I-ра УРОК.
Урокан ц1е: Ненан маттах лаьцна дош.
1алашо: Дешархошна хаа деза, нохчийн мотт бийца атта а, хьалдолуш а хилар. Муха кхоллабелла х1инцалера нохчийн литературни мотт. Иштта хаа деза, нохчийн мотт буьйцуш берш мичхьа бехаш бу.
Урок д1аяхьар.
I. 1амийиарг карладаккхар.
1. Муха
кхета шу нохчийн поэта Сулаев Мохьмада
аьллачу дешнех:
... Массарел хьоме_ю вай дина эвла,. "Массарел хаза бу вайн нохчийн мотт!
2. Шуна хетий иштта? Дийца шайн дахарехь нохчийн матто д1алоцучу меттигах лаций.
3. «Вайн мотт вайн истори ю» х1унда аьлла? Хьенан ду и дешнаш? Мотт а, халкъан истори а х1унда ю вовшашца уьйр йолуш? Стенца доьзна ду иза? Даладе масалш.
II. Кхеторан диктант.
Мотт адамийн дахаран а, юкъараллин а, ойлаяран а, кхетаман а, культурен а уггар сийлахь йоккха хазна ю... И хазна к1орггера дика 1амо а, сий деш ларъян а еза. ...Саццаза меттан сийлахь-йоккха хазна 1аморо боккха аьтто бо бартан а, йозанан а къамел кхио а, маттана шарвала а, меттан а, хьекъалан хазна к1орггера дика йовза а. Иза хаа а, мало йоцуш къахьега а деза. Дуьненахь къаьмниин меттанаш дуккха а ду. Xlopa меттан а шен г1иллакхаш, цу г1иллакхийн ша-тайпанара башхаллаш хуьлу. Вешан меттан г1иллакхийн башхаллаш евзаш а, уьш нийса ларъеш а хилахь вай г1алат девр дац, нагахь уьш ца йовзахь а, ларъян ца хаахь а, атта г1алат довла тарло. (3. Джамалханов)
· Интонацица д1аеша текст.
· Муха ю цуьнан коьрта ойла?
· Ц1е тилла цунна.
· Шайн дешнашца схьайийца и текст.
III. Маттах лаьцна долу хаарш т1еч1аг1дар.
1. Кхочушде I-ра шардар.
2. Нохчийн яздархойн, поэтийн фамилеш а, церан произведенийн ц1ераш д1аязъе. Хьуна дукхаезачу книги ц1е х1ун ю? Цуьнан авторан кхоллараллех х1ун хаьа хьуна? Нохчийн маттахь йолучарех хьайна дукхаезачу телевизионни передачин ц1е яккхалур ярий хьоьга?
3. Нохчийн маттах лаьцна хьайна дагахь хууш йолу байташ еша. Мила ву церан автор? Айхьа язйой ахьа нохчийн маттахь байташ, дийцарш, туьйранаш?
4. 5-чуй, 6-чуй классашкахь нохчийн маттахь сочиненеш а, изложенеш а, диктанташ а язъеш кхиамаш муха бара хьан?
5. Лаам - иза дечу г1уллакхан эла ву. Хьекъало лаамна некъ серлабоккху, лаамо г1уллакх кхочушдар-на т1евуьгу. Хьайна лаа а лууш 1амабой ахьа ненан мотт? Оцунах лаций масех предложени язъе.
IV. Дозуш долу къамел кхиор.
Хьехархочо текст йоьшу:
Цхьана дийнахь сан к1ентан к1ант Саламхан школера ц1а ч1ог1а оьг1азвахана веара. Цуьнга х1умма а ца хоттуш 1аш вара со, шена лууш дерг шега хаттийта. Амма иза вист а ца хилира.
Иштта масех де делира. Ткъа Саламхан цхьана х1уманна сагатдеш вара, цхьаьнгге а шен дагара ца дуьйцуш.
Т1аьххьара а ас хаьттира цуьнга:
- Саламхан!
Хьуна х1ун хилла? Ма оьг1азе ву хьо.
Цкъа леррина схьа соьга а хьаьжна, Саламхана эли-
ра:
· Минкаила халахетар дина суна. Иза даг чуьра ца долу.
· Ой, хьан уггаре хьоме доттаг1 ма вара иза. Х1инца х1ун хилла?
Тхо цхьа к1ант волчохь эшаршка ладуг1уш дара. Сайна хазахета кассета лакхийта воллура со. Иза нохчийн маттахь яра. Минкаила, и кассета д1а а яьккхина, кхин х1оттийра. Ас цуьнга элира:
· Я хьо а, я со а ца кхета цу т1ехь ингалсан маттахь дуьйцучух. Вайн маттахь йолчуьнга ладуг1ур дара-кх вай.
· Вайн маттахь кегийчеран музыка ян а яц. Ас цкъа а ца дуг1у нохчиин эшаршка ла. Суна-м ца хаара хьо иштта нохчиин мотт безаш вуй. Это не мировой язык, зачем он тебе? - меллаша, со цхьана хьекъалечу керлачу х1уманах кхето г1ерташ санна, вистхилира сан доттаг1.
· Мировой бацахь а, хьан ненан мотт бу и. Хьайна нохчиин кегийрхойн эшарш езахь, дика нохчиин мотт 1амабей, язъе ахь! - оьг1азе мохь туьйхира ас. Шен къоман мотт ца безаш, цуьнан сий ца деш волу стаг — стаг вац олуш хезний хьуна?! - аьлла, со ц1а веара. Цуьнца доттаг1алла лело ца лаьа суна...
· Иза уггаре а аттаниг ду. Ткъа и к1ант хьан доттаг1 ву бохуш ву. Муьлхха некъ лехна а, хьо Минкаил кхето г1орта веза, шен ненан мотт ца хууш, иза ца 1амош, ца безаш волу стаг наха ца лору, аьлла.
· Минкаила соьга ладуг1ур дац, ткъа суна сайна ца хаьа кхин цуьнга х1ун эр ду,- ойлане велира сан к1ентан к1ант.
· Дера х1ета хьо а 1ама ма веза, хьо кхетачух кхиберш кхето а, уьш хьайх тешо а.
Шина даггахь висира Саламхан. 1адъ1ийча нийса хетара цунна.
Ткъа шуна, бераш? Аш гlo дой Саламханна? Минкаил кхетош ала х1умма а дуй шун?
· XIapa текст xlopa дешархочунна яла хьалххе кечйина ю.
· Муха ю текстан коьрта ойла?
· Ц1е тилла цунна.
· Муьлхачу стилехь язйина ю текст?
· Шуна х1ун аьлла хета авторо дечу хаттарша?
· Атта дуй к1ант ша бохучунна т1ера ваккха?
· Х1ун дийр дара аша, муха ч1аг1дийр дара ненан мотт безаш а, ларбеш, а сийдеш а лело безарх лаьцна?
· Масех дешархочо шен ойланаш схьаюьйцу.
· Бераша сочинени-ойлаяр язйо, кхарех цхьана ц1арна:
1) «Шен къоман мотт ца безаш, цуьнан сий ца деш волу стаг - стаг вац».
2) «Ас Минкаил санна волу доттаг1 1адвуьтур вара, ша кхетталц».
3) «Минкаил
иштта кхето хьожур вара (яра) со...»
V .Ц1ахь бан болх.
1. Ненан маттах лаьцна кицанаш язде.
2. Сочинени-ойлаяр язъе шаьш хаьржинчу темина.
2-г1а урок
Урокан ц1е: Билгалдош, цуьнан билгалонаш.
1алашо: Билгалдешан грамматически билгалонаш карлаяхар. Билгалдашах долу хаарш к1аргдар. Цо предложенехь до синтаксически г1уллакх къастор. Билгалдешан дожаршкахь хуьлу чаккхенаш.
Урок д1аяхьар.
I. Ц1ахь бина болх таллар.
1. Дешархошка йоьшуьйту ц1ахь язйина сочиненеш-ойлаярш. Г1алаташ нисдо.
2. Уьна а, тетрадаш т1е а д1аяздо бераша нохчийн маттах лаьцна кечдина кицанаш.
- Муха бу церан чулацам?
II. Хьалххе-хаийтаран диктант.
Хьалха санна, вайшиъ цхьаьнакхетаран бахьана б1ешерашкахь дуьйна схьадаьхкина нохчийн г1иллакхаш карладахар, церан к1орггерачу маь1нех къамел дар ду. И г1иллакхаш дийцина ца 1аш, уьш 1алашдархьама,
т1едузархьама, хьекъалечу наха бинчу хьехамашка ладуг1ур вайшиммо. Дагадог1ий хьуна 1аьрбийн паччахьан йо1а шега: «Къематдийнахь мелийн терза стен даздийр ду? » - аьлла хаьттича, туркойн к1анта делла жоп? «Г1иллакхо»,- аьлла, жоп делла хиллера цо. Иза бакъдуьненахь оьшуш дерг ду. Ткъа кху харцдуьненахь г1иллакх ца оьшу? Нагахь цу т1ехь шеко елахь, дагадоуьйтур вайшиммо Турпал-1елас шен к1анте Хьасане дина весет: «Мотт мерза хиллачунна вежарий ца эшна». Нагахь оцу дешнийн маь1нех вай нийса кхеттехь, деша йиш юкх: «Ииллакх долчунна». Х1унда аьлча, г1иллакх доцчу стеган мотт мерза хуьлийла дац. (С. Цугаев)
· Интонацица д1аеша текст.
· Муха ю цуьнан коьрта ойла? Муьлхачу стилехь язйина и текст?
· Ц1е тилла цунна. Шайн дешнашца схьайийца иза.
· Билгалдаьхначу дешнашна морфологически къастам бе. Муьлха къамелан дакъош ду уьш?
III. Билгалдашах лаьцна 1амийнарг карладаккхар.
1. Стенах олу билгалдош?
2. Дийца цуьнан дожаршца хийцадаларх лаций. Даладе масалш.
3. Билгалдешнийн маса тайпа ду? Муьлхарш ду уьш? Даладе масалш.
4. Терахьашца а, классашца а хийцалой уьш? Даладе масалш.
IV. 1амийнарг т1еч1аг1дар.
1. Муха хила деза х1окху дешнийн цхьаьнакхетарехь долу дешнаш дукхаллин терахьехь: доккха дитт ,йоккха хьун ,боккха некъ ,воккха к1ант ,доккха 6Iap, жима юрт ,беха урам ,буткъа сара ,дуткъа к1ади ,юткъа коч .
2. Легаде жима
кор, йоккха байракх, йистера
т1улг, юккъера ц1а.
- Муьлха
чаккхенаш ю билгалдешан лач дожарш-
кахь? Сизашца билгалъяха церан чаккхенаш.
3. Д1аязде дешнаш. Йийца церан нийсаяздаран
бакъо:
ал бос - ал басахь, раз некъ - раз некъаца,
пурх сиз — пурх сизаца, лач дожар — лач дожарехь.
- Оцу дешнийн цхьаьнакхетаршца х1иттае предло
женеш. Д1аязъе уьш.
4. Легаде вешни машен, т1улган некъ, дешархойн
тоба, ненан дог боху дешнийн цхьаьнакхетарш.
- Сизашца
чаккхенаш билгалъяха. Муьлхачу тай-
пана ду уьш? Дийца церан нийсаяздарх лаций.
5. Легаде: юьртара
стаг,
стохкалера де, бешара
зезагаш, селханлера де — дешнийн
цхьаьнакхетарш.
· Маса дешдакъа ду оцу билгалдешнашкахь? (шиннал сов).
· Муьлха суффиксаш ю билгалдешнашкахь? (-ар, -ер, -лер).
· Лач дожаршкахь а яздой оцу суффиксашца?
6. Муха
легадо xlapa кхоалг1ачу легарна чудог1уш
долу лааме билгалдешнаш? Чаккхенаш сизашца бил
галъяха: жиманиг, кегийнаш, мерзаниг.
V. Гайтаран диктант.
Суна го адамийн хазалла –
Шуьйрачу аренашка ваьлча,
Адамел лекха а девлла
Д1асатехка и ялташ дайча.
Суна го адамийн хазалла –
Цомгашчу беранна эшча,
Ц1ий дала, сецабеш халла,
Больнице баьхкинарш байча.
(М. Сулаев)
· Интонацица д1аеша байташ, ц1е тилла царна. (Адамийн хазалла).
· Муьлхачу стилехь язйина уьш?
· Билгалдешнаш дуй кхузахь? Билгалдаха. Х1инца уьш юкъара д1а а дахий, еша байташ.
· Муха ю иза х1инца?
· Хаза бохучу дашна ялае синонимаш а, антонимаш а.
· Дагахь 1амае байташ. Уьн т1ехь яздинарг д1а а дайий, д1аязъе.
VI. Дешархошка шаьшка болх байтар.
1. Кхочушдо 6-г1а шардар.
VII. Ц1ахь бан болх.
1. Билгалдашах лаьцна 1амийнарг карладаккха.
2. Кхочушдо 4-г1а шардар.
3-г1а УРОК.
Урокан ц1е: Ц1ерметдош, цуьнан билгалонаш.
1алашо: Ц1ерметдашах 1амийнарг т1еч1аг1дар: легар, дожариин чаккхенаш ниисаязъяр, цо предложенехь деш долу синтаксически г1уллакх.
Урок д1аяхьар.
Урокан г1ирсаш: мультимедийни проектор, компьютер
I. Ц1ахь бина болх таллар.
Дешархошка уьн т1ехь болх бойту кехаташца.
I-ра кехат.
1. Йийца билгалдешан грамматически билгалонаш. Даладе масалш.
2. Легаде йоккха чоь, юткъа шаршо.
3. Х1окху дешнашна ялае синонимаш: говр, шовда, доттаг1, к1оршаме, хабар, сихха.
2-г1а кехат.
1. Дийца билгалдешан нийсаяздарх лаций.
2. Легаде берийн бераш, самукъапе хабар, ц1ен къолам.
3. Х1окху дешнашна ялае антонимаш: барт, теш-набехк, мостаг1, тахана.
II. Кхеторан диктант.
Юха а маттах хьакхадели-кх вайшиннан къамел. Ларамаза-м дац-кхин иза. Мотт а, г1иллакх а - ма цхьаьнаийна уьш. Иза муха карчо беза хааре терра хир бу стаге болу сий-ларам, дуьненахь цо юьту йолу лар. Ткъа иза дика бийца хууш дацахь? Цуьнан к1оргенашка кхийда вайн карах ца далахь? Я вайна хан ца тоахь? Т1аккха вайна хууш болчу къебеллачу матто доккхурий техьа оцу чулацамечу хьехамашна замано тоьхна дог1а? (С. Цугаев)
· Интонацица д1аеша текст.
· Кхуьнан хьалхара дакъа маца яздина вай? Х1ун дара цу т1ехь аьлларг?
· Муьлхачу стилехь ю xlapa текст? Схьайийца иза шайн дешнашца.
· Т1аьххьарчу предложенехь билгалдешнаш караде. Дийца церан дожар, тайпа, нийсаяздаран бакъонаш.
· Оцу текста юкъара ц1ерметдешнаш билгалдаха.
· Стенах олу ц1ерметдош? Текстера масалш даладе.
III. 1амийнарг карладаккхар.
1. Муха хуьлу ц1ерметдешнийн тайпанаш?
2. Xlapa ц1ерметдешнаш муьлхачу тайпанан ду: со, хьо, тхо, шу. Легаде уьш.
- Хотталург,
дустург дожаршкахь орамера мукъа
аз хуьйций цара? (сох - сол, хьох - хьол, тхох - тхол,
шух - шул).
3. Билгалдаккха
уьш, х1орш. вуьйш, муханаш, муьл-
ханаш, оццулнаш, х1оккхулнаш бохучу ц1ерметдеш-
нийн тайпанаш. Легаде буха сиз хьаькхнарш.
- Муха ю
церан чаккхенаш хотталург, дустург до-
жаршкахь? Билгалъяха уьш сизашца.
4. Легаде вайниг, вайнаш боху ц1ерметдешнаш, чаккхенаш йийца. Муха ду церан тайна?
5. Предложенеш х1иттае лаамечу доладерзоран ц1ерметдешнашца: цераниг, цуьнниг. Легаде уьш. Лач дожаршкахь оцу ц1ерметдешнийн орамехь н яздой? Х1унда?
