Сценарий Новый Год на чеченском языке 2020 год
Оценка 4.7

Сценарий Новый Год на чеченском языке 2020 год

Оценка 4.7
docx
03.02.2020
Сценарий Новый Год на чеченском языке 2020 год
Сценарий Новый Год на чеченском.docx

Ведущая. Бераш! Дала декъалдойла шу керлачу шарца! Оха тахана шуна кечдина Керла шо даздаран ловзар! Хелхаршца! Эшаршца! Байташца! Т1еоьцура ду вай Керла шо! Керла 2020 шо! Ирсе хуьлда шун массера а и Керла шо! Да-нана шух даккхий деш Ткъа х1инца туьйра! (базалгана т1ехьа хьулло)
 (Сцени т1ехь гучуйолу Ешап( Борз,  Цхьогал)
Ешап. (Накъосташка) Хьовсал  соьга, сан тешаме доттаг1ий! Х1окху ловзарга ван новкъаваьлла ву Г1ур-Дада. Геннарчу шийлачу махкара схьавог1уш ву и, кестта вайн хьуьнха кхочур волуш ву. И доккха муьша гали «т1анк!» аьлла дуьзина берашна совг1аташ а ду цо дохьуш.
Цхьогал. (доккха садоккхуш) Эх1! Кхаьрзина котам! Ма, мерза хир яр-кх и! Йиша, ва, йиша, Г1ур-Дадин оцу «т1анк!» аьллачу гали чохь кхаьрзина котам хуьлий хаьий хьуна?
Ешап. (Цхьогал човхош) Д1адала, ж1аьлийн к1еза, когаш бухара! 
Цхьогал. (кхералуш) Ж1аьлин к1еза-а-а! Мичхьа ду ж1аьлин к1еза?
Ешап. (муьшка еш) Тьфу! Дела наь1алт оцу хьан муц1арна! Д1адала ца боху ас хьога!
Цхьогал. (йистаха эккхаш) Оцу хьан хазчу муц1арца хийца сан муц1ар, хьо реза яцахь.
 Ешап . (Ешапна улло таь1аш) И совг1атех дуьзина муьша гали мичхьа ду бохура ахьа? Ша и (цхьогална т1е п1елг хьажош) «ц1енаг» д1акхаллал мац ма елла со-м!
Цхьогал. (кхин а гена долуш) Баба-а! Ва, баба! Со озала дала доллуш ма ду! Со мел мерза дац хаьий хьуна? Ахьа со д1акхаллахь, сан даь1ахкаш легашка а х1оьттина, хьо яларна кхерам ма бу. Къа ма ду хьан, иштта д1акъажа!

Ешап. (когаш тухуш, т1аьхьа йоду кеп йо цхьогална) У-у-у! Гаур я1! Ас бийра бу хьан болх, вашшин вир!
Цхьогал. (додий къевла а долий, Борз юхайоьрзушшехь, корта гучу а боккхуш) Х1ей! Сох цхьаъ къастадайша: со ж1аьлин к1еза ю, я вир ду!
Ешап. Ой, ший а ду-кх! 1уьйрана ж1аьла ду, делкъал т1аьхьа вир ду!
Цхьогал. (делха х1утту) Ж1аьла а со ду, вир а со ду, цхьогал а со ду, амма сунна кхаьрзина котам луш стагга а ма вац!. (куьйг ластош цхьогал долчу аг1ора)

