3-г1а урок.
Тема: «Даккхийчу элпашца яздеш долу дешнаш»
1алашо: даккхийчу элпашца яздеш долу дешнаш довзийтар, царех йозанехь нийса пайдаэца 1амор.
Кхочушдан лерина жам1аш:
Предметни: дешархошна евзар ю доллара , юкъара ц1ераш. Хуур ду уьш вовшех къасто, 1емар ду уьш йозанехь нийса билгалъяха (доллара ц1ераш даккхийчу элпашца язйо, юкъара ц1ераш –кегийчу).
Метапредметни:
· Регулятивни: учебника т1ехь далийначу хаттарх пайда а оьцуш урокан 1алашо билгалъяккха хуур ду дешархошна. Материалах пайда а оьцуш шайн белхан план х1отто, цуьнан рог1аллица кхиамаш баха хуур ду.
· Коммуникативни: дешархошна 1емар ду хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала, шайна хетарг книги т1ехь ялийначу материалах пайда а оьцуш т1еч1аг1дан.
· Познавательни: хуур ду учебникаца болх бан, оьшу материал каро , цунах пайдаэца. 1емар ду доларчу , юкъарчу ц1ердешнийн башхаллаш къасто.
Личностни: ненан маттах дозалла а деш, нохчийн мотт дика 1амо лаам болуш дика аг1онаш кхуьур бу дешархойн амалехь.
Урок д1аяхьар.
I. Маршалла хаттар.
II. Ц1ера болх таллар.
-Х1ун еллера шуна ц1ахь кхочушъян? (Шардар № 7, бакъо).
-Муха кхочушдан деза шардар? (Предложенийн чаккхенгахь оьшу хьаьркаш а х1иттош, х1ора предложении доккхачу элпаца язъеш кхочушдан дезаш дара).
-Д1аеша хьалхара предложени. Муьлха хьаьрка диллина аша цуьнан чаккхенга?
-Д1аеша шолг1а предложени. Муьлха хьаьрк диллина цуьнан чаккхенга?
-Муха яздо предложенин хьалхара дош?
-Муьлха хьаьркаш дохку предложенин чаккхенгахь?
III. Хетачу аг1ор 1алашонаш х1иттор.
· Дешнаш тобанашка декъар.
Мохьмад, к1ант,Эсила, йо1, Барза,ж1аьла, Ч1ама,етт, юрт, Чари-Мохк, урам, Машаран.
-Д1адеша дешнаш. Муьлха дешнаш яздина даккхийчу элпашца? Муьлха дешнаш яздина кегийчу элпашца?
-Шина тобане а доькъуш , д1аязде уьш. Муьлха дешнаш яздина аша хьалхарчу тобане? (Мохьмад,Эсила,Барза,Ч1ама, Чари-Мохк,Машаран).
-Муьлхачу билгалонашца далийна аша уьш цхьана тобане? (Уьш даккхийчу элпашца яздина).
-Муьлха дешнаш яздина аша шолг1ачу тобане? (К1ант,йо1, ж1аьла, етт,юрт, урам).
-Муьлхачу билгалонашца далийна аша уьш шолг1ачу тобане? (Уьш кегийчу элпашца яздина).
-Д1адеша учебникан авторша вайна талла х1оттийна х1аттар. (Кхин муьлха дешнаш яздо даккхийчу элпашца).
-Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана урокехь?Х1ун кхиамаш бохур бу аша?
· Суна девзар ду…
· Суна хуур ду…
· Аса кхочушдийр ду…
-Вайна тахана хуур ду муьлха дешнаш яздо даккхийчу элпашца.
IV.Керла тема хьехар.
1. Бакъо таллар.
-Д1аеша 6-чу аг1он т1ера бакъо. Муьлха дешнаш яздо даккхийчу элпашца?
-Д1адеша хьалхарчу б1ог1амалгера дешнаш. Х1унда яздина уьш даккхийчу элпашца? (Уьш ц1ераш ю, цундела даккхийчу элпашца яздо уьш).
-Уьш доллара ц1ераш ю. Долара ц1ераш даккхийчу элпашца язйо.
-Д1адеша шолг1ачу б1ог1амалге шаьш яздина дешна дешнаш. Х1унда яздина уьш кегийчу элпашца? (Уьш долара ц1ераш яц).
-Уьш юкъара ц1ераш ю. Ша сана йолчу моссо а х1уманах яккха йиш йолу ц1е юкъара ц1е ю.
2. Берашка шайга болх байтар.
· Шардар№ 9, аг1о 6.
(Бераша шаьш кхочушдо шардар).
3. Доларчу ц1ерийн тидам бар.
· Шардар № 12, аг1о 6.
-Д1аеша байт. Муьлха дешнаш яздина даккхийчу элпашца? (Хьуьстиг,Пису).
-Х1унда яздина и дешнаш даккхийчу элпашца? (Уьш долара ц1ераш , цундела даккхийчу элпашца язйо).
· Шардар№10, аг1о 6.
-Д1адеша т1едиллар. Муха кхочушдан деза шардар? (Т1адамийн метана шен ц1е е , фамилии а язъян еза).
-Муьлхачу элпашца язйо фамилеш, ц1ераш? (Даккхийча).
-Д1аязде шардар.
V. Сада1аран миноташ.
Вай яздира , яздира.
Куьйгийн п1елгаш к1аддира.
Вай жима садо1ар ду,
Вай юха а яздийр ду.
VI. Керла тема кхин д1а а хьехар.
1. Текст предложенешка екъар.
· Шардар№ 13, аг1о 7.
-Д1адеша т1еллар. Муха кхочушдан деза шардар?(Предложенийн чаккхенга оьшу хьаьркаш а дохкуш,х1ора предложени доккхачу элпаца а яздеш, кхочушдан деза шардар).
-Х1ун ю Ибрах1иман? (Ибрах1иман ж1аьла ду).
-Муьлха хьарк дуьллур ду аша оцу предложенин чаккхенга? (Т1адам).
-Х1ун ю цуьнан ц1е? (Цуьнан ц1е Бастон ю).
-Муьлхачу элпаца яздо предложенин хьалхара дош? (Доккхачу).
-Муьлха хьаьрк дуьллур ду аша цуьнан чаккхенга? (Т1адам).
-Муха ж1аьла ду иза? (Дика ж1аьла ду иза).
-Х1ун ю цуьнан доттаг1? (Цуьнан доттаг1 ду Пису).
-Маса предложенех лаьтта и дийцар? (Еа предложенех).
-Предложенешна юкъара муьлха дешнаш яздина даккхийчу элпашца? Х1унда?
2. Карточкашца болх бар.
(Хьехархочо д1адоькъу берашна карточкаш).
1.Г1алаташ а нисдеш,д1аязъе предложенеш.
Сан ц1е мохьмад ю. Сан фамилии батаров ю. Сан ден ц1е хьасан ю. |
1.Г1алаташ а нисдеш,д1аязъе предложенеш.
Сан ц1е мохьмад ю. Сан доттаг1чун ц1е индарби ю. Сан ж1аьлин ц1е борзик ю. Индарбин цицган ц1е пису ю.
|
VII.Рефлекси.
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
· Суна хии …
· Суна 1еми …
· Аса кхочушди …
VIII. Жам1 дар.
-Муьлха дешнаш яздо даккхийчу элпашца?
IX. Ц1ахь бан болх балар.
1.Шардар№ 11, аг1о 6.
2. Бакъо , аг1о 6.
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.