IV. 1амийнарг т1еч1аг1дар.
1. Кхочушде 7-г1а шардар.
2. Комментировани яздар.
«Сан хьоме мама! Уггаре хьалха соьгара мерза маршалла ду хьоьга. Бехк ма билла, кехат яздан хьеваларна. Боккъал аьлча, стенах лаьцна яздийр дара ас? Тхешан ницкъ ма-кхоччу мостаг1чух леташ ду тхо. Массо а, цхьаъ санна, тешна ву, кестта вайн Даймахкара и боьха лаьхьарчий лохкург хиларх, т1аккха со ц1а вог1ур ву, вай цхьаьна а хир ду. Мама, х1ун лелош ю Малика? Х1ун боху кхуо? Со ц1а варе сатуьйсуш юй? Хьоьжуш 1е соьга. Цо делла дарин йовлакх безамна ч1ог1а лардеш леладо ас. Суна са ма гатде. Маршалла ло массаьрга а. Шун Паша». (Б. Матиев)
~ Интонацица д1адеша Нурадилов Ханпашас яздина кехат.
Муьлхачу стилехь яздина иза? Шайн дешнашца схьадийца.
Шуна хуур дарий иштта яздан?
· Билгалдаха ц1ерметдешнаш а, церан тайпанаш а, терахьаш а, дожарш а.
· Буха сиз хьаькхначу дешнашна морфологически къастам бV. Ц1ахь бан болх.
1 Карладаккха ц1ерметдашах лаьцна 1амийнарг.
2. Кхочушде 8-г1а шардар.
4-5-г1ий урокаш
Урокийн ц1е: VI-чу классехь хандашах лаьцна 1амийнарг карладаккхар.
1алашо: Карлаяха хандешан грамматически билгалонаш, церан нийсаяздаран бакъонаш, хенаш.
Урок д1аяхьар.
I. Хьехархочун дош.
Хандош ворх1алг1ачу классехь 1амочу къамелан дакъошлахь уггаре а доккха къамелан дакъа ду. Цундела иза 1аморна урокаш а алсам ю. б-чу классехь хандош 1амочу хенахь вайна гучуделира цуьнан билгалзачу кепах кхета хало хилар а, яханчу хенан хандош масдарх а, причастех атта къаста цадалар а. Иштта хала дара шуна хандешнийн хенаш билгалъяха а, церан чаккхенаш нийсаязъян а.
б-чу классехь 1амийнарг к1аргдеш, хандош 1амор д1ахьур ду вай х1окху ворх1алг1ачу классехь а. Нохчийн мотт 1аморехь доккха дакъа д1алоцу хандашо. И къамелан дакъа кхачам боллуш талла а, 1амо а деза вай.
II. 1амийнарг карладаккхар.
1. Д1аязъе предложенеш. Морфологически къастам бе царна.
1) Дайн г1иллакхаша хъалхе яьккхира...
2) Догдика, къонах стаг яра Шахмирзии ненайиша.
3) Дахар а ца нисделлера цуънан.
4) Ненайиша шолг1а нана хилла д1ах1оьптинера
цунна.
- Муьлха къамелан дакъош ду предложенешкахь?
Шуна ца девзаш къамелан дакъа дуй кхузахь? Муьл-
харг?
- Схьаязде
хандешнаш, йийца церан грамматиче
ски билгалонаш; предложенехь муьлха меже хуьлий
лела уьш?
- 2-чуй,
4-чуй предложенешна синтаксически къас
там бе.
2. Муьлхачу хаттаршна жоп ло билгалзачу кепехь долчу хандешнаша? XIapa хандешнаш билгалзачу кепе х1иттаде. Цхьа а хан гойтий цара?
Хетара, веанера, цецваьлла, ладоьг1на, резахуьлу, ихна, т1елаьцнера,лаьара, дора, мажделла, гулло, дан, зен, лен, шарйина, д1аоьхура, сецавора.
Кеп: яздо - яздан.
III. Дешнийи диктант.
Ган лиира, сацо вуьйлира, серлаяла йолаелла, арахь шелъелла, хьаннаш серлайовлу, гонаха хьаьвзи, гена кхоьссина, майданахь гинера, кхуза ваийтинера, йоуьй-
тур ю, кхеталур ву.
- Дагадаийтий
дийца, муха яздо цхьана дешдекъах
лаьтташ долу хандош билгалзачу кепехь. Даладе ма-
салш.
- Дешнийн цхьаьнакхетарехь долчу хандешний
хенаш билгалъяха, барта йийца церан суффиксаш; морфологически къастам бе хандешнашна.
I
IV. Орфографически 5 минот
1. Билгалзачу хандешан орамера а карарчу хенахь оне доьрзу, чаккхенгахь у х1утту:Саца -соцу. Даладе масалш. Уьш д1аязде.
2. XIapa хандешнаш карарчу хене х1иттаде: Ваха, хьажа, акха, ала, вада, лахка, арахьакха, ата, аха, мала, даа, лалла, дахка, таса, баккха, кхалла.
- Орамера а, чаккхенера а аьзнаш билгалдаха.
V. Дешнашца болх.
- Акха
бохучу
дешан маса маь1на ду? Х1оттае оцу
дашна дошаман статья.
Кеп: акха -билг. д. дикий; акха говр, акха стаг; акха аьрзу.
Акха - хан. д. окху, экхира, аькхна; бина цатам цабитар, декхар.
Сайна динарг ас окхур ду хьох, дуьтур дац.
- Омонимаш ю
ала мегар дарий оцу дешнашна?
Язъе сочинени-ойлаяр, шайна хетарг ч1аг1деш.
VII. Ц1ахь бан болх.
1. Хандашах лаьцна 1амийнарг карладаккха.
2. Кхочушде 15-г1а шардар.
6-г1а УРОК.
Урокан ц1е: Хандешан саттамаш. Билгала саттам.
1алашо: Хаа деза, муьлха саттамаш бу хандешан. Х1ун гойту xlopa саттамо. Билгала саттам кхачам боллуш 1амо беза.
Урок д1аяхьар.
I. Орфографически 5 минот.
Уьн т1ехь хьалххе яздина:
Га..., ва..., ле..., зе..., я..., (йа, я) здинера, али... та, шек.-яьлла, 1уь...лу, (йуь, юь) гу, (йо, ё) шуьйту, (д1а) вахара, (т1е) витира, (схьа) ийцира, (охьа) кхийтира, (ца) веара, (ца) везара, к1ад (йо, ё), лаь (т, тт) ина, ла (т, тт) ийна.
· Тетрадаш т1е д1аязде, т1адамийн метта элпаш х1иттаде, къовларш схьаелла. Хандешнаш нийсаяздаран бакъонаш йийца.
· Билгалдаьхначу дешнашца х1иттае предложенеш, т1евитира бохучу дашна морфологически къастам бе.
II. Комментировани яздар.
1иса лерина хьоьжура Дауда сел атта а, тера а дох-кучу суьрташка. Церан юрт ламанан дукъ т1апа доьр-зучу меттехь яра. Овкъаран басахьчу тархашний, гу-нашний т1ехь а, бердашца а д1асадоладелла ц1енош ч1ег1ардигийн бенех тарлора 1исина Дауда дехкинчу суьрташкахь.
Цу юьртан малхбалехьа дара аймин ахк, малхбузехьа боьра к1аргбина дог1ура аьрха Шаройн-Орга. И ши хи вовшахкхетара эвлан йист хедачу тог1ехь. (Ц. Ка-германов)
· Интонацица еша текст.
· Ц1е тилла цунна.
-- Муьлхачу стилехь язйина иза?
· Шайн дешнашца схьайийца.
· Билгалдаьхначу дешнийн лексически маь1на дийца.
· Текст т1ера хандешнаш схьаязде. Билгалъяха церан хенаш.
III. Керла коьчал йовзийтар.
Хьехархочун г1оьнца дешархоша уьн т1ехь а, тетрадаш т1ехь а х1оттайо кеп:
Билгала саттам
Цо гойту г1уллакх массо а хенашкахь хилар, иза билггала кхочушхилар.
|
Цуьнан кхо кеп ю:
|
Веа, веара,веана, веанера , вог1ура,вог1у , вог1ур ву; хаьтти, хаьттира аьттинера, хоьттура, хоьтту, хоьттур ду.
|
1. Дацаран: ца 1еми, ца левзи, ца лийхи. 2. Ч1аг1даран: ма кхечи, ма эли , ма ваха. 3. Хаттаран: кхечирий? Веарий? Туьйлирий? |
Кхочушдо 19-г1а шардар.
1. Д1аязъе предложенеш, билгалбаккха церан грамматически бух, х1оттае схема. Хандешнийн саттам къовларшна юккъехь д1аязбе.
Кеп: Лекхачу пожана хъоькху мох ца эшна. (билг.)
1. Оьздангалла халкъ шех лаьттачу xlopa стеган
шен-шен хуьлу.
2. Къоман г1иллакхаш хиларх ца тоьа, уьш довза а
деза.
3. Иоза-дешар вайн къоман долу дуккха а зама ю...
4. Х1инццалц схьа г1иллакх-оьздангаллина лери-на цхьа а жайна ара ца даьлла..
V. Гайтаран диктаит
Хьо ма сихло шира туьйра харцо.
Дега-нене восе дош ма ала.
Уьш д1ахьур бу заманан цу дарцо,
Хьуна дагахьбаллам битарца.
Книгаш т1ехь ца 1амийна 1алам цара -Латта аьхна, летта дорцаца! Сих ма ло хьо йохо шира г1ала. Замано а отур ю и атта. (Р. Супаев
· Интонацица д1аеша байташ.
· Ц1е тилла царна.
· Байтийн коьрта ойла бцлгалъяккха. Муьлхачу
стилехь ю уьш?
- Муьлха дешнаш ду тидам бан безаш г1алаташ
ца хилийта?
· Йийца сацаран хьаьркаш яхкаран бакъонаш.
· Билгалдешнаш караде. Дийца церан тайпанаш.
· Хандешнийн кепаш билгалъяха. Дийца церан
маь1на.
- Уьн т1ера байташ д1аяйа. Ала а олуш, д1аязъяйта.
VI. Жам1 дар.
1. Стенах олу билгала саттам? Даладе масалш.
2. Муха хуьлу хандешнийн кепаш? Даладе масалш.
х.
1. 1амае 1-ра §.
2. Кхочушде 20-г1а шардар. 7-чу предложенина синтаксически къастам бе.
7 –г1а УРОК.
Урокан ц1е: Хандешан бехкаман саттам.
1алашо: Хаа деза, хандешан бехкаман саттам стенах олу, цо х1ун гойту.
Урок д!аяхьар.
I. 1амийнарг карладаккхар.
1. Орфографически 5 минот.
Х1ун маь1на леладо оццул ч1ог1а вайн нохчийн кхе-тамехь дехачу «яхь» дашо? Хетарехь, яхь - иза гуттар а дикачу г1уллакхаш т1ехь, амалшкахь (комаьршал-лехь, майраллехь) кхечул, шена гондахьарчу нахал оьшуш ца хила г1ерташ, мелхо а, царел тола г1ерташ хил ар ду.
Нохчийн маттахь олуш ду «оьзда яхь» боху деш-наш. Иза дикачу г1уллакхашца кхечул тола г1ертахь а, и дархьама ша лелориг оьздангаллин хоршахь до-луш, нагахь ша эшахь а, шел тоьллачун кхиамех вок-кхаве а, цунна мук1арло дан а, иза цуьнца декъал ван а ницкъ кхочу стеган яхъ ю. (М. Ахмадов)
· Интонацица д1аеша текст.
· Ца кхеташ дешнаш дуй? Мук1арло бохучу даш-
· на дошаман статья х1оттае.
Мациевн дошам т1ехь иштта яздина: «мук1арло (мук1арлонан, мук1арлонна, мук1арлоно, мук1арлоне, д; мн. мук1арлонаш, д). признание; мук1арло дан признаться, признаваться.
· Муьлхачу стилехь ю и текст? Цу т1ехь дерг мае-сарна а пайда болуш дуй?
· Билгалдаха чаккхенгахь -н яздина дешнаш. Йийца церан нийсаяздаран бакъонаш.
· Хандешнийн билгала саттам муха хуьлу? Текст т1ера масалш даладе.
· Мук1арло бохучу дешх1оттаман къастам бе (мук1арлонан, мук1арлонниг билгалдешнаш ду, церан цхьа орам бу).
· Хьалхарчу предложенина синтаксически къастам бе, х1оттае схема.
II.Дошаман болх
1. Акхтарг-тополь серебристый
2. Алмас- мифическое существо
3. Алапа – зарплата
4. Айр-аодошва
5. Акхалла-дикость
6. Акхамоскал- тетерев
7. Аллу-пламя
8. Ан-ломота,ревматизм
9. Амал-нрав,характер
10. Амат-облик,черта,отличительнафя особенность.
-Цхьана дашца предложении х1оттае , цунна снтаксически талам бе.
III. Керла коьчал йовзийтар.
Уьн т1ехь хьалххе язйина кеп.
Бехкаман саттам.
Цо дар я хилар мича хьелашкахь кхочушхуьлу гойту: |
Из а кхоллало хандапша т1е -хь, -ахь, - ехь, -хьара суффиксаш кхетарца: |
Кхаа хенахь лела: |
1. Вай
нийсачу новкъа ДУ- 2. Накъост
ваг1ахьара, 3. Хьайн
хеннахь ваьл- 4. Хьо
кхетар велахь, |
-хь -хьара -ехь -хь |
Карара хан. Карара хан. Яхана хан. Йог1у хан. |
· Маса саттам бу хандешан?
· Маса 1амийна вай? Муьлхарг?
· Тахана вай 1амочу саттаман ц1е х1ун ю? Оьрсийн маттахь муха эр дара иза?
· Д1адеша хьалхарчу б1ог1амалгехь яздинарг. Стенах олу бехкаман саттам? Х1ун гойту цо? Билгалдаьх-начу хандешнийн суффиксаш сизашца гайта.
· Муьлхачу хенахь ду уыы? Суффиксаш т1екхетарца кхолладеллий и хандешнаш? 2-г1ий, 3-г1ий б1ог1амал-гашна таллам бо.
· Жам1 до, бехкаман саттамах х1ун олу, муьлха суффиксаш т1екхетарца кхоллало бехкаман саттамехь долу хандешнаш, коьрта маса хан ю церан а дуьйцуш.
IV.1амийнарг т1еч1аг1дар.
1. Кхочушдо 24-г1а шардар.
2. Уьна а, тетрадаш т1е а д1аязъе предложенеш; хандешнийн саттамаш билгалбаха.
1) Хьайн ден-ненан сий дахь, сий долуш ву хьо.
2) Хьо дика хилахь, нах а дика хуьлу хьоьца.
3) Стаг сиха г1ахь, динара вужур ву.
4) Д1адаьлларг дицделахь, иза юха ца дог1у.
5) Цкъа Макка Хьаьжа-ц1а вахнехь, велча а бен ца хета суна.
· Шолг1ачу предложенина синтаксически къастам бе, схема х1оттае.
· Билгалдаьккхинчу дашна дешх1оттаман къастам бе.
V. Ц1ахь бан болх.
1. 1амае 2-г1а §.
2. Кхочушде 26-г1а шардар.
20.09.10г.
8-г1а УРОК.
Урокан ц1е: Хандешан лааран саттам.
1алашо: Хандешан лааран саттам бовзийтар. Кхечу хандешнийн саттамах лааран саттам къасто хаар.
Урок д1аяхьар.
I. 1амийнарг карладаккхар.
1. Стенах олу ц1ердош, билгалдош, терахьдош? Муха ю церан грамматически билгалонаш? Даладе масалш.
2. Легаде таллархо, нана, таллархой, наной. Чаккхенаш билгалъяха
3. Легаде стохкалера шо, стохкалера шераш; б1аьрзе стаг, г1амаряйи гунаш. Чаккхенаш билгалъяха.
4. Уьна а, тетрадаш т1е а д1аязъе предложенеш, синтаксически къастам бе царна:
1) Ткъолг1а де дара йочанаш йолу, амма берийн самукъадолура шахматех, шашканех, доминох ловзуш.
2) Цергийн лоьрана т1е кхача луучарех йолхал-rla яра Малика.
