Доклад «Чеченский язык в школе»
Заманан йохаллехь халкъашлахь зеделла, ч1аг1делла д1ах1оттина схьадог1уш ду: адамийн хаарш гул а лур дац, ч1аг1 а лур дац кхачо йоллуш хьоьхучо д1алуш, д1акховдош дацахь.
Изза хьелаш кхочушдо вай кегийчу берашна т1ера кхиазхошна т1е кхаччалц.
Бакъду, хьехаран чолхе болх хила ма беззара хуьлийла дац, нагахь санна билламан декхарш т1е ца лацахь, уьш кхочуш ца дахь.
Хьехаран декхарш дукха ду. Уьш массо хенахь дуьйцуш ду. Заманан хьелашка хьаьжжина, керланиг юкъадог1уш, хийцалуш ду. Дахарехь юкъадог1учу керлачуьнца цхьаьна кхиа везаш хьехархо а ву.
Нохчийн меттан хьехархо кхечу хьехархойл къаьсташ хила веза: меттан а, литературин а хааршца, оьздачу къамелаца, дикачу г1иллакхаца, т1ерачу духарца. Вуьззина волчу нохчочуьнгахь хила дог1уш хьакъ ду иза.
Хила дезарш а, оьшуш долу цаторийлаш а вай тоьъъачу барамехь дийцина ду, т1аьхьарчу хенахь дуьйцуш ду. Тахана суна ала луург, юьхьаьнцарчу классашкахь нохчийн меттан хьехаран а, хьехархойн хьолах дерг а ду.
Со нохчийн меттан хьехархо хиларе терра, юккъерчу классашка даьхкинчу берийн хаарийн барам лахара хилар тидаме эцна дара сан. Оцу ойланца, 4-чу классашкахь хьоьхучу хьехархойн нохчийн маттаца долу хьал муха ду таллар а д1адаьхьира оха.
Верриге а, юьхьаьнцарчу классашкахь нохчийн мотт хьоьхуш верг 150 гергга вара. 4-чу классан дешархойн хаарийн хила безачу бараме ца кхаьчна хьехархой а бара. Уьш герггарчу хьесапехь 20% бу. Нохчийн меттан хаарш долуш, цуьнан лазамаш а болуш, матте шовкъ ерш а бу. Теша мел хала делахь а, хьехархойн 5-г1а дакъа нохчийн меттан хаарш доцуш берш бу.
Университеташ, институташ яьхна, дипломаш ду, делахь а, ненан маттах долу хаарш лахара долу хьехархой хилар хаало.
70-80-г1ий шерашкахь, вайна ма хаъара, книгашъешархой библиотекехь рог1ехь бара. Тахана вайн дешархой а, церан дай-наной а я нохчийн а, я оьрсийн а литература йоьшуш бац. Велахь а, наггахь бен ца нисло. Бакъду, нохчийн мотт т1орказ чу боьллина, и т1орказ дагон хьийзо зама-м яра иза.
Таханлера дай-наной, оцу заманан бераш хиларе терра, нохчийн матте кхин шовкъ йолуш бац (домашнее задание задавайте на русском языке олий, хаам хуьлуш меттиг йог1у кест-кеста).
Хьехархочунна доккха г1о-накъосталла хир дара берийн дай-наноша шайн доьзале къоман дозалла а, къоман кхане а маттаца бен хуьлийла доций хаийтича. Ширачу дийцаршца, халкъан туьйранашца, иллийн турпалхошца масалш далош, матте болу безам кхиийна, ларбина вайн дайша йоза-дешар доцчу хенахь а.
Нохчийн маттахь зорбанера арадолуш долу берийн журнал «Стела1ад» бен дац. «Орга» ц1е йолу журнал, «Даймохк» ц1е йолу газета доьшуш берш к1езиг бу. «Хьехархо» газетана язлуш хьехархо а вац. Велахь а, к1еззиг бен вац.
Ткъа мичара хуур ду б1еннаш шерашкара дуьйна таханалерачу дийне кхаьчна йолу акхаройн, олхазарийн, ораматийн, сагалматийн, г1ишлойн декъийн, 1аламан ц1ераш? Уьш 1илманчашна хаарх, цара гулъярх а пайда бац дошамаш, луг1аташ, словараш дешархошна евзаш ца хилахь.
Цхьанна а хаа йиш яц, вайна санна дика, вай вешан нохчийн мотт муха буьйцу, вай цуьнан сий-ларам мел бо.
Вай ду тахна а, даима санна, меттан к1оргалла, дешан говзалла дешархошна д1аяла езарш а, церан матте марзо кхолла езарш а.
Вай ду тахана къоначу т1аьхьенан дешаре болу безам, маттаца йолу уьйр-марзо кхолла езарш. Вай ду и т1аьхье шен кхетамца, 1илманца, вайн къоман хазачу 1иллакхашца кхечу къаьмнашна юкъахь дозаллица гайта дезарш.
Юьхьаьнцарчу классехь долало дешархочун дешаре, матте болу безам кхоллабалар. Лаа олуш дац, хьехархо шолг1а нана ю. Ненан матте болу безам кхио кхерчахь нана, нохчийн мотт дика а, дешархой, к1орда ца деш, кхетачу аг1ор д1ахьеха и мотт дика хууш и безаш а болу хьехархой школашкахь хила беза.
Хьехархо, саццаза шен хаарш совдохуш, 1илманан новкъахь хила веза, Дешархошна хаарш дала, уьш деша 1амо шена т1елаьцна волу хьехархо Далла а, нахана а гергахь декхарийлахь ву, халонаш эшош, шен белхан говзалла лакхаяккха.
Меттанаш дуккха ду, ненан мотт цхьаъ бен бац.
Ненан мотт кхио а, цуьнан сий-пусар дан а, дайх дисина оьзда г1иллакхаш лардан а Дала кхетам а, хьунар а, доьналла а лойла вайна. Дерриге а нохчийн къоман ойла шен маттаца сецайойла Дала!
Баркалла ладог1арна.
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.