презентация

  • pptx
  • 07.12.2022
Публикация в СМИ для учителей

Публикация в СМИ для учителей

Бесплатное участие. Свидетельство СМИ сразу.
Мгновенные 10 документов в портфолио.

Иконка файла материала Пр. 2 кл. лит. Аьхке дагалацар.pptx

Хьехарсахьтан ц1е:
Дийцар «Аьхке дагалацар».

1алашонаш.
1аморан: дешархойн хаарш зер, 1амийнарг карладаккхар;
кхиоран: берашна керла учебник йовзийтар, чулацам бовзийтар; 2 - чу классехь 1амийнарг карладаккхар; кхетам, къамел, ойлайар кхиор;
кхетам - кхиоран: хьанал къинхьегаме болу безам к1аргбар.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна 1емар ду учебник лело, цу т1ехь оьшург каро, шера а, кхеташ а дийцаран тексташ йеша а.

Дешаре шовкъ йерзор.
Х1ун йалх х1ума?
Х1ун йалх х1ума, дийцал схьа,
Кху дуьненахь хуьлуш дац?
Стигла волуш ... бац!
Лаьтта и тухуш ... дац!
Х1орда т1ехула ... а дац!
Вертанан ши ... а дац!
Маьждиган ... а йац!
К1айчу басахь ... йац!
(Лами) (Дог1а) (1ай) (Пхьош) (Туьнталг) (Гомаш) - Стенах лаьцна йу байт? - Муха хиира хьуна нийса жоьпаш лаха?

1алашо йовзийтар.
- Д1айешал дийцаран ц1е?
- Х1ун дийр ду вай цунна? (Вайна девзар ду керла дийцар,
1емар ду дийцар деша)
- Х1ара х1ун йу? (Хаттарш)
- Х1ун дийр ду вай царна? (Хаттаршна жоьпаш дала
1емар ду).

- Х1оттайел план шайн белхан.
Суна девзар ду дийцар…
Суна 1емар ду дийцар шера деша…
Суна 1емар ду хаттаршна жоьпаш дала.

Керла учебник йовзийтар.
- Схьаэцал шайн стоьлаш т1ера книгаш. Х1ун йу цу книгин ц1е?
- Муьлха дакъош ду вайн книгин?
1. «Даймехкан 1алам».
2. Баккхийчара вайна хьоьху.
3. Берийн дахар.
4. Вайн доттаг1ий дийнаташ.
5. Болх - доккха хазахетар.
6. Вайн Даймохк.
7. Даймехкан йахьйолу к1ентий.
8. Дийци вай нанойх лаций.
9. Б1аьсте, б1аьсте йеъна кхечи.
10. Толаман де.
11. Нохчийн халкъан барта кхолларалла.
- Вайн леран книжкин 11 дакъа ду. Стенах лаьцна дуьйцур ду вай хьалхарчу
декъехь?

Керла дийцар довзийтар.
1) Хьехархочо д1адоьшу дийцар «Аьхке дагалацар».
2) Чулацамах къамел дар.
- Шеран муьлха зама йу дийцар т1ехь йуьйцург? (Аьхке)
- Денош муха хуьлу аьхка?
- Аренашкахь кхуьурш х1ун йу?
- Бераша х1ун леладо аьхка?
- Аша муха йаьккхира аьхка хан?

Сада1аран миноташ.
Физминот.
Бакъи озавели - цхьаъ,
Охьатаь1и - ду и шиъ,
Хьалатаь1и - ду и кхоъ,
Д1анисвели - ду и диъ.
Куьйгаш д1асадахийти - пхиъ,
Вовшахтуьйхи - йалх.
Буьхьигаш т1е и х1оьтти - ворх1,
Дег1 нисдеш д1ах1оьтти - барх1.

Дозуш долу къамел кхиор.
Кицанаш:
1. Хабар дукха дийцинчо болх к1езиг бина.
2. Къинхьегам адаман шолг1а нана йу.
3. Аьхка мало йиначо 1ай хало хьоьгу.

Дийцар т1ехь кхин д1а а болх бар.
1. Бераша д1адоьшу дийцар.
2. Къастош йешар.
- Муха дара аьхкенан денош? Карайе к1айдарг.
Д1айеша.
- Муха ловзу бераш аьхка? Карайе к1айдарг. Д1айеша.



Жам1 дар.
- Муьлха дийцар дийши аша?
- Стенах лаьцна дара иза?

Рефлекси.
- Х1ун дара аша планаца билгалдаьккхинарг?
Х1ун дан ницкъ кхечи шун? Х1ун дара ца далуш
дисинарг?

Ц1ахь бан болх:

Шера д1адеша дийцар
« Аьхке дагалецар». Аг1о 3.
 

Баркалла хуьлда шуна,
сан хьоме бераш!!!