Статья на тему: «Нохчийн меттан урокашкахь ненан матте безам кхиор»
Оценка 4.9

Статья на тему: «Нохчийн меттан урокашкахь ненан матте безам кхиор»

Оценка 4.9
doc
30.08.2023
Статья на тему: «Нохчийн меттан  урокашкахь ненан матте безам кхиор»
тывоаргрфыгшаршы.doc

Статья на тему: «Нохчийн меттан  урокашкахь ненан матте безам кхиор»

 

                                              «Йист йоцу х1орд санна, бу хьуна шортта

                                          Ша хууш волчунна, вайн нохчийн мотт».

                                                                                        Ш. Арсанукаев

 

     Вайна массарна а дика хаьа нохчийн матте а, махке а болу безам кхиор д1адоладо хьехархоша юьхьанцарчу классашкахь. Нохчийн мотт кхиорехь, 1аморехь, марзбарехь дан дезарш дуккха а ду. Цунах дика кхета юьхьанцарчу классашкахь хьоьхуш болу хьехархой. Лаккхарчу кхиамашка кхача г1ерташ волу хьехархо даим лехамехь хила веза.

     Дуьххьара школе дог1у бер цхьа а йоза яздаза долу ц1еначу кехатах тера ду. Оцу кехат т1е язден дерг, хуьйла иза нохчийн матте, 1илме, 1аламе, Даймахке болу безам я г1иллакх- оьздангалла хилар, дерриге а юьхьанцарчу классашкахь болчу хьехархойн керахь ду.

 

     Йоза-дешар нохчийн школашкахь 1амор хьехаран коьртачу декхарех цхьаъ ду. Дуьххьара школе дог1учу беро шен дешар нохчийн маттахь д1адоладо. Школе деша дахкале ненан маттахь цхьацца кхетамаш хуьлу берийн. Оцу кийччачу кхиамаш т1ехь д1ах1оттабо хьехархоша шаьш кхид1а а бан безаш болу болх: дуьненах церан болу кхетам алсамбоккху, уьш ц1еначу ойланехь кхетош кхиа а до, царна йоза-дешар а 1амадо.

 

Доккха маь1на долуш ду школе бахкале дешархойн хиллачу хаамех пайда а оьцуш йоза-дешар 1амор. Хьехархочо дешар 1амор д1адоладалале йоза-дешар хьехарна хьалххе кечам бан а беза, хьехаран методаш дика 1амон а еза.

 

    Йоза дешар 1аморехь зеделларг нохчийн школашкахь х1инца а к1еззиг ду, долуш дерг а дика 1амийна даьлла а дац. Цундела ненан меттан хьехархоша школашкахь зеделлачух пайдаэца беза.

 

    Хьалхарчу классехь, къаьсттина ялх шо кхаьчначу берашна хьеха дезначарна дика хаьа, мел хала хуьлу хьехархочунна юьхьанца цаьрца болх бан. Х1инцца школе деша деанчу берана хала хуьлу цхьана метта охьа а хиъна, 10-15 минотехь сацадала: дешарна х1инца а ойла т1ейирзина яц церан, халонаш 1иттало низам латторехь а.

 

 Ойлане волу хьехархо: х1ун дича ладуг1ур дара те бераша, муьлхачу г1ирсех пайдаэцча, дог дог1ур дара церан деша, бохуш. Цхьаболчу хьехархошна моьтту шаьш берашна хьеха  кийча ду. Г1алат бевлла уьш.

 Мало ца еш болх бо цара, дуккха а къа а хьоьгу, амма шаьш дечух тидам ца бо, урокаш цхьатерра а, самукъане йоцуш а д1айоьлхуш хиларна. Наггахь дог дуьллий, кхин болх бийр бац олий, школа д1атаса дог дог1у.

 

 Берашна урокаш ло цара, амма бераша шайн урокаш ло ишттачу хьехархошна. Цхьана эшшарехь, цхьана а тайпа эвсаралла йоцуш болх бахь, хьехархочун кхиамашка ладег1а дог дохийла яц. Урокашна кечам барал сов, дешархошца йолу юкъаметтиг а ю цо хийца езаш. Цаьрца к1еда-мерза хила кхера оьшуш дац. 

 

     Урокийн эвсаралла лакхаяккха 1алашо йолуш, хьехархоша шайн балха т1ехь шуьйра пайдаэца беза ловзаран кепех. Ловзаран кеп дешархойн самукъадаккха юкъаялош яц. Иза хьехархочун атта боцчу белхан цхьа дакъа ду, ловзаран кепе дерзийна долу. Х1инццалц бинчу белхех тера йоцу дешаран а, 1аморан а кеп юкъаялийча, дешархочо, и хала елахь а, дог дог1уш т1еоьцур ю.

 

 

   Ткъа и ловзаран кеп дешар атта хилийта 1алашо кхочушъеш хуьлуш ю: цо дешархойн хаарш к1аргдо, т1е а ч1аг1до.

