НОХЧИЙН МЕТТАН 5-ЧУ КЛАССЕХЬ ЙИЛЛИНА УРОК
Урокийнц1е:Дешнийн маь1наш.
1алашо: Дош цхьа маь1на долуш а, масех маь1на долуш а хилар, дешнаш нийсачу маь1нехь а, тардинчу маь1нехь а лелар, уып вовшех къасто хаар. Хаа деза, и дешнаш дошамаш т1ехь каро. Тайп-тайпанчу дешнийн юкъара билгало каро хаар.
Урок д1аяхьар
I.Щахь бина болх таллар.
I. Уьн т1ехь болх бойту кхаа дешархочуьнга т1едилларан кехаташца:
I-ра кехат.
1. Х1ун
олу лексиках? Оцу дашах муха къастадо
вайлексиконбоху дош?
1. Т1адамийн метта дахка элпаш:
Орган... округан начальник... долахь эзар урд лат-та ду.
-Дуй кхузахь т1еэцна дешнаш.
-Ширделла дешнаш дуй, царех х1ун олу? Х1окху предложенехь уып делахь, церан лексически маь1на билгалдаккха.
-Долахьбохучу дашна бе фонетически къастам.
2-г1а кехат.
1. Муьлха дошамаш евза хьуна? Муха бо цаьрца болх? Учебникан дошам т1ера цхьана дашна дошаман статья х1оттае.
2. Оха хаържина куьйгалхо шен г1уллакх дика хууш вара.
· Юй кхузахь неологизм?
· Муха ду цуьнан маь1на?
· Х1ун олу неологизмах? Муха кхолладелла и дош?
· Пуллакх бохучу дашна бе фонетически къастам.
1. Дешархоша доьшу шаьш ц1ахь кхочушдина 181-г1а шардар. Дуьйцу, муха бина синтаксически къастам.
1. Ц1е тилла xlopa б1ог1амалгана, цунна чудог1у-чу дешнашка хьажжий:
Лексически маь1на |
цел |
х1утосург |
дош |
берданг |
ферма |
лексикон |
борг1ал |
космонавт |
т1еэцна дешнаш |
васхал |
ракета |
ширделла дешнаш |
вета |
компьютер |
неологизм |
гиба |
дискотека |
к1удал |
дискета |
|
урчакх |
Xlopa б1ог1амалгерчу цхьана дашна х1оттае дошаман статья.
IV. Керла коьчал йовзийтар.
I.Хьехархочун довзийтаран къамел: Xlopa дешан, вайна ма-хаъара, шен-шен маь1на ду. Йохур вай гонаха йолчу х1уманийн ц1ераш: парта, къолам, стол, ручка, тетрадь, сурт, г1ант, у, книга, кор, не1, лампа и. д1. кх..
· Дешархоша дуьйцу xlopa дешан маь1на, масала, дош у, цо гойту шена т1е йоза яздеш йолу х1ума.
Кхин маь1на хила тарлой цу дешан? Д1аяздо уьна а, тетрадаш т1е а масех маь1на:
1) У - шина aaгlopa шера а, ц1ена а йолуш, дукха стомма йоцуш, еха а йолуш, херх хьаькхна яьккхина дечиг ю. (Баганан уй).
1. Озачу стагах олу: «У санна оза ву».
2. У - шахматни а, шашкани а.
3. У - хаам т1ехь беш.
4. У - сийлаллин.
5. «И шиъ
цхьана уьн т1е xIottoмегар вац» -
цхьатера вац бохург ду иза.
-Маса маь1на хила тарло дешан? Даладе масалш.
· Массо а дешнийн хуьлий масех маь1на? Вай яз-динчаьрца дуй цхьа маь1на долу дешнаш (къолам, г1ант, тетрадь).
· Дешнаш нийсачу а, тардинчу а маь1нехь лела. У бохучу дешан муьлха ду нийсаниг а, тардинарг а?
· Дашокуьйгаш - дашосахьт бохучу дешнийн цхьаьнакхетарехь муьлхачу дашо гойту нийса маь1на? Дисина дош дуй тардинчу маь1нехь?
·
· Х1иттае лакхахь язйинчу дешнийн цхьаьнакхе-тарш юкъахь долуш предложенеш (дашокуьйгаш -дашо сахьт).
V.1амийнарг т1еч1аг1дар.
1.Кхочушдо 184-г1а шардар.
2.Шина
б1ог1амалге декъа xlapa дешнаш: цхьана
мшЛнехь лелаш дерш а, масех маь1нехь дерш а:
Латта, берд, лом, стигал, зезаг, куз, бел, беш, хи, хье-къал, ворда, пондар, бер, ваша, ч1ара, х1орд, хьоза, куьг, мара, класс.
VI.Дозуш долу къамел кхиор.
1.182-г1а шардар кхочуш до цхьана кехат т1ехь.
2.Шаьш
яздечу ж;имачу дийцарна юкъа даладо
керла а, т1еэцна а, масех маь1на долу дешнаш.
VII.Ц1ахьбанболх.
1.1амае 38-г1а §.
2.Классехь
яздан долийна жима дийцар тетра-
даш т1е д1аязде.
4
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.