Презентация к уроку чеченская литература "Цергков"

  • ppt
  • 20.09.2021
Публикация в СМИ для учителей

Публикация в СМИ для учителей

Бесплатное участие. Свидетельство СМИ сразу.
Мгновенные 10 документов в портфолио.

Иконка файла материала цергков.ppt

Нохчийн литература литература 3-г1а класс

«Цергков» 1. Гайсултанов.




ДЕ БЕРКАТЕ ДОГ1ИЙЛА !

1. Гайсултанов. 1920 – 1980

Гайсултнов Iумар вина 1920 шарахь Шелахь  ахархочун Эдалсолтин доьзалехь. Iумаран денана Себибат нохчийн барта дийцарш, туьйранаш хууш хилла. Шена дукхавезачу кIентан кIантана жимчу Iумарна  дуьйцуш хилла цо нохчийн къоман туьйранаш. Денанас дийцинчу туьйранашка чIогIа хазахеташ ладегIна ша, хIетахь нохчийн исбаьхьаллин даше бахана безам бу аьлла хета шена литературе шен шовкъ кхоьллинарг, олура Гайсултанов Iумара. 
Юьртара школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа, 1936-чу шарахь, Грозненски рабфаке деша вахна  Гайсултанов Iумар. Дика доьшуш чекхъяьккхина рабфак. Дукха хан ялале Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болабелла. ТIаме а вахна Гайсултанов Iумар, 1941–1943 шерашкахь эскарехь хилла иза. Нохчийн къам махках даьккхинчу хенахь,  1944-1957 шерашкахь, Киргизехь финансови органашкахь белхаш бина цо. Даймахка цIа вирзича, кхидIа а дешна: чекхъяьккхина Нохч-ГIалгIайн педагогически институтан историко-филологически факультетан оьрсийн меттан, литературин, нохчийн меттан, литературин отделении. 1958 шарахь дуьйна хаддаза Нохч-ГIалгIайн книжни издательствехь дешаран книгаш арахоьцучу отделехь лакхарчу редакторан болх беш вара.

Мотт шарбар.

Ииш лакхахьа, ч1ег1ардиг,
Дог деладеш, хьомениг.
- Ииш яц, йиш яц, - боху цо,
-Ц1ено деш ду х1инца со.
Дийнахь сарралц лела и,
Кхоьхьуш поппар, идош хи.
Тхов к1ел бен беш ду иза,
Т1ома лелаш хаддаза.

Чулацамах къамел дар.

-Шеран муьлха зама ю дийцар т1ехь ялийнарг?
-Муха дара денош?
-Муха дара бериййн дахар?
-Х1унда?
-Муха д1ахьора бераша хан?

Стенгахь хуьлу долош дийцар?

Коьрта турпалхой:

Д1адолор

Кхиор

Кульминаци

Чекхдалар

Чулацамах кхетам балар

Нисархой бу
Юьртахой бу
Доттаг1ий бу

Комаьрша
Низам долуш
Дика накъост

Руслан

Солта

Сонта ву
Хьаг1 йолуш ву
Кура ву

Рефлекси.

-Муьлха кицано гойту дийцаран коьрта ойла:
Майра ву алий, кура а ма вала, хьекъал долуш ву алий, сонта а ма вала.
Б1аьргана гинарг тешаме ду, лергана хезначул.
Дешар - серло, ца дешар - бода.


Жам1 дар:
Соьга дийцаро ойла ейтира.
Ас дийцаран чулацамех пайда ийцира.
Со чулацамех дика кхийтира.
4. Со ца кхийтира дийцаран чулацамах.