Нохчийн литература
Тема: «Аьхке» Д.Кагерманов.
1алашо: Д.Кагермановн дийцар «Аьхке» дийцар довзийтар ; нийса а, шера а, кхеташ а дийцаран тексташ еша 1амор. Берийн ойлаяр, тидаме хилар , керланиг хаа лаам кхиор.Берийн 1аламе безам кхоллар.
Билгалбаьхна кхиамаш : берашна 1емар ду дийцаран тексташ хезаш еша т1аьхь – т1аьхьа ша-шена ешаре а воьрзуш ; берашна 1емар ду шаьш ешначух кхета , ешначух шайна хетарг ала; берашна хуур ду текста юккъехь оьшу к1айдарг каро , еша. Берийн тидаме хилар совдер ду.
Урок д1аяхьар.
1. Ц1ера болх таллар.
а) Бераша д1адоьшу дийцар «Дог1а деанчул т1аьхьа..» М. Сулаевн.
2.Мотт шарбаран болх.
Зингат ,зингат , хьо мичахь ду?
1ежийн бешахь чай молуш ду.
Чай , чай, чай ду-
Чай ца кхаьчнарг –д1аволуш ву.
-Д1аеша байт дешдакъошца.
-Д1аеша байт ч1ога , хезаш дешнашца.
-Д1аеша кхеташ, авторан дог-ойла а гойтуш.
-Муха дог-ойла кхоллало и байт ешча? (Самукъа долу)
-Маца юьйцу иштта байт? ( Лечкъаргех ловзуш)
3.1алашо йовзийтар, белхан план х1оттор.
-Муьлха произведении евзар ю вай тахана? (Вайна девзар ю «Аьхке» ц1е йолу дийцар)
-Мила ву цуьнан автор? (Д.Кагерманов)
-Х1ун болх д1ахьур бу вай и дийцар девзаш?
Суна девзар ду дийцар…
Суна вевзар ву цуьнан автор…
Суна 1емар ду нийса а, кхеташ а еша.
Суна хуур ду …..
-Вайна тахана девзар ду Д.Кагермановн дийцар « Аьхке» ц1е йолу дийцар. Шуна 1емар ду нийса а, кхеташ а, шера а еша. Вайна 1емар ду дийцаран т1ехь оьшу к1айдарг каро , еша.)
4.Керла тема хьехар.
Хьехархочун дош
Кагерманов Докка
Кагерманов Докка вина Хьалихар-Мартанан районан Г1ойта ц1е йолчу юьртахь 1930-чу шарахь. Шен хенарчу массо а нохчочун сана , Доккина ша вина де ца хаьа, асаран хенахь вина ша боху цо.
Кагерманов Доккин берашна язйина масех книжка араяьлла : «1имран а , цуьнан доттаг1ий а» (1985 шо), «Лаьмнашкахь б1аьсте» (1987 шо), « 1уьйренан аьзнаш» (1981 шо)
1985 –чу шарахь Муталибов Зайндис кечйинчу «Хьалхара г1улчаш» ц1е йолу гулар юккъехь яра Доккин дуьххьарлера стихаш. Цул т1аьхьа , 1962-чу шарахь , «Къоначийн аьзнаш» ц1е йолуш стихийн гулар х1оттийра Эдилов Хас-Мохьмада а, сулаев Мохьмада а Цунна т1ера дешархошна евзира Доккин дуккха а керла стихаш
а) Хьехархочо д1адоьшу Д. Кагермановн «Аьхке» дийцар.
аь) Дийцар д1адоьшу дешдакхошца , хьехархочун эшарехь хезаш.
5.Сада1аран миноташ.
6. Керла тема кхин д1а а хьехар.
а) Бераша з1енаца д1адоьшу дийцар.
аь) Чулацамах къамел дар.
-Шеран муьлха зама ю дийцар т1ехь ялийнарг? (Аьхке)
-Маса баттахь лаьтта иза?
-Муьлхачу батто болабо аьхкенаш МУР? (Июно)
-Х1ун билгало ю июнь беттан? (Цу баттахь дуьне-1алам т1айп- тайпанчу беснашка доьрзу)
-Муха кхета шу «Ков-кертахь , сайри чохь дерг лахдаларан, арахьдерг дукъдаларан билгала бу» бохучух ? (Адамаша даханчу шарахь гулдина ялта лахло цу баттахь, ткъа кху шарана арахь д1адийнарг кхуьу.)
-«Аьхка хье ца кхехкийча -1ай яй ца кхехка».Цунах муха кхета шу? ( Аьхка болх ца бича , 1ай ялта ца хуьлу)
-Стенах даккхийде адам?
б) Къастош ешар.
-Х1ун боху июнь батах? Д1аеша и к1айдарг.
-Стенах самукъадолу адамийн, накхармозийн? Д1аеша цунах лаьцна йолу к1айдарг.
-Муха хуьлу ялта аьхка? Д1аеша и к1айдарг.
-Х1ун боху ялташ чудерзорах лаьцна? Д1аеша и к1айдарг.
-Х1ун боху ялта чудерзо г1учу кегирхойх лаьцна? Д1аеша и к1айдарг.
7.Рефликси.
-Х1ун 1еми шуна урокехь?
Суна девзи керла….
Суна 1еми дийцар нийса, шера….
Суна 1еми хьехархочун хаттаршна ….
Суна хии оьшу к1айдарг каро..
8.Жам1 дар.
-Муьлха дийцар дийши вай?
-Мила ву цуьнан автор?
-Стенах лаьцна дара дийцар?
-Х1ун дара шуна хазделларг?
9. Ц1ахь бан болх балар.
Шера д1адеша дийцар « Аьхке» Д. Кагерманов.
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.