Х1уманаш, адам билгалдо,
Мила? Х1ун ю? хаттарш до.
Ойлаей хьо дийций вала,
Къамелан вай муьлха дакьа
Ду со, чехка алий вала?
-Муьлха къамелан дакъа ду и? (Ц1ердош).
-Ц1ердешан х1ун билгалонаш ю цу байта т1ехь ялийнарш?
Слайд:
(Х1уманаш, адам билгалдо, мила? х1ун? хаттарш ду).
-Вай тахана девзар ду ц1ердешнаш.
-Дуьйцур ц1едешан билгалонех лаьцна.
Слайд:
Тукар, т1арий, маха, тай,
Басам, кисий, дари к1айн
Ша, дол, аьрша я 1аддий,
Уьйриг, мижарг, цхьа мисхал,
Нехча, берам я сискал,
Шар я морза, муьста бод,
Хьо д1аяла, нанийн дог.
-Муьлха х1уманаш ю байта т1ехь юьйцурш?
Шелковски урхаллин к1оштан «Бороздиновскера юккъерчу
школан» урхаллин юкъарадешаран хьукмат
Нохчийн меттан белхан программа
11г1а класс
Х1оттийнарг:
Багаева М.А..
нохчийн меттан, литературин
хьехархо.Документан бух
Кхеторан кехат
11г1а классан нохчийн маттана лерина долу х1ара документ кхоьллина юкъара дешаран а,
коьрта юкъара дешаран а пачхьалкхан программин буха т1ехь. Программо предметан чулацам схьа а
боьллу, бовза а бовзуьйту, билгалбоккху. Белхан программо, нохчийн мотт 1аморан 1алашонца
цхьаьна а дог1уш, дешархой кхиоран, кхеторан, 1аморан а юкъара некъаш довзуьйту.
Документан д1ах1оттам
Нохчийн меттан белхан программа дийна цхьа документ ду, цу юкъадог1у:
– кхеторан кехат;
– дешарантематикин план;
– дешархойн хаарийн т1ег1а;
– дешаран методикин болх кхочушбан оьшу г1ирсаш билгалбахар.
Дешаран предметан юкъара характеристика
Нохчийн мотт – иза нохчийн къоман а, Нохчийн республикин пачхьалкхан а мотт а, къоман
историн, культурин бух а бу. Мотт адамийн дахарехь уггаре мехала гIирс бу. Цуьнца доьзна ду
къоман кхиар а.
Юккъерчу юкъарадешаран хьукматехь шатайпа меттиг дIалоцу нохчийн матто. Иза вовшашца
юкъаметтигаш дIакхехьарехь, гонахара дахар довзарехь, кхетошкхиорехь мехала гIирс бу. Дешаран
декхар кхочушдарехь ненан матто ден г1уллакх ч1ог1а мехала ду. Ненан маттахь ечу ойлано
1амочух кхета гlo до берашна. Ненан мотт хааро дешархошна гlo до гонахарчу дуьнене болу кхетам
а, цунах лаьцна долу хаарш а шордан а, боккхачу кхиамца оьрсийн а, кхи долу меттанаш а, дешаран
предметаш а 1аморехь ненан маттехь г1ортор каро а. Цу шина матго дешар 1аморехь, кхетамца
кхиарехь бокхха аьтто бо.
Хьехархо декхарийлахь ву нохчийн меттан хазалла, цуьнан марзо дешархошна йовзийта а,
берашкахь ненан матте безам кхио а. Цуьнца цхьаьна хьехархочо кхочушдан деза патриотизман,
халкъийн доттаг1аллин ойланехь дешархой кхетошкхиор. Ишколехь ненан мотт хьехар меттан
1илманан буха т1ехь д1ахьош хила деза.
Дешаран хьукматехь мотт хьехаран методех кхетаме пайдаэцар на хилча цаторуш ду.
