Маьлха - Аьзнин кехат
« Хьоме дешархой! Маршаллица яздо ас шуьга даггара кехат! Шун долчу ян лууш йолу дукха хан ю со, амма яр ца нислуш хьеелла . Делахь а, дешаран новкъахь шу доггах къахьоьгуш , ненан мотт аша ц1енчу безамца 1амош хиларх тешна ду сан, шуьга болчу безамах а, лерамах а дуьзна долу дог. Ткъа цкъачунна хьалхе дуьйна вай дузуш долчу «Хазна» ц1е йолчу т1орказ чу кхин а ненан меттан жовх1арш доуьйта аса.Дика дешалаш, дений-нанний муьт1ахь хилалаш, сан кегий доттаг1ий!»
Урокан ц1е: Ма-дарра къамел
Урокан 1алашонаш:
1) ма-дарра къамел бохург х1ун ду хаар, интонацин башхалла йовзар;
2) нийсаяздаран бакъонаш йовзийтар;
3) ненан матте безам кхиор.
«Барзо амалш ца хуьйцу»
Iай хало хьегна Г1елъелла и борз,Уг1ура г1ийла,Букъах бина х1оз.Гира цунна газа,Дацара г1ор лаца.Йистхилира иза,Хила г1ерташ эсал:
«Газа, схьайола,Хир вай доттаг1ий,Со хийцаелла,Кан ас хийцина». (Гайсултанов I.Э.)
1иса сецира, ткъа Ахьмад д1авахара.
Хьоькхура шийла мох, амма бераш ца кхоьрура х1инца.
Хьажар ненан г1ийла дара, xleттe а новкъавелира к1ант.
Материалы на данной страницы взяты из открытых источников либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.