08.12.22 ш. Нохчийн мотт (йозанан урок)
Урокан ц1е: «Йозанан жима а , доккха а элпаш кх , Кх».
1алашо: йозанан жима а , доккха а элпаш кх , Кх довзийтар. Элпаш кх , Кх дешдакъошкахь а , дешнашкахь а яздан 1амор.
Урок д1аяхьар.
1. Урокана кечам бар.
2. Дешаре шовкъ кхоллар.
· Х1етал-метал.
-Бераш , вай долчу хьошалг1а деана цхьа элп , шуна ша довзийта и д1алечкъина х1етал-металехь. Муьлханиг ду хуур ду дика ладоьг1ча.
Ду со хьоме , ду со эсал,
Доьзалехь со оьшуш ду.
Нохчийн дешнаш
Кхача , кхокха
Аша таллахь со карор ду.
Ала бераш , дийца соьга
Муьлха элп ду дуьйцуш дерг?
-Муьлха аз ду Кхача , Кхокха аьлча хезаш дерг? (КХ),
-Муьлхачу элпашца билгалдо аз (КХ) йозанехь? (Кх , кх элпашца).
-Даладе масалаш аз (КХ) дешан юьххьехь долуш. (Кхор, кхаба, кхаллар).
-Даладе масалаш аз (КХ) дешан юккъехь долуш. (Мекха , кхайкхам).
-Даладе масалаш аз (КХ) дешан чаккхенгахь долуш. (Мекх , мукх , текх).
-Х1ун 1амор ду вай тахана? (Берийн жоьпаш).
3. 1алашо йовзийтар.
-Бераш , х1ара х1ун ю? (Кхокха).
-Х1ара хаза кхокха беана вайна вай 1амо дезаш долу элп дохьуш.
-Вайна селхана девзира йозанан жима а , доккха а элпаш кх , Кх. Тахана шуна 1емар ду и элпаш ша-ша а , дешдакъошкахь а , дешнашкахь а кхечу элпех хоьттина яздан.
4. Йозанан жима а , доккха а элпех кх , Кх болу хаамаш карлабахар.
-Хьанна девза йозанан жима элп кх?
-Сумайя,схьагайта и классан уьн т1ехь.
-Ясин, йозанан доккха элп Кх схьагайта ахьа.
-И ши элп цхьатера ду я тайп-тайпана ду? (Цхьатера ду)
-Элп Кх яздеш масса хьаьрках пайдаэцна? (Шина хьаьрках К, Х).
-Элп Кх цхьалха ду я шалха ду? (Шалха).
· Дешдакъошкахь доккха элп Кх яздар.
Хьехархочо уьн т1ехь гойту дешдакъошкахь элп Кх, кхечу элпех муха хотта деза.
Кха Кхо Кху Кхи Кхе
-Д1адеша дешдакъош. Д1аязде уьш шайн тептарш т1е.
-Тидам бе , уггаре хаза яздинчу дешдакъошна буха сиз хьакха.
5. Сада1аран миноташ.
Йорг1а
Йорг1а говр, йорг1а говр,
Хало, атто оха ловр.
Дига генна хьайца д1а,
Класса чохь тхо кхин ца 1а.
Кхосса-кхосса-кхоссалуш,
Яда Йорг1а, сих ца луш,
Лаьтта ког ахь била байн,
Тата дезаш дац тхо, х1ай!
Яда, Йорг1а, кхоссало,
Каде хила, мал ма ло.
Иорг1а идда, к1адлуш ю,
Болар цуьнан лаг1луш ду.
Собар! Тоьар! Сацахь цкъа!
Кхин хьо идахь ду тхан къа.
Болар лахди, х1оьтти д1а:
Х1инца деза сада1а.
(Берашна юкъара цхьаъ говр хоржу. Цунна т1аьхьа а х1уьттий, x1apa байташ а олуш, класса чухула дуьйлалуш ши-кхо го боккху цара.)
6. Дешнашкахь йозанан доккх элп Кх яздар.
· Дешдакъойх дешнаш х1иттор.
(Хьехархочо уьн т1ехь гойту дешдакъошкахь элп кх кхечу элпех муха хотта деза)
Кхаъ, кхокха , мукх, кхин, кхерам.
-Д1адеша дешнаш. Д1аязде уьш шайн тептарш т1е.
- Хьанна хуур дара уьн т1ехь д1аяздан дош КХАБА? КХОР ? КХЕС?
Уьн т1е д1аяздо дешнаш.
Кхаба , кхор , кхес.
-Схьагайта суьрташна юкъара кхор. Схьагайта кхаба, кхес . Х1ун ю уьш ? (Х1умнаш ю).
-Д1аязде и дешнаш тептарш т1е.
· Ловзар: «Дог1у дош ала!».
-Аса д1айоьшу кегий байташ , аша т1етоха маь1ница дог1у дош.
Эрна дац сан болх беш валлар:
Ду сан стоьл т1ехь даа... . (Кхаллар)
Нанна гlo деш лела Седа:
И йо1 суна дика хета.
Г1ерта массо метте кхача, -
Мерза бу цо бина... . (Кхача)
Хууш хилча даьхни кхаба,
Шурех юьзна хир ю .... (Кхаба)
Керта вог1уш гича цхьаъ
Мусас водий боккху.... (Кхаъ)
Шуьйрра доьллий ц1ийнан кор,
Гаьн т1ера ас боккху.... (Кхор).
-Муьлха дешнаш карий вайна? Хьовса аса уьш д1аяздина. Нийса яздиний аса уьш ? Нисде г1алаташ.
(Хьехархочо карточкаш ло берашна).
Тобанашкахь болх бар.
Дог1уш долу элп дилла: К…аъ, к…ор, к…аба , к…ача , к…аллар. |
· КХОР дешан схема х1оттор.
-Х1ун яра аша тахана гулъеш ерг? (Кхораш).
-Маса дешдакъа ду КХОР дешан? (Цхьаъ).
-Муьлханиг ду хьалхара аз? (Кх).
-Аз (Кх) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).
-Муьлханиг ду шолг1а аз? (О).
-Аз (О) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа ду).
-Муьлханиг ду кхолг1а аз? (Р).
-Аз (Р) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).
-Маса элп ду КХОР дашехь? Маса аз ду? Маса еък1ов хила еза схемин?
-Йилла и схема.
Ц1 С |
С |
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
7. Жам1 дар.
-Муьлха элпаш девзира шуна? (Йозанан жима а , доккха а элпаш кх, Кх).
-Кх элпо муьлха аз билгалдо? (Аз (Кх) билгалдо).
-Аз (Кх) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).
8. Рефлекси.
-Муха хийти шуна шаьш тахана урокехь бина болх? (смайлик гойту бераша)
Нисде г1алаташ:
К…аъ, …ор, к…аба , кхок…а, к…ача , к…аллар.
_________________________________________________________________
Нисде г1алаташ:
К…аъ, …ор, к…аба , кхок…а, к…ача , к…аллар.
_______________________________________________________________
Нисде г1алаташ:
К…аъ, …ор, к…аба , кхок…а, к…ача , к…аллар.
__________________________________________________________________
Нисде г1алаташ:
К…аъ, …ор, к…аба , кхок…а, к…ача , к…аллар.
___________________________________________________________________
Нисде г1алаташ:
К…аъ, …ор, к…аба , кхок…а, к…ача , к…аллар.
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.