Ахматова Р "Лийрбоцурш"

  • docx
  • 21.08.2024
Публикация на сайте для учителей

Публикация педагогических разработок

Бесплатное участие. Свидетельство автора сразу.
Мгновенные 10 документов в портфолио.

Иконка файла материала УРОК АХМАТОВА Лийрбоцурш.docx

Нохчийн меттан йиллина урок

5 класс

 

 

 

Урокан ц1е. Ахматова РаисаСолтмурадовна

«Лийрбоцурш».

 

Урок д1аяхьар.

 

Ι. Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ. Маршалла хаттар.

 

 

III. 1алашо: нохчийн матте, къоман историга безам алсамбаккхар; кхетош-кхиоран болх бар; г1иллакх-оьздангалла дийцаре дар; Даймахке болу безам кхиор; иштта д1аяханчу а, карарчу заманан турпалхойн ц1ераш йовзийтар.

 

3. Мотиваци.

Х1ора къоман а шен мотт бу. Къаьмнаш вовше довзийтархьама кхоьллина ду меттанаш. Вайниг нохчийн мотт бу, вай цуьнах ненан мотт олу. Иштта маттехула вай даима хьехабо бицбан йиш йоцу вайн къоман турпалхой! Турпалхо — иза массо а аг1ор шех масал эца дог1у стаг ву. Цо шен г1уллакхал хьалха — нехан г1уллакх доккху. И декхар цо ша-шена т1елаьцна хиларна лору иза деза а, сийлахь а.

 

·         Хьанна лерина ду-те вайн таханлера хьехарсахьт?

 

 

Кроссворд.

 

 

у

р

а

м

2. Некъ бохучу дешан синоним?

р

а

м

з

а

р

3. НР куьйгалхочун ц1е?

Д

а

й

м

о

х

к

4. Вайн турпалхоша къийсинарг?

а

б

а

т

5. Рог1ехь д1ах1иттийначу элпех олу....

л

а

т

т

а

6. «Стигал» бохучу дешан антоним?

в

е

д

а

н

а

7. Обарг Зеламха схьаваьлла юрт?

о

р

а

м

8. Гергарчу дешнийн юкъара дакъа?

 

 

 

 

 

 

 

-Коьрта дош муьлха ду?

·         Хьанах олу вай турпалхо?

·         Хьайна бевзачу турпалхойн ц1ерш яха.

 

 

5.    Презентаци гайтар.

 

6.    Презентацех хаам балар.

- Х1ун ала мегар ду царах?

·         Турпалхой леш бац.

 

·         Даймахкана дIаделла цара шайн къона дахар. МостагIчунна тIехь толам боккхуш, тIеман арахь эгна уьш. Даймохк Iалашбеш, халкъана паргIато йоккхуш велларг адамийн дегнашкахь гуттаренна а вуьсу, тIекхуьучарна ма-сал хуьлий лаьтта цуьнан цIе. Цундела аьлла турпалхойх "Лийрбоцурш", адамашна уьш цкъа а бицлург цахилар ч1аг1деш.

 

·         Урокан ц1е х1ун ю аьлла хета хьуна?

·         Турпалхой, лийрбоцурш.

·         Нийса бах.

·         Х1инца вай хьовсур ду видео-ролике.

 

7. Яздархочун кхолларалла йовзийтар.

hello_html_22c75993.jpg

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

Нохчийн халкъан поэтесса Ахматова Раиса йина 1928-чу, шарахь 30 декабрехь Соьлжа – Г1алахь къинхьегамхочун боккхачу доьзалехь. Р. Ахматова дика евзара вайн махкахь а, дозанал арахьа а.

Стихаш язъян йолаелла Соьлжа – Г1аларчу хьехархойн у училищехь доьшуш йолуш. Цуьнан байтийн хьалхара «Хьоме республика» гулар араелира 1958-чу шарахь. Х1етахь дуьйна нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь 30 сов стихийн гулар зорбане яьлла поэтессин («Дикалла», «Сан седа», «Цхьанакхетар», «Откровение», « Лунной тропою», " "Поющая чинара», «Шовданан йистехь». Ахматова Раиса кхоллараллехь йоккха меттиг д1алоцуш ю вайнехан зударийн дахаррий, ойланашший, сатийсамашший гайтаран тема. Иза нохчийн зударех дуьххьара яразударшна ламанхошна орцахъяьлларг. Къаьсттина дагах хьакхалуш бу цо шен дукхах йолчу произведенешкахула чекхбоккачу Даймахке, нене болу безам .Р. Ахматовас жигара дакъалоцура республикан а, юкъараллин а дахарехь. Иза дуккха а шерашкахь Нохч – Г1алг1айн яздархойн Союзан правленин председатель а, Нохч – Г1ал1айн АССР – н Лакхарчу Советан председатель а лаьттира. 1992-чу шарахь дуьйна вайца йоцуш ю Раиса, амма вайца ю цуьнан сирла поэзи.

8. Дешнаш т1ехь болх.

Лийрбоцурш — бессмертные.

Аьгна - выдолбленный.

Нур - луч; сияние.

Чурт, х1оллам — памятник, обелиск.

9. «Лийрбоцурш» стихотворени хьехархочо ешар.

Чурт аьгна кошана дуг1уш,

Цунна т1ехь терахьаш къеста...

Эгна дай бакъ толар къуьйсуш,

Дуьнен чохь церан нур кхерста.



Кошахь берш цкъа дийна хилла,

Баккхийбеш доьзалах шешан.

Вайн дуьхьа уьш х1аллакьхилла,

Сий дийр ду вай даим церан!



Х1ан-х1а, шу дицлур дац тхуна,

Шух 1емаш некъ бийр бу оха.

Лаьтта т1ехь ирс лоьхучунна

Шух 1амар оьшуш ду ч1ог1а.



Оха шух дозалдо, к1ентий,

Парг1ато аша елла тхуна.

Г1ийлачийн хилла вежарий,

Х1ора шух хьоме ву суна.

 

10. Керлачу коьчалх доьзна хаттарш:

1.    Муха хийтира хьуна х1ара стих?

2.    Муха к1ентий хилла уьш?

3.    «Лийрбоцурш» бохучух муха кхета хьо?

 

11. Стихотворени дешархочо ешар.

 

12. Физминот (1имран 1усмановн «Къонаха» ц1е йолу иллин видео ролик гойту).

 

 

 

13. Кицанех ловзар.

 

 

 

hello_html_m658e97f.gif

 

 

Тоьпо цхьаъ бен ца вийна......

Т1амо к1ант ца вина......

 

 

 

14. Урокан жам1 дар.

- Стенах лаьцна дийцира вай тахана урокехь?

- Таханлера уроках х1ун пайда ийцира ахь?

 

15. РЕФЛЕКСИ ЯР.

 

 

Суна хиира …..

Таханлерчу урокехь суна карладелира...

 

hello_html_m107eaade.png

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

XII. Ц1ахь бан болх.hello_html_m5789a76d.png

 

Харжа...........

 

1.Яздархочун дахар а, кхолларалла хаа.

2.«Лийрбоцурш»

стихотворени дагахь 1амор,схьайийцар.

3.Т1емалочун сурт диллар.