3) Кхузткъалг1а шо дара сан дененан.
4) Пхийтталг1а шо долуш волу к1ант доьзалехь дош лелаш вара.
· Билгалдаха терахьдешнаш. Муьлхачу тайпанан ду уьш? Церан нийсаяздаран бакъонаш йийца.
· Билгалдаьккхинчу терахьдешан кхолладаларан некъ бийца.
· Хьалхарчу предложенина бе синтаксически къастам, х1оттае схема.
· Т1еэцна дешнаш дуй кхузахъ? Муха хийцало уьш?
II. Гайтаран диктант.
Хьалххе уьн т1е язйина байташ:
Сайн сица, юьхьаца
Хьоьгахьа вирзина,
Ерриге ойланца
Хьуна чувирзина,
Меттан ницкъ берриг а
Сайн дагца гулбина,
Йо, Дела, со хьоьга
Доьхуш ву тахана:
Дикачу ойланах
Бузалахь сан корта,
Уьш толош, аьтто а
Ахь белахь сан шорта... (М. Сулаев)
· Интонацица д1аеша байт.
· Ц1е тилла цунна (До1а).
Х1ун ду автора Деле доьхург?
· Муьлхачу стилехь язйина текст?
· Хандешнийн саттамаш билгалбаха.
· Массо а г1алат дан мега меттигаш (орфограммаш а, пунктограммаш а) кхачам боллуш талла, карлаяха, церан яздаран бакъонаш йийца.
· Тидам т1ебахийтий, дика еша байташ.
· Уьн т1ера текст д1аяйа. Гайтаран диктант язъе.
III Керла коьчал йовзийтар.
1. - Х1ун ю вайн урокан ц1е?
- Х1унда
аьлла оцу хандешан саттамах - лааран?
Лексически маь1на муха ду цуьнан? Цхьа х1ума хила
лаар гойтий цо?
2. Д1аязъе уьна а, тетрадаш т1е а кеп:
Лааран саттам.
|
КХОЛЛАЛО: |
||
Хандешан билгалзачу кепана т1е -хьара суф. кхетарца |
Карарчу хе-нан т1е -йла (-ийла), -ий -ла, -да (-лда) кхетарца |
Билгалчу саттамна т1е г1оьналлин хандош дела-ра, велара, елара,бела-ра кхетарца |
|
1.« Аьлла-чуьнга ла-дог1ахьара кегийчара»,-элира къеначу стага. 2. - Де дика хуьлда хьан! - Марша вог1ийла1 3. Со-суо веа-на велира цуьнца |
алахьара дицлахьара х1оттахьара хазахьара ваг1ахьара дийцахьара тешахьара |
хуьлийла уьдийла дохулда дуттийла лорийла хуьлийла |
вог1ур велара эр делира xlyrryp велира хьоькху делира лорур елнра |
· Х1ун гойту лааран саттамо?
· Муха кхоллало иза хандешан билгалзачу кепах? Даладе масалш.
· Карарчу хенахь долчу хандешнех кхоллалой лааран саттам? Муха?
· Билгала саттамехь долчу хандашна т1е муьлха дош тоха деза, лааран саттаме доккхуш? Даладе масалш.
Ж а м I дар. Муха кхоллало лааран саттамехь долу хандешнаш? Х1ун гойту цара?
- Кепан xlopa б1ог1амалге язде шайн масалш.
IV. 1амийяарг т1еч1аг1дар.
1. Кхочушде 28-г1а шардар.
2. Д1аязде билгалзачу кепан хандешнашна уллохь церан лааран саттам:
оза -хьакха -ч1аг1дан -ван -довза -эца-тодан -хадо -
3. Дешнийн цхьаьнакхетаршна къастам бе, хан-дешнийн саттамаш билгалбаха.
Баркалла алахьара, декъал хуьлда, беркате хуьлий-ла, декхар кхочушдойла, ловзур елира, дуьйцур делира, водур велира, дика лелахьара, хаа лаахьара, чуваг1ахьара вайга, вог1улда марша, д1абохург дахьара.
V. Ц1ахь бан болх.
1. 1амае 3-г1а §.
2. Кхочушде 29-г1а шардар. Лоьхург бохучу даш-на бе фонетически къастам.
21.09.10 г.
9-г1а урок
Урокан ц1е: Хандешан т1едожоран саттам.
1алашо: Хаа деза, муьлхачух олу хандешан т1едожоран саттам, муха кхоллало иза, х1ун билгалонаш ю цуьнан.
Урок д1аяхьар.
I. Ц1ахь бина болх таллар.
1. Ц1ахь язйина диалогаш йоьшуьйту, хандешнийн
саттамаш буьйцуьйту.
2. Хандешнийн саттамех лаьцна дуьйцу, масалш
даладо.
II. Комментировани яздар.
...Лелаш, вахна цхьана буьн т1е кхаьчча к1ант. Чувахана к1ант 1аш, веъна чуваьлла цхьа кхо стаг.
· Марша вог1ийла хьо! Воцчунна ваша ву-кх хьо,-маралилхина xlopin к1антана.
· Маршалла хуьлда, могуш хуьлда шу а! - аьлла, мараиккхина царна к1ант а. Эццахь вовшашка ч1ог1а безам бахна, доттаг1ий хилла царах. (Я. Ф.)
· Билгалдаха хандешнаш.
- Лааран саттамехь хандешнаш дуй царна кжъахь? Муьлхарш? Церан суффиксаш сизашца гайта.
III. Дошаман болх
Арз-жалоба
Алкханч- скворец
Акхакотам-фазан
Акъарин-равнинный
Ант-недостаток, дефект
Арданг-стая , ватага
Арс – царапина
Атайокх-кукушка
1. Цхьана дашца предложени х1оттае
2.
3. Синтаксически талла и предложени.
IV. Керла коьчал йовзийтар.
Уьн т1ехь халххе кечйина кеп: Т1едожоран саттамо гойту:
Т1едилларан я омра даран маь1на |
Пурба даларан маь1на |
Дехаран маь1на |
rlo, г1ол; д1авало, д1авалол; эца, эцал; |
г1охьа д1аг1охьа эцахьа |
г1ахьара д1аг1ахьара эцахьара |
- Х1ун гойту т1едожоран саттамо? Маса маь1нехь лела иза?
· Муха ду т1едилларан я омра даран маь1нехь долу хандешнаш?
· Пурба даларан маь1нехь дерш?
· Дехаран маь1нехь долу хандешнаш дуй кепа т1ехь? Д1адеша уьш.
- Кхаа
б1ог1амалге шайн масалш язде.
-Жам1 дар:
Муьлхачу хандешан саттамах олу
т1едожоран саттам?
- Маса маь1нехь лела иза? Даладе масалш.
V. 1амийнарг т1еч1аг1дар.
1. Кхочушде 33-г1а шардар.
2. Муьлхачу маь1нехь хила деза т1едожоран саттамехь долу хандешнаш, уьш х1окху предложенешна юкъа далош хилча:
а) Ваша, ахьа (алал, алахьа, алахьара)
соьга Са1и-
дан телефон.
б) Хьо сол жима ма ву! Кхин (хазийтал, хазий-
тахьа, хазийтахьара) суна и къамел!
в) Шант, (дийцахьара, дийцал, дийцахь) цуьнга
и г1уллакх ма-хиллара.
Муха хиира шуна шаьш предложенехь оьшу хан-
дош яздиний?
- Сочинени-ойлаяр
язъе шайн жоп ч1аг1деш.
Кеп: Хьалхарчу предложенехь кхаа дашах харжа
деза алахьара боху дош. Х1унда аьлча:
а) Схьахетарехь,
и телефон ала дезаш верг къамел
дечунна бехке стаг ву: ваша боху цо цуьнга.
б) Иштта
и хилча, дехаран маь1нехь бен хуьлий-
ла дац и хоржуш долу дош. Иза алахьара боху
дош ду, вайн г1иллакхашца дог1уш долу.
3. Бакъонца ца дог1у дош д1адаккха:
а) вадал, хьовзал, хьажал, сацахьа.
б) тарло, лачкъа, теша, кхетахьара.
в) д1ахьахьара, чуваг1ахьара, лелахьара, схьахьа-
жал.
3. Схьаязде
хандешнаш кхаа б1ог1амалге: 1-чу -
4.
5.
6. Билгала саттамернаш,
шолг1ачу - бехкаман саттамер-
наш, кхоалг1ачу - диснарш:
олу, алал, ваийтинехьара, довзийта, 1аржъелла, хьаьс-тинехьара, ца хиллера, лохьа, дийцахьа, ца гина, схьа-лол, арадовла, хаийтал, хьажахьа, хадаехьа, дДадоладел, хатта.
VI. Ц1ахь бан болх.
1. 1амае 3-г1а §.
2. Кхочушде 34-г1а шардар.
Урокан ц1е: Талламан болх
ШЕМАЛ НОХЧИЙЧОХЬ.
Шаьш долчу туьша иккхина Шемал Даьттахахь декъалвора нохчаша. Цуьнан сийдеш, сту а бийна, шун х1оттийра. Кхо де даьккхира цо цигахь. Ткъа Бенахь жимма хьевелира иза. Кхузахь хазахетар а хилира цунна. Шемалан дукхаезачу зудчо Пет1амата к1ант вира кхузахь. Беной а ца ийшира даьттахойл. Шантана ц1е туьллуш, масех бежана а дуьйш, carla даьккхира цара. Иштта Бенахь дуьнена велира т1аьхьа паччахьан эскаран инарла-майор хинволу Мохьмад-Шафи.
Амма воьалг1а к1ант дуьнен т1е валаро а ца яржа-йора Шемалан даг т1ера дохк. Шемалан Нохчийчу варан коьрта 1алашо яра: Дег1астанахь йоьжна маршонан байракх х1окху къармазечу нохчийн г1оьнца хьалаайба. Хьанна хаьа, цунах-м Нохчийчоьнан а, Дег1астанан а имам хила а мегий. Делан къайленаш дукха ма ю. Азаллехь синош кхуллуш Шемалан сиз оцу arlop хьаькхна хила а ма мега. Кху деношкахь цунна т1еоьху б1еннаш мог1ара нохчий-м муьтахь бара х1окхунна. (А. Айдамиров)
25.09.10
Урокан ц1е: Хандешан спряженеш. I-ра спряжени. 1алашо: Дешархошна хандешан хьалхарчу спряженех лаьцна кхетам балар.
Урок д1аяхьар.
1.1амийнарг карладаккхар.
1. Дийца хандешан билгала саттамах лаций. Даладе масалш.
2. Стенах олу бехкаман саттам? Муха кхоллало иза?
Т1едожоран саттамехь долу хандешнаш муьлх чу маь1нехь хуьлу? Масалш даладе.
II. Дешархошка шайга болх байтар д1ахьо шина] кепехь:
I-ра кеп:
1, Кхочушде
35-г1а
шардар. Т1едожоран сатта
мехь долчу хандешнашна
уллохь къовларшна юк-
къехь язде церан маь1на.
2. Оьздангалла,
май-
ралла бохучу дешнийн
лексически маь1яа дийца.
Предложенеш язъе уьш
юкъа а далош.
II-г1а кеп:
1. Кхочушде Зб-г1а шардар. Хандешнийн сат-1 тамаш билгалбаха.
2. Оьздангалла, май-ралла бохучу дешнашна антонимаш а, синонимаш а язъе. Предложенеш язъе уьш юкъа а далош.
III. Керла коьчал йовзийтар.
Дешархоша хьехархочун г1оьнца уьн т1ехь xiapa кеп х1оттайо:
Хьалхара спряжени
|
КАРАРЧУ ХЕНЕ ХОТТОШ |
|
орамера аз о-не дерзахь, чаккхе у ю: |
орамера а аь-не я е-не дерзахь, чаккхе а ю: |
|
айа, акхадала, ара-даккха, аралалла, даа, кхалла, мала, кхаба, вага, татта, хатта. |
йоу, акхадолу, арадоккху, аралол-лу, доу, кхоллу, молу, кхобу, вог1у, тотту, хотту. |
лаа - лаьа, лаха- леха, лачкъа - лечкъа, 1ама - 1ема. |
· Вай 1амор ю хандешан 5 спряжени. Тахана 1амош ерг муьлхарг ю?
· Муьлха хандешнаш чудог1у I-чу спряженина? Даладе масалш кепа чуьра.
Карарчу
хене уьш довлуш, муха хийцало церан
мера а> чаккхенгара а аьзнаш? Кепа т1ера даладе
масалш.
-Жам1 дар: Муьлха хандешнаш чудог1у 1-чу
спряженина? Карарчу хенахь орамера а, чаккхенгара а
аьзнаш муха хийцало? Даладе масалш. Кепа чу д1аязде
уьш.
IV. 1амийнарг т1еч1аг1дар.
1. Кхочушдо 38-г1а шардар.
2. Д1аязъе текст. Билгалдаха хьалхарчу спряжени чудог1у хандешнаш.
Чехка вахара Хьамзат школе. Селхана дуьйна са-цийнера цо хьалххе Лоьмеххий, Тамареххий кхета, сел-ханлераниг саннарг кхин долуьйтур дац ша, аьлла.
Малхо дуьне къагийна дукха хан елахь а, х1инцца бен гучу ца белира иза юххерачу лома т1ехьара. Шен мелачу з1аьнаршца долу х1ума дуьлуш, серладоккхуш къиэжара иза. Школан к1ет1а кхаьчча, Хьамзат шен горга беснеш цкъа цхьаъ, т1аккха важа эсалчу маьл-хан з1аьнаршна дуьхьал лоьцуш лаьттара. (I. Гайсул-танов)
· Хьалхарчу предложенина бе синтаксически къас-там.
· Билгалдаьхначу дешнашна бе морфологически къастам.
V. Д1адаккха ца дог1у дош:
1. Оьзда, г1иллакхе, к1еда-мерза, жима.
2. Маршо, нийсо, собар, ахар.
3. Лаца, лаха, хатта, хьехам.
4. Т1еваг1ахьара, гахьара, хазахьара, хаийтал.
VI. Ц1ахь бан болх.
1. 1амае 4-г1а §.
2. Кхочушде 40-г1а шардар.
Урокан ц1е: Хандешан шолг1а спряжени.
1алашо: Хандешан шолг1ачу спряжених кхетам 6а-лар, и муьлхачу билгалонашца кхетайо хаар.
Урок д1аяхьар.
I. Ц1ахь бина болх таллар.
1. Дийца, стенах олу хьалхара спряжени? Даладе масалш.
2. Д1айоьшу ц1ахь язйина сочиненеш. Г1алаташ нисдо. I-чу спряжени чудог1у хандешнаш уьн т1е б1ог1амалге д1аяздо (уллохь церан кхо хан а).
II. Хьалххе хаийтараи диктант.
Байна етт схьалаха вахна» вехха лийлира Дуда. Доккха арц толлуш лелара иза. Г1ел а велла, сада1а цхьана юьхка т1е хиъна 1ачу хенахь ча гира цунна. Г1еххьа генахь яра иза Дудина. Юьхк санна стомма, партал яра иза. Техкаш, кест-кеста соцуш, халла болар дора цо. «Шен даа напха лахар бен, кхин цхьана а х1уманан бала бац-кх цуьнан,»- аьлла хетара и гуш волчу Дудина. Ц1еххьана хийцаделира оцу экханан хат1. Муц1ар д1а а яхйина, хьожа йохура цо, корта д1а а, схьа а хьийзош. Т1аккха д1аиккхира иза, Дуда цунна гуш вацара. (Х-А. Берсанов)
- Интонацица д1аеша текст.
- Ц1е тилла цунна. Иза текст хилар ч1аг1де.
- Муьлхачу стилехь ю иза?
- Хандешнаш билгал а дахий, билгалзачу кепе х1иттаде. Хьалхарчу спряжени чудог1у хандешнаш
схьаязде, хийцаделла орамера а, чаккхенгара а аьзнаш муьлхарш ду дийца.
- Хандешнийн саттамаш билгалбаха.
III Керла коьчал йовзийтар.
Уьна а, тетрадаш т1е а д1аяздо:
Эца - оьцу, хьеха - хьоьху, ела - йоьлу, велха -воьлху,вела - воьлу.
- Муьлха аьзнаш ду билгалза кепехь долчу хандешнийн орамехь?
