Презентация
Оценка 4.7

Презентация

Оценка 4.7
Презентации учебные
pptx
преподавание
2 кл
07.12.2022
Презентация
презентация по чеченской литературе 2 класс
Пр. 2 кл. лит. 1. Кусаев Сан г1ала..pptx

Хьехарсахьтан ц1е:

Хьехарсахьтан ц1е:

Хьехарсахьтан ц1е:
Кусаев 1адиз «Сан г1ала».

Турко Закаевс йазйина байт «Сан г1ала» йовзийтар, нийса а, шера а, кхеташ а йеша 1амор; кхетам - кхиоран: хьанал къинхьегаме болу безам к1аргбар

Турко Закаевс йазйина байт «Сан г1ала» йовзийтар, нийса а, шера а, кхеташ а йеша 1амор; кхетам - кхиоран: хьанал къинхьегаме болу безам к1аргбар

1алашонаш.
1аморан: дешархойн хаарш зер, 1амийнарг карладаккхар;
кхиоран: Турко Закаевс йазйина байт «Сан г1ала» йовзийтар, нийса а, шера а, кхеташ а йеша 1амор;
кхетам - кхиоран: хьанал къинхьегаме болу безам к1аргбар.

Догдаийтаран мур.

Догдаийтаран мур.

Догдаийтаран мур.
Кицанаш:
1. Хабар дукха дийцинчо болх к1езиг бина.
2. Къинхьегам адаман шолг1а нана йу.
3. Аьхка мало йиначо 1ай хало хьоьгу.

Дешархойн долчу хаарийн актуализаци йаран мур

Дешархойн долчу хаарийн актуализаци йаран мур

Дешархойн долчу хаарийн актуализаци йаран мур.
1. Ц1ахь 1амийнарг хотту.
- Х1ун йеллера шуна ц1ахь?
(«Нефтах х1ун йоккху?» ц1е йолу дийцар)
2. Суьрташ т1ехь гойту нефтах х1ун йоккху.

Нефтах доху г1ирсаш.

Нефтах доху г1ирсаш.

Нефтах доху г1ирсаш.

Мотт шарбар. Х1окхо балийна,

Мотт шарбар. Х1окхо балийна,

Мотт шарбар.
Х1окхо балийна,
Х1окхо урс хьаькхна,
Х1окхо тилийна,
Х1окхо кхехкийна,
Х1окхо кхаьллина
Д1абахийтина.
Д1айеша меллаша, д1айеша чехка.
П1елгаш хьала а ойбуш д1айеша байт,
х1ора п1елг айбарца д1аала цхьацца мог1а.



Муьлха произведени йоьшур йу вай тахана?

Муьлха произведени йоьшур йу вай тахана?

1алашо йовзийтар.
Муьлха произведени йоьшур йу вай тахана?
Х1ун болх бийр бу аша цу т1ехь?
Суна йевзар йу…
Суна 1емар ду…
Суна хуур ду…
Тахана вай д1айоьшур йу 1адиз Кусаевс йазйина
байт «Сан г1ала».

Кусаев 1адиз Джабраилович (1938)

Кусаев 1адиз Джабраилович (1938)

Кусаев 1адиз Джабраилович
(1938)

Керла коьчал йовзийтар. Кусаев 1адиз ца вевзаш стаг хир вац вайн махкахь

Керла коьчал йовзийтар. Кусаев 1адиз ца вевзаш стаг хир вац вайн махкахь

Керла коьчал йовзийтар.
Кусаев 1адиз ца вевзаш стаг хир вац вайн махкахь. Кхин х1умма а цо ца йазйича а, цуьнан «Сан г1ала» стихотворени тоьур йара Кусаев 1адизан ц1е нохчийн литературехь йиса. Шахбулатов Гаднана мукъам баьккхина и йиш тахана а хеза наггахь радио чохь локхуш. Амма 1970-чу шерашкахь Нохчийчоьнан гимн йу ала мегар дара цунах. Ку­саев 1адиз нохчийн литературехь, журналистикехь х1инца а кхиамца къахьоьгуш схьавог1у. Цо йазйина нохчийн, оьрсийн меттанашкахь ткъех сов поэзин, прозин, публицистикин, литературоведении книгаш. Газетийн, журналийн аг1онаш т1ехь, радиохь, телевиденехь арайийлина цуьнан масех б1е кегийчу жанрашкахь йолу произведенеш: очеркаш, эссеш, дийцарш, статьяш.
Кусаев 1адиз вина 1938-чу шарахь Шоьнахь. Хало 1аьвшина цо жима волуш. Махкахбаьхначу хенахь дан амал доцуш берийн ц1ийне д1авелла жима 1адиз. Киргизехь чекхъйаьккхина цо школа, Даймахка ц1авирзича Статистически техникум а. Эскарехь г1уллакх деш во­луш деша хьажийна Т1еман авиационно-технически училище. Амма жимчохь дуьйна йаздаран корматаллина т1ег1ерташ хилла 1адиз. Лаам кхочушбеш, 1963-чу шарахь чекхйаьккхина Ростовски университетан журналистикин отделени.

