30-г1а урок
Урокн ц1е: «Мукъаза къора аз (С) , элп Сс»
1алашо: мукъаза къора аз (С) довзийтар , мукъаза элп Сс довзийтар. Элп С юкъадог1у дешдакъош, дешнаш деша 1амор.
Кхочушдан лерина жам1аш:
1.Предметни: берашна девзар ду мукъаза къора аз (С) , элп Сс. 1емар ду нийса а , шера а элп Сс юкъадог1у дешдакъош , дешнаш деша.
2.Метапредметни:
· Регулятивни: берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто. Хуур ду хьалххе дуьйна шайн белхан кхиамашка кхача, уьш ган. Берашна 1емар ду шаьш х1оттийна планан рог1алла а ларъеш дешарехь кхиамаш баха.
· Познавательни: берашна 1емар ду мукъазачу аьзнийн башхаллаш йовза, уьш схеманаш т1ехь ган , билгалдаха.Берашна 1емар ду т1айп- тайпанчу дешнашкахь элп Сс каро (Юьххьехь, юккъехь, чаккхенгахь).Берашна хуур ду мукъаза элпаш шина тайпанара хилар (зевне, къора). Берийн алсамбер бу тидаме хилар , ойлаяр. Берашна хуур ду адамийн ц1ераш даккхийчу элпашца яздар. Берашна девзар ду масех маь1на долу дешнаш.
· Коммуникативни: берашна хуур ду хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала, 1емар ду вовшашца къамеле довла. Берашна 1емар ду тобанашкахь болх бан. Шайн накъосташка ладог1а, шайна хетарг ала.
3.Личностни: берашна евзар ю керла говзалла -монтер. Берашна хуур ду ток мел оьшуш ю , иза кхоош яго езаш хилар.
Урок д1аяхьар.
1.Маршалла хаттар.
-Де дика хуьлда шун бераш!
-Диканца дукха ехийла!
2.Дешаре шовкъ кхоллар.
· Ловзар «Дог1у дош ала!»
Эрна 1амийнарг ца дов:
Доккхуш ву со хьекъал сов
Доьшуш ву со ца луш к1ад,
Берийн журнал ....(«Стела1ад»)
Даьхни 1алашдеш ю Пет1а:
Цунна царах къа ма хета...
Божал чуьра доккхуш ара,
Хьайбанна цо беттац... .(Сара)
Геннахь лепаш хиларх иза,
Лаац цунах ваьлла виса.
Суна даим хьоме хета,
Стиглахь лепа жима...(Седа)
(Хьехархочо берашна г1о до йуьйцуш ерг х1ун ю хаа)
-Муьлха дешнаш карий шуна? (Стела1ад, сара , седа)
-ССТЕЛА1АД дашехь муьлха аз хеза дешан юххьехь? (Аз (С) хеза)
-ССАРА дашехь муьлха аз хеза дешан юххьехь? (Аз (С) хеза)
-ССЕДА дашехь муьлха аз хеза дешан юххьехь? (Аз (С) хеза)
-Х1ун ду цу дешнашкахь цхьатера? (Аз (С) ду массо а дешан юьххьехь)
-Х1ун 1амор ду вай тахана? (Берийн жоьпаш)
-Вайна девзар ду мукъаза къора аз (С) , элп Сс.
3. 1алашо йовзийтар.
-Д1аелла учебникан 41-г1а аг1о.
-Х1ун ю х1ара? (Керла элп)
-Х1ун дийр ду вай цунна? (Вайна девзар ду керла элп)
-Х1ара х1ун ю? (Дешдакъош)
-Х1ун дийр ду вай царна? (Вай 1амор ду дешдакъош деша)
-Х1ара х1ун ю? (Сурт ду)
-Х1ун дийр ду вай цунна? (Вай дийцар х1оттор ду)
-Х1орш х1ун ю? (Дешнаш ду).
-Х1ун дийр ду вай царна? (Вай 1амор ду дешнаш деша)
-Х1отта е х1ораммо шена план.Х1ун кхиамаш баха дагахь ду шу?
· Суна девзар ду…
· Суна 1емар ду…
· Аса х1оттор ду…
-Вайна тахана девзар ду мукъаза къора аз (С) , элп Сс. Вайна 1емар ду дешдакъош деша. Дешнаш еша а 1емар ду вайна. Вай дийцар а х1оттор ду. Вайна девзар ду масех маь1на долу дешнаш
4. Мукъаза къора аз (С) довзийтар . Элп Сс довзийтар.
-Х1ун 1амор ду вай хьалхара? (Вайна девзар ду керла элп)
· Суьрташца болх бар. Дешан юьххьехь, чаккхенгахь, юккъехь аз а , элп а Сс довза 1амор.