- Хийцалой уьш хандешан карарчу хенахь? Муха? Даладе шайн масалш.
- Иштта кеп xIotto мегар ду II-чу легарна чудог1учу хандешнийн орамерий, чаккхенгарий аьзнаш хийца-далар гойтуш:
П-г1а спряжени.
велха -деша
карарчу хенахь эца
орамера хьехь
а - оь-не доьрзу ела
велха
деша
карарчу хенахь чаккхенгара а — у-не доьрзу
Жам1 дар: Муьлха аьзнаш хийцало II-чу спряжени чудог1у хандешнаш билгалзачу кепера карарчу хене довлуш? Стенах олу П-г1а спряжени?
IV. 1амийнарг т1еч1аг1дар.
1. Кхочушде 42-г1а шардар.
- Хандешнашна уллохь, къовларшна юккъехь спря-женеш (1-11-г1ий) д1аязъе.
2. Диэрза боху хандош П-чу спряженехь лаьтташ ду я дац алий, царех цхьа бакъо схьахаржа. Шаьш делла жоп сочинени-ойлаярца ч1аг1де.
Кеп: Диэрза боху хандош II-чу спряженехь ду.
Х1унда аьлча:
а) шолг1ачу спряжени чудог1у хандешнаш билгалзачу кепехь орамехь иэ, аэ дифтонгаш ерш ду. Диэрза бохучу хандешан билгалзачу кепехь орамехь дифтонг иэ ю;
б) диэрза боху хандош карарчу хене х1оттийча, цуьнан орамера а оь-не доьрзу, ткъа чаккхен-гара а у -не доьрзу.
Иза тидаме а эцна, ала деза, виэрза боху хандош II-чу спряжени чудог1у.
3. Иштта сочинени-ойлаяр язъяйта мегар ду дешар-хошка лиэха-лоьху бохучу хандашна.
V. Дешархошка шайга болх байтар.
Кхочушдо 44-г1а шардар.
VI. Ц1ахь баи болх.
1. 1амае 6-г1а §.
2. Кхочушде 43-г1а шарда
Урокан ц1е: Хандешан кхоалг1а спряжени.
1алашо: Хандешан кхоалг1ачу спряженех кхетам балар, цуьнан билгалонаш йовзар.
Урок д1аяхьар.
I. Синтаксически пхи минот.
1. Д1аязъе предложенеш.
1). Бердан йистерчу дерзинчу т1улгаш т1ехула татанца дог1ура Орга.
2). Гуьйренан шийла мох хьоькхура, цо г1аш дегадора, стиглахула мархаш а идайора.
3). Лом-1елина некъан кехат даьккхинера, амма иза шен хенахь д1а ца вахара.
4). Вехха 1ийра 1алавди шен дейиша йолчохь, ткъа ц1авоьдуш доккха совгГат дира цо шичина.
- 1-чу предложенина бе морфологически къастам.
- Цунна т1ера схьаязде дешнийн цхьаьнакхетарш.
- Еа а предложеиина бе синтаксически къастам, х1иттае схемаш.
- Хандешнийн хенаш а, спряженеш а (I-рий, 2-г1ий) билгалъяха.
кар.х. Ken: dozlypa - дан - дог1у (I-ра спр.).
II. 1амийнарг т1еч1аг1дар.
1. Шина б1ог1амалге декъа хандешнаш, шайн спря-женига хьажжий: лаха, дилла, хьажа, даккха, ата, хьада, ласта, таса, лаца, лсла, эца, деша, бетта, даьт-та, къиэга, леца.
Б и лгал даккха р:оцу шина спряженехь доцу хандешнаш дита.
2. Кхочушде 43-г1а шардар.
III. Дошаман болх
Вай – пчелиный рой
Варзап -кувалда
Вас- недовольство; обида
Вед- наконечник стрелы
Вежаралла - братство
Векал- представитель;доверенное лицо
Верта- бурка
Ветчалг- клещ
Вирб1арз - мул
Вотанга р-удав
1. Предложени х1оттае цхьана дашца
2. Морфологически талла и
IV. Керла коьчал йовзийтар.
1. Уьна а, тетрадаш т1е а д1аязйо кеп:
1 –ра кеп 2 –г1а кеп
Вайца, кхийса,тила, вуьйцу, кхуьйсу, туьлу,
Вита, 1илла, тилла вуьту, 1уьллу, туьллу
- Кхоалг1ачу спряжени чудог1учу хандешнийн билгалзачу кепехь орамехь муьлха аз ду?
- Уьш карарчу хене дохуш орамера а муьлхачу озе доьрзу?
Чаккхенгахь муьлха аз х1утту?
- Муьлха хандешнаш ду кхоалг1ачу спряжени чудог1уш? Жам1 де.
V. 1амийнарг т1еч1аг1дар.
1. Кхочушде 4б-г1а шардар.
- Оцу шардар т1ера 3-чу спряжени чудог1у хандешнаш кепа язде (лакхахь ю иза).
2. Дилла, липа, йилла боху хандешнийн спряженеш билгалъяха, массо а хенашка х1иттаде уьш.
VI. Комментировании яздар.
Коьртара схьабоккхий шен тишбелла чола куй т1улга т1е шена улло охьа а буьллий, охьахуий, генна д1а, Къилбседе б1аьрг а бетташ, 1аш хуьлура къанвелла вог1у Къеди. Наггахь, ца ваьлла бен ца волура Къеди нахана юкъа. Цхьанна а ца гинера иза сов, эрна ха-барш дуьйцуш а, шен юьртахошна луьйш а. Ткъех шо сов хан яра х1усаг*шана кхелхинчул т1аьхьа Къеди цхьалха висина. Суьйренца д1а б1аьрг тоьхча, т1улга т1ехь хиъна 1аш Къеди ца гича, нах сагатдан буьйла-лора: «Цомгуш-м ца хилла техьа вайн Къеди?!»
Нехан дикане а, воне а кхача г1ертара Къеди. Шен бан болу там бора массарна а. (СХь. Нунуев)
- Интонацица д1аеша текст.
- Ц1е тилла цунна. Муьлхачу стилехь язйина иза?
- Хандешнаш а, церан хенаш а билгалъяха, вай 1амийначу муьлхачу спряженешкахь ду уьш?
- Билгалдаьхначу дешнашна бе морфологически къастам.
VII. Ц1ахь бан болх.
1. 1амае 7-г1а §.
2. Кхочушде 47-г1а шардар.
Урокан ц1е: Хандешан йоьалг1а спряжени.
1алашо: Хандешан йоьалг1ачу спряженех кхетам балар, цуьнан билгалонаш йовзар.
Урок д1аяхьар
I. Ц1ахь бина болх таллар.
- Хьалхарчуй, шолг1ачуй спряженешна чудог1учу хандешнийн карарчу хенахь муьлха аьзнаш хуьлу орамехь а, чаккхенгахь а? Даладе масалш.
II. Дешархошка шайга болх байтар д1ахьо шина кепехь:
I-ра кеп - кхочушдо 48-rIa шардар. 11-г1а кеп - кхочушдо 49-г1а шардар.
III.Дошаман болх
Анайист-горизонт,алу-пламя,акха цициг-рысь,атйокх-кукушка,база-елка,басе-склон, берцан 1ов-крупа, пшено,
Боь-горный чеснок,бумбари-шмель, боьлак-роща,буто,ч1ог1а-плотный.буц-аре-степь,бух1а-сова,б1аьлланг-орешник.
1. Цхьана дашца предложении х1оттае.
2. Синтаксически талам бе цунна.
VI. Керла коьчал йовзийтар.
I. - Уьна а, тетрадаш т1е а д1аяздо билгалзачу кепехь долу хандешнаш:
воха, хотта, дотта, 1отта, вола.
- Уьш карарчу хене х1иттадо: вуху, хутту, дутту, 1утту, вулу.
- Муха хийцало орамера о?
- Карарчу хенан хандешан хийцадалар гойтуш кеп xIotto тарло
Ж а м I дар. Муьлха хандешнаш ду йоьалг1ачу спряжени чудог1уш? Даладе масалш.
IV. 1амийнарг т1еч1аг1дар.
1. Кхочушде 50-rIa шардар.
- Муьлхачу стилехь ю и текст?
- Барта ч1аг1де и текст хиларан бахьанаш.
- Коьрта ойла муха ю цуьнан?
- Д1ах1оьттира бохучу дашна бе дешх1оттаман къастам.
- Ладуг1ура боху хандош массо а хенашка х1ит-таде.
2. Д1аязде хандешнаш, спряженеш билгалъяха: лаха, йилла, олла, хьажа, таса, харца, хьада, ласта,
йоза, вовза, даета, пуожа, дара, вела, лакха, хаба, галвала.
- И хандешнаш карарчу хене а х1иттош, дешнийн цхьаьнакхетарш язде, хандешнаш цГердешнех а тухуш; таллам бе царна.
х1ун? Кеп: ирс лоху.
V. Гайтаран диктант.
Дуьне духур ду аьлча,
Суна ма моьттура,
И сийна стигланаш, кеглуш,
Т1ейоьлхур ю.
Дуьне дохар хиллийца,
Дагна дукха везначу
Накъостах ва ваьлла
Хьо цхьалха ва висар. (Н. Ф.)
- Интонацица д1аеша байташ.
- Ц1е тилла царна. Муха ю церан стиль? Дикачу накъостах д1акъастар дуьне духуш санна лоруш хил-лий вайн дайша?
- Ала а олуш шаьш и байташ д1аязъеш, г1алаташ мичахь хила мега шун? Массо а и тайпа меттигаш билгалъяха, нийсаяздаран бакъонаш йийца.
- Хандешнийн спряженеш билгалъяха.
- Уьн т1ехь яздинарг д1адайа, цул т1аьхьа ала а олуш, д1аязъяйта и байташ.
Б к л г а л д а к к х а р. Пайдехь хир ду, оцу балхана, талла а теллина, оценка xlorrop.
VI. Ц1ахь бан болх.
1. 1амае 8-г1а §, 4-7-г1ий §§ карлаяха.
2. Кхочушде 51-г1а шардар.
Урокан ц1е: Хандешан пхоьалг1а спряжени.
1алашо: Хандешан лхоьалг1ачу спряженех кхетам балар, цуьнан билгалонаш йовзийтар.
Урок д1аяхьар.
I. Ц1ахь бина болх таллар.
1. Дешархоша вовшашкара ц1ахь кхочушдина 51-г1а шардар толлу. Г1алаташ къоламашца нисдо.
2. Цхьацца болчу дешархошна, хаттарш а дой, оцен-каш х1иттайо.
II. 1амийнарг карладаккхар.
1. Д1адаккха бакъонца да дог1у дош:
а) лара, тоха, воха, кхолла;
б) дайа, лаха, кхача, вита;
в) 1отта, оза, тола, лаха;
г) вийца, вига, дита, дика.
2. Оьшург харжа, т1адамийн метта язде: а) марша вог1ийла; б) чувола.
Дада, ..., ма дукха хан яра хьо ц1ахь воцу!
3. Г1алат караде:
1) а) хандешан кхо саттам бу; б) хандешан пхи саттам бу;
2) а) лааран саттаман кхо кеп ю; б) лааран саттаман ши кеп ю.
4. Дика хьанна хаьа. Цхьана минотехь xlapa хан-дешнаш карарчу хене х1иттийнарг тоьлу:
хатта — хьакха —
деша - ловза -
ида - цаста -
дотта - кхача -
ахьа — эца —
лаца - дига -
дехка - бийца -
хийца - тийса -
латта - хьаха -
- Барта йийца церан спряженеш.
III. Керла коьчал йовзийтар.
Дешархошка йоыпуьйту 8-rIa § (2-г1а дакъа), ца кхе-таш дерг хатта а хоттуьйтуш.
- Муьлха хандешнаш ду пхоьалг1ачу спряжени чудог1уш? Даладе масалш.
- XIapa хандешнаш дуй пхоьалг1ачу спряжени чудог1уш: туда, юза, худа?
- Муха хиира иза шуна? Шайн жоп ч1аг1де сочинени-ойлаяр язъярца.
IV. 1амийнарг т1еч1аг1дар.
1. Кхочушдо 52-rIa шардар. Хандешкийн спряженеш билгалъяха. Яздира бохучу дашна фонетически къастам бе.
2. Хандешнийн саттамаш билгалбаха: Хиллачух кхуьуш санна, маса йоьдура Хьарг1а. Ген-
нара гуш яра йог1у машен. Цига д1акхача сиха вара Зойрбек. «Ц1е т1е а кхаьчна, Шама ваьгнехь, со ву-кх цунна бехке... . Х1ан-х1а, цунна т1е кхаьчна хир яц ц1е... . Цул совнаха, цунна ца лиънехьара, со rlyp ма вацара, цунна юххера д1а а ваьлла, цхьанхьа а*. (1-Да-дашев)
- Х1окху схемашца йог1уш предложенеш юй текст т1ехь?
Муьлхарш?
V. Дозуш долу къамел кхиор.
«Итт шо даьлча ворх1алг1ачу классехь доьшуш вол-чу сан нийсархочунна хьехамаш» ц1е а йолуш кехат язде, шайна ала лууш дерг т1е а яздеш. Шайн кехат т1ехь хилийта хьовса хандешнаш лааран саттамехь, пхеа а спрянсенехь, массо а хенашкахь.
VI. Цахь бан болх.
1. 1амае 8-г1а §.
2. Шаьш яздан долийна кехат чекхдаккха. Хандешнийн хенаш, саттамаш, спряженеш билгалъяха.
3.Шардар 53-г1а.
Урокан ц1е : Хандешан нийса йоцу спряжени.1амийнарг т1еч1аг1дар.
1алашо: Хаа деза, хандешан нийса йоцу спряжени х1ун ю, цуьнан билгалонаш муьлхарш ю.
Урок д1аяхьар.
I. Ц1ахь бина болх таллар д1ахьо дешархошка уьн т1ехь кехаташца болх а бойтуш:
I-ра кехат
1. Дийца, хандешнийн IV-чуй, V-чуй спряженех лаций.
2. Т1адамийн метта элпаш х1иттаде, къовларш схьа-елла:
Г1ил...а...аш довзийтарх а (ца) тоьа, нагахь уьш лелош (ца) хилча. Бай... къомах волу наггахь а стаг (хир) вац вай... г1ил...акхехь коьрта дерш ца девзаш.
- Хандешнийн хенаш, саттамаш, спряженеш бил-галъяха.
2-г1а кехат
1. Дийца хандешан саттамех лаций.
2. Х1окху схемица йог1уш предложени х1оттае, бе цунна синтаксически къастам:
II. Кхеторан диктант.
Массо а х1уманна духе кхиа г1ерташ, бераша шега дечу хеттаршна, вуно дика кхетош, сурт х1оттош, жоьпаш лора воккхачу стага.
Цо царна дуьйцура: поп, наж, хьех, база, дакх... муьлха дечигаш ю, уьш мича коьчалшна мега а.
- ... Эг1аза жима марг1ал хадо а, кагдан а, олхазарийн баннаш дохо а мегар дац, диканаш,- хьоьхура хьуьнхочо берашна...
Муха хадор дара кортош т1е баьццара генаш-rlani хьоькхуш: «Марша дог1ийла шу, тхан доттаг1ий1» -бохуш санна, хьестало марг1алш. Гечдийр дарий ткъа 1аламо дог хьоьстуш, зевнечу эшаршца шайн дахар хестош декачу олхазаршна бохам бича?.,
- ...Тхо духа дог1ур ду шуна!
- Дуьйлалаш, дуьйлалаш, тхан кегий г1оьнчий.
(Д. Кагерманов)
- Интонацица д1аеша текст.
- Ц1е тилла цуниа.
- Муьлхачу стилехь ю иза?
- Шуна пайдехь х1умма дуй оцу текст т1ехь?
- Хандешнийн саттамаш а, хенаш а билгалъяха.
- Билгалдаьхначу дешнийн цхьаьнакхетаршна бе морфологически къастам.
- Легаде кегий г1оьнчий. Чаккхенаш гайта сизашца.
III. Берашка шайга болх байтар.
1. Массо а спряженина язде кхоккха дош.
- Уьш юкъа а лоцуш, предложенеш х1иттае.
- Хандешнийн лексически маь1на дийца.
