1алашонаш.
1аморан: дешархойн хаарш зер, 1амийнарг
карладаккхар;
кхиоран: терахьдешан, билгалдешан, ц1ердешан меттана лелашдолу дешнаш довзийтар; предложенехь текстехь цара лелош долу г1уллакх гайтар, царех пайдаэца 1амор;
кхетам – кхиоран: ненан матте болу безам
к1аргбар.
Керла тема хьехар.
Ц1ерметдешнех кхетам балар.
Уьн т1е д1айаздо.
Сан доттаг1 Ахьмад ву. Иза кхоалг1ачу классехь доьшуш ву. Цуьнан итт шо ду. Оццул шераш ду
Мохьмадан. Ахьмадан можа портфель йу. Иштта портфель йу сан.
- Д1айеша предложенеш. Хьалхара предложении хьанах лаьцна йу? Ахьмад иза муьлха дош ду?
(ц1ердош).
- Шолгачу предложенехь хьанах лаьцна дуьйцу? Ц1ердешан меттана муьлха дош йаздина?
- Стенан метана йаздина и дош? (ц1еран метта).
- Иза ц1ерметдош ду.
- Цуьнан маса шо ду?(итт).
- Итт иза муьлха къамелан дакъа ду?
- Кхоалг1ачу предложенехь масса шо ду Мохьмадан?
- Муьлхачу дешан мета йаздина оццул боху дош? (итт).
- Итт иза муьлха къамелан дакъа ду?
- Оццул иза а ду ц1ерметдош?
- Муха портфель йу сан? (можа).
- Можа иза муьлха къамелан дакъа ду?
- Т1аьххьарчу предложенехь цуьнан метана муьлха дош йаздина? (иштта).
- Иза а ду ц1ерметдош.
- Вайна ма гарра ц1ерметдош иза цхьана кхечу дешан меттана йаздеш ду.
- Муьлхачу къамелан дакъойн меттана лела ц1ерметдош?
- Стенах олу ц1ерметдош?
1амийнарг т1еч1аг1дар.
1. Кхочушдо шардар № 203.
2. Дешнаш т1ехь болх:
зевзалг – королек;
сих1сардиг – пеночка (бора бос болу жима олхазар);
бора – серовато – коричневый цвет;
йилбазговр – стрекоза.
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.