Нохчийн мотт
Тема: «Предложени а ,дош а»
1алашо: берашна 1-чу классехь 1амийнарг карладаккхар, предложенех, дешах нийса кхетам балар. Къамелехь предложени схьакъасто хаар, йозанехь предложени билгалъяккха 1амор.Предложени доккхачу элпаца яздар д1акхачор.Ойлане, тидаме хила 1амор
Билгалбаьхна кхиамаш: берашна хаьар ду предложени и кхочушхилла яьлла ойла гойту дешнаш дуй, берашна хуур ду суьртийн г1оьнца, шайна гинчух пайда а оьцуш предложениш х1итто; берашна 1емар ду предложени дешнашка екъа.Берашна хуур ду предложени доккхачу ялпаца йоло езар. Берашна хуур ду шайн белхан план х1отто, цу планан рог1аллица болх бан.Берашна евзар ю гур ю нохчийн меттан хазалла..
Урок д1аяхьар.
1.Ц1ера болх таллар.
Шардар №4, аг1о 4.
-Д1аеша хьалхара предложени? (Т1екхечи дашо гуьйре)
Стенах лаьцна дуьйцу предложенахь?(Гуьйренах)
-Х1ун гойту предложенино? (Кхочушхилла яьлла ойла)
-Маса дашах лаьтта и предложени? (Кхаа)
-Муьлханиг ду хьалхара дош?Шолг1а?Кхоалг1а?
-Х1ун гойту т1екхечи дашо? (Дар билгалйо )
--Х1ун гойту дашо дашо? (билгало билгалйо)
-Х1ун гойту гуьйре дашо? (х1ума билгалйо)
2.1алашо йовзийтар.
Уьн т1е д1аяздо.
Ко…аста, са…ра, …хк, май…да, ма…х, мал…, …1аьла, л…рг, …алха, …ту.
-Д1адеша дешнаш.Муьлха элпаш ца яздина дешнашкахь? (п,р,е,д,л,о,ж,е,н,и)
-Муьлха дош ду иза?(Предложени)
-Х1ун 1амор ду вай тахана урокехь? (Предложени)
3.Ц1ена язъяр.
Д1аеша байт.
Абат йовза хьайна лаахь,
Айхьа де:ва 1амалахь:
Азман урчакх хьи.йзош ю,
Ама тайниг ловзош ю.
Ага техкош Абу цу.
Ала л, хьалха х!ун аз ду!
-Муьлха аз ду сих-сиха хезаш? (а)
-Муьлха элп яздийр ду вай ?(а)
Аа Аа Аа Аа Аа Аа Аа Аа Аа Аа Аа Аа Аа Аа Аа
4.Керла тема хьехар.
а)Шардар №5, аг1о4.
-Д1аеша шардаран бакъо.Муха кхочушян еза вай иза?
-Д1аеша хьалхара предложени.Мичах чакхйолу кхочуш хилла яьлла ойла?Вай машарах х1ун до?
-Вайна машар беза.
Х1ун юьллу предложенин чаккхенга? (т1адам)
-Муьлхачу элпаца йоло мегар ду предложени? (Доккхача)
-Д1адоьша хьалхара ши дош.Царех хир юй предложени? (ЯЦ)
-Х1унда? (цара кхочушхилла яьлла ойла ца гойту)
-Д1аеша шолг1а предложени.Мичахь чакхдолу предложенин маь1на?(Вайна т1ом ца беза)
--Муьлхачу элпаца йоло мегар ду предложени? (Доккхача)
Х1ун юьллу предложенин чаккхенга? (т1адам)
-Цхьа дош 1аддитий д1аеша предложени.Цунах предложенихуьлий? (ца хуьлу)
-Х1унда?(маь1на дуьззина ца хуьлу)
-Д1аязде шардар.
аь)Т1еч1аг1дар.
-Д1аеша 4-чу аг1онна т1ера бакъо.
-Муьлхачу элпаца йолайо предложени?
-Муьлха хьаьркаш дохку чаккхенга?
5.Сада1аран миноташ.
Маьлхан серло яржале
Цхьаъ шиъ кхоъ
Г1енаш лахка , човхаде
Цхьаъ шиъ, кхоъ
Йиша , ваша г1аттаде,
Цхьаъ шиъ, кхоъ
Физзарядка йолае
Цхьаъ, шиъ, кхоъ.
6.Берашка шаьш болх байтар.
а)Шардар №7, аг1о 5.
аь)Таллам бар.
-Д1аеша хьалхара предложени?(Де хаза дара)
-Шолг1а? (Супьян ч1ерий леца вахара)
7.Рефлекси.
-Х1ун ю предложени?
-Стенах лаьтта предложени?
-Муьлхачу элпаца йолайо предложени?Чаккхенгахь?
8.Жам1 дар.
-Х1ун керланиг хиира шуна урокехь?
9.Ц1ахь бан болх балар.
Шардар №6, аг1о 5, бакъо аг1о 5
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.