Меттан цхьанатайпанарчу а, цхьанатайпанар доцчу а, терачу а, вовшех дозуш долчу а
бакъдолчаьрца дустар далоран кепаш мотт хьехаран балха т1ехь пайде а, дика сурт х1оттош а,
берашна к1орггера хаарш луш а, мехала а ю. Ч1oгIa мехала ду оьрсийн меттан бакъдолчаьрца ненан
меттан бакъдерш дустаран кепах пайдаэцар.
Ненан матте дешархойн безам кхиор лакхадаккхар ца хилча ца торуш ду. Цуьнца цхьана ненан
мотт хьехар д1ах1отто деза, дагахь ца 1амош, маь1нех кхетарца к1орггера хаарш долуш дешархой
хирриг – нийсий, говзий.
Ненан мотт хьехаран декхар кхочушдарехь хьехархо декхарийлахь ву орфографи, пунктуаци,
къамел кхиоран г1уллакхийн бух д1ах1отточу 1илманан хаттаршна т1е коьрта тидам хьовзо: аьзнийн
а,элпийн а таллам бан, дешан х1оттам талла, къамелан дакъош кьесто, предложенехь дешнийн уьйр
нисъян хаа, предложенин д1ах1оттам бовза, и. д1. кх. а.Меттан 1илманан хаамаш 1амийна караберзор хила деза меттан бакъдерш, церан тайпанаш, церан
башхаллаш къесторций, талларций, церан маь1наш к1орггера хаарций, предложенеш фонетически а,
морфологически а, синтаксически а, орфографически а, пунктуационни а, лексически а талларций,
орфограммаш, пунктограммаш бакъонца кьасто а, йовзийта а 1аморций.
Ненан меттан хьехархочун коьртачарах цхьа декхар ду йоза нийса яздан 1амор а, карадерзор а.
Нохчийн меттан хьехарсахьташкахь тидаме эца деза дешархойн бартан къамел, цара тайп
тайпанчу ткоьчалех лаьцна хаамаш бар, иштта церан говзаллин башхаллаш ган а, йовза а еза.
Ненан мотт хьехарехь литератураца уьйр латтош дешархой 1амор, уьш кхетошкхиор доккха
маь1на долуш ду.
Меттан занятешкахь дешархойн жигаралла йозу цара кхочушбечу белхан хаарш кхиоран
барамах. Методически лехам ларало ненан меттан хьехарсахьтан болх д1абахьарехь дешархойн
ойлаяран а, кхетаран а хьуьнар кхиор. Муьлхха а коьчал 1аморехь xlopa дешархочун кхетаран а,
кхиаран а таронаш оьшучу барамехь гучуяха еза.
Дешархойн 1аморан а, кхетаран а хьуьнар совдаккхарехь доккха маь1на долуш ду тайп
тайпанчу гайтаман г1ирсех пайдаэцар (таблицех, суьртех, технически (говзаллин) г1ирсех).
Дешархойн бартан, йозанан а кхиор ненан меттан а, литературин а – шина а предметан юкъара дакъа
ду.
Нохчийн мотт дешархо къоман гIиллакхоьздангаллин буха тIехь кхиорехь, цуьнгахь кхидолчу
къаьмнашка лерам хилийтаран коьрта чIагIо а ю.
Дешаран декхарш кхочушдарехь ненан матто ден г1уллакх ч1ог1а мехала ду.
Ненан маттахь ечу ойлано 1амочух кхета г1о до берашна.
11чу классехь нохчийн мотт к1иранах 1 сохьтехь хьеха лерина ю программа.