IV. Керла коьчал йовзийтар
1. Хьехархочун дош. Хандешан нийса йоцу спряжени шуна хаар боккха чулацам болуш ду. Кхийолу спряженеш хиъча a, xlapa спряжени ца хаахь, нийса морфологически а, грамматически а къастамаш бан хало ду. Цхьана дешдекъах лаьтташ долу а, церан г1оьнца кхолладелла а чолхе хандешнаш девзаш хил-ча, уьш атта къасталур ду предложенехь кхечу къаме-лан декъех, ткъа нийса д1а а язлур ду шеи бакъонаш-ца дог1уш.
2. Д1аязъе текст.
Дикка хало лов зударша буракашна асар дечу мет-техь хи доцуш. Дуккха а хан йов церан генна и хи дан оьхуш. «Шовда дара гена доццуш»,- олу Яхъяс. Т1аккха bob, шега дина дехарш кхочушдан йиш а ца хуьлий, зударшка эрна лен ца х1уттуш. Атта дац дайна д1адаьлла шовда юха каро. Иза лардан дезаш хил-лера массара а.
- Стенах лаьцна ю и текст?
- Шовда довш хуьлу? Х1унда?
- Каро хала дуй и? Муха лаха деза? Лело дезачу кепара лелийча, д1адовр дарий шовда, нахана оццул оыпушшехь? Аш лардой шайна гонахара 1алам?
- Цхьана дешдекъах лаьтта хандешнаш дуй оцу текстехь? Муьлхарш? Схьаязде уьш.
- Царех «нийса йоцучу спряжени чудог1у хандешнаш» х1унда олу? Муха ю церан кеп карарчу хенахь? Шатайпана юй? Цхьанна а спряжени чу нислур долуш дуй уьш а, церан г1оьнца кхолладелла чолхе хандеш-наш а? Д1аязде церан масалш: ван - вог1у, ян -йохьу, дан - дайна.
- Дукха дуй нийса йоцучу спряженехь хандешнаш? Х1ун аьлла хета шуна? Атта карор дуй уьш предложе-нехь, церан грамматически билгалонаш хууш хилча?
- Шаьш текст т1ера схьаяздинчу хандешнашна улло церан билгалза кеп язъе: лов — лан, йов — ян, вов - ван, дайна - дай. Ши хандош текстехь билгал-зачу кепехь ду - дан - дов, лен - лоь (царна уллохь карарчу хенахь хандешнаш яздина).
- Х1инца шаьш яздина нийса йоцучу спряжени чудог1у хандешнага юкъа а далош, дешнийн цхьаьна-кхетарш даладе, уьш д1аязде:
шело лов, йовхо лан деза, сихха йов» гучура ян, бХешерашкахь ван, д1аалале вов* ч1ог1а лен,гуттара лоь, арахь дан, стохка дайна.
- Предложенехь бен къасталур дуй церан маь1на? Даладе масалш. Дечиг дан хьуьнах вахара воккха стаг. «Арахь дан а дайнера сан мухар, суна и кара а дира»,-элира Маликас.
- Муха ду оцу предложенешкахь дай бохучу хан-дешан лексически маь1на?
- Цхьана дешдекъах лаьттачу хандешнийн нийса-яздаран бакъонаш муха ю?
5Кам1 дар. Муьлха хандешнаш чудог1у нийса йоцчу спряженина? Даладе масалш.
V. 1амийнарг т1еч1аг1дар.
1. Кхочушде 54-г1а шардар.
- Нийса йоцчу спряжени чудог1учу хандешнийн лексически маь1на дийца.
- «Ян боху хандош нийса йоцчу спряжени чудог1у» бохург ч1аг1деш, сочинени-ойлаяр язъе.
Цуьнан кеп иштта хила мега:
Ян боху хандош нийса йоцчу спряжени чудог1у, х!унда аьлча:
а) иза цхьана дешдекъах лаьтташ ду, кхидолу нийса йоцчу спряжени чудог1у билгалзачу кепара хандешнаш санна: ян, дан, тан, лан;
б) вай 1амийнчу цхьана а спряжени чудог1учу хан-дешнех тера дац цуьнан карарчу хенахь хийца-дал ар: ян, йо, йниа, йииера, йира, йийр го.
Иза шатайпана ду.
Цундела лакхахь аьлларг ч1аг1деш, жам! до: ян боху хандош нийса йоцчу спряжени чудог1у, аьлла.
2. Тан — тов бохучу хандешнашца предложенеш х1иттае.
- Дийца оцу хандешнийн лексически маь1на а, нийсаяздаран бакъонаш а, карарчу хенан массо а кепе х1иттаде иза.
VI. Ц1ахь бан болх.
1. 1амае 9-г1 параграф.
2. Кхочушде 55-г1а шардар.
Урокан ц1е: Изложени «Оьзда к1ант»
… Новкъа д1авоьдуш, Ханпашина генара дуьйна гора некъа юккъехь д1а-схьа лелхаш долу к1анттий, йо11ий. И шиъ дара 1абду-рахьманний, Маликий. - 1овдал и лела! Д1аяхийта со! Эхь ца има хьуна соьца къийса-вала! – ц1ог1а хьоькхура Маликас. - Ахь сайна дош даллалц-м йохуьйтур яц! Дийца, Малика, реза юйхьо ас бохучунна? – хоьттура 1абдурахьмана, пхьаьрсаш д1аса а тес-на, некъа юккъе а х1оьттина… Оцу заманчохь царна т1екхечира говрахь вог1у Ханпаша. - Хьо х1унда йоьлху, Малика? – хаьттира цо, говра т1ера охьа аэккхаш. - Х1окхо д1аяха ца юьту-кх, - жоп делира Маликас. - Боьршачу стагана бакъахьа дац иштта осала лелча. Д1аяхийтаиза има новкъа, - элира Ханпашас 1абдурахьмане. - Иза хьан г1уллакх дац. Яхийта кхузара хьайн алаша, - т1ечев-хира 1абдурахьман. - Х1ун бахара ахьа? Кхин цкъа а алал иза! – оьг1азе цунна т1ево-лавелира Ханпаша. - Хьуна хезнарг бахар-кх, - ч1ог1а ластийна т1ара туьйхира цо Ханпашина. - 1ад1ехьа, 1абдурахьман! Со лолда хьан, ца 1ен велахь, - мохь хьоькхуш, йоьхнера Малика. - Х1унда туьйхи ахь има, ва 1абдурахьман?Со хьох лата г1ерташма вацара. Хьайга хаза аьлча кхета мегар дац хьо? - Дера туьйхира, хьох х1умма а эхь ца хеташ, айса юха а тухур долу дела, - шолг1а т1ара тоха дагахь, чуг1оьртира иза. Кхин д1а и ца тохаделира Ханпаше. - Дика ду делахь. Хаза аьлча хууш вацахь, д1аэца хьайна! Шен ницкъ ма-ббу буй тоьхна, 1абдурахьман кхоьссина д1авахийтира Ханпашас. Нийсса бертал воьжна 1уьллура иза лаьттахь, бетах жимма ц1ий а оьхуш.
Урокан ц1е; Хандешнашца дакъалгаш ца, ма ний-саязъяр. 1алашо: Хаа деза, хандешнашца дакъалг ца, ма муха яздо.
Урок д1аяхьар.
I. Ц1ахь бина болх таллар д1ахьо дешархошка вов-шашкара ц1ахь бина болх беша а боьшуьйтуш, хаттарш а х1иттош, оценкаш йохкуш.
II, Комментировании яздар.
ХЕНАЗА ХЬАША. Некъахой эвла т1е кхаьчча, суьйре юлуш яра. Че- нан йистошца ц1ар-ц1ир дан евлира цаьпцалгаш, д1огахь цхьанхьа-м сингаттаме ц1евзира шедаг. Т1аккха беттан мижарг, мархашна юккъера схьа а къедда, юха а д1алечк ьира. Йистерачу ц1ийнан ков туьйхира цара: - Ассалам 1алайкум! Хьаша т1еоьций аша? - Ва 1алайкум салам! Йокъана дог1а санна, т1иэра ду-кха тхо хьешанна,- жоп делира лекхочу дег1ахь волчу стага. - Тхо ч1ирхой ду. Сан ц1е Хасболат ю. Ткъа xlapa сан к1ант Шахьби ву. Буьйса яккха меттиг езара тхуна. - Марша вог1ийла хьо. Чоьхьавала. Хьайн ц1а веа-на хьо. «Жоп-м къонахчуьнниг ду»,- резахилира Хас-болат. (С. Юсупов) - Интонацица д!аеша текст. - Муха ю цуьнан коьрта ойла? Вайн оьзда г1ил-лакх - муьлххачу хенахь а милла ваг1ахь а, и ч1ирхо велахь а- муха кхочушдина х1усамдас? - Массара а оьцур вара аьлла хетий шуна иштта хьаша т1е? Шуна муха хета и г1иллакх? Шуьга кхо-чушдалур дарий иза шаьш даккхий хилча? Ойла а ей, жоп ло. - Хандепшийн хенаш, саттамаш, спряженеш бил-галъяха. - Билгалъяьккхинчу предложенера грамматически бух къастабе. Схема х1оттае. - Xlorrae бохучу дашна бе фонетически къастам. - Хандешан нийса хаттар дуй текстехь? - Подлежащий урхалла деш муьлха хандешан ке-паш ю текст т1ехь? Хаттарш х1иттаде.
III. Керла коьчал йовзийтар. Дешархошка шаьшка йоьшуьйту 13-г1а §, ца кхетачух кхета а беш. - Муха яздо дакъалг ца, ма хандешнашца? Даладе мае ал ш. - Чаккхенгахь хилча муха яздо иза? {Ладуг1ур дац, кхералур вац.) - Муха ду билгалдаккхар? Муьлхачу саттамашкахь лела дакъалг ма? Даладе масалш. - Кхидолчу хандешнашкахь муьлхачу маь1нехь лела иза? (ч1аг1даран). - Д1аязде хандешнаш: Цо ма дийцира, ваша ц1ахь ву аьлла. Ма вон дил-лина ахьа и кор {ч1аг1даран маь1на). Цкъа а берийн вон ма гойла нанна {дацаран маь1на). Ж а м I дар. Муха яздо дацаран дакъалгаш ца, ма хандешнашца? Даладе масалш.
V. 1амийнарг т1еч1аг1дар. 1. Кхочушде 78-г1а шардар. - Хандешнийн спряженеш билгалъяха. - Ши-кхо бутт - морфологически къастам бе. 2. Дакъалгашца цхьаьна долу хандешнаш шех дозуш долу дешнашца схьаязде 79-г1а шардар т1ера. Церан нийсаяздаран бакъонаш йийца.
V. Дозуш долу къамел кхиор. 1. «Керла ц1а муха дира» ц1е йолу сочинени язъян кечам бар д1ахьо 88-чу шардар т1ехь ялийначу герг-гарчу хьесапехь йолчу планах пайда а оьцуш. 2. Шаьш план а язйина, деш гинарг я и ц1енош деш лаьцначу декъах а яздан мегар ду. Иза дешархочун шен лаам бу. 3. Цхьана кехат т1е д1аязъе сочинени.
VI. Ц1ах бан болх. 1. 1амае 13~г1а §. 2. Кхочушде 83-rIa шардар. 3. Классехь язъян йолийна сочинени чекхъяккха; цунна юкъа тайп-тайпана хандешнийн кепаш ялае: хенийн а, саттамийн а, спряженийн а, хаттаран а, деаке-пара а, уын нийсаязъяран а.
Урокан ц1е: Хандешнийн латтаман кепаш. 1алашо: Хандешан латтаман кепаш йовзийтар, х1ун билгалонаш ю церан хаар.
Урок д1аяхьар.
I. Дозуш долу къамел кхиор. 1. Дешархошка ц1ахь язйина сочиненеш йоьшуьйту, гТалаташ тодо. (Оцу балхаяа 10-15 минот хан яла ме-гар ду.) 2. Сочиненехь оьшург тодина а, цунна таллам бина а уьш бевлча, хьехархочо и яздаран болх талла схьа-оьцу. Журнал т1е оценкаш а яхка еэа.
II. Керла коьчал йовзиитар. Уьна а, тетрадаш т1е а д1аязйо xiapa кеп:
Хандешан латтамийн кепаш
Хандешан Меттиган
хенан латта-ман кеп: ма- латтаман ке- 1алашонан Бехкаман
ца?мацале? маццалц?маца дуьйна? пан хаттарш: мичахь?ми-чара? латтаман кеп: кеп:
мацале? мичахь?
1) Хан т1екха- 1) Зуда нлий- 1) Адамна 1) Шен хенахь
чале сочи- начохь г1одархьа- иддехь
нени язъян девзира и ма веара х1инца ме-
еза. шиъ. Ибрах1им. ца хир ва-
(rlo дан) цара.
маццалц? мичара?
2) Сарралц 2) Тохарлер- 2) Кхаъ бак- 2) Хьо виц-
болх бира чуьра кхархьа- лахь йиш
цара. дог1ура ма хьалх- яц сан.
шовда. хе кхечи-
ра Тимур.
маца дуьйна?
3) Нус ялийча- 3) Ковше 3) Хьуо вара- 3) Ахь
хьаиа ларам хьама кхайкхахь
г1уллакхаш бечохь - вог1ий сихха
тоделира сий хьо? схьавог1ур
марненан. хуьлу.
ву со.
маца? мичара?
4) Хьо дика 4) Машар
хилча ада- хуьлучуьра
маш а дика д1адаьлле-
хир ду ра и г1ул-
хьоьца. лакх.
5) Шена ма-
хеззинехь
схьаведира
ненаваша.
- Муха хуьлу хандешнийн латтаман кепаш? - Билгалдаккха, муха кхоллало хандешан хенан латтаман кеп: - ма + элл + и + нехь - хандешан орамера мукъаза аз шалха а долуш, цунна хъалха да-къалг ма кхетарца а кхоллало. Даладе масалш. Д1аязде уьш. - Билгалзачу кепан хандашна т1е - рхьама суффикс кхетарца я цуьнца кхин хандош (дукхахьолахь вахар-вар гойту хандош) цхьаьнакхетарца кхоллало 1алашонан латтаман кеп: хьажархьама веъна, сада1архьама вахара. - Хандешан орамна т1е -ахь, -ехь суффиксаш кхетарца хандешан бехкаман кеп кхоллалой? Даладе шайн масалш
(вигахъ, вигнехъ, кхабахь, кхаьбнехь).
Жам1 дар: Муха хуьлу хандешан латтаман кепаш? Предложенехь муьлха коьртаза меже хуьлий лела иза?
III. 1амийнарг т1еч1аг1дар. 1. 89-г1а шардар т1ера ялх предложени язъе. Хенан латтаман кепехь долчу хандешнашна хаттарш х1иттаде. Предложении муьлха меженаш хуълий лела уьш? 2. Барта кхочушде 92-г1а шардар. 3. Дешархой шина тобане а бекъий, кхочушдайта 91-г1а шардар: 1-чу тобане - 1-5-г1ий предложенеш; 4-чу предло-женина синтаксически къастам бе. 2-чу тобане - 6-10-г1ий предложенеш. 7-чу пред-ложенина синтаксически къастам бе.
IV. Ц1ахь бан болх. Хандашах 1амийнарг карладаккха. 1. 1амае 14-г1а §. 2. Кхочушде 93-г1а шардар.
Урокан ц1е: Причасти а, цуьнан грамматически билгалонаш а. 1алашо: Причасти а, цуьнан грамматически билгалонаш а йовзийтар, иза кхидолчу дешнашна юкъара схьакъасто хаар. Урок д1аяхьар.
I. Гаитаран диктант.
Йо, Дела! Цхьа шеко Сан дагах лета: 1ожаллех цакхерар Цакхерар хьох хета! 1ожаллех т1ех кхерар Цатешар хьох хета! Нисвехьа нийссачу Барамехь, Дела: Иманехь чекхваллалц 1ожаллех ларвай, 1ожалла т1екхаччалц Стогаллехь ч1аг1вай, Кхачаве ахь т1аккха Хьайн дикчу кхеле. (М Сулаев) - Интонацица д1аеша байташ. - Х1ун доьху Везачу Деле автора? Муха хила лаьа цуниа ша? - Ахьа х1ун доьхур дара Деле? - Шун доьзалшкахь дой до1а? - Я хьуна хьо жима хета вай яздинчу до1анах кхе-та? Ойла е цуьнан. - Хандешнаш билгалдаха. - Церан грамматически билгалонаш йийца. - Билгалдаьхначу хандешнашна бе морфологически къастам.
