1алашонаш.
1аморан: дешархойн хаарш зер, 1амийнарг
карладаккхар;
кхиоран: коьртазчу меженах долу хаарш к1аргдар;
предложени чохь кхачамаш лаха а, нийса кхачам
къасто а 1амор;
кхетам – кхиоран: нене болу безам к1аргбар.
Догдаийтаран мур.
Кицанаш.
Ненан сий динарг махко а лерина.
Нанас йина чов лаза ца лозу.
Ненан оьг1азло ло санна йу: дуккха а дог1у,
амма сиха деша.
Керла коьчал йовзийтар.
Шуна ма – хаьара, кхачам шина кепара бу: нийса кхачам, лач кхачам.
Тахана вай дуьйцур ду царех лаьцна.
Дожарийн хаттаршна жоп а луш, х1ума билгалйеш йолчу коьртазчу меженах кхачам олу.
Нохчийн маттахь 8 дожар ду. Ц1ерниг дожар –нийса дожар ду, диснарш – лач дожарш ду.
Ц1ерниг дожаран (мила? муьлш?) хаттаршна жоп лучу кхачамах – нийса кхачам олу. Лач дожарийн (хьанна? стенна? хьаьнца? стенца?
хьанах? стенах? хьаьнга? стенга? хьанал? стенал?) хаттаршна жоп лучух лач кхачам олу.
Масала: Бераша книгаш йоьшу. Исраила Исламана туьйра дийцира.
1амийнарг т1еч1аг1дар.
Синтаксически талламаш бо.
Дашочу малхо дуьне дохдира. Лаьмнашна т1ебижира дашо малх. Деца къамел д1а ца доьдура к1ентан. Нене дика хьаьжира йо1. Сох тийшира уьш.
Сада1аран минот:
Зезаг долуш самадели,
Тохадели, меттахдели.
Мохо патарш лестадо,
Г1ийла зезаг техкадо.
Малх схьакхийти, айабели,
Бода лоллуш, серлор йели.
Полла г1оттуш, т1емабели,
Т1емаш лестош, лакхабели.
Шайга болх байтар.
1. Легаде нана боху дош.
2. И дош йукъа а далош х1иттайе предложенеш.
Нана дош предложенешкахь кхачамаш хила беза.
3. Кхочушдо шардар № 66.
Материалы на данной страницы взяты из открытых источников либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.