Юккъерчу юкъарадешаран хьукматехь нохчийн мотт Iаморан Iалашонаш:
– нохчийн мотт Нохчийн Республикин пачхьалкхан мотт санна карберзор;
– хинцалерчу 1илманан керла кхиамаш а, ненан меттан хьехархойн балха техь зеделларг а тидаме
эца дезар;
– вовшашца тIекаре ян а, вовшех кхеташ хила а кийча а болуш, тайптайпанчу хьелашкахь
литературни норманаш ларъеш, къамелан тайптайпанчу кепех пайда эца хаар карадерзор;
– нохчийн матто кхочушдечу гIуллакхах а, цуьнан дIахIоттамах а, литературни норманех а долу
хаарш карадерзор;
– ненан меттан гоьнца дешархой гиллакхоьздангалла йолуш кхетошкхиор а, уьш ойлаян амор а,
церан юкъара кхиар лакхадаккхар;
– ненан меттан литературни къамелан стилистически норманаш тидаме а оьцуш, ненан маттахь
хьехар, коьртачу декъана, дозуш долчу къамелах шуьйра пайда оьцуш дIахIоттор;
– нохчийн матте терго а, шовкъ а, къоман синъоьздангаллин мехалле санна цуьнан тIалам бан
безаран кхетам а, кхечу къаьмнийн векалшца къинхетаме а, машаре а хила везар кхиор;
– Россин пачхьалкхан гражданин ша хиларан кхетам дешархочуьнга кхачор.
Белхан программан чулацам (34с.)
Синтаксис (11с.)
1. Синтаксис, пунктуации. Цхьалхе предложенеш.(1с.)
2. Дийцаран, хаттаран, аларан, т1едожаран предложенеш. (1с.)
3. Подлежащиний, сказуеминий юккъехь тире. (1с.)
4. Цхьалхечу предложенин кепаш. (1с.)5. Предложенин цхьанатайпанара меженаш. (1с.)
6. Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш. (1с.)
7. Предложенин шакъаьстина меженаш. Шакъаьстина юххедиллар. (1с.)
8. Латтаман дурс, цуьнан нийсаяздар. (1с.)
9. Т1едерзар, цуьнан нийсаяздар. Дешнаш, предложенешх1аъ, х1анх1а. (1с.)
Пунктуаци (18с.)
1. Чолхецхьаьнакхетта предложени а, цигахь хуттургаш а, сацаран хьаьркаш а. (1с.)
2. Чолхекарарчу предложенехь хуттургаш а, хуттурган дешнаш а, сацаран хьаьркаш а. (1с.)
3. Т1етухучу предложенин грамматически билгалонаш. (1с.)
4. Т1етухучу предложенин кепаш, церан схемаш. (1с.)
5. Т1етуху предложени а, цуьнан карчам а.. (1с.)
6. Шина я масех т1етухучу предложенешца чолхекарара предложенеш. (1с.)
7. Хьалха т1аьхьаллин т1етуху предложенеш. (1с.)
8. Ийна чолхе предложенеш а, къамелан мур а. (1с.)
9. Хуттургаш йоцчу чолхечу предложенешкахь ц1оьмалг, ц1оьмалгца тире. (1с.)
10. Хуттургаш йоцчу чолхечу предложенешкахь шит1адам, тире. (1с.)
11. Мадарра къамел, лач къамел довзийтар, цигахь сацаран хьаьркаш. (1с.)
12. Мадарра къамел лач къамеле дерзор. (1с.)
13. Цитаташ а, цаьргахь сацаран хьаьркаш а. (1с.)
14. Нохчийн меттан суртх1отторан г1ирсаш, исбаьхьаллин башхаллаш. (1с.)
15. Йозанехь сацаран хьаьркаш х1итторан бакъонаш (т1адам, хаттаран, айдаран хьаьркаш,
дукхат1адамаш). (1с.)
16. Ц1оьмалг, ц1оьмалгца т1адам х1отторан бакъо. (1с.)
17. Шит1адам, тире, къовларш, кавычкаш х1иттор. (1с.)
18. Айдардешнаш, церан нийсаяздар. (1с.)
Талламан белхаш (4с.)
Кхоллараллин белхаш (1с.)
11г1а класс чекхъяьккхинчарна хаа дезарг
Нохчийн мотт 1амийначу дешархочуьнгахь хила деза хаарш:
– нохчийн мотт уьйран а, юкъаметиггалин гIирс а, пачхьалкхан мотт а хиларх кхетар;
– нохчийн мотт дешаран, къинхьегаман, говзаллин гIуллакхдарехь а, ша вовзийтарехь а,
юкъараллехь ша дIалоцу йолу меттиг билгалъярехь а оьшуш хиларх кхеташ хилар;
– вовшашца а, кхечу къаьмнийн векалшца а юкъаметтигаш дIакхехьарехь нохчийн маттах пайда
эца кийча хилар;
– къаьмнийн культурийн юкъаметтигаш дIакхехьарехь къинхетаме а, машаре а хилар;
– шен къоман а, РФцехь дехачу къаьмнийн а, дуьненаюкъара культура а йовзарехь нохчийн
мотт мехала гIирс хиларх кхеташ хилар.