II. 1амийнарг карладаккхар. Кхеторан диктант. Гуьйренан хаамашца къилбехьара схьаоьхура г!араг1улеш. Хикеманхочо х1орда т1ехь хьоькхучу пийсакех тарлора цара сих ца луш, цхьанаэшшара лесто т1емаш. Кхаа сонара деха мог1анаш, наг-наггахь даьржаш меттиг яг1ахь а, командиран омраца б1аьхой санна, юха а д1анислора. Ма хаза ду церан низам. Ма хьекъале олхазарш ду. Календарь йоцуш хенан хий-цамаш хаьа. къилба а, карта а доцуш генарчу махка боьду некъ а карабо. (Ц. Кагерманов) - Интонацица д1аеша текст. - Муха ю цуьнан коьрта ойла? Дика кхетавой автора дешнашца шен гучу суьртах? Иза шайна гуш санна хетий шуна? Иштта маттана говза муха хилалур вара техьа аьлла цкъа а ойла йиний ахь? - Уггара шайна дика хетачу предложенина бе морфологически къастам. Муьлха къамелан дакъош ду цу т1ехь? - Билгалдешнаш дуй текстехь? - Гуьйренан хаамашца бохучу дешнийн цхьаьна-кхетарна бе къастам. маьлхачу? гуьйренан хаамашца билгалдош ц1ердош.
- Йийца билгалдешан грамматически билгалонаш а, синтаксически г1уллакх а.
Хьалхарчу предложенина бе синтаксически къастам. - ТГеэцна дешнаш дуй текстехь? Муьлхарш? Муха ю церан нийсаяздаран бакъонаш?
III. Керла гсоьчал йовзнйтар. Уьна а, тетрадаш т1ехь а х1оттайо кеп (кхеторан диктант т1ера дешнийн цхьаьнакхетарш а яздо): Билгалдош ХГуманая билгало гойту. Муьлха? Хандош Х1уманан дар я хнлар гойту. Х1ун до?Х1ун дина? Причасти Дар я хилар гойту, муьлха? бохучу хаттарна жоп ло:
муьлхачу? хаамаш буьйцу дакъа кхаьчиа ло деъна даьлла 1ежаш оьцу стаг гина муьлха?
гуьйренан хаамашца муьлха?
буьйцу хаамаш муьлха?
доккха дакъа муха? к1аинло муха? мерзаЛежаш муха?
кхаь'чна дактьа муьлха? дог1у ло муьлха? оьцу 1ежаш муьлха? гина стаг
Г i майра к1ант
- Билгалдашо х1ун гойту, муха ду цуьнан хаттарш? Деша кепа т1ера масалш. - Хандашо х1ун гойту? Даладе кепа т1ера масалш. - Кепан кхоалг1ачу б!ог1амалгера дешнийн цхьаь-накхетарш деша. - Буьйцу хаамаш бохучу дешнийн цхьаьнакхетар т1ерачу буьйцу бохучу дашо х1ун гойту? Дар гойту). Муьлхачу хаттарна жоп ло? (Муьлха?) ~ Хенашца хийцалой и дош? (Буьйцу хаамаш, бий-цина хаамаш, буьйцур болу хаамаш). - Муьлхачу кхаа хенахь лела и дешнаш? (Яхана яълла хан, карара хан,йог1у хан). - Дог1у ло - билгалдаьккхина дош хийцал хенашца (дог1у ло, деъна ло, дог1ур долу ло). - Дог1ур боху дош классашца хийцалой? Муха бу цуьнан. классан гайтам? Йог1у хан, вог1у стаг, бог1у нах -кхузахь а карабе классан гайтамаш. - Терахьашца хийцалой и дешнаш: веъна да, баьхкина дай, доьлу бер, дуьйлу бераш, боккху кхор, даьхна кхораш, боху дош, баьхна дешнаш? - Х1инца алалур дарий шуьга причасти стенах олу? - Муха ю цуьнан билгалонаш?
|
- Хандешан а, билгалдешан а билгалонаш шеца йолчу хандешан шатайпанчу кепах причасти олу, ала мегар дарий? Сочинени-ойлаярца барта ч1аггде шайи жоп.
IV. 1амийнарг т!еч1аг1дар.
1. Кхочушде 109-г1а шардар.
- 5-чу предложенина бе морфологически а, синтаксически а къастам.
- Кхаа декъе - бе морфологически къастам.
2. Кхочушде 111-г1а шардар. Барта сочинени-ойлаярца ч1аг1де шайн жоьпаш.
3. Нийсаниг харжа. Причасти олу:
а) дар я хилар гойтучу, х1ун до?х1ун дийр д у? бохучу хаттаршна жоп лучу къамелан декъах;
б) х1уманан билгало гойтучу. муха? хьенан? стенан? бохучу хаттаршна жоп лучу хандешан шатайпанчу кепах.
V. Ц1ахь бан болх.
1. 1амае 15-г1а §.
2. Кхочушде
Урокаи ц1е: Причасти хенашца хийцаялар.
1алашо: Причасти хенашца хийцаяларх кхетам балар. Кхин долчу къамелан дакъошна юккъехь причасти схьакъасто хаар.
Урок д1аяхьар.
I. Ц1ахь бина болх таллар.
Д1ахьо дешархошка уьн т1ехь кехаташца болх а бойтуш.
1-ра кехат.
1. Йийца билгалдешан а, хандешан а грамматически билгалонаш. Даладе масалш.
2. Легаде йоккха керт, яккхнй керташ боху дешнаш. Чеккхеиаш билгалъяха.
3. Олу дош, дош олу — дешнийн цхьаьнакхетарш-ца предложенеш х1иттае. Дийца, муьлха къемелан дакъа я хандешан форма ю уьш?
2-г1а кехат.
1. Дийца причастех лаций.
2. Легаде чаьмза ж1оикаш, сяйлахь т1емало боху дешнаш. Чаккхенаш билгалъяха.
3. Ц1ахь кхочушдинчу шардар т1ера причастеш еша. Сочинени-ойлаярца ч1аг1де уьш причастеш хилар.
II. 1амийнарг карладаккхар.
1. Фронтальни хеттарш.
- Хандешан маса хан ю?
- Хандашний, причастинии юкъахь х1ун башхал-ла ю?
- Муьлха хандешнаш ду классашца хикцалуш дерш?
- Причасти хийцалой хенашца? Даладе масалш.
2. XIapa причастеш нжъа а ялош, предложенеш х1иттае, д1аязъе уьш:
Кагделла днтт, буьйцу мотт, шарбелла мотт, йоь-шуш йолу книга, деттина жижиг, дХаоьху мархаш.
- Причастии билгалонаш йийца.
- Кагделла, шарбелла — дешх1оттаман къастам бе.
III. Керла коьчал йовзийтар.
Уьна а, тетрадаш т1е а язйо кеп:
Причастия хенаш |
||
Яхяа хан |
Карара хан |
Йог1у хан |
в язъярехь а, аларехь а цхьабосса |
|
|
Язйина байт, охьадоьжна rla, 1аржъелла сти-гал. |
Язйиня байт, охьадоьжна rla, 1аржъелла сти-гал. |
- Муьлхачу хенашкахь хуьлу причасти?
- Муха кхоллало причастин яхана а, карара а хенаш? Хандешан хенех яздарехь а, аларехь а къаьстий уьш?
- Муха ю причастин йог1у хан? Муха кхоллало иза? Цуьнан кхоллаялар карарчу хенахь долчу хандашах доьзна дуй? Даладе кеда т1ера масалш.
Ж а м I дар: Муха кхоллало причастин хенаш? Даладе масалш.
IV. 1амийнарг т1еч1аг1дар.
. Кхочушде 116-г1а шардар,
- 3-чу предложенина синтаксически къастам бе.
- Хьоме Даймохк — легаде, чаккхенаш билгалъяха.
- Хьоме бохучу дашна антоним а, синоним а ялае. 2. Кхочушде 116-г1а шардар.
- Дека бохучу дашна бе фонетически къастам.
V. Бакъонца ца дог1у дешнаш д1адаха.
1. Кир тоьхна, тоьхна т1ара, доьхна дог.
2. Сенъелла буц, ц1ийелла баьллаш, шелделла бер, арахь пхелъелла.
3. Дина г1уллакх, хьаькхна йол, заздоккху д
VI.Ц1ахь бан болх.
1.1амае 16-г1а §.
2. Кхочушде 1180г1а шардар. Хандешнийн а, билгалдешнийн а нийсаяздаран бакъонаш карлаяха.
Урокан ц1е: Причастин карчамаш, церан синтаксически г1уллакх. Причастии карчамашкахь сацаран хьаьркаш.
1алашо: Дешархошна кхетам бала беза причастийн карчамех, церан синтаксически г1уллакхах. Хаа деза, причастия карчам бовза а, цигахь муьлха сацаран хьаьркаш х1иттайо а.
Урок д1аяхьар.
I. Ц1ахь бипа болх таллар.
1. Дешархошка вовшашка толлуьйту ц1ахь бина болх, къоламца оценкаш х1иттайойту.
2. Лаамаза а, лааме а причастех х1ун олу дуьйцу, масалш а даладо.
II. Кхеторан диктант.
Даудг1еран уьйт1ахь кемсийн parlyx кхозучу электрически чиркхана гонаха, вайдаьлла накхармозий санна, хьийза садолу х1умнаш - полларчий, бумбарин тайпа чхьаьвригаш.
Бохбеллачу чиркхах а етталуш, цхьадолу садолу х!умнаш лаьтта охьаоьгу, б1агор беъча санна.
...Оцу хенахь схьагулло ижуна араевлла бецан пхьи-даш хас-бешара а, кертан гонахьара а. Ткъес санна чех-качу меттанашца схьалоьцуш, бага кхуьйсу пхьидаша садолу х1умиаш: «XIapa a, xlapa а юЬ Ма г1адйоьлху пхьидаш. Уьш-м ца къаьхка Даудах а... Кара1емина пхьидаш ю моьттур ду-кх уьш. (Д. Кагерманов)
- Стенна пайде ю пхьидаш?
- Вешана зуламе сагалматаш йоий цара?
- Муьлхачу стилехь ю текст?
- Билгалъяха причастеш, йийца церан хенаш, лаамаза я лааме ю уьш?
- Чиркх боху дош диалектизм юй? Х1унда? Кхин а даладе иштта масалш.
I. Уьна а, тетрадаш техь а д1аязйо предложенеш: Ас ешна байташ, хъалххе 1амийна иолу, хазахе-
тарца т1еийцира кегийрхоша.
Ас ешна хъалххе 1амийна йолу байташ хазахе-
тарца т1еийцира кегийрхоша,
- Д1аеша хьалхара предложени. Билгалъяккха причасти иза билгалъеш долчу дешнашца.
- Х1ун олу иштта йолчу причастех ша билгалъеш долчу дешнашца?
- Вай язйинчу предложенехь мичхьа лаътташ ю иза? Ша билгалдечу дашна т1ехьа лаьтташ юй? Муха къастайо иза? Запятойш яхкарца къастайой?
- Шолг1ачу предложенехь хХунда яц запятойш? Мичхьа лаьтташ го причасти: ша билгалдечу дашна хьалха я т1ехьа?
Ж а м I дар: Х1ун олу причастин карчамах? Запятойш маца йохку цунпа?
IV. 1амийнарг т1еч1аг1дар.
1. Кхочушде 127-г1а шардар.
2. ДХаязъе предложенеш, причастии карчам цо билгалдечу дешан т1ехьа язбе:
а) Мохъ тоъхна цо болийна кхайкхам, дош мос-саза олу, аз лахлуш, шабаре белира.
б) Ц1ийбеллачу 61аъргаш чуьра юъхъаънца къен ледда хиш, вал хаъдча сапна, хецаделира.
в) Эвла юккъерачу майданахъ лаыптачу рузба-нан маъждигна mle нисвелча, буйна къевлин-чу хъозанан санна, тохаделира цуьнан дог.
г) Сингаттаме дара керла даха хиъначу къона-чу шина адаман ц1енойн дерзина пенаш. (А А)
К е п: I-чу предложенина.
Кхайкхам, мохь тоъхна цо болийна, дош моссаза олу, аз лахлуш, шабаре белира.
V.Ц1ахь бан болх
1.1амае 17-18 §§
2.Кхочушде 129-г1а шардар. 3-чупредложенина бе синтексически къастам.
Урокан ц1е: Причастин легар.
1алашо: Дешархошна причасти легоран иекъаш довзийтар.
Урок д1аяхьар.
I. Ц1ахь бина болх таллар.
1. Фронтальни хаттарш.
- Стенах олу причасти?
- Хенашца хийцалой уьш?
- Даладе масалш, причасти терахьашца а, классаш-ца а хийцалуш гойтуш дерш.
- Лааме а, лаамаза а причастеш хуьлий?
2. Деша ц1ахь кхочушдина шардар. Муьлха сацаран хьаьркаш ехкина причастии карчамехь? Гуттар а йохкий уьш я уьш яхкаран цхьа бахьана ду? Дийца.
II. 1амийнарг карладаккхар.
1. Легаде беха некъ, диканнг боху дешнаш; чак-кхенаш билгалъяха.
2. Легаде хехо, таллархо, веза стаг, беза нах, ве-заниг, безаниш боху дешнаш. Йийца церан нийсаяз-даран бакъонаш.
III. Керла коьчал йовзийтар.
1. Лаамаза причастеш дожаршца лаамаза билгал-дешнаш санна хийцало: лач дожаршкахь церан чак-кхе -чу хуьлу: тегна коч, тегначу кучан, тегначу куча-на, тегначу кучаца.
2. Легаде депша стаг, доьшу стаг, доыпу волу стаг.
Лаамазчу причастии легарая кеп
Дожарш |
Яхана хан |
Карара хан |
Йог1у хан |
Щ. |
дешна стог |
доьшу стаг |
доьшу волу стаг |
Дл. |
дешначу стеган |
доьшучу стеган |
доьшу волчу стеган |
Л. |
дешначу стагна |
доьшучу стагна |
доьшу волчу стагна |
Др- |
дешначу стага |
доьшучу стага |
доьшу волчу стага |
к. |
дешначу стагца |
доьшучу стагца |
доьшу волчу стагца |
X. |
дешначу стагах |
доьшучу стагах |
доьшу волчу стагах |
м. |
дешначу стаге |
доьшучу стаге |
доьшу волчу стаге |
Дс. |
дешначу стагал |
доьшучу стагал |
доьшу волчу стагал |
3. Лаамечу причастии легар лаамечу билгалдеш-нийн саяна ду. Легаде дешнарг, дешнарш:
Дожарш |
Цхьаллин терахь |
Дукхаллин терахь |
щ. |
дешнарг |
дешнарш |
Дл. |
дешначуьн |
дешначераы |
Л. |
дешначунна |
дешначарна |
Др- |
дешначо |
дешначара |
к. |
дешначуьнца |
дешиачаьрца |
X. |
дешначух |
дешначарех |
м. |
дешначуьнга |
дешначаьрга |
Дс. |
дешначул |
дешыачарал |
Ж а м I дар. Дийца, муха ду причастии легар.
IV. 1амийиарг т1еч1аг1дар.
1. Кхочушде 134-г1а шардар (легаде царех 5 дош).
2. Д1аязде кицанаш 135-г1а шардар т1ера. Причастии хан, терахь, классан гайтам билгалбаккха къов-ларшна юккъехь.
V. Хьалххе хаийтаран диктант.
1995-чу шарахь т1амо ягийна х1аллакйинчу Грозни-г1алин урамашкахь т1ехь ц1ен ж1ар йолу байракхаша йолуш машенаш лела евлира. Уьш Дуьненаюкъарчу Ц1ечу Ж1аран Комитетан Комиссин векалш бара. Цара х1усамах а, бахамах а девлла, т1амо дуьне дохийначу адамашна юучуьнца а, мотт-г1айбин г1ирсашца a rlo дора. Наха царна даггара баркалла бохура, амма цара дечу г1уллакхах уьш цец ца бовлура. (Зорбанера)
- Интонацица д1аеша текст.