-Х1ара х1ун ю? (Сай бу)
-САЙ дешан масса дакъа ду? (Цхьаъ)
-Алал массара ССАЙ . Муьлха аз хеза САЙ дешан юьххьехь? ( Аз (С) хеза)
-Алал ССС . Аз (С) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза ду)
-Х1унда ? (Иза лакха ца ло)
-Лог т1е дилла куьг. Ала ССС . Аз (С) зевне ду я къора ду? (Къора )
-Х1унда? (С олуш логан пхенаш ца тохало, и кийрах ца кхоллало ду. Цундаела къора ду)
-Тидам бе схемин. Маса мукъа аз ду САЙ дашехь? (Цхьаъ)
-Мукъаза ? (Шиъ)
-Мича меттехь ду аз (С) ? (Схемин юьххьехь)
-Х1ара х1ун ю? (Тарсал)
-Маса дешдакъа ду ТАРСАЛ дашехь? (Шиъ)
-Муьлханиг ду хьалхара? (Тар-)
-Шолг1а? (-сал)
-ТАРСАЛ дашехь мича меттехь ду аз (С)? (Дешан юккъехь)
-Тидам бе ТАРСАЛ дешан схемин. Маса мукъа аз ду цу дашехь? (Шиъ)
-Мукъаза? (Диъ)
-Х1ара х1ун ю? (Тас ду)
-Маса дешдакъа ду ТАС дашехь? (Цхьаъ)
-Мича меттехь хеза ТАСС дашехь аз (С ) ? (Чаккхенгахь)
· Элп Сс довзийтар.
Х1ара зорбанан доккха элп С ду. Х1ара зорбанан жима элп с ду. Стенах тера ду элп С ?
-И ши элп цхьатера ду я тайп- тайпана ду?
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
· Суна девзи керла элп а, аз а С .
· Суна хии аз (С) мукъаза къора аз хилар.
· С элпах лаьцна байт 1амор.
Сахьто, декаш, мохь бетта:
— Селам, хьалаг1атта!
Сахилла, малх схьакхетта,
Сиха зарядке х1отта!
(Хьехархочун г1оьнца 1амайо байт)
5. Дешдакъош х1иттор , уьш дешар.
· С элпаца дешдакъош кхоллар.
-Х1ун 1амор ду вай х1инца? (Вай 1амор ду дешдакъош деша)
-Бераш , вай х1инца 1амор ду дешдакъош деша. Аса хьала ойбу элп С , аша аз а ца хадош д1адеша иза. (Хьехархочо д1агойту элп , бераша д1адоьшу.
-СССС.
-Аса цунна улло дуьллу кхин цхьа элп А. (С) олуш долуш долу аз а ца хадош д1адеша дешдакъа. (Бераша д1адоьшу)
-ССССААА.
-Д1адеша аса гойтуш долу элп юха.
-СССС.
-Аса дуьллу цунна улло кхин элп О. (С) олуш долуш долу аз а ца хадош ший цхьана д1адеша.
-ССССОООО.
-Юха аса дуьллу элп У. Аз ца ходуьйтуш д1адеша.
-ССССУУУУУ,
-Юха аса дуьллу элп И. Д1адеша аз а ца ходуьйтуш.
-ССССИИИ.
· С элп юкъадог1у дешдакъош дешар.
(Хьехархочо уьн т1е д1ах1иттадо дешдакъош ,бераша д1адоьшу)
ССАА ССУУ
ССОО ССИИ
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
· Суна 1еми дешдакъош деша.
6. Сада1аран миноташ.
Саца, машен!
Х1окху ловзаро ритм ларъян 1амадо бераш.
Массара а цхьаьний:
Саца, машен, саца, машен,
Саца, машен, саца!
Саца, машен, саца, машен,
Саца, машен, саца!
Х1ораммо а ритмехь, цхьана эшшарехь кераюккъе байн буй бетта, багахь и байташ а йоьшуш. Юха массара а шайн-шайн дагахь йоьшу уьш. Оьшшучу хенахь, массара а цхьаьний «Саца» ала деза.
7.Дешнаш дешар.
-Х1ун 1амор ду вай х1инца? (Дешнаш деша)
(Хьехархочо цкъа уьн т1ехь доьшуьйту)
- Аса уьн т1ехь д1агойтур ду дешнаш , динна а ца гойтуш . дешдакъошца. Аша аз ца хадош цхьана д1адеша.
-Х1оттадо дешдакъа А .
-Д1адоьшу ААА .
-Х1оттадо дешдакъа СА. Аз ца лахдеш д1адеша.
