Открытый урок чеченского языка «Терахьдош юкъара кхетам».
Урокан тема: «Терахьдош. Юкъара кхетам».
1алашо: терахьдешнех лаьцна юкъара кхетам балар. Терахь дешан маь1на довзийтар (х1уманийн масалла я рог1алла билгалъяр).
Кхочушдан лерина жам1аш:
1.Предметни: берашна девзар ду терахьдешнаш , 1емар ду къамелехь а , йозанехь а царех пайдаэца.
2. Метапредметни:
3. Личностни: берашна луур ду , говзалла а йолуш , шайн говзаллехь бакхий а буьйш корматтала а йолуш дешархой хила.
Урок д1аяхьар.
1.Маршалла
хаттар. Де дика хилла хьа Танзила. Ма хаза бу и малх. И малх вайна боьлуш бу.
Вайшина санна дериге дуьненна а боьлуш бу и.Вовши елаълой и малх санна . Урок
д1айолае вайшим.
Вайшинна уроке деана ду хьекъале олхазар .(РОЛИК ) (Бух1а ю иза.) Слайд (2)
2. Ц1ера болх таллар.
Шардар №218, аг1о 110.
(Бераша д1адоьшу шаьш яздина билгалдешнаш, дуьйцу лааме е , лаамаза а билгалдешнийн башхаллех лаьцна).
-Х1унда яздина ц1ен, к1айн бохучу дешнийн чаккхенгахь –н? (Цхьана дешдекъах лаьттачу билгалдешнийн чаккхенгахь яздо –н).
Д1аяханчу
урокехь муьлхачу къамелан декъах лаьцна дийцира вай?Цара х1уманан х1ун гойту?
Муьлхачу хаттаршна жоп ло цара?
Таханлера урок вайшин шатайпанара хир ю. Хьокх урокехь вайшим т1еч1аг1дийр ду вайшин хаарш, ишта девзар ду керла хаарш. Хьара урок шатапнара хьунда хир ю аьлча, ахь айхьа лохур ду тахан хаарш ишта эр ю таханлера вайн урокан ц1е.
Д1аяздел терахь классера болх (Слайд 3.)
Муьлха къамелан дакъош девза хьуна? Декъа дешнаш
(Слайд 4)
Урок, хаза, ловзу, можа, кхоъ, дешархо, дика, бераш, ведира, шолг1а.
Муьлха дешнаш дисси (кхоъ, шолг1а.)
Х1етал метал хаила х1уна.
Маса мел ю аса дуьйцу
Эшахь гойту рог1алла.
Хьем ца беш, ахь ала дош,
Вай дуьйцург ду (Терахьдош.) (Слайд 5).
-Д1аеша урокан ц1е. (Терахьдош. Юкъара кхетам). (Слайд 6)
-Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана?
-Х1ун кхиамаш бохур бу ахь?
-Танзила, вайна тахана девзар ду терахьдешнаш. Хуур ду стенна оьшу терахьдешнаш , цара х1ун гойту
4. Керла тема хьехар.
- Танзила , хьуна девзий цхьа а дагардар? (жоп).
-Схьадийца.
Суна а девза цхьа хаза дагардар. Ладог1ал, оцу т1ехь дуьйцуш дерг .
(слайд 7)
Цхьаъ - шиъ - нана-п1елг,
Кхоъ - диъ - хьажо-п1елг,
Пхиъ - ялх - юккъерниг,
Bopxl- 6apxl - маза-п1елг,
Исс - итт -ц1азаниг,
By хьо х1инца т1аьххьарниг.
-Маса п1елг багарбира цу т1ехь? (Итт).
-Муьлхачу дешнаша г1о дира хьуна и хаа? (Цхьаъ, шиъ, кхоъ, диъ,пхиъ, ялх, ворх1, барх1 исс, итт.). (слайд 8)
-Цара х1ун гойту? (П1елгаш масса бу гойту).
-Д1аязде и дешнаш.Хаттарш ло царна.
-Ладог1а кхечу дагардаре. (Слайд 9)
Тухур ю вай чот:
К1ира долош ду оршот,
Шолг1а де ду шинара,
Кхоалг1аниг- кхаара,
Доьалг1аниг -еара,
Пхьоьалг1а ду п1ераска,
Ткъа ялхалг1а - шот,
Ворх1алг1аниг ду к1ира.
Тхоьца хьо ца вог1у,
Гила гонна юккъера д1ахила!
Маса де ду к1иранчохь? (Ворх1).
-Муьлхачу дешнаша гойту оцу денойн рог1алла? (Хьалхара, шолг1а , кхоалаг1а, доьалг1а, пхоьалг1а, йолхалг1а , ворх1алг1а).(Слайд 9).
-Д1аязде и дешнаш. Хаттарш х1иттаде царна .
-Муьлха къамелан дакъош ду уьш?
-Стенах олу терахьдош? Даладе масалаш. (Слайд 11).
Тухур ю вай чот: аьллачу дагардар т1ехь муьлха денош билгалдевли вайшинна
Дошаман болх: (Слайд 12).
К1иран денош -Дни недели
Оршот - Понедельник
Шинара - Вторник
Кхаара - Среда
Еара - Четверг
П1ераска - Пятница
Шот - Суббота
К1иранде - Воскресенье
Терахьдешнийн тидамбар ,билгалдахар.
Шардар № 220, аг1о 112.
-Д1аеша хьалхара предложени. Муьлханиг ду терахьдош? (Маса шо? Итт).
Шардар № 221 , аг1о 112.
5. Сада1аран минот.
6. Керла тема кхин д1а а хьехар.
Шардар № 223, аг1о 113.
-Д1адеша терахьдешнаш. Муьлхачу терахьдешнийн чаккхенгахь яздо ъ? Д1адеша уьш.
-Муьлхачу терахьдешнийн чаккхенгахь яздо шала мукъазнаш? Д1адеша.
(слайд 8).
Стенна оьшу вайн дахарехь терахьдешнаш?(Слайд13,14)
Терахьдешнаш долуш
Терахьдешнаш доцуш
7. Жам1 дар.
-Стенах олу терахьдош? (Слайд 15)
-Муьлхачу хаттаршна жоьпаш ло терахьдешнаша?
-Стенна оьшу терахьдешнаш?
8. Рефлекси.
-Х1ун кхиамаш бехира аша?
9. Ц1ахь бан болх балар.
Адрес публикации: https://www.prodlenka.org/metodicheskie-razrabotki/386874-otkrytyj-urok-na-temu-terahdosh-jukara-khetam
Скачано с www.znanio.ru
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.