- Муха ю цуьнан коьрта ойла?
- Муьлхачу стилехь язйина и текст?
- Ца кхеташ дуй дешнаш?
- Векалш бохучу дешан лексически маь1на дий-ца. Дошаман статья х1оттае.
К е п: векал (векалан, векална, векало, векале, в, и; д. тер. векалш, б) представитель, представительница; доверенное лицо; векал хила представительствовать, быть представителем.
~ Оду дашна гергара дешнаш даладе (векалла, векал дан, векалениг).
- Шайн дешнашца схьайийца текст.
- Причастии а» билгалдешнийн а дожарш билгал-даха.
- Легаде ц1ен ж!ар боху дешнаш.
VI.Ц1ахь бан болх
1.1амае 19-г1а §
2.Кхочушде 133-г1а шардар. Ямарт бохучу дашна бе фонетически къастам
Урокан ц1е: Причастин нийсаязъяр.
1алашо: Дешархошна йовзийта еза причасти ний-саязъяран бакъонаш, къамелехь причастии карчам схьакаро 1амор.
Урок д1аяхьар.
I. Ц1ахь бина болх таллар.
1. Дешархошка вовшашка ц1ахь бина болх толлуьйту.
2. Фронтальни хаттарш.
- Стенах олу хандош?
- Яханчу хенан хандешан маса кеп ю? Ялае уьш.
- Хьакха боху хандош хийца х1окху хаттаршна жоьпаш луш: х1ун дин?х1ун дира?х1ун дора? х1ун динера?
- Муха кхоллало причасти? Даладе масалш.
- Ч1аг1дина 1едал - причастин дожарийн чаккхенаш йийца.
П. Керла коьчал иовзийтар.
1. Еша 21-г1а §. Ца кхеташ диснарг хатта.
- До, во, бо, йо г1оьналлин хандешнаш кхечу дешнийн орамна т1екхетарца кхолладеллачу хандешнех хиллачу карарчу хенан причастии чаккхенга -о мет-тана -е х1уттий? Даладе масалш.
- Муха ю карарчуй, йог1учуй хенахь йолчу лаамазчу причастин чаккхенаш? Даладе масалш.
- Муха яздо йог1учу хенан причастина юкъадог1у дешнаш? (Къаъстина), Даладе масалш.
Ж а м I дар. Муха ю причасти нийсаяздаран бакъо-наш?
III. 1амийнарг т1еч1аг1дар.
1. Кхочушдо 143-г1а шардар.
2. Кхочушде 145-г1а шардар. Причасти нийсаяз-даран бакъонаш йийца.
IV. Дозуш долу къамел кхиор.
1. 130-г1а шардар т1ехь йолчу коьчалх пайда а оьцуш, суьрта т1ехь сочинени язъян кечам бе. Ц1е тилла цунна.
Т1едиллар. Сочинени юкъа тарлучохь причастеш я лае.
V. Ц1ахь бан болх.
1. 1амае 21~г1а §.
2. Кхочушде 144-rIa шардар.
Урокан ц1е: Талламан болх «Пайхамаран хьадисаш»
Адамаш мел деха дуьненахь дехар долуш хьекъале дешнаш ду вайна Мохьаммад-Пайхамара дитина (делера салам-маршалла хуьлда цунна). Царех "хьадисаш" олу. Вайн маттахь иза "хьехамаш" бохург ду. Царех цхьаъ ду х1ара: - Уггаре а дика стаг - иза ч1ир эца а, бекхам бан а шен ницкъ боллушехь, шена зулам динчунна, шена халахетийтинчунна къинт1ера а ваьлла, гечдеш верг ву. Ша дуьненчу деана дика г1уллакх оьзда, ц1ена, хьанал, Дела реза хин волчу кепара чекхдаьккхинарг ву ц1ена бусалба стаг. Дела реза вина стан шен 1ожаллина дуьхьал сатийна, сапарг1ат воьду. Динан дуьхьа къуьйсуш баьккхина уггар боккха толам - иза цхьана а стагана халахетар ца деш ахь даьккхина де ду. Шен маттаца кхечунна халахоьтуьйтучу стагана жоьжаг1атин не1 схьайиллина ю. |
Урокан ц1е: Причастица дацаран дакъалгаш -ца, -за иийсаязъяр. 1амийнарг карладахскхар.
Урок д1аяхьар.
I. Ц1ахь бина болх таллар д1ахьо дешархошка уьн т1ехь кехаташца болх а бойтуш:
1-ра кехат.
1. Дийца причастии грамматически билгалонех лаций.
2. Легаде диллина сурт, диллинарг, диллинарш.
- Сизашца билгалъяха церан чаккхенаш.
- Муха кхоллало лааме причастеш?
2-г1а кехат.
1. Йийца причастии хенаш.
2. Оьшучохь запятойш яхка:
Лайно, стомма бамба санна диллинчу, къайладаък-кхира латта.
3. Билгалдаьккхинчу дашна дешх1оттаман къас-там бе.
З-rIa кехат.
1. Дийца причасти нийсаязъярх лаций.
2. Дешнийн цхьаьнакхетарш юкъа а далош, пред-ложенеш х1иттае:
бога ц1андо - ц1андина бога, белхи гулбо - гулбина белхи.
- Дийца причасти нийсаязъярх лаций.
- Фонетически а, дешх1оттаман а къастам бе билгалдаьккхинчу дашна.
II. Кхеторан диктаит.
Таллархоша гобина, к1елхьарадала аьтто боцуш диена цхьогал. Цхьана arlop екъчу бацах летта йогуш ц1е хилла. Вуккху arlop дог1уш хи хилла. Кхозлаг1чу arlop юьйлинчу тоьпашца таллархойн хилла. Хи чу иккхина цхьогал. Цигга дуьхьал хьаьлхина таллар-хойн ж1аьлеш. Цхьогал хи чуьра хьала а даьлла, дега ца луш, ц1арах чекхиккхина. Щарах чекх а иккхина, ткъех метар дехьа даьлча, таллархошкахьа юха а хьаьж-на, дега а делла, дедда д1адахна цхьогал. (Х-А. Берса-нов)
- Муха ю текстан коьрта ойла? Муьлхачу стилехь ю текст?
- Билгалъяха причастеш. Йийца церан грамматически билгалонаш.
- Синтаксически къастам бе билгалъяьккхинчу предложенина.
- Предложении муьлха меже хуьлий лела причасти?
III. Керла коьчал йовзийтар.
1. Уьна а , терадаш а т1ехь х1оттийна кеп:
|
Карарчуй, |
|
|
Дацараллин маь1нехь |
Лаамазчу причастих ца къаьстина |
|
Йог1учу хенахь лаамечу причастица ца |
суф.за лаамечу а, лаамазчу а |
|
язйо |
къаьстина язйо: |
причастешца цхьаьна язйо: |
||
ца___ аьлла |
цагинарг |
Д»_ |
__ веъна верг |
ваза стаг |
дош |
|
|
|
|
ца дезна |
цаэшнарг |
ца_ |
__ лоьху верг |
кхехказа яй |
х1ума |
|
|
|
|
ца___ дуьйцу |
цавезарг |
Ца_ |
__ ДУУ Дерг |
дийцаза |
хабар |
цакарориг |
|
|
туьйра |
-Маца яздо дакъалг ца причастешца къаьстина? Даладе масалш.
· Цхьаьна яз а дой и дакъалг причастешца?
· Дацараллин маь1нехь йолу суффикс -за причастешца муха язйо? Даладе масалш.
Жам1 дар. Муха яздо дацаран дакъалгаш ца, ма причастешца?
IV. 1амийнарг т1еч1аг1дар.
1. Кхочушде 148-г1а шардар.
2. 147-чу шардар т1ера причастеш юкъахь долу дешнийн цхьаьнакхетарш схьаязде. Йийца причастица дакъалг ца нийсаяздаран бакъонаш.
V. Дешархошка шайга болх байтар д1ахьо шина
кепехь:
1-ра кеп - кхочушдо 149-г1а шардар. Причастин хенаш билгалъяха къовларшкахь.
2-г1а кеп - кхочушдо 150-г1а шардар. Причастин дожарш билгалдаха.
VI. Дозуш долу къамел кхиор.
1. Дацаран дакъалгаш юкъахь долуш (тарлучохь), диалогаш х1иттае. Йийца церан нийсаяздаран бакъонаш. Ке л: Ца лозу корта ма бехка, аьлла хьоъга.
· Сан г1уллакх дац ала-м ца воллу хьо доттагЫун г1о дан?
· Хьоъгахьа схьа а ца хьаьжна к1ант ву иза-м ахъ керт охкуш.
· Хьуна дика ца хаъа цу балхах лаъцна. Сан накъост ц1ахь ца хиллачу хенахь ду иза. Ткъа ас х1унда мегар дац цунна дечкаш ц1а йохьуш г1о дан?
· Це ахъ. Борз дуъхьал ца кхетча газа хьаьжа ц1а яхана, олуш хезний хьуна? Иштта ду ахъ лелориг а.
· Аш х1ун эр дара, бераш, оцунна? Мила бакъ ву? Аш дийр дарий rlo? Я 1ад1ийча тоьлу?
· Причастеш билгалъяха, нийсаяздаран бакъонаш йийца.
VII. Ц1ахь бан болх.
1. Причастех 1амийнарг карладаккха. 1амае 22-г1а §. (Терахьдешан нийсаяздар карладаккха).
2. Кхочушде 153-г1а шардар.
Урокан ц1е: Изложени
"Борзий, Соскин Солсий". |
Цхьана дийнахь шен ден жа дажош волчу Соскин Солсина т1ееанчу барзо аьлла: - Со къена а, г1ора дайна а яцахьара, ас хьоьга хоьттур а дера дацара. Ахь суна цхьа уьстаг1 лахь, ас кхо дика дийр ду хьуна. - Дегара пурба доцуш йиш яц хьуна бала, - аьлла Соскин Солсас. - Вало, г1ой вола делахь. Хьо пурба а дохьуш схьакхаччалц, ас жа лардийр ду хьан, - аьлла барзо. - Барзах жа а тешийна, со муха г1ур ву? - шега хаьттина Соскин Солсас. - Дас аьлларг ца дечу, да ца лоьручу доьзалан да хуьлийла со, ас цхьана а уьстаг1ана х1ума дийр делахь! - дуй биъна барзо.Ц1а а вахана, дерриг а дега д1адийцина Солсас. Дас сихха юхахьажийна иза: - Чехка юха а г1ой, и дуй барзо сардам буллуш алале, доллу жа д1ало цунна. Делахь а, ша бехна болу цхьа уьстаг1 бен ца оьцуш, борз д1аяхана. |
Урокан ц1е: Талламан болх « Воккха стаг 1имран»
Мазлаг1а лаьттачу уьйт1ара охьаваьлча, тог1и чохь чехка дог1ушхи а долуш, юькъачу хьуьнан хазчу меттехь дара шира ц1енош. Цигахь дехаш дара б1енгара ваьлла воккха стаг 1имран а, цуьнан х1усамнанаи Себила а. 1имран хьуьнхо вара. Шен шерашка ца хбобжуш,цо х1инца а болх бора: мангал а хьокхура, дечиг а доккхура, накхарша леладора. Аьхка школера ц1а хецча а, вуьшта мукъадевллачу деношкахьа юьртара бераш дог1ура и волчу. Цаьрца хуьлура хьуьнхочун берийн бераш а. Эх1, ма сакъералор-кх церан орцахь!Мел дукха дара цигахь тайп-тайпана олхазарш! Воккхачу стагана гуш цахиларх,декарх а девзара уьш. Цунна хаьара церан амалш, дахар, бен муха, мичахь, стенах бо, х1ун юу,хьуьнахахь 1а доккхуш муьлхарш ду. 1имрана царех лаьцна вуно говза дуьйцура берашна. Кегийчарна ч1ог1а тамашийна хетара и дерриге а. |
Урокан ц1е: Деепричасти а, цуьнан грамматически билгалонаш а.
1алашо: Деепричасти йовзийтар. Цуьнан грамматически билгалонех пайда а оьцуш, и кхийолчу хандешнийн формех къасто хаар. Хьалха 1амийна къамелан дакъош карладахар.
Урок д1аяхьар:
I. 1амийнарг карладаккхар.
1. Фронтальни хаттарш:
· Муьлха къамелан дакъош девза шуна?
· Муьлхачу хаттаршна жоьпаш ло цара?
· Муха кхоллало уьш?
· Муьлха грамматически билгалонаш ю церан?
· Цара кхочушдеш долу синтаксически г1уллакх.
2. Д1аязъе
диалог. Шайна девза къамелан дакъош
билгалдаха.
- К1ант,
rlo дехьа бабина ч1ара салаз гух хьалаяк-
кха...
· Схьая...
· Хьенан ву хьо?
· Хьамзатан Джабраилан ву.
· Хьенан?
· Х1инца вац иза... Айза ю тхан ненан ц1е.
· Айзин ву хьо! Евза, евза. Дала беркат де шух, дика хилалаш шайн ненаца.
· Схьаяьллахь, баба, салазашца бераш ду хьуна.
Х1инца схьая ахь, бабиниг. Дала вуьтийла хьайн нанна, дуккха вехийла. Хаза иман долуш к1ант ву Айзин-м. (М. Бексултанов)
· Т1едерзар дуй кхузахь? Иза предложенин меже хуьлий лелий? Муьлха сацаран хьаьркаш х1иттийна аша т1едерзарехь?
· Шайн х1оттаме хьаьжжина, муьлха предложенеш ю уьш? Муьлххачу а цхьана предложенина бе синтаксически къастам, xloттae схема.
· Дуккха а маь1нехь лела дешнаш дуй диалогехь? Билгалдаха уьш.
· Дешх1оттаман къастам бе бабиниг бохучу дашна.
· Г1иллакхе, оьздангаллин дешнаш билгалдаха. Шуна кест-кеста хезий иштта дешнаш?
II. Керла коьчал йовзийтар.
1. Уьн т1ехь хьалххе язйина ю предложенеш.
1. Сийначу стиглахъ хъийзаш лела олхазар.
2. Цийцар чекхдолуш, яздархочо шена хетарг а элира.
3. Дог лозуш, сахьийзаш, к1етахъ Iapa Кулсум.
4. Цхъанна а х1ун ду ца хууш, mleeapa гуьйре.
5. Новкъа яла кечлуш яра Бирлант.
· Д1аеша, хьалхара предложенехь х1ун хаам бо? Олхазар муха лела дуьйций автора?
· Х1инца и предложени шаерг еша.
· Керла х1ун хии вайна? И олхазар муха лела кхий-тин х1инца?
· Муьлхачу дашах дозуш ду хьийзаш боху дош?
· Схьаязде хьийзаш лела дешнийн цхьаьнакхетар.
Хьийзаш бохучу дашо х1ун гойту? Хандашо гойтуш долу дар муха хуьлу, кхетавой цо? Лела олхазар аьлча кхеташ дуй, сиха я меллаша, лакхахула я лаха-хула, хьийзаш я нийсса лела олхазар. Ткъа хьийзаш лела олхазар аьлча, вайиа хьалха хьийза а хьийзаш лелачу олхазаран сурт х1утту.
- Ала
мегар дарий: хьийзаш бохучу дашо
д1акхоьхьург г1оьналлин дар ду, муха? бохучу хаттар-
на жоп ло цо.
- Иштта таллам бо йисинчу предложенешна а.
2. Дешархоша жам1 до:
Хандешан а, куцдешан а билгалонаш шеца йолчу хандешан кепах деепричасти олу. Деепричастино муха?мича кепара?мича баьхьанин a? xlyн деш?муьлхачу хьолехь? хаттаршна жоп ло.
III. 1амийнарг т1еч1аг1дар.
1. Хандешнаш
деепричастешка а дохуш д1аязде.
Дийца, хийцалой аш язйина деепричастеш терахьаш-
ца а, классашца а.
Тега, д1атекха, хьийза, тийса, тоха, хьажа, вох-ло, лаьтта, лего, мотта, охку, лахка.
- Цхьаллин а, дукхазаллин а кепаш юй церан?