-Д1адоьшу А-ССАА
-Муьлха дош хили? (АСА)
-Х1оттадо МА.
-Д1адоьшу ММАА.
-Т1етуху дешдакъа СА.
-Д1адоьшу МА-СА
-Муьлха дош хили? (МАСА)
-Х1оттадо дешдакъа ЛА.
-Д1адоьшуЛЛАА.
-Т1етуху Элп М,
-Д1адоьшуЛЛААММ.
-Муьлха дош хили? (ЛАМ)
-Х1оттадо дешдакъа ЛО.
-Т1етуху элп М.
-Д1адоьшу ЛЛООММ.
-Х1оттадо дешдакъа СО.
-Т1етуху элп М.
-Д1адоьшу ССООММ.
-Муьлха дош хили? (СОМ)
- Х1оттадо дешдакъа СА. Т1етуху дешдакъа ЛА, МУ
-Д1адоьшу СА-ЛА-МУ.
-Х1оттадо дешдакъа МУ , т1етуху дешдакъа СА. Д1адоьшу МУ-СА.
- Х1оттадо дешдакъа СУ. Т1етуху дешдакъа ЛИ, МА
-Д1адоьш СУ-ЛИ-МА.
-Юха а д1адеша дешнаш.
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
· Суна 1еми дешнаш деша.
· Т1еч1аг1дар. Учебникан 41-г1а аг1он т1ера д1адоьшу дешнаш.
-Массара цхьана д1адоьшур ду вай дешнаш.
-Маса дешдакъа ду АС дашехь? (Цхьаъ)
-Маса дешдакъа ду МАСА дашехь? (Шиъ)
-Муьлханиг ду хьалхара? (МА)
-Шолг1а ? (СА)
-Муьлха дешнаш яздина даккхийчу элпашца? (Саламу, Ислам , Муса, Сулима)
-Х1унда яздина и дешнаш даккхийчу элпашца? (Берийн жоьпаш)
-Адамийн ц1ераш даккхийчу элпашца язйо.
-Х1ун керланиг хии шуна?
· Суна хии адамийн ц1ераш дакхийчу элпашца яздар.
· Тайп-тайпана маь1наш долу дешнаш таллар.
-Д1адеша дешнаш : СА, СА, СА,
-Оцу дешнийн юкъара х1ун ду? (Яздар цхьатера ду)
-Маь1наш толлур ду вай церан. К1адвелча х1ун до? (Са до1у)
-Муьлха СА ду дуьйцург? (До1уш долу Са)
-Адам дийна долу чохь ерг х1ун ю? (СА ду)
-Муьлха СА ду дуьйцург? ( Адаман СА ду)
-Х1уманаш йоьхкич х1ун йолу? (СА йолу)
-Х1ун ю СА? (Ахча ду)
-Х1ун керланиг хии шуна?
· Суна хии дешнийн тайп-тайпана маь1наш хилар.
8. Дийцар х1оттор.
-Х1ун дийр ду вай х1инца? (Вай дийцар х1оттор ду)
-Мила ву суьрта т1ехь? (Муса, Сулима)
-Мила ву Муса, Сулима ? (Берийн жоьпаш)
-Муса , Сулима монтер ву.
-Х1ун ю цаьргахь? (Цаьргахь сара бу)
-Х1ун до монтераша? (Монтераша ток тосу)
-Стенна оьшу ток? (Ток оьшу телевизоре хьажа, чохь сирла хилийта)
-Оьшуш юй гоазалла монтер? (Ю)
-Хьанна лаьа монтер хила?
-Х1ун кхиамаш бехи аша ?
· Аса дийцар х1оттина.
6. Жам1 дар.
-Муьлха аз девзира шуна? (С)
-Аз (С) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза ду)
-Х1унда ? (Иза ца лакхало)
-Аз (С) зевне ду я къора ду? (Къора)
-Аз (С) муьлхачу элпаца билгалдо ? ( Элп С)
7. Рефлекси.
-Х1ун кхиамаш бехи аш?
-Угарре дика шуна х1ун дан делина?
31-г1а урок
Урокн ц1е: «Мукъаза къора аз (С) , элп Сс»
1алашо: мукъаза къора аз (С) довзийтар , мукъаза элп Сс довзийтар. Элп С юкъадог1у дешдакъош, дешнаш деша . предложенеш еша 1амор.
Кхочушдан лерина жам1аш:
1.Предметни: берашна девзар ду мукъаза къора аз (С) , элп Сс. 1емар ду нийса а , шера а элп Сс юкъадог1у дешдакъош , дешнаш деша. Берашна 1емар ду предложенаш еша.
