Урокан ц1е: А. Айдамиров стихотворени «Вина мохк»
1алашо:Айдамиров Абузаран дахарх, кхоллараллех кхетам балар;
«Вина мохк» -стихотворени 1амор;
дозуш долу къамел кхиор;
яздархочун кхолларалле, Даймахке,ненан матте безам кхиор.
Уьн т1ехь йоза: «Вай Даймехкан чевнаш ерзо еза, бертахь даха деза» А. Айдамиров.
Урок д1аяхьар.
I. Урокан тема а, 1алашо а йовзийтар.
II Ц1ахь бина болх таллар.
III Бераш, вайн къоман сийлахьчу яздархочунна Айдамиров Абузарана а хилла Даймохк 1аламат ч1ог1а дукхабезаш. Вай тахана 1амор ю цуьнан «Вина мохк» ц1е йолу байт.
-Шуна х1ун хаьа Айдамиров Абузарах лаьцна?
-Маца, мичахь вина иза?
-Д1а маца кхелхина иза?
Х1аъ, 2005-чу шеран май баттахь д1авахана вайна юкъара и бакъволу къонаха, поэт, яздархо, историк, публицист Айдамиров Абузар.Дала гечдойла цунна! Амма иза ваха висна хьаналчу нохчийн дегнашкахь. Цунна доза доцуш дукхабезара вайн исбаьхьа Даймохк, нохчийн къам. Иза жима волуш ваьллера винчу махках…
-Х1унда къаьстина хилла иза Даймахках?
-Маца хилла иза?
-Маса шо хилла к1ентан цу хенахь?
-Муха дара цуьнан дахар Сибрех?
-Стенга сатуьйсура к1анта хийрачу махкахь?
-Язъян маца волавелла иза?
-Муьлха говзарш язйина цо?(Дешархоша ц1ераш йоху говзарийн)
-Х1ун гойту цо шен говзаршкахь?
(Къоман дахар: хилларш, лайнарш; нохчийн дика а, вон а амалш; Даймехкан хазалла, цуьнга болу безам.)
IV - Аш даккхий хилча йоьшур ю и говзарш, ткъа х1инца вай 1амор ю
«Вина мохк» ц1е йолу стихотворении.
Дешнашца болх: сийначу духарца кхелина 1алам.
Кхелина-кечделла, хазделла.
-Д1аязде и дешнаш шайн луг1аташ т1е.
Хьехархочо васталлица байт д1аешар.
Дешархошка еша а йоьшуьйтуш, чулацам т1ехь болх бар:
-Стенах лаьцна дуьйцу хьалхарчу байтехь?
-Муьлхачу дешнаша гойту поэта винчу махке сатийсина хилар?
(Карий хьо ас дагахь
Латтийнчу суьртахь,
Сих-сиха г1енаха
Суна м а-гарра.)
-Кхузахь вайна х1ун гучудолу?
(Поэтана Даймохк бицбелла цахилар,цунна иза сих-сиха г1енах дуьхьалтийсина хилар)
-Шолг1ачу байтехь х1ун боху винчу махках лаьцна?
(Ахь со т1еийцира, нанас бер санна, хьаьстина…)
-Кхоалг1чу байтехь- ша муха хьоьжу боху винчу махке?
-Х1унда ца 1еба иза мел хьежарх?
-Йоьалг1ачу байтехь гайтинарг х1ун ду?
(Даймехкан исбаьхьа 1алам)
-Муха хета 1алам?
(Дийна долуш санна)
-Стенца ду боху лирически турпалхочо шен ирс?
-Муха бу стихотворенин мотт?
-Стенца бусту лирически турпалхочо Даймохк?
(Ненаца)
Дешархошка васталлица ешийтар.
V Пейзажах кхетам карлабаккхар:
-Ешал йоьалг1а байт. Х1ун ду кхузахь гойтург?
-Стенца гайтина сурт?
(Исбаьхьачу дешнашца)
-Стенах олу пейзаж?
(Литературни говзарехь исбаьхьчу дешнашца х1оттийначу 1аламан суьртах пейзаж олу)
VI Т1еч1аг1дар.
1. Абузар Айдамировн «Вина мохк» дешнаш т1ехь даьккхина, Дагаев Валида д1аолучу иллига ладог1ар.
2. Даймахках лаьцна кицанаш муьлхачу тобанна дукха хаьа?
Даймохк мазал мерза бу.
Нехан махкахь эла хуьлучул шен махкахь лай хилар тоьлу.
Даймохк-нана, нехан мохк-десте.
Даймохк-ялсамане, нехан мохк-жоьжаг1ате.
Мохк боцу аьрзу къийго а тергал ца йо.
Нехан махкахь вехачул шен махкахь валар тоьлу
Даймохк мостаг1чух ларбе, къайле хьесталучух ларъе.
Даймахках ваьлларг-т1емаш доцу хьоза.
Х1етал-металш. (Хьехархочо)
-Х1етал-метал хаийла шуна:
-Нана санна, цхьаъ бен боцург?
-Гена мел вели дукхабезарг?
-И сингаттамехь хилча, вайн ч1ог1а дог 1ийжарг?
-Кицанашкахь мазал мерза лоруш берг?
-Поэташа, яздархоша исбаьхьаллин дашца хестош берг?
-Х1аваъ аьхна а, дарбане а дерг?
-Нехан махкахь хилча, шена ч1ог1а сагатдийриг?
-Вайна, нана санна, хьоме берг?
-Цундела вай ларбан безарг?
-Бераш, х1ун ду Даймохк безар, ларбар бохург?
-Муха кхета шу цунах?
(Мотт дика 1амор; иза хаза, оьзда бийцар; оьзда г1иллакхаш лардар лелор; 1алам лардар, дитташ, зезагаш кхиор; ц1ена лелар )
VII Урокан жам1 дар.
-Пайдениг х1ун 1емина вайна х1окху урокехь?
(Даймохк хьоме хилар, иза ларбан безар)
VIII Ц1ахь бан болх.
74, 76-78 аг1онаш. Байт дагахь 1амо.
Суьрташ-пейзажаш яхка.
Материалы на данной страницы взяты из открытых источников либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.