Ешап Т1аккха, Ой, хьуна ца хаьа, Г1ур-Дадас совг1атех дуззий гали дохьийла берашна Керла шо даздаран ловзарга?
Борз. (юккъе г1уртуш) Зударий, и х1ун гали ду аша дуьйцург?
Ешап. Дера ду, мерза мел ериг чохь йолуш гали!
Борз. (гайна т1е куьйг хьокхуш) Со-м, ц1аьххьана мац ма ела!
Ешап. Сан хьекъален коьрта цхьа хьекъален ойла кхоллаели!. Х1ун ойла?. Вайн хьунхахь к1ело ян бухаховша деза вай оцу къеначу Г1ур-Дадина.
Борз. Ой, цуьна-м и нана йоккха 1аса ма ю! Стохка цо и 1аса букъан бохала тоьхна х1инца а к1амлуш ма ю сан и меттиг.
Ешап. Цуьна 1аса-м буьрса герз ма ду.
Цхьогал. (геннара классехь санна куьйг ойбуш) Аса ала мегар дарий цхьа ши дош, шуьнарг санена хьекъален дацахь а?
Борз. (чу г1урту))
Ешап. Т1аккха, алал. Оцу хьан г1езан коьрта а ма йог1ий цхьацца йилбазан ойла!
Цхьогал. (ойлане долу) Г1аз! Г1аз! Кхаьрзина г1аз!
Борз. (Цхьогална коьртах х1ума а тухий метта даладо) Хьо цхьаъ ала г1ерташ дар-кх, схьахетарехь!
Цхьогал. Ай! Цо х1ун до, х1ара сан корта неха болуш санна коьртах х1ума ма е Ешап : тта ахьа!. Дала дийций, х1ун х1илла дара хьуна дагадеънарг?
Цхьогал. Вай Г1ур-Дадина дуьхьал даха деза. Аса цуьнан салазна хьалха охьа а дижина, со лозийна кеп х1оттор ю, ткъа аша цуьнан чохь совг1аташ долу гали лачкъор ду! Все!
Ешап. Дика ду! Ч1ог1а дика хир ду! Дуьло, т1аьхьа х1итта суна! Вайга хьоьжуш ду совг1аташ чохь долу Г1ур-Дадин гали!
Ведущая. Бераш, шун самукъадолий вайн ловзаргах? Ткъа х1инца вайн ловзар кхин самукъане хир долуш вай схьакхайкхий Г1ура-Дадигий, Лайн-Аьзгиний?
(Гучудолу Ешап, цунна гуобина цуьнан накъостий  Борз, т1е шаршу а кхоьллина цхьа адам а ду цаьрца т1ийригца дихкина. Т1ийриган цхьа юьхьиг Ешапан карахь ю, цо шена т1аьхьа ийзадо шаршоно къевладаьккхина адам)
Ешап. Ца оьшу тхоьга кхайкха! Тхо тхаьш а дахкалур ду схьа! (гуотосуш) Хьовсал бераш! Со Лайн-Аьзни ю! Мел хаза ю со! Гой шуна! Ткъа х1орш сан накъостий бу! Х1ара Жер-баба…аьлча а Деши-бика ю, эцца хьуьнхахь хьонка боккхуш йоллучура схьаеъна х1ара а вайн ловзарга! (барзана т1е куьйг хьажош) Ткъа х1ара…
(Дедда дог1уш гучудолу цхьогал)
Ешап. (цхьогална лерга т1е олу кеп х1оттош) Т1аккха тилвина д1авахийтарий ахьа и Г1ура-Дада?
Цхьогал. Дера вахийтира геннарчу хьуьнха-м аса и тила а вина. Ткъа со цунах лечкъина дедда, дедда схьадеара… аша шадолу совг1аташ д1акхаллале…
Ешап. (реза доцуш) Ткъа х1ара… 
Цхьогал (хьалха эккха) Со Деши-бикин йо1 ду… аьлча а ю! Суна яа х1умма а кечъйиний аша? Ма меца ду со, ю со! Х1инца аша кхаьрзина котам сунна елча, и цхьа даь1ахк а ца юьтуш д1акхоллур яр-кх аса и!
Ешап. (цхьогал човхадеш) Бехк ма биллалаш, х1ара х1ун экха ду ца хаьа сунна, тхуна эцца новкъахь т1аьхьатасаделла х1ара. Бераш шуна а хаьий техьа х1ара х1ун экха ду?
Цхьогал. Дац дера со-м экха! Хазал яла йоллуш йо1 ю со-м!
Ешап. (цхьоагал кхин цкъа а човхадеш, муьшка еш) Д1адала, цхьогал аьлча а, ж1аьла! Вай гучудоху ахьа х1инцца!
Цхьогал. (дуьхьала м1араш а тосуш йистаха эккха)
Ешап. Ткъа х1ара Борз!
Борз. Ахьа х1ун юьйцу, къена гужам! Со Г1ура-Дада ву ца бохура ахьа?
Ешап. Х1а-а-а! Бехк ма биллалаш суна. Ч1ог1а генара, шийлачу махкара схьайог1уш ю со, корта жимма хьаьвзина сан.
Борз. Жимма-м хьаьвзина 1ахь тамаша бу хьуна и.
Ешап. (барзана т1е куьйг а хьожош) Х1ара Г1ура-Дада ву! Хьовсал шу цуьнан йоккха батт, яккхий цергаш. И Г1ура-Дада вац ала ваьхьаш вериг гучувалал!
Пхьагал. (базалгана т1ехьара гучу а йолуш, геннара) Вац!Вац! Аша Г1ур-Дадин йо1 лачкъийна! Ва, орца дала!
Ешап. (когаш тухуш) Д1аяла цигара, аса х1инцца цхьогале д1акхоллийтур ю хьо!
