Методическая разработка «Хандешан шолг1а спряжени».docx
Оценка 4.6

Методическая разработка «Хандешан шолг1а спряжени».docx

Оценка 4.6
docx
06.05.2024
Методическая разработка «Хандешан шолг1а спряжени».docx
Методическая разработка «Хандешан шолг1а спряжени».docx

Урокан ц1е: Хандешан шолг1а спряжени.

1алашо: Хандешан кхоалг1ачу спряженех кхетам балар, цуьнан билгалонаш йовзар.

 

Урок д1аяхьар.

 

I. Синтаксически пхи минот.

 

1. Д1аязъе предложенеш.

1). Бердан йистерчу дерзинчу т1улгаш т1ехула татанца дог1ура Орга.

2). Гуьйренан шийла мох хьоькхура, цо г1аш дегадора, стиглахула мархаш а идайора.

3). Лом-1елина некъан кехат даьккхинера, амма иза шен хенахь д1а ца вахара.

4). Вехха 1ийра 1алавди шен дейиша йолчохь, ткъа ц1авоьдуш доккха совгГат дира цо шичина.

-  1-чу предложенина бе морфологически къастам.

-  Цунна т1ера схьаязде дешнийн цхьаьнакхетарш.

-  Еа а предложеиина бе синтаксически къастам, х1иттае схемаш.

 

-  Хандешнийн хенаш а, спряженеш а (I-рий, 2-г1ий) билгалъяха.

кар.х. Ken: dozlypa дан - дог1у (I-ра спр.).

 

II.  1амийнарг т1еч1аг1дар.

 

1.  Шина б1ог1амалге декъа хандешнаш, шайн спря-женига хьажжий: лаха, дилла, хьажа, даккха, ата, хьада, ласта, таса, лаца, лсла, эца, деша, бетта, даьт-та, къиэга, леца.

Б и лгал даккха р:оцу шина спряженехь доцу хандешнаш дита.

2.  Кхочушде 43-г1а шардар.

 

III. Дошаман болх

 

Вай – пчелиный рой

Варзап  -кувалда

Вас- недовольство; обида

Вед- наконечник стрелы

Вежаралла - братство

Векал-  представитель;доверенное лицо

Верта- бурка

Ветчалг-  клещ

Вирб1арз - мул

Вотанга р-удав

 

1.      Предложени х1оттае цхьана дашца

2.      Морфологически талла и

 

IV.  Керла коьчал йовзийтар.

 

1. Уьна а, тетрадаш т1е а д1аязйо кеп:

 

 

1 –ра кеп                                           2 –г1а кеп

Вайца, кхийса,тила,            вуьйцу, кхуьйсу, туьлу,

Вита, 1илла, тилла             вуьту, 1уьллу, туьллу

 

-  Кхоалг1ачу спряжени чудог1учу хандешнийн билгалзачу кепехь орамехь муьлха аз ду?

-  Уьш карарчу хене дохуш орамера а муьлхачу озе доьрзу?

Чаккхенгахь муьлха аз х1утту?

-  Муьлха хандешнаш ду кхоалг1ачу спряжени чудог1уш? Жам1 де.

 

V.  1амийнарг т1еч1аг1дар.

 

1.  Кхочушде 4б-г1а шардар.

-  Оцу шардар т1ера 3-чу спряжени чудог1у хан­дешнаш кепа язде (лакхахь ю иза).

2.  Дилла, липа, йилла боху хандешнийн спряже­неш билгалъяха, массо а хенашка х1иттаде уьш.

 

VI.  Комментировании яздар.

 

Коьртара схьабоккхий шен тишбелла чола куй т1улга т1е шена улло охьа а буьллий, охьахуий, генна д1а, Къилбседе б1аьрг а бетташ, 1аш хуьлура къанвелла вог1у Къеди. Наггахь, ца ваьлла бен ца волура Къеди нахана юкъа. Цхьанна а ца гинера иза сов, эрна ха-барш дуьйцуш а, шен юьртахошна луьйш а. Ткъех шо сов хан яра х1усаг*шана кхелхинчул т1аьхьа Къеди цхьалха висина. Суьйренца д1а б1аьрг тоьхча, т1улга т1ехь хиъна 1аш Къеди ца гича, нах сагатдан буьйла-лора: «Цомгуш-м ца хилла техьа вайн Къеди?!»

Нехан дикане а, воне а кхача г1ертара Къеди. Шен бан болу там бора массарна а. (СХь. Нунуев)

-  Интонацица д1аеша текст.

-  Ц1е тилла цунна. Муьлхачу стилехь язйина иза?

-  Хандешнаш а, церан хенаш а билгалъяха, вай 1амийначу муьлхачу спряженешкахь ду уьш?

-  Билгалдаьхначу дешнашна бе морфологически къастам.

 

VII. Ц1ахь бан болх.

1.  1амае 7-г1а §.

2.  Кхочушде 47-г1а шардар.

 

 


 

Урокан ц1е: Хандешан шолг1а спряжени

Урокан ц1е: Хандешан шолг1а спряжени

Уьна а, тетрадаш т1е а д1аязйо кеп: 1 –ра кеп 2 –г1а кеп

Уьна а, тетрадаш т1е а д1аязйо кеп: 1 –ра кеп 2 –г1а кеп
Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
06.05.2024