Нохчийн меттан олимпиада
6 класс
1.Нохчийн меттан алфавитехь ...элп ду.
а) 33;
б; 45;
в) 49;
2. Нохчийн меттан дожар... ду.
а) 8;
б) 6;
в) 10;
3. Нохчийн маттахь мукъаза къора... аз ду.
а) 14;
б)13;
в) 11;
4. Нохчийн маттахь зевне мукъаза аз... ду.
а) 10;
б) 19;
в)13;
5. Билгалъяха омонимаш, синонимаш, антонимаш.
а) серло,бода,дика,вон,машар,т1ом
б) доттаг1,накъост,говр,дин
в) м1ара, мотт, ц1е
6. Къамелан дакъа ... ду.
а) 5;
б) 10;
в) 8.
7. Ц1ердашо ... гойту.
а) мухалла;
б) х1ума;
в) барам.
8. Ц1ердош преложенин меже ... хуьлий лела.
а) латтам;
б) къастам;
в) подлежаши.
9. Ц1ердешнийн ... класс ю.
а) 3;
б) 5;
в) 1.
10. Билгалдешнаш хуьлу ...
а) берта, бертаза;
б) долахь, юкъара;
в) мухаллин, доладерзоран, юкъаметтигаллин
11. Лаамазчух лааме билгалдош кхоллало ... суффиксийн г1оьнца.
а) - рг, - рш;
б) - ахь, - ехь;
в) - иг, - ниг.
12. Мухаллин билгалдешнийн даржан ду ...
а) юьхьан, юьхьза, юкъара;
б) логически, грамматически;
в) юьхьанцара, дустаран, т1ехдаларан.
13. Терахьдош къамелан дакъа ду. Иза тайпанашка декъало. Муьлхачу тайпана ду: кхо б1е ткъе ворх1, ши эзар кхойтта терахьдешнаш?
а) цхьалхе;
б) х1оттаман;
в) чолхе.
14. Диъ-диъ, кхоъ-кхоъ, пхиппа терахьдешнийн тайпа... ду.
а) масаллин;
б) рог1аллин;
в) декъаран;
15. Лааме а, лаамаза а терахьдешнех предложени меже... хуьлу.
а) подлежащи, кхачам, къастам;
б) латтам, сказуеми;
в) берта а, бертаза а къастам
16. Ц1ерметдош муьлхачу къамелан дакъойн метта лела?
а) хуттурган, дакъалган, айдардешан;
б) ц1ердешан, билгалдешан, терахьдешан;
в) хандешан, куцдешан, дешт1аьхьенийн.
17. Ц1ерметдешнийн... тайпа ду.
а) 6;
б) 8;
в) 10.
18. Яххьийн ц1ерметдешнаш лела... юхьехь.
а) 5;
б) 1;
в) 3.
19. Лахарчу ц1ерметдешнех дацаран ц1ерметдешнаш билгалдаха:
а) со, вай, уьш;
б) церан, сан, шун;
в) цхьа а, аддам а, х1умма а.
20. Хандашо... гойту,
а) х1уманан билгало;
б) дар я хилар;
в) дешнийн уьйр,
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.