Конспект урока по обществознанию 8 класс.

  • docx
  • 17.04.2024
Публикация на сайте для учителей

Публикация педагогических разработок

Бесплатное участие. Свидетельство автора сразу.
Мгновенные 10 документов в портфолио.

Иконка файла материала 95.урок.саь1ид бадуев..docx

95-г1а урок

Урокан  ц1е: «Вайн  яздархой.Саь1ид Бадуев. Цуьнан  байт «Вайн беш».

1алашо: берашна нохчийн яздархо Саь1ид Бадуев вовзийтар. Цуьнан байт : «Вайн беш» йовзийтар. Нийса а , шера а еша 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1.Предметни:берашна вевзар бу нохчийн  г1араваьлла яздархо С. Бадуев, евзар ю цуьнан байт: «Вайн беш». 1емар ду  шера а ,кхеташ а байташ еша.

2. Метапредметни:

·        Регулятивни: берашна 1емар душ ай кийча план а йолуш , дешаран кхиамаш баха кийча хилар,1емар ду интернет чохь, яучабникаш т1ехь , баккхийчаьрга хеттарца оьшу г1ирс гулбан , цунах пайдаэца. Берашна хуур  ду  шайн кхиамаш ган , царех пайдаэца. 1емар ду  кхачамбацарш  ган   уьш  д1адаха.

·        Коммуникативни:  берашна  1емар ду  хьехархочун хаттаршна дуьззина жоьпаш дала. 1емар ду  вовшашца къамеле  бовла, ладог1а. Берашна 1емар ду  шайна хеттарг д1аала, шайн накъоста дуьйцучунга  ладог1а, кхета.

·        Познавательни: берашна вевзар ву яздархо. Хуур ду  яздархо мила ву. Хуур ду ешначу юкъара коьрта долу х1ума  довза и схьаэца.Берашна хуур ду  ешарца  яздархочун дог-ойла билгалъяккха.

3. Личностни:Берийн дозалла кхоллалур ду шайн къомах, яздархойх. Берашна луур ду Даймахка дуьхьа, къома дуьхьа кхиамаш баха.Берашна 1емар ду шайн амалехь диканиг кхио.

Урок  д1аяхьар.

1.     Маршалла  хаттар

 -Де дика хуьлда шун, бераш!

-Диканца дукха  ехийла! 

2. Дешаре  шовкъ  кхоллар.

·        Чехкааларш.

-Бераш, вай  цкъа хьалха  1амор ду  вешан мотт шарбан. Хьанна хаьа шуна: муха далур дара и г1уллакх?

-Цунна лерина ду  шардарш. Уьш аша  нийса дешна ца 1аш чехка деша деза.

Уьн т1е д1аяздо.

Сан шар шуна, шун шура суна.

Шина чиркхан ши шиша, шина шичин ши йиша.

-Д1адеша  чехкааларш меллаша дешдакъоша.

-Д1адеша  дешнашца.

-Дагахь 1амаде уьш.

-Чехка д1адеша  уьш.

3. 1алашо йовзийтар.

-Д1аеша  учебникан дакъин ц1е. (Вайн яздархой).

-Мила ву  яздархо? (Берийн  жоьпаш).

-Х1ун 1амор ду  вай  х1окху декъа т1ехь?

·        Вайна бевзар бу  яздархой.

-Муьлханиг ву  кху  суьрта т1ехь верг? (Саь1ид Бадуев).

-Муьлха яздархо вевзар ву шуна?

·        Тхуна вевзар ву яздархо Саь1ид Бадуев.

-Муьлха байт ю кху т1ехь ялийнарг? (Вайн беш).

-Муьлха байт евзар  ю вайна?

·        Вайна евзар ю байт : «Вайн беш».

-Хьан эр дара  аша: х1ун кхиамаш бохур бу  аша  тахана?

Суна вевзарву  яздархо…

Суна евзар ю С.Бадуевс язйина байт : «Вайн беш».

Суна 1емар ду нийса а , шера …

-Бераш , вайна тахана  вевзар ву нохчийн  сийлахь яздархо Саь1ид бадуев. Вай  йоьшур ю цо берашна  лерина  язйина  байт : «Вайн беш».

4. Саь1ид Бадуевн дахар кхолларалла довзийтар.

·        Абатан 129-г1а  аг1он т1ера д1а боьшу  яздархочух лаьцна мог1анаш.

-Бераш, дабеша 129-г1а  аг1он т1ера Саь1ид Бадуевх лаьцна мог1анаш.

-Мила ву  Саь1ид Бадуев? (Саь1ид бадуев нохчийн яздархо ву).

-Х1ун дукхаезара  Бадуев Саь1идана ? (Бадуев Саь1идана дукхадезара  туьйранаш,халкъан эшарш).

-Стенга бара  цуьнан безам? (Дешаре).

-Стенга вахара иза? (Иза вахара деша).

-Цо х1ун йоьшура? (Книгаш).

-Стенна  т1ехь г1о дира  цунна книгаша? (Яздархо хиларехь).

-Бераш , шуна лаьий яздархо хила? (Берийн жоьпаш).

5. Сада1аран миноташ.

Цаьпцалгаш

Цаьпцалгаш, цаьпцалгаш,

Лелашюшу кхийсалуш:

Кхосса-кхосса-кхоссалой,

Бацалахь цкъа д1атарлой,

Жимма бецаш кхаллий,

Тийналле ладог1ий, Меллаша

шу юьйлало, Юха хьала

кхоссало.

(Бераша цаьпцалгаша дийрриг до.)

6. Саь1ид Бадуевн байт : «Вайн беш» ешар.

·        Хьехархочо д1айоьшу байт.

-Стенах лаьцна ю байт? (Вайн бешах).

-Муха лелор ю ва беш? (Ч1ог1а дика лелор ю).

-Х1ун хьийза вайн бешахь? (Вайн бешахь хьийза олхазарш).

-Муха ду вайн бешара х1аваъ? (Вайн бешара х1аваъ ц1ена ду).

-Муха дог-ойла йолуш язйина бадуевс и байт? (Иза ваккхийвуьйш ву  1аламах).

·        Бераша д1айоьшу байт.

Дешдакъошца массара  цхьана д1айоьшу байт.

Дешнашца д1айоьшу массара  цхьана  байт.

Ша-ша  йоьшу байт.

·        Кхоллараллин болх.

-(Бераш , аша Саь1ид Бадуевна мА гарра йилла еза  и беш.

(Бераша дохку суьрташ).

6. Жам1 дар.

-Муьлха яздархо вевзира шуна?

-Муьлха  байт йийшира  аша?

8. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

Бераш, ц1ахь билгалбаккха шаьш кхана бен болу  болх.