Дешархойн хаарш жигардахар.
1. Стенах лаьцна дийцира вай д1аяханчу урокехь?
2. Ц1ахь кхочушбан муьлха болх беллера шуна?
3. Мила ву Мамакаев Мохьмад?
4. Цуьнан муьлха произведени 1амийна вай?
5. Дагахь хьанна хаьа?
6. Стихотворенин произведенийн билгалонаш йовзийта?
7. Стихотворенехь г1улч(стопа) х1ун ю? Рифма ю?
(тобанашкахь болх)
«Воккхаве со хьуна хуъчу
Кхечу къаьмнийн меттанех,
Хьайниг бицбеш, Iамо дезна
Уьш, хьуна ца моьттинехь»
Сулейманов А.
Ламанан хи
Букарчу тулгIешца керчадеш чхернаш,
ХIаваэ хьалакхуьйсуш жовхIарийн тхи,
Ша хIорде сихделла, хедадеш лаьмнаш,
Хаьхкина охьадогIу ламанан хи.
Готтачу, бехачу цу новкъа догIуш,
Хийлазза кхечу хих и деттало,
Хи хазахетарца шен маракъовлуш,
Ткъа къаьсташ – гIелделла и хетало.
Делахь а, тIаьххьар а шена хIорд карийча,
Дерриг а мел хилларш ша диц а дой,
И, сатуьй, соцу, ша хIордах дIаийча,
ХIорда чохь ша лехна ирс карадой.
Кхетарх дуьххьарлера таллам.
Муха хийти шуна стихотворени?
Iаламан х1ун тайпа сурт х1оттийна поэто?
Маса строфах лаьтташ ю стихотворени?
Керлачу хаарийн дуьххьара д1алацар.
Дешнаш т1ехь болх:
Букара - кхузахь: хе етта тулг1еш; айалуш, лахлуш хинан керчар.
Чхернаш - т1улгаш.
Жовх1арийн тхи - хинан цинцаш, т1адамаш.
Эпитеташ: букарчу тулгIешца, жовхIарийн тхи, готтачу, бехачу цу новкъа .
Метафорш: тулгIешца чхернаш керчадеш, жовхIарийн тхи хIаваэ хьалакхуьйсуш, лаьмнаш хедадеш, хаьхкина охьадогIу, и сатуьй соцу…
Готтачу, бехачу цу новкъа догIуш,
Хийлазза кхечу хих и деттало,
Хи хазахетарца шен маракъовлуш,(олицетворени)
Ткъа къаьсташ – гIелделла и хетало.
Делахь а, тIаьххьар а шена хIорд карийча,
Дерриг а мел хилларш ша диц а дой,
И, сатуьй, соцу, ша хIордах дIаийча,
ХIордачохь ша лехна ирс карадой.
Материалы на данной страницы взяты из открытых источников либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.