Талламан болх "Зайнди"
Оценка 4.8

Талламан болх "Зайнди"

Оценка 4.8
docx
16.02.2021
Талламан болх "Зайнди"
Тал. Зайнди.docx

.

Урокан чулацам:Талламан болх «Зайнди».

Урокан тайна: урок-таллам.

Урокан 1алашо:

1)      дешархойн хаарш таллар;

2)       нийсаяздаран бакъонаш ч1аг1ъяр;

3)       1аламе марзо кхоллар.

Урок д1аяхьар

I.       Маршалла хаттар.

II.      Долчу хаарийн актуализаци.

1.Предложени а, цунах лаьцна вайна мел хууш дерг а дийций вай?

2.Дешнаш т1ехь болх.

Еара - четверг; мангал – коса.

Билгалонна дешнаш: къаьсттина, къаьхьа, д1асахьежарх.

III.      Керланиг довзар.

Талламан болх «Зайнди».

    Аьхкенан юккъера бутт т1екхечира. Цу баттахь къаьсттина денош довха дог1ура. Еарин дийнахь сахуьлуш г1аьттина Бисолта мангал хьакха вахара. Цу дийнахь луларчу юьртахь базар яра. Кхо герга даьтта а эцна, Аруха цу базара яха елира. Цо ша базар яхале дуккха а г1уллакхаш дехкира Зайндина т1е.

Бода къовлалуш, еана ц1а кхечира Аруха. Цунна шайн кертахь хилла къаьхьа де гира. Д1асахьежарх, мохь тохарх, Зайнди-м ца каравора.

Бисолтий, Арухий дукха хан ялале, шаьшшинна суьйренан х1ума а йиъна, охьадижира. И шиъ башха Зайнди лаха сингаттам болуш а дацара.

(83 дош. Бадуев С.)

IV.       Т1еч1аг1дар.

Грамматически т1едиллар.

Синтаксически таллам бе хьалхарчу предложенина.

V.          Урокан жам1 дар.

VI.       Рефликси.

Смайликашца шайн урок муха хитира гойту бераша.

VII.    Ц1ахь

Бакъонаш карлаяха.


 

Скачано с www.znanio.ru

Урокан чулацам: Талламан болх «Зайнди»

Урокан чулацам: Талламан болх «Зайнди»
Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
16.02.2021