Даймехкан косташ» А.Сулейманов.
Оценка 4.7

Даймехкан косташ» А.Сулейманов.

Оценка 4.7
docx
13.10.2023
Даймехкан косташ» А.Сулейманов.
конспект урока.docx

Нохчийн литература

Тема: «Даймехкан косташ» А.Сулейманов.

1алашо: А.Сулеймановс язйина  «Даймехкан косташ» ц1е йолу стихотворени  йовзийтар; нийса , шера кхетеш стихотворни тексташ еша 1амор.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна  1емар ду нийса а , кхеташ а стихотворни ттексташ еша; берашна  1емар ду хьехерхочун хаттаршна жоьпаш даларца къамеле бовла къамел д1адахьа.Берашн кхетар бу «Даймохк»боху дашах, дешан мах  хадо, цунах дозалла дан 1емар ду.Берашна евзар ю Нохчийн  Республикан Гимн.Берашна  евзар ю «Дешараран книжка», берашна хуур ду  книжки т1ера произведенин тидамбарца  1амошдолчу декъехь хинболу кхиамаш билгалбаха, урокан план х1отто а, цу планан рог1аллица дешаран навыкаш караерзо а 1емар ду.

Урок д1аяхьар.

1 Маршалла хаттар.

-Бераш, шу марша дог1ийла!

-Тахана 1 ра сентябрь ду-иза вайна  мА-хаара Хаарийн  де ду.Муха хетта шуна таханалера де?(Берийн жоьпаш)

-Дагадаийта шаьш дуьххьара школе даьхкина де.Муьлха шо дара иза?(Берийн жоьпаш)

-Шуца мила вара цу дийнахь? (Берийн жоьпаш)

-Х1инца вайн «Нохчийн литера тура»  ц1е йолу  предмет.Схьаэца шайн партанаш т1ера  книжкаж.Мила ву цуьнан автор ?(Солтаханов Э)

-Нийса боху.Авторо шу дукхадезарца   ялийна  кху книжки т1е  гуттара тоьлла произведенеш.И тешна ву уьш аша дика 1амориг хиларх.

-Д1аелла книгин 3-г1а  аг1о.Цу т1ехь йолчу произведенин  ц1е еша.Х1ун ю Гимн? (Вайн холкъан коьрта илли ду)

-Мила ву цуьнан автор? (Кадыров Х-А)

-Гимн олуш муха ладог1а деза цуьнга? (Нийса д1а а х1оьттна ладог1а деза)

-Х1унда? (Вайн халкъан коьрта илли ду иза)

-Ладог1ал Нохчийн республикан Гимне.(Латайо запись)

2.Дешаран книжкин  хьалхара дакъа довзийтар, цу т1ера произведенеш йовзийтар.

-Д1адеша вай 1амо долош долу дакъа. (Даймехкан косташ)

-Муьлха дийцарш ду  цу декъехь 1амо билгалдаьхна?

-«Даймохк» А.Сулейманов, «Ненан мотт» Ш.Арсанукаев.

-Муьлш бу  церан авторш?

-Стенах лаьцна хир  ю и ши произведении? (Даймахках лаьцна)

-Х1ун кхиамаш бохур бу вай  «Даймехкан косташ» стихотворени 1амош? Х1оттае план.

-Суна евзар ю А.Сулеймановс язйина «Даймехкат косташ» ц1е йолу стихотворении.

-Суна 1емар ду  нийса а, шера а , кхеташ а  стихотворни тексташ еша .

Нийса боху кху декъа т1ехь вайна евзар ю Даймахках лаьцна произведенеш.

Вайна 1емар ду нийса а , кхеташ а стихотворни тексташ еша.

Вайна  1емар ду Даймохк бохучу доккхачу дашан чулацам бовза.

2.1алашо  билгалъяккъар, белхан план х1оттор

-Д1аеша вай тахана 1амо билгалъяьккхинчу  произведенин ц1е?(Даймехкан косташ)

-Муьлха ву  цуьнан автор? ( А.Сулейманов)

-Х1ун кхиамаш хир бу вайн тахана ?Х1ун дан ницкъ  кхочур бу шун кху произведении 1аморца?

Суна евзар ю А.Сулеймановн «Даймехкан косташ» ц1е йолу стихотворении.

Суна 1емар ду нийса , кхеташ, шера  стихотворни тексташ еша.

Сан ницкъ кхочур бу хьехархочун хаттаршна жоп дала.

 -Нийса боху  , вайна тахана  евзвр ю  А.Сулеймановс язйина  байташ.Шуна 1емар ду нийса, кхеташ , шера  стихотворни тексташ еша , 1емар ду  оьшург  текстехь лаха.

