Бексултанов Муса «Некълацар» дийцар.
Оценка 4.7

Бексултанов Муса «Некълацар» дийцар.

Оценка 4.7
docx
21.08.2024
Бексултанов Муса «Некълацар» дийцар.
Урокан тема НЕКЪЛАЦАР.docx

Урокан тема: Бексултанов Мусан «Некълацар» дийцар.

1алашо: Бексултанов Мусан дийцаран чулацам бовзийтар.

1аморан: Произведенин говзаран тематикех кхетам балар.

Кхиоран: Произведенехула дешархойн ойла яста 1амор. Нохчийн г1иллакхца берийн дог-ойла кхиор.

Кхетош-кхиоран: Берийн дегнашкахь къоман ламасташ ларъян езий ч1аг1дар, баккхийчаьрга ларам кхиор.

Урокан г1ирс: компьютер, презентаци, суьрташ, книжка, кехаташ, ручкаш.

Урокан тайпа: Керланиг довзийтар.

Урок д1аяхьар.

I. Орг. момент (3 мин)

Мотиваци.

Чекхдели и шийла 1а.

Кхечи вайна б1аьсте схьа.

Хеза арахь г1овг1анаш,

Ловзуш, уьдуш го бераш.

Дирзина ц1ехьа олхазарш.

Шайн маттахь деш къамелаш.

Жигара хьийза хьехархой.

Шух бан г1ерташ толамхой,

Ткъа урок д1айолалуш ас,

Доьху, дешархой, дика дешалаш!

Де дика хуьлда шун, дешархой! Марша бог1ийла вай долчу хьошалг1а баьхкина болу хьеший а!

II. Ц1ера болх хаттар.

- Х1ора тобанера цхьацца дешархочуьнга Дикаев Мохьмадан дагахь 1амаян елла байт схьаюьйцуьйту.

Хьехархо: Таханлера вайн урок суна д1айолаян луур ду х1ара видеоролик гайтарца.

Дешархошна хьехархочо видеоролик гойту.

II. Хьехархочун хаттарш: (5 мин)

1) Х1ун сурт дара вайна х1окху видеоролик т1ехь гуш дерг?

2) Нохчийн къоман муьлха ламаст ду вайн кхузахь гайтина?

3) Ткъа аша лаьцний цкъа а далочу нускалан некъ? Маца? Мичахь? Жимма цунах лаьцна дуьйцур дарий аша?

4) Вайн таханлера тема стенах лаьцна хир ю аьлла хета шуна?

Нийса бах, вай тахана доьшур ду «Некълацар» ц1е йолу дийцар.

Ткъа оцу дийцаран яздархо мила ву хаьий шуна?

- Вай долчу хьошалг1а кхин а баьхкина хьеший, амма шуна шаьш ца бовзахь уьш схьабоьрзур бац.

- Цхьаъ царех нохчийн литературин бухбиллархо ву. Вевзий шуна?

- Важа « Хаарийн б1ов» передачин ведущи ву. И шиъ шуна вевзарна, кхоалг1аниг ша схьавирзи вайна. Хьовсал суьрте, вевзий шуна?

- Муьлха ву аьлла хета шуна «Некълацар» дийцаран автор?

III. Хьехархочо яздархочун дахарх а, кхоллараллех а лаьцна боцца хаамаш ло. (2 мин)

80- чу шерашкахь нохчийн литературе баьхкинчу къоначу яздархойх ву Бексултанов Муса. Иза вина 1954 шеран 1 июлехь Казахийн СССРн Мендыкаринскан кӀоштан Боровое юртахь (хӀинца Бурабай). 1957 шарахь иза цӀа вирзина.Алхазурово юьрта, цигахь чекхъяьккхина цо ишкол.  1979 шарахь цо чекхъяккхина Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан университетан филологин факультет.

Карарчу хенахь болх беш ву «СтелаӀад» берийн журналехь коьрта редактор.

IV. Слайд. (2мин)

- Хьовсал, дешархой х1окху слайде. Х1ун уьйр ю вайн некълацаран г1иллакхний, х1окху 1асанний юккъахь?

- Хаа лаьий шуна?

- Церан вовшашца йолу уьйр лаха вай тахана дикка къахьега деза. Амма цунна духе кхиа вай дийцар дешале хьалха, хьалхара некъ- дешнаш т1ехь болх беш д1аболор бу.

Дешнаш т1ехь болх: (3 мин)

1.    Шамар ихна куьг - сморщенная рука

2.    Шагар т1улг- прозрачный камень

3.    Лоппагаш- надувные шарики

4.    К1ирвелла, к1ирлой- вперившись взглядом

5.    Харцмирциг- хулиган

6.    Херх-чотка- щетка-грабли

7.    Г1ушлакхе- солнце поднялось высоко над горизонтом

8.    Варо- часть тела выше колена

V. Текстаца болх. (7 мин)

Хьехархочо кхаа тобане бекъначу дешархошна дийцаран кхоъ кийсик д1аса ло.

 

VI. Физминутка. (2 мин)

Г1овтал маса, доттаг1ий!

Хьовзош жигара куьйгаш шай.

Когашка олуьйтуш х1орствай!

Б1аьргийн нур а кхарстаде вай?

Хьовсал гондахьа, хьовсал лаьтта,

Ткъа и х1унда оьшу ма хетта!

К1адделла куьйгаш, к1адбелла корта.

Б1аьрган нег1арш детта шортта.

Могшалла ларъеш дуьллуш т1ай,

Хаарш к1аргдан хьовсий вай?

VII. Хьехархочун хаттарш. (5мин)

- Хьоме дешархой, вай муьлхачу хаттарна жоп дала дезаш дара?

(Х1ун уьйр ю некълацарний, 1асанний юккъахь)

- Х1ун ю и 1аса?

(и 1аса воккхачу стеган накъост ву, г1ортор ю)

- Ткъа вайн г1ортор х1ун ю аьлла хета шуна?

(баккхий нах, церан кхетам и д1. кх.)

- Некъ лоцуш охьайиллина 1аса а кагъеш машенаш д1аяхаро х1ун гойту?

(воккхачу стаге боцу ларам гойту, шайн г1иллакх ца довзар).

- Ткъа шуна муха хета, нийса диний и нускал далочара?

(Ца дина, уьш совца декхар бара, церан семо хилаезара шаьш арабаьккхинчу новкахь, вайн ламастаца дог1у г1иллакхаш лардеш баккхийнаш а, кегийнаш хир буй хууш).

- Шаьш некъ лаьцча, уьш совца а ца совцуш д1абахча муха хетар дара?

VIII.Тестировани. (5 мин)

IX. Рефлекси. (3 мин)

Синквейн- урок.

1.    Урок.

2.    Хаза, чулацаме, юьзна.

3.    Д1ахьо, 1амайо.

4.    Урок дахаран цхьа аг1о.

5.    Кхетам.

X. Ц1ера болх. (1 мин)

1. «Дайн оьзда г1иллакхаш» ц1е йолчу темина барта дийцар кечде.


 

Урокан тема: Бексултанов Мусан «Некълацар» дийцар

Урокан тема: Бексултанов Мусан «Некълацар» дийцар

Цхьаъ царех нохчийн литературин бухбиллархо ву

Цхьаъ царех нохчийн литературин бухбиллархо ву

VII. Хьехархочун хаттарш. (5мин) -

VII. Хьехархочун хаттарш. (5мин) -
Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
21.08.2024