1алашо :
нохчийн меттан хазалла гайтар; адаман дахарехь меттан сийлалла гайтар;
шен матте а, махке а, шен
халкъе а болу безам к1аргбар.
Къовсаман т1едахкарш
1. Стихотворени йийцар.
2. Сурт диллар.
3. Эмблема йар.
4. Нохчийн меттан хаарш зер.
5. Жам1 дар.
Хьехархочун дош.
Де дика дойла шун, хьомсара накъостий!
Таханлера вайн цхьаьнакхетар лерина ду ненан маттана.
Вайн ненан мотт- иза нохчийн мотт бу.Тайп- тайпанчу хьелашкахь хилла и: оьшуш, ца оьшуш,
безаш, ца безаш, амма таханлерниг санначу дийне
сатийсина цуьнца шовкъ йолчара.
2023 шо – Ненан меттан шо д1акхайкхор т1еч1аг1дина шайн сацамца вайн куьйгалхочо Кадыров Ахьмад – Хьаьжин Рамзана
Дала ницкъ лойла вайна ненан мотт оьшучу барамехь караберзо!
Нохчийн меттан хаарш зер
1-ра т1едиллар:
Ц1ердош стенах олу ? Муха хийцало ц1ердош ? Ц1ердешан
маса легар а, класс а йу?
4 – г1а т1едиллар
Предложени синтаксически талла :
Кегийчу бераша хаза суьрташ дехкинера тайп – тайпанчу басаршца.
6 – г1а т1едиллар
Д1айазйе к1иранан денош:
Понедельник, четверг, суббота
Оьрсийн матте даха дешнаш:
Аьшкал, нуй,чийлик, олхазар, шаптал, накхармоза, уче, четар, петар, 1амат, т1едиллар, тептар.
7-г1а т1едилларОьрсийн матте даха билгалдина дешнашМассарна а лаьара тӀамехь халонаш цхьаьна лайна, кхераман сахьташ цхьаьна текхна, вовшашна вошаллин гӀо дина ши доттагӀ: оьрси Шумов а, нохчо Гайсуркаев а – цхьаьнакхеттачу дезачу дийнахь дакъалаца а, и шиъ ган а, декъалван а, цаьршиннан къамелашка ладогӀа а. ТӀаьхь-тӀаьхьа адам схьагуллуш, Мохьмадан ков-керт йуьзира. Республикера цхьацца йукъараллин векалш а баьхкира. Вай Веданан парке хьаладаха деза, – элира кӀоштан куьйгалхочо. Дукха адам дара Веданан паркехь вовшахкхетта. Ша лерина а, шен а, Мохьмадан а доттагӀалла лерина а хӀара адам вовшахкхетта хазахеташ, воккхавера Шумов. Оццул чӀогӀа ша сий деш тӀеэцар, кхин хуьлийла доццуш, деган доккха совгӀат хилира цунна.
Дала нохчийн мотт беза а, бовза а, маьрша и бийца а дахадойла вай! Иманехь, исламехь кхуьуьйла шу!
Даладе г1иллакхе дешнаш:
1. Некъана лерина
2. Болх беш т1екхаьчча олуш дерш
3. Йуург йууш олуш дерш
Материалы на данной страницы взяты из открытых источников либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.