2.Метапредметни:
· Регулятивни: берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто. Хуур ду хьалххе дуьйна шайн белхан кхиамашка кхача, уьш ган. Берашна 1емар ду шаьш х1оттийна планан рог1алла а ларъеш дешарехь кхиамаш баха.
· Познавательни: Берийн алсамбер бу тидаме хилар , ойлаяр. Берашна хуур ду адамийн ц1ераш даккхийчу элпашца яздар. Берашна девзар ду масех маь1на долу дешнаш. Берашна 1емар ду ловзаран кепехь предложенеш х1итто.
· Коммуникативни: берашна хуур ду хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала, 1емар ду вовшашца къамеле довла. Берашна 1емар ду тобанашкахь болх бан. Шайн накъосташка ладог1а, шайна хетарг ала.
3.Личностни: берийн алсам бер бу нохчийн мотт бовза 1амо лаам. Дозалла а хир ду шеен ненан маттах.
Урок д1аяхьар.
1.Маршалла хаттар.
-Де дика хуьлда шун бераш!
-Диканца дукха ехийла!
2.Дешаре шовкъ кхоллар.
· Ловзар : «Х1етал-металш»
Х1етал-метал хаийла хьуна:
Буька е чуьра кегий жаг1а?
Вайн беданара цаца буьззина г1улгаш?
Лахьо а цатерг, ласто а цатерг?
Б1ог1ам а ца х1оттош дина paгly?( Стигал)
Т1ехь - ц1е, к1ел - хи? (Стогар)
Сайна лиъча - кхосса а ло,
Сайна лиъча -къовза а во?(Сагал)
Ехачу аьхка лаьттира, 1а т1едаре хьийжира.
Хан шен схьа ма-кхеччи,
Гу т1ера чухийци? (Салаз)
Шиъ лаьтта, шиъ лела,
Шиъ царна юкъахь хан ларъеш ву?
Тата а ца деш, гlapa а ца еш корах чуйоггург? (Серло)
Детица кхелина сийна аре? (Стигал , седарчий)
Когаш бац - лела, бага яц, амма
маца д1авижа а, хьалаг1атта а веза дуьйцу? (Сахьт)
(Хьехархочо берашна г1о до йуьйцуш ерг х1ун ю хаа)
-Муьлха дешнаш карий шуна? (Стигал, сахьт, седарчий)
-Х1ун ду церан цхьатера? ( Массо а оцу дешнашна хьалхахь хеза аз (С))
-Х1ун 1амор ду вай тахана?(Берийн жоьпаш)
-Вай 1амор ду элп С юкъадог1у дешнаш . предложенеш еша.
· Дошам.
Стогар- маьхкдаьтта дуттуш баго чиркх.
Сагал-сагалматан тайпа.
3. 1алашо йовзийтар.
-Д1аелла учебникан 42-г1а аг1о.
-Х1ара х1ун ю? (Сурт ду)
-Х1ун дийр ду вай цунна? (Берийн жоьпаш)
-Вай 1амор ду суьрта т1ера еък1овш чуьра дешдакъойх цкъа дешнаш х1итто , дешнех предложенеш х1итто.
-Х1орш х1ун ю? (Дешнаш ду).
-Х1ун дийр ду вай царна? (Вай 1амор ду дешнаш деша)
-Х1отта е х1ораммо шена план.Х1ун кхиамаш баха дагахь ду шу?
· Суна девзар ду…
· Суна 1емар ду…
· Аса х1оттор ду…
-Вайна тахана дешнаш деша а 1емар ду. Вай предложенеш а х1оттор ду. Вайна девзар ду масех маь1на долу дешнаш
4. Дешнаш дешар.
-Х1ун дийр ду вай хьалхара? (Вай дешнаш доьшур ду)
(Цкъа хьалха уьн т1ехь гойтуш доьшу дешнаш , юха учебникан аг1онаш т1ера доьшу)
-Д1адеша хьалхарчу б1ог1амалгера дешнаш.
-Маса дешдекъахь лаьтта МИ-ЛА дош? (МИ-ЛА шина дешдекъах лаьтта)
-Муьлханиг ду хьалхара? (МИ)
-Шолг1аниг? (ЛА)
-Маса дешдакъа ду ЛИ-ЛА дешан? (Шиъ)
-Х1ун ю ЛИЛА? (К1айчу х1уманашна тухуш долу стигал басахь басар ду)
-Маса дешдакъа ду ЛАМ дашехь? (Цхьаъ)
-Д1адеша шолг1ачу б1ог1амалгера дешнаш.