Бераш. (ведущийга доьху) Йиша, хьажахь оцу Пхьагало х1ун боху. Тхуна хаза ца хета и Лайн-Аьзни.
Ведущая. (Пхьагална улло йоьдуш, берашца) Ахьа х1ун боху? Оха х1ума дойтур дац хьуна!
Пхьагал. (йихкина лаьтташ йолчу Лайн-Аьзнина т1е п1елг а хьажош) И ю бакъ йолу Лайн-Аьзни! И цара лаьцна ялийна!
Ведущая. (берашца йихкина лаьтташ йолчунна улло яха г1урту, амма Иснежни королева дуьхьал йолу, шен акхарошца) Шу бакъдолу Г1ура-Дадий, Лайн-Аьзний делахь, и мила ву аша тхох лечкъош вериг? Схьагайта тхуна и!
Жухаргаш. (Акхарошна гуонаха хьаьвзаш, ц1огарчий ийзадеш, бегаш беш хьийзабо харцо лелош берш)
Ешап. Ца гойту!
Борз. (пхьагална дов деш) Со Г1ура-Дада яц-кх хьуна… Аса хьуна цхьа церг ца йоллахь!
Ведущая. Шу муц1аршна реза яц со. Схьагайта тхуна и шаьш лечкъош вериг мила ву!
Борз. Гойтур яц. Аса х1инцца д1акхоллур ю и!
Ведущая. Ой, и ду хаза, хьо Г1ура-Дада вац? Ахьа муха кхоллу и д1а?
Борз. Ву Г1ура-Дада, делахь а мацвелла со!
Цхьогал. Со а мацделла, мацъелла! (Жер-Бабина т1ехьа д1алечкъа)
Ведущая. Схьагайта тхуна и шаьш лечкъош вериг!
Бераш. Схьагайта! Схьагайта! Схьагайта! 
Лайн-Аьзни. (мукъаяьлла) Ва, орца!.. (гонаха а хьожий) Бераш, Дела реза хила шуна, со к1елхьара яккхарна!
Ведущая. Хьо мила ю?
Лайн-Аьзни. Со Лайн-Аьзни ю-кх! Г1ура-Дада новкъахь лозийна 1уьллуш долу цхьогална г1о дан вахана волуш, оцу ешапо тешанбехк бира суна. Г1ура-Дадас берашна схьадоийтуш долу совг1аташ чохь долу гали а д1адаьккхира соьгара.
Ешап. Собардел цкъа! И х1у ду цо дуьйцург? Со ю бакъйолу Лайн-Аьзни! Ткъа хьо – самозванка! 
Лайн-Аьзни. (йоьхна д1аса хьаьвза) Бераш, шуна ца го, со Лайн-Аьзни юй?
Ешап. Бераш, схьахьовсал соьга! Со ю Лайн-Аьзни! Хьовсал, мел хаза ю со! Мел тайна ю со!
Борз. И ахьа т1аьххьара аьлларг-м эрна элира хьуна ахьа!
Лайн-Аьзни. Бераш, шаьш ле ма дайталаш оцу Ешапе!
Ешап. (шен накъосташка) Схьадуьлал, сан накъостий! Г1о дел суна! Вай хьаха еза оцу йоь1ан бат д1асацо! И вай ца дахь, вайна Г1ура-Дадин совг1аташ кхочура ду бохург бакъ а ма дац! (Лайн-Аьзнина гуо бо)
Лайн-Аьзни. Бераш, орцах довла суна! Ва, орца дала!
Ведущ. Ма лацийта цаьрга Лайн-Аьзни!
             Орцах довла Лайн-Аьзнина!
Лайн-Аьзни. Бераш, шу даима а хилалаш иштта майра а, нийсо езаш а! Дала дукха дахадойла шу! Ткъа х1инца вай бакъволчу Г1ура-Дадига схьакхайкха веза! Алал суна т1аьхьара:
       Г1ура-Дада, Г1ура-Дада, вола тхоьга хьошалг1а!
       Г1ура-Дада, Г1ура-Дада, дохьуш вола шийла 1а!
       Г1ура-Дада, Г1ура-Дада, кийча ду тхо хьошал дан!
       Г1ура-Дада, Г1ура-Дада, вола берийн ловзарга!
Г1ура-Дада. (геннара аз) Лайн-Аьзни! Ва, Лайн-Аьзни! Хьо стенга яхана? Х1е-Х1ей! Вог1уш ву со! (гучуволу) Лайн-Аьзни! Хьо ян а яйна, хьо лоьхуш лелаш ма ву со и ерриг а хьун толлуш! Ткъа хьо кхузахь хилла! Ой, ма дукха бераш гулделла кхузахь Керла шо даздан! Бераш аса декъалдо шу Керлачу 2012 шарца! Дала декъал дойла шу! Шуна мел лууш дериг кхочуш хуьлийла Керлачу шарахь! Ирс долуш машаре дахар лойла шуна а, шун дайшна-наношна а Везчу Дала Керлачу шарахь! 
Лайн-Аьзни. Дада, мел дика бераш ду хаьий хьуна х1орш! Х1окхара-м со к1елхьара яьккхира! Дала декъала дойла шу Керлачу шарахь, тхан хьоме бераш! 
Г1ура-Дада. (ц1еххьана тебина лаьтташ Ешап а цуьнан накъостий а гой) Х1орш муьлаш бу. Х1окхеран муц1арш цхьаннех-м тера хета суна!
Ведущая. Дера бу х1орш, кхайкхаза баьхкина хьеший!
Лайн-Аьзни. Х1орш бу-кх со лаьцнарш, х1окхара соьгара берийн совг1аташ чохь долу гали а схьадаьккхинера.
Г1ура-Дада. (шен буйнара 1аса т1ехьажош) Йовсарш я1! Йовсарш я1!Ас х1инцца ша-т1улг бо царах! И х1ун харцонаш ю цара лелош ерш!