2. Д1аязъе
предложенеш. Деепричастина уллохь
къовларшна юккъехь язъе церан грамматически бил-
галонаш (терахь, класс, муьлхачу хаттарна жоп ло).
Цхьаъ яздеш яра иза шен стоьл т1ехь. Бодаш булуш лаьттара. Шело а яра ч1аг1луш. Со цунах тешаш ву. Г1иллакхал совнаха цуьнгара гучудаьлла х1ума дац. Со дуьненчу ваьлчахьана а Ахьмадан лулахь вехаш ву.
3. Кхочушде
110-г1а шардар. Кхоалг1ачу бохучу
дашна бе дешх1оттаман къастам.
IV. Кхеторан диктант.
Вайнехан маттахь долу чилла (шелк) чин бохучу дашца доьзна ду, ткъа иза хьалха Китайх олуш хилла (цин). Ткъа хууш ду, гуттар хьалха и деза к1ади Ки-тайра кхоьхьуш хилар. И к1ади кхоьхьуш болу Ки-тайра Европе боьду дарин некъ вайн махкахула д1аболуш хилла. «Чай» боху дош а ду «чин» бохучу дашца дозуш. Китайра чай схьадаьлла хиларан билга-ло ю иза а. (К. Чокаев)
- Йийца текстан коьрта ойла.
- Адамашна хаам буй текст т1ехь берг? Х1унда?
- Деепричастеш билгалъяха. Барта йийца церан грамматически билгалонаш.
- Кхоалг1ачу предложенина бе синтаксически къас-там. Деепричасти предложении муьлха меже ю?
- Вайнехан бохучу дашна бе дешах1оттаман къас-там.
V. Ц1ахь бан болх.
1. 1амае 26-г1а §.
2. Кхочушде 170-г1а шардар.
Урокан ц1е: Деепричастин хенаш, церан нийсаязъяр.
1алашо: Муха билгалйоккху деепричастии хенаш, муьлхачу дашах йозуш ю и. Деепричасти нийсаязъян хаар, и хандешан форма хилар ч1аг1деш долу масалш гайтар, уын юкъахь а долуш йолу предложенеш таллар.
Урок д1аяхьар:
1.1амийнарг карладаккхар.
1. Д1аязъе текст.
Билгалдаьхначу дешнашна х1оттае сочинени-ойлаяр, уьш муьлха къамелан дакъош ду ч1аг1деш: 1а «зима», 1а «жить» бохучу хандашах дозуш ду.
1ай хьехнаш чохь, башха къа а ца хьоьгуш, 1аш зама токхуш хилла хьалхалерачу заманан адамийн дахарехь. Х1унда аьлча, церан дахар, х1инца санна, белхаш бан заводаш а, фабрикаш а йолуш ца хилла. Аьхка шайн аренца долу г1уллакх а дина, 1аьнна чубирзичахьана бовлуш хилла уьш. (К. Чокаев)
Ке п: 1а (зима) боху дош ц1ердош ду. Цуьнан xlapa билгалонаш ю:
1-ра - 1а бохучу дашо х1ума билгалйо, х I у н? бохучу хаттарна жоп ло.
2-rIa - иза цхьаллин терахьехь, ц1. д. 4-чу клас-сехь, 2-чу легарехь ду.
3-г1а - 1а боху дош предложенехь подлежащи ду.
Оцу билгалонашка хьаьжжина ала мегар ду: 1а боху дош ц1ердош ду.
II. Дозуш долу къамел кхиор.
1. Хьехнаш бохучу дашна х1оттайо дошаман статья.
- Вайн предложенехь оцу дешан лексически маь1на муха ду?
- Цхьаллин терахье х1оттаде иза (хьех).
- Кхин маь1наш дуй оцу дешан? Дошаман статьяш х1окху кепара хила тарло:
хьех - (хьёхан, хьёхана, хьёхо, хьёхё, д; дукх. тер. хьехнаш. д) липа. Дешархоша ши мог1а хьехнаш дий-zlupa шовдана уллохъ.
хьех - (хьёхаран, хьёхарна, хьёхаро, хьёхаре, й; дукх. тер. хьёхарш, й) грот, пещера.
Г1араваълла волу 1илманча воккхавеш вара шена хьех карийча.
хьех - (хьёхаран, хьёхарна, хьёхархб, хьёхарё, д; дукх. тер. хьехарий, д) - тур, горный козел.
- Вай 1аминий иштта дешнаш? Царех х1ун олу? Даладе омонимаш-масалш.
- Церан лексически маь1на муха ду? Ткъа алар?
- Муха къастадо церан лексически маь1на? (Предложенехь).
~ Шолг1ачу дошаман статья т1ерачу предложени-на бе синтаксически къастам. Деепричасти юй кху-захь? Йийца цуьнан грамматически билгалонаш. Предложенин муьлха меже хуьлий лела иза?
III. Дешархошка шайга болх байтар д1ахьо шина кепехь.
1-ра - кхочушдо 173-г1а шардар. 2-г1а - кхочушдо 174-г1а шардар.
IV. Керла коьчал йовзийтар.
1. Барта кхочушдо 175-г1а шардар.
2. Уьна а, тетрадаш т1е а язйо xlapa кеп:
Деепричастии карара хан:
Хандешан |
Муха кхоллало |
Карарчу хенан |
карара хан: |
деепричастии карара хан: |
деепричастеш: |
УЬДУ |
карарчу хенан |
уьдуш |
яздо |
хандашна т1е -ш |
яздеш |
вог1у |
кхетча |
вог1уш |
караво |
|
каравеш |
xIotto |
|
xIottoui |
молу |
|
молуш |
3. 175-чу шардар т1ера деепричасти оцу кепа нисъе.
4. Деепричастеш кхин а яханчуй, йог1учуй хенаш-кахь лела.
Хьовсур вай яханчу хенан деепричастеш муха хуьлу.
- 2-чу § т1ера деепричастии яханчу хенах яздинарг хозуьйтуш д1адоьшу.
- Башхалла юй яздарехь а, аларехь а хандашний, причастиний, деепричастиний юкъахь?
- Ткъа уьш муха къастало предложенехь? Хьехархочо дешархоин г1оьнца дешнийн уьйраш билгалйо-хуш къастадо вовшех хандош а, причасти а, деепричасти а (предложенеш тетрадаш т1е д1аязйо).
5. Уьна а, тетрадаш т1е а д1аяздо хандешан йог1учу хенан хин йолчу кепера г1оьналлин хандешнаш а, ца-рех кхоллаелла деепричастеш а:
вог1ур ву - вог1ур волуш ловзур ву - ловзур волуш 1амор ду - 1амор долуш тоьар ду - тоьар долуш хуур ю - хуур йолуш д1атуьйр ю - д1атуьйр йолуш.
- Муха кхоллало йог1учу хенан деепричастеш Шайн масалш язде.
6. Жам1 дар.
- Муха кхоллало карарчу хенан деепричастеш! Даладе масалш.
- Яханчу хенан деепричастеш муха къастайо хан-дешнех а, причастех а? Даладе масалш.
- Дийца, муха кхоллало деепричастии йог1у хан. Кхин а масалш язде.
Лепар бу - лепар болуш гур бу - гур болуш.
V. 1амийнарг т1еч1аг!дар.
1. Кхочушде 179-г1а шардар.
2. Барта кхочушде 177-г1а шардар. б-чу предложенина бе морфологически къастам.
3. Д1аязъе предложенеш, къовларш схьа а йоьллуш. Ч1ог1а сакъераделла дГасалелхара (ловзу) берш, и чоь а ца (тоьу) (С. К.) Цхьаъ-м, юха а цу корехула т1ех а иккхина, мича ваха ца (хаьа), т1апъаьлла д1авайра. 1уьйранна дезаршна арадевллачу олхазарийн маьхьа-рий х1инца а (дГате) дацара. (М. М.) Жима к!ант ницкъ т1ебахийтина (доьшур ду) вара.
- Дийца, муха кхоллаелла деепричастин хенаш.
4. Д1аязъе предложенеш.
Билгалдаккха яханчу хенан хандош, причасти, деепричасти.
1) Тегна коч ч1ог1а хаза яра. Коч тегна яьллера Сепият. Марха достуш т1еюха коч тегна.
2) Диллина кор цхьанна а ца гора. Кор диллипа лаьттара воккха лор. Ц1ена х1аваъ чудаийта кор диллина.
- Муха къаьста вовшех йозанехь а, аларехь а баш-хо йоцу яханчу хенан хандошший, причастий, деепричастий? Даладе шайн масалш.
VI. Дозуш долу къамел кхиор.
1. Муьлха ц1ерметдешнаш даладо ахь къамелан юккъе хьайх я шайх лаьцна дуьйцуш?
2. Х1оттаде жима дийцар, деепричастеш юкъа а ялош, иштта д1а а волалуш:
«Цхъана аъхкепан довхачу дийнахь со а, сан
пакъостий а...»
- Деепричастеш билгалъяха, дийца, муьлхачу хе-
нахь ю уьш.
VII. Ц1ахь бан болх.
1. 1амае 7-г1а §.
2. Кхочушде/78-rIa шардар. Ладоьг1уш бохучу дашна бе фонетически къастам.
Урокан ц1е: Деепричастии карчам. Цуьнан синтаксически г1уллакх а, цуьнца сацаран хьаьркаш а.
1алашо: Деепричастии карчаман билгалонаш йов-зийтар, цуьнца сацаран хьаьркаш х1иттор. Деепричас-тино предложенехь до г1уллакх билгалдаккхар.
Урок д1аяхьар.
I. Ц1ахь бина болх таллар д1ахьо дешархошка уьн т1ехь кехаташца болх а бойтуш.
1-ра кехат.
1. Дийца деепричастех а, цуьнан грамматически билгалонех а лаций.
2. Къега, лоьцур ду, толлу, хьожур ю, шелло, дуьй-цу боху хандешнаш деепричастешка дерзаде. Церан хенаш йийца.
2-г1а кехат.
1. Дийца, деепричастии хенех а, церан нийсаязъ-ярх а лаций.
2. Шега ешийтинехъара, сахиллалц а книга (йоъ-шур ю) вара Шанталг. Дийца, деепричасти муьлхачу хенахь ю а, иза муха кхоллаелла а. Шега бохучу даш-на бе морфологически къастам.
П. Хьалххе хаийтаран диктант.
Черчий яра ялташна юккъехула кхерсташ, уьш охьадетташ, хьоьшуш. (/. Г.) Иза урамехула лелаш хуь-
Урокан ц1е: Куцдешнийн нийсаяздар. Церан морфологически таллар.
1алашо: Дешархойн куцдешнех долу хаарш карладахар, т1еч1аг1дар.
Урок д1аяхьар.
I. Дешнийн диктант.
Цамоттарна, кест-кеста, тайп-тайпана, бес-бесар г1ап-г1иппехь, дап-диппехь, лап-липпехь, цхьажимм цхьак1еззиг, цхьабосса, т1оф-аьлла, тап-аьлла, парт-а ла, хьажархьама, хаархьама, диицархьама, аларан д хьа, дийцаран дуьхьа, кхушара, шехеннахь, цундела, вогг1ушехь.
- Муха
кхолладелла дешнийн диктант т1ера куц
дешнаш? Йийца церан нийсаяздаран бакъонаш.
II. 1амийнарг карладаккхар.
1. Фронтальни хаттарш.
- Куцдашо муьлхачу хаттаршна жоп ло?
· Дийца куцдешан тайпанаш.
· Предложенехь куцдешан х1ун маь1на ду?
· Куцдешан маса дарж ду? Дийца уьш.
· Муьлхачу къамелан дакъойх кхоллало куцдош?
· Дагалацал билгалдешнех хилла куцдешнаш.
· Муьлхачу билгалонашца къаьста куцдош билгал-дашах? Дал аде масалш.
2. Бакъонца цадог1ург д1адаккха:
а) ца оьшушшехь, ца оьцушшехь, цатешарна;
б) ч1ог1а луьра, ч1ог1а б1ар, ч1ог1а безам;
в) дийнахь, арахь, сарахь, гурахь;
г) де
дийне мел дели, шо шаре мел дели, дагахь
доцуш.
3. Кхочушде 228-г1а шардар.
III. Хьалххе хаийтаран диктант.
Хьалххе г1еттина, аравелира Султан. Декхна дара де. Юьрта юккъехь шира клуб лаьттачу меттехь, ша цкъа ц1а веана волуш дош ма-даллара, беш йог1а араваьллера Султан оцу 1уьйранна. Билгалбинчу белхера схьаоьхуш бара юьртара кегийрхой. Дехар дина ва-лийна районан архитектор а вара, буйнахь рулетка а йолуш, хинйолу аллеяш билгалйохуш, Султанца цхьаь-на лаьттах хьокхий детташ лелаш. Кест-кеста д1асахьожура Султан. Сакъералуш бохкура кегийрхой.
Цхьа де хьалха хьуьнан бахамера машен йоьттина деана тайп-тайпана диттийн синтарш дара х1инца д1адуг1уш.
· Болх ирс долуш хуьлда!
· Муха ду г1уллакх, Нажа? - т1евеара Шама.- Парк хир ю аьлла хетий хьуна вайн?
· Дера хета. Х1унда ца хуьлу иза? Шуна дагадеъ-нарг дика г1уллакх ма ду. (I. Дадашев)
· Интонацица д1аеша текст.
· Ц1е тилла цунна. Шайн дешнашца схьайийца.
· Текст т1ера куцдешнаш билгалдаха. Муьлхачу къамелан дакъойх кхолладелла уьш?
· Муха ю церан нийсаяздаран бакъонаш?
· Кест-кеста, тайп-тайпана боху дешнаш муьлха къамелан дакъош ду? Язъе сочинени-ойлаяр, шаьш ш-ларгч1аг1деш.
Ке п: И дешнаш муьлха къамелан дакъош ду предложенехь бен къасталур дац. Д1аязъер вай хьалхара предложени: «Кест-кеста д1асахьожура Султан» Х1окху предложенехь кест-кеста бохург куцдош ду, х1унда аьлча:
а) кест-кеста боху дош д1асахьожура бохучу хан
муха?___________
дашах дозуш ду: кест-кеста д1асахъожура;
б) кест-кеста бохучу дашо хандашо гойтучу даран
билгало гойту: д1асахьожура муха? кест-кеста;
в) предложенехь кест-кеста боху дош даран суьр-
муха?
I---------------------------------- 1
тан латтам бу: кест-кеста д1асахьожура. Жам1 дан мегар ду: Кест-кеста д1асахьожура Султан бохучу предложенехь кест-кеста бохург куцдош ду.
- шира клуб
- дешнийн цхьаьнакхетар т1ера нгара
бохучу дашна х1оттае дошаман статья.
Кеп: шира прил. 1) старинный; древний; пшра 1адат - старинный обычай; 2) старый, ветхий; доттаг1 шираниг тоьлу, кетар керланиг тоьлу поел, друг-лучше старый, а шуба - лучше новая.
- кегнйрхой
бохучу дешан кхолладаларан бийца
некъ.
IV. Куцдош морфологически таллар.
Уьна а, тетрадаш т1е а язйо куцдош морфологически талларан кеп:
Талламан план:
I. Муьлха къамелан дакъа ду.
П. Морфологически билгалонаш.
1. Хийца ца ло дош.
2. Дарж билгалдоккху (делахь).
3.
4. III. Синтаксически г1уллакх.
Талламан кеп:
Селхана ло деара.
I Селхана - куцдош (деара маца?)
II Хийца ца ло.
III Деара (маца?) селхана.
V. 1амийнарг т1еч1аг1дар.
1. Кхочушде 231-г1а шардар. Морфологически къастам бе куцдешнашна.
2. Синтаксически къастам бе, схемаш х1иттае пред-ложенешна:
1) Туька д1айиллира, дуккха а эцархой чубаьх-кира.
2) Керимова Лизас дика доьшура, амма исбаьхьал-лин литература еша ца ларайора иза.
3) Кеманан г1овг1а хезаш яра, ткъа иза гуш да-цара.
4) Сихха хьала а г1еттина, хьешашна дуьхьала велира жима Асланбек.
VI. Ц1ахь бан болх.
1. 1амае 40-г1а §. Карладаккха куцдашах лаьцна 1амийнарг.
2. Кхочушде 232-г1а шардар. Кхаа-деа куцдашна бе морфологически къастам.
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.