Нохчийн меттан урокан самоанализ
5-г1а класс
Урокан ц1е: Фразеологизмаш,я дешнийн т1еч1аг1делла цхьаьнакхетарш.
Урокан тайпа:Кхетам кхолларан урок.
Урокан кеп: Тобанашкахь болх, кхолларалин болх.
Урокан г1ирс: 1амат, ручка, тетрадь, презентации, б1ов, карточкаш.
УМК: М.Р. Овхадов, Ж.М. Махмаев, Р.А. Абдулкадырова.
Сайна хьалха аса х1иттийнера х1ара 1алашонаш:
Предметни (Кхеторан): Хаа деза фразеологизмаш стенах олу, уьш кхечу дешнийн цхьаьнакхетарех схьакъасто а.
Метапредметни (Кхиоран 1алашо): Лексиках 1амийнарг карладаккхар.
Личностни (Кхетош - кхиоран 1алашо): Къамелехь фразеологизмех пайдаэцар.
Урокехь ас юкъа ялийра барта, гайтаме, мультимедийни, визуальни методаш.
Урок белхан тайп-тайпана кепаш юкъа ялорца д1аяьхьира: тобанашкахь болх, массо а дешархочо дакъа лоцу болх. Аудитори кхаа тобане йийкъира, ц1ерш техкина. Урок чекхъяллалц бохург санна, царна юкъахь д1абаьхьира самукъане а, къовсаме а болх.
Къовсам д1аболийра урокан ц1е яккхийта кечйинчу предложенин г1оьнца. Цул т1аьхьа х1ора тобана луш долу т1едилларца а. Урокана юкъа ца ялийча нийса хир дацара аьлла, керла методаш а юкъа ялийра ас: кроссворд ,презентаци. Кроссвордан г1оьнца карладехийра лексикологех лаьцна хаарш.
Фразеологизмаш йовзарца, оьрсийн маттахь 1амийн хиларца гуча йоьвлира кхучу предметаца йолу з1е.
Жигара а, чехка а, лехаме а белхаш бинчул т1аьхьа могашаллин ойла ян еза аьлла, юкъаялийра сада1аран минот.
Жам1 деш лимонан диттаца т1еч1аг1йира фразеологизмаш.
Т1екхечи рефлексии ян еза минот. Шайн урокехь кхолла елла йола дог-ойла гайтира бераша смайликаца.
Ас хаьржина болу урокан х1оттам (структура), цуьнан чулацам пайдехьа, эвсаре хилла, х1иттийна 1алашонаш кхочушъярехь.
Урокан 1алашонаш кхочуш хилла аьлла, хета суна.
Материалы на данной страницы взяты из открытых источников либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.