
-Хьалхара сиз муха хила деза?(Маь1иг йолуш?
-Х1унда?(предложении доккхачу элпаца йолайо)
-Чаккхенгахь?(т1адам буьллу)
Полла боду.Полла бедира
-Х1ун 1еми?(Предложениш язъян.Схеманаш х1итто)
-Кхин д1а?(Дешнаш вовшвхтаса)
· Кхоллараллин болх.
1.Дешдакъойх дешнаш кхолла.
Пас-… Пи-…
Пар-… Нап-…
Полл-… Па-…
-Х1инца х1ун ди?(Дешнаш вовшахтеси)
-Кхин д1а?(Ребусаш йийр ю)
2.Ребусаш.
Пес-Пис.
-Х1инца х1ун див ай?(Ребус йи)
5.Рефлекси.
-Дагаяийта план.Х1ун дан кечам бара вайн?
-Х1ун дан дели вайна?
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.