Открытый урок «Г1иллакхийн хазна»
Оценка 4.9

Открытый урок «Г1иллакхийн хазна»

Оценка 4.9
docx
13.01.2024
Открытый урок «Г1иллакхийн хазна»
урок Лиза.docx

                              Йиллина урок 4-г1а чу классехь

                         (классал арахьара дешар)

Урокан ц1е: « Г1иллакхийн хазна»

1алашо:

1)      1аморан: нохчийн матте безам кхоллар,и к1орггера 1амо лаам хилар, берашна нохчийн г1иллакх-оьздангалла довзийтар, нохчийн г1иллакхаш дийцаре дар,г1иллакхе лаьцна кицанаш,аларш, дийцарш довзийтар, къоман г1иллакхе къона т1аьхье кхиор.

2)      Кхиоран:дийцаршкхула дешархойн ойла йаста 1амор. Нохчийн г1иллакхца берийн дог-ойла кхиор.

3)      Кхетош-кхиоран: Берийн дегнашкахь къоман ламасташ ларйан, баккхийчаьрга ларам кхиор.

  Урокан г1ирс: компьютер,презентаци, суьрташ, кехаташ, ручкаш.

Урокан тайпа: Керланиг довзийтар.

Урокан кеп: тобанашкахь болх бар.

                                          Урок д1айахьар

1.      Маршалла хаттар.

 

Вайн дайша олуш хилла: «Хьаша- доккха беркат ду»

Тахана вайгахь хьеший бу,иза доккха беркат ду.

Марша дог1ийла шу, хьомсара хьеший, хьоме дешархой а!

 

2.      Дешаре шовкъ кхоллар.

 

Дуьненах самукъа долуш,

Хаарийн к1оргенашка кхочуш,

Дахарехь ирсе а хуьлуш,

Дегнашкахь маьлхан йовхо йолуш,

Цо дегнаш хьоьстийла шун!

 

 Шун х1оранна а стоьла т1ехь охьа биллина малх бу, шу санна хаза болуш, х1ораммо а иза схьаэций шайн аьрро куьга а биллий, аьтто куьг цунна т1е а дилли,цуьнан йовхо шайн дегнаш чу а йаржайай и йовхо массарна а д1акховдайе.

3.     Соьга  хьовсий  самадовла

Вовшашка хьовсий къинт1ера довла

Х1инца дика тидам бе

Балхе ойла йерзайе!

 4.Хьехархочун дош.

Нохчийн маттах лаьцна дош алар.

а). Слайд «Ненан маттах лаьцна»

(Шайхи Арсанукаев)

Мерза бу, моз санна,

Ша безачунна,

Ламанан шовданал

Ц1ена бу и.

Лермонтовс, Толстойс а

Ладег1на цуьнга

Услара даггара хестийна и.

 

5.Хаарийн актуализаци.

1)Г1иллакх мичара схьадаьлла дуьйцуш хезний шуна?

2)Хьуна диканехьа, вонехь а уллехь волу тешаме( накъост)

3)Адамин дахарехь уггар деза хьал х1ун ду?

4)Стеган уггар сийлахь дарж муьлханиг ду?

 

б). Байташ йийцар.(шина дешархочо д1айуьйцу байташ0

Хьайн ненан мотт хаахь,

Ас дозалла до хоьх,

Даггара и безахь,

Ас хастам бо хьуна.

Доттаг1а, варийлахь,

Цунах ма херлолахь,

Ненан мотт хьайн бацахь,

Байлахь вуй, хаалахь!

 

Хьо безаш волчунна

Пондаран аз ду хьо,

Хьайца уьйр йоцчунна

Гихь беза мохь бу хьо.

Хьо хуущ волчунна

Жовх1арийн  х1онс йу хьо,

Хьайца шовкъ йолчунна

Чам тайна стом бу хьо.

      5. Тобанашкахь болх бар.

Т1едиллар №1.

Х1ора а тобано шен ц1е алар:

1-ра тоба «Г1иллакх»

Схьадовлар нохчийн махкара долуш,тхо нохчий ду.

Бийца дай болуш а, уьш баьхна мохк а болуш.

Тхан ц1е «Г1иллакх» йу

2-г1а тоба «Оьздангалла»

Йо1 хазачуьра, к1ант дикачуьра, дай оьздачуьра ду тхо.

Тхан ц1е «Оьздангалла» йу.

Т1едиллар №2.

- Х1ора тобанера цхьацца дешархочуьнга дагахь 1амайан йелла байт схьайуьцуьйту.

6.Сада1аран миноташ. (2 мин) (слайд)

7. Кицанаш.(слайд)

8. Х1етал- металш.(слайд)

9. Рефлекси.

Синквейн-урок

1.Урок

2. Хаза, чулацаме

3. 1амаво, кхетаво, хьоьху.

4. Уроко кхачаво хаарийн к1оргене.

5. Хаарш (1илма)

 

 


 

Йиллина урок 4-г1а чу классехь (классал арахьара дешар)

Йиллина урок 4-г1а чу классехь (классал арахьара дешар)

Хьехархочун дош. Нохчийн маттах лаьцна дош алар

Хьехархочун дош. Нохчийн маттах лаьцна дош алар

Т1едиллар №1. Х1ора а тобано шен ц1е алар: 1-ра тоба «Г1иллакх»

Т1едиллар №1. Х1ора а тобано шен ц1е алар: 1-ра тоба «Г1иллакх»
Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
13.01.2024