15-г1а урок
Урокн ц1е: «Аьзнаш»
1алашо: берашна тайп-тайпана аьзнаш довзийтар. Мукъа аьзнех лаьцна юкъара кхетам балар.
Кхочушдан лерина жам1аш
1.Предметни: берийн кхоллалур бу кхетам: аз х1ун ю. Шен аларе хьаьжжина аьзнаш мукъа хилар хуур ду.
2.Метапредметни:
· Регулятивни: берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто, учебника т1ехь гойтучу суьртийн г1оьнца. Берашна 1емар ду цу планан рог1алла ларъярца дешаран навыкаш караерзо. Познавательни: берашна хуур ду аз вай олуш . вайна хезаш долчух олуш хилар. Берашна 1емар ду тайп –тайпанчу аьзнашна юкъарар мукъа аьзнаш довза. Берашна 1емар ду аьзнийн схеманаш яхка , цу схеманашкахь оьшуч аз каро , билгалдаккха хьехархочун т1едилларца.
· Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочуьнга ладог1а , цуьнан хаттаршна жоьпаш дала. Берашна 1емар ду вовшашка хаттарш дала , царна жоьпаш дала. Берашна хуур ду шаьш бинчу белхан мах хадо.Берашна 1емар ду тобанашкахь болх бан , шайн накъосташна г1о дан. Билгалбохур бу кхачамбацарш, кхиамаш а.
3.Личностни: берийн лаам кхоллалур бу нохчин мотт бовза а дика 1амо а.
Урок д1аяхьар.
1.Маршалла хаттар.
-Де дика хуьлда шун бераш!
-Диканца дукха ехийла!
2.Дешаре шовкъ кхоллар.
· Ловзар «Муха олу?»
-Аса х1инца цхьацца адамаша, кхийолчу х1уманаша х1ун до аьлла жоттар ду, аша цара деш дерг гайта.
Легашка хьожуш х1ун ала олу лоьро? (А-А-А-А-А-А-А)
-Алал массара А-А-А-А.
Ио1а тайниг муха тахкайо? (ААА-ААА-ААА)
Ж1аьлаша резадоцуш хилча х1ун до? («Г1-г1-г1»)
Бумбарис «къамел» муха до? («Ж-ж-ж» - деш)
Чуьрко лере йог1ий х1ун олу? («Зз-зз»)
Х1ун хеза вайна гезгамашано моза лаьцча? («З-з-з»)
Говр муха терса? («И-х1и-х1и-х1и-х1и»)
-Аша гайтинчу х1уманийн багахула йолуш ериг х1ун ю ? (Берийн жоьпаш)
-Х1ора оцу х1уманийн багахула долуш дениг аз ду. Х1ун 1амор ду вай тахана? (Берийн жоьпаш)
3. 1алашо йовзийтар.
-Д1аелла учебникан 24-25 -г1 аг1онаш . Х1ун ю цу т1ехь гуш ерг?
-Х1орш х1ун ю? (Суьрташ ду)
-Суьрташна бухахь ерш уьш аьзнийн схеманаш ю.
-Х1ун 1емар ду вайна хьалхара?
· Суна 1емар ду аьзнийн схеманашца болх бан.
-Х1орш х1ун ю ? (Дешнийн схеманаш)
-Х1ун дийр ду вай схеманашна?
· Суна 1емар ду дешнийн схеманашца болх бан.
-Х1ара х1ун ю? (Сурт ду)
-Х1ун дийр ду вай суртана?
· Суна 1емар ду суьртах лаьцна дийцар х1отто.
-Вайна тахана 1емар ду хьуьнан стоьмаш бовза .Вайна 1емар ду дешнийн схеманашца белхаш бан, суьртах лаьцна дийцар х1отто.
Вай тахана 1амор ду аьзнаш.
-Х1инца аса х1ора х1уманан
Физминот
Бераш кхаа тобане доькъу. Шайна девзаш долчу дийнатех аз
тардеш xlopa тоба 1аьха.
I.ETT 2. Уьстаг1 З.Газа
(«Му-у-у») («Б1е-е-е») («М1е-е-е»)
Хьехархочо xlopa тобанна т1ехволуш стоьла т1е куьг тухуш
хотту: «Кхузахь мила ву?» Бераша жоп ло. Юха олу цо: «Хьала-
г1овттал, бежнаш, атто санна корта ластабел, куьйгашца мозий
д1алахкал; уьстаг1ий, аша цхьажимма буц кхаллал, юха довдал.
Гезарий, гаьннаш т1е кховдал, кхузза кхоссалол: цкъа хьалха-
кТегар, т1аккха - хьалха.
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.