     Нохчийн меттан дешнашца ловзийта деза бераш. Ишттачу ловзарехь йовза йолало цунна меттан к1оргалла а, башхалла а.

   

 Берийн амалш, башхаллаш(психологически, физиологически) тидаме а оьцуш, д1ах1итто еза урокаш.

     Урокехь меттах ца хьовш, пхеа минотехь а ца 1ало бераш. Берийн оцу сихаллех, чоьхьарчу энергех пайдаэца беза сада1аран миноташ д1аяхьарца. Бер экам ду, атта дегабаам бо, шен дагахь дерг сацо а ца хаьа цунна х1инца а, цундела цаьрца д1ахьош долчу къийсадаларийн барам ларбан беза.

 

 

    Бераш тергаме ладог1а 1емина ца хиларе терра, самукъадер долу материал яларца дешарна ойла т1еерзон еза церан. Самукъане дерг цара дика т1елоцу, дика дагахь а лаьтта царна.

     Школехь д1ахьош долу ловзарш   шайца 1аморан 1алашо йолуш хила деза, 1амош долчунна ойла т1е а ерзош, керла хаарш а луш.

    

Ловзарш тайп-тайпана хила тарло. Масала: «Мила ву тидаме», «Стенах тера а ду элп?», «Самукъане материал»(чехкааларш, х1етал-металщ, кроссвордаш, ребусаш), «Дошам», «Физминоташ».

   

 

 Берашка 1амош долу элп дика дагалацийта, ойланехь сурт х1оттош болх байта беза, и элп стенах тера ду хьовсуш, вуьшта г1ожмашца диллийта мегар ду я кехатах даккхийта, я шалха тоьхначу кехатах схьадаккхийта, девзаш долу элпаш хуьйцуш. Масала Ж К, Ф Р, Т Г и.д1.кх.а.

  

  «Элпаш нийса д1ах1иттаде», «Ах элп» ловзарш д1ахьочу хенахь, дешархоша элпийн ца тоьуш долу дакъош т1едохку.

    

 Ч1ог1а хазахеташ ладуг1у бераша элпашца доьзна долчу туьйранашка. Бераш долчу хьошалг1а бог1у, самукъане ловзарш а дохьуш, туьйранашкара турпалхой: Т1икилиш, Ч1ирдиг, Маьлхан-Аьзни, Хьекъале Бух1а, цициг Пису, Жаьла Гуьйриг, Горголиг и. д1.кх.а.

    

Аз довзуьйтуш д1ахьочу ловзарша («Мила ву тидаме?» - аз къасторан а, билгадаккхаран а, «Дукха хьан даладо?»

    

Х1етал-металша, кроссвордаша, ребусаша берийн ойла самайоккху, г1о до мотт шарбарехь, кхетам совбаккхарехь, 1амаво тидам бан, х1уманна т1аьхьакхиа.

  

  Чехкааларех, ц1енааларех, дагардарех, самукъанечу байтех пайдаэцарца аьзнаш нийсаалар т1еч1аг1до, берийн мукъам тобо, къамел кхиадо.

  

  Нохчийн мотт 1амор т1ехь цуьнга болу безам к1аргбар т1ехь доккха накъосталла до юьхьанцарчу классашкарчу хьехархошна берийн «Стела1ад» ц1е йолчу журнала. Доккха баркалла ала лаьара иза арахоьцуш йолчу коллективна. Мах хадийна ца валлал дика г1уллакх ду цара дийриг.

  

  Нохчийн мотт хьехарна т1ехь а, и дешархошна марзбарна т1ехь а Дала аьтто бойла вайн массеран а!

     Баркалла ладог1арна!                                                                            

 

 Х1оттийнарг: Зайтемиров  Сайдик  Салахович

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

Доклад «Юьхьанцарчу классашкахь нохчийн меттан  урокашкахь ненан матте безам кхиор»

 

 

 

 

 

 

                                               

 

     

                                              Х1оттийнарг: Зайтемиров  Сайдик  Салахович


Статья на тему: «Нохчийн меттан урокашкахь ненан матте безам кхиор» «Йист йоцу х1орд санна, бу хьуна шортта

Статья на тему: «Нохчийн меттан урокашкахь ненан матте безам кхиор» «Йист йоцу х1орд санна, бу хьуна шортта

Наггахь дог дуьллий, кхин болх бийр бац олий, школа д1атаса дог дог1у

Наггахь дог дуьллий, кхин болх бийр бац олий, школа д1атаса дог дог1у

Масала Ж К, Ф Р, Т Г и.д1.кх.а

Масала Ж К, Ф Р, Т Г и.д1.кх.а

Доклад «Юьхьанцарчу классашкахь нохчийн меттан урокашкахь ненан матте безам кхиор»

Доклад «Юьхьанцарчу классашкахь нохчийн меттан урокашкахь ненан матте безам кхиор»
Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
30.08.2023