3.Керла тема хьехар.

1.Дешаре шовкъ кхоллар.

Хьехархочо д1айоьшу байт

Деригге дуьна схьадаларх сайна

Дуьненан бахамаш кхийдабарх схьа

Хуьйцур бац сан Даймохк 

Ког биллал меттиг а ду и сан ц1а.

-Стенах лаьцна  ю байт? (Даймахках)

-Муха хетта авторна шеен Даймохк? (Къаста де жоп: дозалла до, беза, тамаш бо, ца беза, хаза хетта)

-Стенах хиира шуна иза? (Дуьненан бахамех хуьйцур бац боху автора шеен Даймохк)

-Шун х1ун аьлла хета:  стенах олу Даймохк?

-Даймохк иза  хьо чура ара ваьлча  гуш долчу  бецана т1ера , зезегашна т1ера , дитташна т1ера, олхазаршна т1ера , акхарошна т1ера , хьан доьзална  , юьртана , махкана т1ера д1аболало.Даймохк иза хьо вина , кхиъна , хьан да-нана дина кхиъна мохк бу.

Сада1аран миноташ.

Дехкий девдда даьхкира

Цхьаъ, шиъ, къоъ, диъ.

Маса сахьт даьлла хьаьвсира

Цхьаъ, шиъ, къоъ, диъ.

Пису дог1у довдалаш

Цхьаъ, шиъ, къоъ, диъ.

Сихха гена довлалаш

Цхьаъ, шиъ, къоъ, диъ.

 

2. «Даймехкан косташ»  стихотворении йовзийтар А.Сулеймановс язйина.

3.Чулацамах кхетам балар.

-Д1абеша хьалхара биъ мог1а.

-Х1ун кхайкхам бо автора  вага? (Даймахкана ч1аг1о хилее х1отта боху)

-Х1ун ч1аг1о  ялан ницкъ кхочур бу шун вайн Даймахкана?(Берийн жоьпаш)

-Шуна х1ун аьлла хета: аша дика дешча Даймахкана ч1аг1о хир юй?

-Кхин х1ун кхайкхам бо  автора? (Вайн дахаран беш совйоккхуш цхьа-ши синтар дог1а боху)

-И кхайкхам кхочушбан ницкъ кхочур буй  вайн? (Берийн жоьпаш)

-Д1абеша т1аьхьара барх1 мог1а. Стенах лаьцна дуьйцу  царна т1ехь? (Ирсах, беркатах, бартах лаьцна)

-Х1ун боху царах лаьцна? (Уьш цхьана бен мегаш дац, царах цхьаъ делча кхуьа а ле)

-Шуна х1ун аьлла хетта: шун доьзалехь дуй и кхо х1ума?

-Вайн махкахь дуй и кхо х1ума?Х1унда?(Къаста де жоп : вай дика дехаш ду, нах болх беш бу, нах болх беш бац, бераш школе оьхуш ду  , дац, нах маьрша  баха , бахка йиш йолуш бу , , бац)

3.Бераша шаьш д1айоьшу А.Сулеймановс язйина «Даймехкан косташ»  ц1е йолу  стихотворении.

5.Рефликси.

-Муьлха дакъа долийна вай тахана? (Даймехкан косташ)

-Муьлха стихотворенийийшира вай?

-Мила ва цуьнан автор? (А.Сулейманов)

-Х1ун керланиг 1емира шуна? Дагаяийта план.Х1ун дан ницкъ кхечи шун?

Суна евзи…

Суна 1еми…

Суна хии..

6.Ц1ахь бан болх.

Дагахь 1амае А.Сулеймановс язйина «Даймехкан косташ» стихотворении. Аг1о-4-5.  


 

Нохчийн литература Тема: «Даймехкан косташ»

Нохчийн литература Тема: «Даймехкан косташ»

Х1унда? (Вайн халкъан коьрта илли ду иза) -Ладог1ал

Х1унда? (Вайн халкъан коьрта илли ду иза) -Ладог1ал

Нийса боху , вайна тахана евзвр ю

Нийса боху , вайна тахана евзвр ю

Цхьаъ, шиъ, къоъ, диъ. 2. «Даймехкан косташ» стихотворении йовзийтар

Цхьаъ, шиъ, къоъ, диъ. 2. «Даймехкан косташ» стихотворении йовзийтар

Х1ун керланиг 1емира шуна? Дагаяийта план

Х1ун керланиг 1емира шуна? Дагаяийта план
Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
13.10.2023