Мастер класс "Ц1ердош"
Оценка 4.8

Мастер класс "Ц1ердош"

Оценка 4.8
docx
04.03.2021
Мастер класс "Ц1ердош"
Мастер класс.docx

Де дика хуьлда шун!

ВИДЕО

СЛАЙД 1  Дуьненчохь уггаре сийлахь ерг мила ю? (Нана)

Х1ун ду ненал хьоме? (Х1умма дац)

Муьлхачу дожарехь лела нана боху дош? (Ц1ерниг дожарехь)

Хьа эра ара аш, муьлха къамелан дакъа ду иза? (Ц1ердош)

 

Тахана урокехь вай стенах лаьцна дуьйцур ду аьлла хета шуна?

(Ц1ердашах лаьцна).

(СЛАЙД 2)-Нийса бах, тахана вай шуьца т1едузар ду ц1ердешнийн хаарш. Юьхьанцара классашкахь аш ц1ердашах лаьцна 1амийнарг карладоккхур ду вай.

 Хьан дагадоху стенах олу ц1ердош?

 

Ц1ердош- иза къамелан дакъа ду, мила? Х1ун? бохучу хаттаршна жоп луш, адам а, х1ума а билгал а еш. Предложенехь ц1ердош подлежащи хули лела.

Ц1ердешнаш юкъара а, долахь а хуьлу. Массо цхьатерачу х1уманашна техкинчу юкъарчу ц1ерех юкъара ц1ердешнаш олу. Масала: хи.

Цхьатерачу хх1уманашна юкъара схьакъастош цхьана х1уманна я адамна тиллинчу ц1арх долахь ц1ердош олу. Уьш доккхачу элпаца яздо. Масала: Терк, Хьава. Ц1ердешнийн цхьаллин, дукхаллин терахь хуьлу. Грамматически 6 класс ю ц1ердешнийн. 8 дожар, 4 легар а ду ц1ердешнийн.

 

Шуна ма-гарра лаьтташ 2 б1ов ю, чохь совг1аташ а долуш. Ткъа цу чохь х1ун ю хаа лаахь дика болх бан беза вай. Тахана вай тобанашкахь болх бийр бу. Вай 2 тоба ю: Барт, Безам.

 

Самукъане къовсам д1аболор бу вай тобанашна юкъахь.

(СЛАЙД 3) 1-ра т1едиллар.

Барта ялае предложенеш ц1ердош юкъахь долуш.

Барт: нана

Безам: Даймохк

(СЛАЙД 4) Дерриге дуй?

Лахахь далийначу дешнаш юкъахь дерш массо а дуй ц1ердешнаш?

А) дохк, х1аваъ, хьекъал, дош, гали.

Б) сингаттам, х1ордахо, деша, кхетам.

(СЛАЙД 5) Чекхбаккха мог1а

Ловзадуьйлуш кийрахь дог,

Хелхабуьйлу лаьттахь…(ког)

Буьйцуш берг бу нохчийн мотт,

Ахь д1аяккха лерган….(потт)

 

Карточки

Х1ора тобана хьалха цхьац дош ду, цу дашах шайна луъучу кепара элпийн меттигаш а хуьйцуш, керла ц1ердешнаш кхолла.

Барт: Даймохк

Безам: Хенак1ур

 

Вовшах таса кицанаш

Дикачу пхьидо шен 1ам хестабо.

Вежарийн безам-т1улгал а ч1ог1а бу.

Ц1арца бегаш ма бе, хих ма теша.

Сераца бина х1оз г1ожах балур бац.

 

ЖАМ1 ДЕШ

Стенах лаьцна дийцира вай тахана?

Стенах олу ц1ердош?

Вай тахана урокехь бинчу белхан жам1 деш 1 т1едиллар кхочушдира ду вай.  1-ра тобано дийнатийн ц1ерш билгалйо, а 2-г1а тобано олхазарийн.

(СЛАЙД) РЕФЛЕКСИЯ

Шай тахана урокехь кхоллаелла дог-ойла суьрташца гайта.

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

«Барт»

Х1окху  дашах шайна луъучу кепара элпийн меттигаш а хуьйцуш, керла ц1ердешнаш кхолла.

Даймохк______________________________________________________

______________________________________________________________

______________________________________________________________

 

 

«Безам»

Х1окху  дашах шайна луъучу кепара элпийн меттигаш а хуьйцуш, керла ц1ердешнаш кхолла.

Хенак1ур__________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________


 

Де дика хуьлда шун! ВИДЕО

Де дика хуьлда шун! ВИДЕО

Буьйцуш берг бу нохчийн мотт,

Буьйцуш берг бу нохчийн мотт,

Барт» Х1окху дашах шайна луъучу кепара элпийн меттигаш а хуьйцуш, керла ц1ердешнаш кхолла

Барт» Х1окху дашах шайна луъучу кепара элпийн меттигаш а хуьйцуш, керла ц1ердешнаш кхолла
Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
04.03.2021