(Ешап, цуьнан накъостий кхералой эгабеш лаьтта, Г1ура-Дадас шайна т1е 1аса хьажийча маьхьарий олуш, берашна т1ехьа д1алевчкъа. Берашна къахета царах
Бераш. - Тхуна-м къахета царах. 
             - Г1ур-Дада, ма бе царах ша-т1улг, уьш кхи вон лелар бац хьуна!
             - Г1ур-Дада, ма бе ша!
Г1ура-Дада. Мегар ду делахь, бераш, аша аларна бийр бац аса царах ша-т1улг. Амма уьш кхи вон лелаш хилахь, т1аккха 1енлур вац со. Хезарий шуна? Дош лол суна, сихха! Кхи вон лелар дац шаьш алий!
Ешап. Ахьа и хьайн буйнара 1аса схьа ца хьежийчхьана дош-м лур дара аса!
Цхьогал. (массарна т1ехьа д1алечкъаш) Аса-м кхин нехан бун чуьра цкъа а котам хьура яц!
Борз. (цхьогале) Хьоьга котамаш хьан юьйцу! Дош лой дала сихха, оцу 1асано хьайн ц1оканах ша бале!
Цхьогал. Ло!Ло! Цхьаъ, шиъ, кхоъ… дош! Дашо-бика…аьлча а Жер-Баба, ахьа а ло сихха дош!
Ешап. Аса а ло дош, кхин цхьа стаг а, акхаро а д1акхоллур вац аьлла! 
Борз. Аса а ло дош. Х1окху зударша тилавина веънера со кхуза! Къинт1ера валалахь, Г1ур-Дада!
Г1ур-Дада. Мегар ду делахь, т1аккха цхьа хелхаран бал баккха безар бу аша, вайн Керла шо даздаран ловзар самукъне хилийта!
           (Хелхаршца чекхйолу сценка) (Массовый танец) (Г1ур-Дада Лайн-Аьзница хелха волуш чекхъдолу туьйра)

                Чаккхе.

 

 

 

 

 


 

Ведущая . Бераш! Дала декъалдойла шу керлачу шарца!

Ведущая . Бераш! Дала декъалдойла шу керлачу шарца!

Борз . Ой, цуьна-м и нана йоккха 1аса ма ю!

Борз . Ой, цуьна-м и нана йоккха 1аса ма ю!

Цхьогал . Дац дера со-м экха!

Цхьогал . Дац дера со-м экха!

Лайн-Аьзни . Со Лайн-Аьзни ю-кх!

Лайн-Аьзни . Со Лайн-Аьзни ю-кх!

Ешап, цуьнан накъостий кхералой эгабеш лаьтта,

Ешап, цуьнан накъостий кхералой эгабеш лаьтта,
Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
03.02.2020