1алашонаш.
1аморан: дешархойн хаарш зер, 1амийнарг карладаккхар;
кхиоран: Нашхоев Русланан дийцар «Соьга йуха а хабар дийцало» довзийтар, кхеташ дийцаран текст йеша 1амор;
кхетам-кхиоран: дешаре болу безам алсамбаккхар.
Дешаре шовкъ кхоллар.
Мотт шарбар.
Апельсин тхо йоькъуш ду:
И цхьаъ йу – тхо ду кха ду.
Х1ара дакъа – котамна,
Х1ара дара – москална,
Х1ара дакъа – бедана,
Х1ара дакъа – борг1ална,
Х1ара дакъа – пхьагална,
Х1ара дакъа – Борзикна,
Чкъор вай лур ду… барзана.
Иза оьг1азйахана,
Д1асадовлалаш сиха.
- Д1айеша массара цхьана меллашачу озаца?
- Д1айеша массара ч1ог1ачу озаца.
- Д1айеша кхетош.
- Маца оьшу иштта байт? (Лечкъаргех ловзуш)
Учебникан керла дакъа а, кхиамаш билгалбахар.
Учебника муьлха дакъа долур ду вай тахана? (Даймохк вай къинхьегамах
хестабо)
- Стенах лаьцна хир йу вай 1амор йолу произведенеш?
(Даймахках, къинхьегамах)
- Муьлха произведенеш йевзар йу вайна кху декъа т1ехь?
(«Соьга йуха а хабар дийцало» Р. Нашхоев, «Сан йиша» Ш. Арсанукаев,
«Сох а хир ву г1ишлойархо» Т. Закаев, «Кхоллараллин лехамехь» Б. Чалаев,
«Асарахь» М. Ахмадов).
Х1ун кхиамаш хир бу аьлла хетта шуна вайн и дакъа 1амош.
Вайна йевзар йу Даймахках а, къинхьегамах а лаьцна произведенеш.
Вайна бевзар бу нохчийн искусствехь, къинхьегамехь а г1арабевлла нах.
Вайна 1емар ду Даймехкан кхиамаш ган, царах дозалла дан.
Вайна. 1емар ду нийса а, кхеташа а, шера а произведенеш талла.
Вайна 1емар ду хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала.
Вайна таро хир йу 1илманехь шена томехь дерг каро.
1алашо йовзийтар.
Муьлха произведени йу вайна тахана 1амо билгалйаьккхина?
Мила ву цуьнан автор?
Муха болх д1ахьур бу аша и дийцар дика 1аморехь? Х1оттайе план.
Суна девзар ду керла дийцар…
Суна вевзар ву йаздархо…
Суна 1емар ду шера, нийса…
Суна 1емар ду хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала…
- Нийса боху. Вай тахана девзар ду Р. Нашхоевн
керла дийцар «Соьга йуха а хабар дийцало».
Вайна 1емар ду нийса а, шера а йеша. Шуна вевзар
ву нохчийн г1араваьлла хелхарча М. Эсамбаев.
Дуьненахь г1араваьлла хелхарча Махьмуд Алисултанович Эсамбаев вина 1924 – чу шарахь Йоккхачу Атаг1ахь. Махьмудан цхьайтта шо долуш Йоккхачу – Атаг1ара Соьлжа – г1ала схьакхелхира Эсамбаевг1еран доьзал. Х1етахь булканаш йечу цехе вахара хинволу артист. Жимчохь дуьйна исбаьхьаллин самодеятельстехь дакъалоцура цо. Хинволу артист репетицешка вохуьйтура цехехь болчу накъосташа, шаьш цуьнан меттана болх а беш.
1939 – 1941 шерашкахь Соьлжа – Г1алара хореаграфин училищехь дийшира. 15 шо кхаьчча Нохч – Г1алг1айн пачхьалкхан хелхаран а, эшаран а ансамблехь хелхавала волавелира, 19 шо кхаьчча – эшаран комедин Пятогорскан театрехь.
Т1еман хенахь иза фронт концертан бригадийца хелхавуьйлура госпиталешкахь а, фронтехь а.
Ц1ера арадаьхначу хенахь, 1944 – 1956 шерашкахь Махьмуд вара Бишкекехь йолу Операн а, балетан а Г1ирг1изан театрехь солист.
1957 шарахь дуьйна иза Нохчийн – Г1алг1айн АССР – н филармонин солист ву.
1959 – чу шарахь иза Москвахь хелхавелира шен программица, цул т1аьхьа «Совет балетан седарчий» аьлла йолу труппица гастролашца кхечира Франце а, Къилба – Америке а. Гастролаш боккху кхиамца д1айахара.
Гастролаш чекхйаьлча Махьмудас шен тоба кхоьллира. Цо кхоьллира «Дуьненан къаьмнийн хелхараш» аьлла СССР – х хьалхара цхьаммо д1акхоьхьуш йолу хелхаран программа. Цо дукха тайп – тайпана халкъийн тайп – тайпана хелхарш дира: «Бежа 1у» (вайнехан, узбекан), «Т1емало»
(башкиран), «Дашо дела» (индусан), «Ц1еран хелхар» де Фальи мукъаман 1адатан хелхар, «Лакоррида» (испанхойн), «Арсашца хелхар» (таджикан), и. к. д.
Чулацамах къамел дар.
- Мила ву М. Эсамбаев?
- Муха кехат деара Махьмудан стоьла т1е? Муха жоп делира цо?
Д1айеша к1айдарг Анатолий тоьлашха хелхарча)
- Цуьнан мотт муха сецна? Д1адеша цунах лаций.
- Муха т1еоьцура Махьмудан хелхарш? Д1адеша цунах лаций.
- Х1ун хаьа шуна «Макумба» хелхарх? Д1адеша цунах лаций.
- Х1ун кхаъ хилира Махьмуда и хелхар дича? (Анатолига йуха а
хабар дийцаделира)
- Муха хийтира иза Махьмудана?
- Мила ву Махьмуд?
- Шуна лаьий хелхарча хила?
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.