Керла коьчал хьехар. 1. Хьехархочо д1адоьшу байт «Сан г1ала»

Керла коьчал хьехар. 1. Хьехархочо д1адоьшу байт «Сан г1ала»

Керла коьчал хьехар.
1. Хьехархочо д1адоьшу байт «Сан г1ала».
2. Чулацамах къамел дар.
- Стенах лаьцна йу байт?
- Д1абеша байтан т1аьххьара барх1 мог1а.
Дийца, царах муха кхета хьо?
Кагделла дош нисде:
Йар, г1ишло, хо.



Сада1аран минот: 1ам чохь баьццара ши пхьид

Сада1аран минот: 1ам чохь баьццара ши пхьид



Сада1аран минот:
1ам чохь баьццара ши пхьид
Дукха каде хьийзаш йара:
Йуьхь – куьг цара дуьлура,
Дег1ах гата хьоькхура.
Когаш бетташ, т1араш детташ,
Аьрру, аьтту д1асасетташ.
Йуха хьала а нислуш,
Багахь «къакъи» дора.
Цундела йу уьш могуш
Шу а хила лууш.



Байт таллар. Хьехархочо д1агойту

Байт таллар. Хьехархочо д1агойту

Байт таллар.
Хьехархочо д1агойту Нохчийчохь йолчу хазачу г1ишлойн суьрташ.
Х1ара х1ун йу? (Маьждиг «Нохчийчоьнан дог»)
Х1ара х1ун г1ишло йу? (Г1алара лекхачарех цхьа г1ишло)
Муха хетта шуна и г1ишлош? (Хаза йу)
Шуна лаьий иштта г1ишлош Нохчийчохь дуккха хила?
Хазахетий шуна вайн г1ала?




Презентация

Презентация

Дозуш долу къамел кхиор.

Дозуш долу къамел кхиор.

Дозуш долу къамел кхиор. Кицанаш чекхдаха: Дика к1ант – лам, вон к1ант … Сихалло са даьккхина, собаро лам … Доттаг1 коьрте хьожу, мостаг1…

Нийса дуй талла.

Нийса дуй талла.

Нийса дуй талла. Кицанаш: Дика к1ант – лам, вон к1ант - г1ам. Сихалло са даьккхина, собаро лам баьккхина. Доттаг1 коьрте хьожу, мостаг1 когашка хьожу.

Керла тема кхин д1а а хьехар. Бераша меллаша цхьанаэшарехь массара д1айоьшу байт «Сан г1ала»

Керла тема кхин д1а а хьехар. Бераша меллаша цхьанаэшарехь массара д1айоьшу байт «Сан г1ала»

Керла тема кхин д1а а хьехар.
Бераша меллаша цхьанаэшарехь массара д1айоьшу байт
«Сан г1ала».
2. Сурт диллар.
- Нохчийчохь тойиначу, керлачу г1ишлойх цхьанна сурт дилла.
- Х1ун хаьа шуна шаьш йиллинчу г1ишлонах?

Жам1 дар. Синквейн.

Жам1 дар. Синквейн.

Жам1 дар. Синквейн. Синквейн. Къинхьегам. Г1ала. Хьанал, пайде. Хаза, йоккха. Хуьлу, бо, оьшу. Цецвоху, хазйо, кечйо. Къинхьегам - адаман шолг1а нана. Соьлжа – Г1ала - Нохчийчоьнан Могашалла. коьрта шахьар. Дозалла.

Урокан жам1 дар. 2. Рефлекси йар:

Урокан жам1 дар. 2. Рефлекси йар:

1. Урокан жам1 дар. 2. Рефлекси йар: Суна хии… Суна хазахийти… Со ца кхийти…

Ц1ахь бан болх: Турко Закаевн «Со а хир ву г1ишлойархо» дийцар деша

Ц1ахь бан болх: Турко Закаевн «Со а хир ву г1ишлойархо» дийцар деша

Ц1ахь бан болх:
Турко Закаевн «Со а хир ву г1ишлойархо» дийцар деша.

Баркалла хуьлда шуна, сан хьоме бераш!!!

Баркалла хуьлда шуна, сан хьоме бераш!!!

Баркалла хуьлда шуна,
сан хьоме бераш!!!

Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
07.12.2022