Итоговый тест 8 класс

  • docx
  • 16.05.2025
Публикация на сайте для учителей

Публикация педагогических разработок

Бесплатное участие. Свидетельство автора сразу.
Мгновенные 10 документов в портфолио.

на чеченском языке
Иконка файла материала ТЕСТ ИТОГ 8 МОТТ.docx

I вар.

1.Цхьанах1оттаман предложени олу…

а) шена чохь подлежащий, сказуемий – шиъ коьрта меже йолчу предложених;

б) шена чохь подлежащих, сказуемих коьрта меже цхьаъ бен йоцчу предложених;

в) шена чохь коьрта меже кхоъ йолчу предложених;

г) шена чохь коьртаза меженаш йолчу предложених.   

2        Шинах1оттаман предложени олу…

а) шена чохь подлежащий, сказуемий – шиъ коьрта меже йолчу предложених;

б) шена чохь подлежащих, сказуемих коьрта меже цхьаъ бен йоцчу предложених;

в) шена чохь коьрта меженаш йолчу предложених;

г) шена чохь коьртаза меженаш йолчу предложених.   

3        Кхаах1оттаман предложени олу:

а) шена чохь подлежащий, сказуемий – шиъ коьрта меже йолчу предложених;

б) шена чохь подлежащих, сказуемих коьрта меже цхьаъ бен йоцчу предложених;

в) шена чохь коьрта меже кхоъ йолчу предложених;

г) шена чохь коьртаза меженаш йолчу предложених.

4        Подлежащи олу:

а) предложенехь сказуемех лаьцна дуьйцучу коьртачу меженах;

б) предложенехь нийсачу кхачамах лаьцна дуьйцучу коьртачу меженах;

в) предложенехь коьртазчу меженех лаьцна дуьйцучу коьртачу меженах;

г) предложенехь шех лаьцна дуьйцучу коьртачу меженах.

5        Сказуеми олу:

а) подлежащих лаьцна дуьйцучу, подлежащин дар йа хилар гойтучу коьртачу меженах;

б) кхачамах лаьцна дуьйцучу, кхачаман дар йа хилар гойтучу коьртачу меженах;

в) къастамах лаьцна дуьйцучу, къастаман дар йа хилар гойтучу коьртачу меженах;

г) латтамах лаьцна дуьйцучу, латтаман дар йа хилар гойтучу коьртачу меженах.

6        Нохчийн маттахь предложенин коьрта меже йу:

а) шиъ;

б) кхоъ;

в) йиъ;

г) пхиъ.

7.      Подлежащи хуьлу:

а) цхьана кепара;

б) шина кепара;

в) кхаа кепара;

г) йеа кепара.

8.      Къастам олу:

а) х1уманан билгало гойтучу предложенин коьртазчу меженах;

б) дар, хилар муьлхачу хьолехь кхчушхуьлу гойтучу коьртазчу меженах;

в) лач дожарехь йолчу коьртазчу меженах;

г) дешан кхолладалар гойтучу предложенин коьртазчу меженах.

9.      Латтам олу:

 10.  Даран суьртан латтамаша гойту:

а) муха кхочушхуьлу дар йа хилар;

б) дар, хилар мичахь кхочушхуьлу;

в) маца кхочушхуьлу дар, хилар;

г) мухачу бехкамца кхочушхуьлу дар, хилар.

11. Синтаксис олу:

а) къамелийн аьзнийн 1илманах;

б) меттан дешнаш 1амочу 1илманах;

в) дешнийн цхьаьнакхетар а, предложени а 1амочу 1илманах;

г) дешан латтам а,дешнаш кхолладаларан кепаш а 1амочу 1илманах.

12Грамматика олу:

а) меттан 1илманах;

б) меттан дешнаш 1амочу 1илманах;

в) меттан законийн 1илманах;

г) къамелан аьзнийн 1илмана

2 вариант

  1. Орфографи олу…

а) сацаран хьаьркаш нийса х1иттор 1амочу бакъонех;

б) дешнийн нийсайаздаран бакъонех;

в) аьзнаш 1аморан бакъонех;

г) г1уллакхан къамелан дакъойх.

2.  Предложенин коьртаза меженаш йу:

а) нийса кхачам, сказуеми, латтам,

б) лач кхачам, подлежащи, къастам;

в) лач кхачам, къастам, латтам;

г) нийса кхачам, латтам, къастам.

3.  Предложенин коьрта меженаш йу:

      а) нийса кхачам, сказуеми, латтам,

      б) лач кхачам, подлежащи, къастам;

      в) лач кхачам, подлежащи, латтам;

      г) подлежащи, сказуеми.

4.. Хандешан билгалзачу кепах олу…

а) орам;

б) схьадалаза дош;

в) подлежащи;

г) инфинитив.

5. Предложенин цхьанатайпанарчу меженашца лела хуттургаш йу:

а) дозаран, къасторан, дуьхьалара;

б) кхеторан, къасторан, дуьхьалара;

в) довзийтаран, аларан, дуьхьалара;

г) дозаран, довзийтаран, маь1нин.

6. Предложенин цхьанатайпанарчу меженашца лела хуттургаш хуьлу…

а) шина тайпана;

б) пхеа тайпана;

в) кхаа тайпана;

г) йеа тайпана.

7. Цхьанатайпанара меженаш олу:

а) предложенин маь1нех кхеточу дешнех;

б) вовшашна йукъахь цхьаьнакхетаран уьйр йолчу дешнех;

в) шатайпанчу интонацица олучу дешнех;

г) предложенин коьртачу меженех.

8. Билгалза-йуьхьан предложени олу…

а) кхетарна оьшуш йолу меженаш шена чохь йолчу предложенех;

б) коьрта йа коьртаза меженаш йукъа ца йалош, амма уьш маь1ница атта схьакарош йолчу предложенех;

в) дешнаш интонацица аьллачу предложенех;

г) шена чохь подлежащи доцуш а, йуьхь билгал ца йеш а йолчу предложених.

9. Йукъара- йуьхьан предложени олу:

а) шена чохь подлежащи а доцуш, йукъарчу маь1ница иза дало тарлучу предложенех;

б) коьрта йа коьртаза меженаш йукъа ца йалош, амма уьш маь1ница атта схьакарош йолчу предложенех;

в) предложенин коьрта а, коьртаза меженаш шена чохь йолчух;

г) дешнаш интонацица аьллачу предложенех.

10. Ц1еран предложени олу…

а) подлежащи а доцуш, хила оьшуш а йоцчу предложених;

б) сказуеми бен кхин коьрта меже йоцчу предложених;

в) коьртаза меженаш шена чохь йолчу предложених;

г) подлежащи бен кхин коьрта меже йоцчу предложених.

11.Йуьхьза предложени олу:

а) подлежащи а доцуш, хила оьшуш а йоцчу предложених;

б) подлежащи бен кхин коьрта меже йоцчу предложених;

в) коьрта меженаш шена чохь йолчу предложених;

г) коьрта, коьртаза меженаш шена чохь йолчу предложених;

12.Йуьхьан предложени олу:

а) шена чохь подлежащи а доцуш, сказуемино формица йа маь1ница иза билгалдечу предложених;

б) подлежащи бен кхин коьрта меже йоцчу предложених;

в) шена чохь подлежащи а, сказуеми а долчу предложених;

г) шена чохь подлежащи а доцуш, йукъарчу маь1ница иза дало тарлучу предложених.