– барта а, йозанан а хаамех цхьатера кхеташ хилар (Iалашонех, теманех, коьртачу а, тIебузучу а
хаамех);
– тайптайпанчу хотIийн (стилан), жанрийн тексташ массо кепара ешар карадерзор;
– билгалбинчу барамехь яцйина (план, юхасхьайийцар, изложени, конспект) ладоьгIна я дIаешна
текст юха схьайийца хаар;– тайптайпана юкъараллин хьелаш тидаме а оьцуш, къамелдарехь а, дийцаре даршкахь,
дискуссешкахь дакъа лаца а, барта а, йозанан а аларш кхолла а хаар.
Дешаранметодикин кхачаман ларам
Литература
Дешархошна:
1. Джамалханов З.Д., Чинхоев Т.Н. «Нохчийн мотт» 1011чуй классашна. Грозный ГУ
«Книжное издательство» 2013 шо.
Хьехархочунна:
1. Джамалханов З.Д., Чинхоев а Т.Н. «Нохчийн мотт» 1011чуй классашна. Грозный ГУ
«Книжное издательство» 2013 шо.
2. Джамалханов З.Д. , Мачигов М.Ю. «Нохчийн мотт» 1ра дакъа. Педучилищан студенташна
учебник. Грозный НохчГ1алг1айн книжни издательство 2013 шо.
3. Джамалханов З.Д. , Мачигов М.Ю. «Нохчийн мотт» 2г1а дакъа «Синтаксис».
Педучилищан студенташна учебник. Грозный НохчГ1алг1айн книжни издательство 2013шо.
4. Джамалханов З.Д., Хамидова З.Х. «Юккъерчу школийн лакхарчу классашкахь ненан мотт а,
литература а хьехар» Грозный НохчГ1алг1айн книжни издательство 2013 шо.
5.Тимаев А. Д. «Х1инцалера нохчийн мотт» Лексикологи, фонетика, морфологи. Соьлжа
Г1ала 2013 шо.
6. Эсхаджиев Я. У. «Юккъерачу школехь нохчийн меттан орфографи а, пунктуаци а 1амор»
511 классашна. Грозный Издательство «АрфаПресс» 2013 шо.
7. Арсаханов И.А. «Х1инцалера нохчийн мотт» Грозный НохчГ1алг1айн книжни
издательство 2013 шо.
8. Гайсултанов 1.Э., Аушева Ф.М. «Ненан мотт а, литература а хьехарехь зеделларг»
Грозный НохчГ1алг1айн книжни издательство 2013шо.
9. Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика» 511 классашна. Соьлжаг1ала 2013 шо.
10. Эдилов С.Э. «Нохчийн меттан практикум» СоьлжаГ1ала Издательство «АрфаПресс»
2013 шо.
11. Тимаев А.Д., Ирезиев С.Х. С.Э., Абубакаров А.Х. «Нохчийн меттан морфологин
практически курс» Грозный ФГУП «ИПК «Грозненский рабочий» 2013шо.
12. Баширова Х.Б. «Синтаксис» Назрань2013.
13. Баширова Х.Б. «Чеченская диалектология» Назрань2013.
14. Ахмадов М.М. «Нохчийн мотт» (тексташ, хаттарш, т1едахкарш). Нальчикг1ала ГУП
«Полиграфкомбинат» 2013 шо.
15. Джамалханов З.Д., Эсхаджиев Я.У. «Юккерчу школашна нохчийн меттан программаш» 5
11чуй классаша. Грозный Издательство ООО фирма «Глобус» 2013 шо.