-Д1адеша кхоалг1ачу б1ог1амалгера дешнаш. Маса дешдекъах лаьтта СА-ЛА-МУ дош? (Кхаа дешдекъах лаьтта)
-Муьлханиг ду хьалхара дешдакъа? (СА)
-Шолг1аниг? (ЛА)
-Кхоалг1аниг? (МУ)
(Иштта толу важа дешнаш)
· Массара цхьана ешар учебникан аг1он т1ера.
-Массара цхьана д1адоьшур вай б1ог1амалгашкара дешнаш.
-Х1ун кхиамаш бехира аша?
· Суна 1емира дешнаш деша.
· Тайп-тайпана маь1наш долу дешнаш довзийтар. Таллам бар.
-Мила ву суьрта т1ехь? (К1ант)
-Муха воду к1ант? (К1ант маса воду).
-Х1ара х1ун ю? (Хаттаран хьаьрк ю)
-Хаттаран хьарк лелайо х1ума масса ю хьожуш. Маса дешархо ву вайн классехь? Маса йо1 ю?
-Муьлхачу дешан г1оьнца дира аса хаттар? (Маса)
-Х1ун билгалдо МАСА дашо? (Хаттар ду иза)
-Д1адеша и дешнаш.
МАСА МАСА
-Х1ун ду цхьатера? (Яздар цхьатера ду цу дешнийн)
-Х1ун ду тайп- тайпана? (Маь1наш ду тайп-тайпана)
-Муьлхачу дашехь ду деха мукъ а аз МАСА ( чехка) я МАСА (хаттар)?
-МАСА (чехка) дашехь ду деха мукъа аз (А))
-Ткъа доцаниг? (МАСА (хаттар) дашехь ду доца мукъа аз)
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
· Суна хии МАСА дешан шиъ маь1на хилар .
5. Сада1аран миноташ.
Саца, машен!
Х1окху ловзаро ритм ларъян 1амадо бераш.
Массара а цхьаьний:
Саца, машен, саца, машен,
Саца, машен, саца!
Саца, машен, саца, машен,
Саца, машен, саца!
Х1ораммо а ритмехь, цхьана эшшарехь кераюккъе байн буй бетта, багахь и байташ а йоьшуш. Юха массара а шайн-шайн дагахь йоьшу уьш. Оьшшучу хенахь, массара а цхьаьний «Саца» ала деза.
6. Ловзар: « Цициг , дахка»
-Х1ун ю х1ара? (Дахка бу)
-Х1ара х1ун ю ? (Цициг ду)
-Х1ун деш бу дахка? (Хоьттуш)
-Цициг х1ун деш ду? (Ойла еш)
-Хьан дийр дара цицигана г1о?
-Вай еък1овш чохь долчу дешдакъойх дешнаш х1иттош , цаьрца предлженеш нисъян еза.
-Д1адеша дехко гойтуш йолчу еък1ов ч1уьра дешдакъа? (ИС)
-Муьлха дешдакъа тухур дара цунна т1е дош хилийта? ИС- дешдекъана т1е ЛИ тохадеза я ЛА тоха деза? (ЛЛА тоха деза)
-Д1адеша. (ИСЛА)
-Кхин муьлха дешдакъа тоха деза цунна т1е? (МА)
-Муьлха дош хили? (Ислама)
-Хьанна карор дара шолг1а дош? (Илли)
-Кхоалг1аниг? (Олу)
-Д1адеша вайн дешнаш. (Ислама илли олу)
-И х1ун ю ? (Предложени)
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
· Аса предложени х1отти.
7. Предложенеш еше 1амор.
(Хьехархочо цкъа хьалха уьн т1ехь йоьшуьйту предложенеш, т1аккха массара цхьана учебника т1ера йоьшу)
-Маса дашах лаьтта хьалхара предложени? (Кхаа дашах лаьтта)
-Муьлханиг ду хьалхара дош? (Ислам ду)
-Шолг1аниг? (Илли ду)
-Кхоалг1аниг? (Олу)
-Стенах лаьтта предложении? (Предложени дешнех лаьтта)
-Муьлхачу элпаца йолайо х1ора предложени? (Доккхачу)
-Х1ун юьллу чаккхенга? (Т1адам буьллу)
6. Жам1 дар.
-Муьлха аз девзира шуна? (С)
-Аз (С) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза ду)
-Х1унда ? (Иза ца лакхало)
-Аз (С) зевне ду я къора ду? (Къора)
-Аз (С) муьлхачу элпаца билгалдо ? ( Элп С)
7. Рефлекси.
-Х1ун кхиамаш бехи аш?
-Угарре дика шуна х1ун дан дели?
Материалы на данной страницы взяты из открытых источников либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.