24-г1а урок
Урокан ц1е: «Мукъа аз (И) , элп Ии»
1алашо: мукъа аз(И) довзийтар , элп Ии довзийтар. Аьзхнех , элпех лаьцна болу хаамаш шорбар.
Кхочушдан лерина жам1аш:
1.Предметни: берашна девзар ду мукъа аз (И) , хуур ду аз (И) билгалдар Ии элпаца. Берашна девзар ду зорбанан докха а , жима а элп а. Берашна хуур ду аз (И) схемехь билгалдаккха (дешан юьххьехь, юккъехь, чаккхенгахь).
2.Метапредметни:
· Регулятивни: берашна 1емар ду учебникаца болх бан. Берийн аьтту хир бу учебника аг1она т1ехь гайтинчу таронца шайн болх д1анисбан. Хьалха –т1аьхьа 1амон дериг ган , шайн планаца и билгалдаккха. Берашна 1емар ду цу планан рог1аллица шайн дешаран болх д1анисбан
· Познавательни: берашна хуур ду мукъа аз (И) шина тайпана алар долуш хилар , шен маь1не хьаьжжина (деха а , доца а) Берашна 1емар ду х1етал-металшна жоьпаш лаха. Берийн тидаме хилар, ойлаяр алсамдер ду. Керла дешнаш довзарца берийн алсамъер б дешнаш довзар. Берашан хуур ду мукъачу озо дешдакъа кхуллуш хилар.
· Коммуникативни: берашна хуур ду хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала, 1емар ду вовшашца къамеле довла. Берашна 1емар ду тобанашкахь болх бан. Шайн накъосташка ладог1а, шайна хетарг ала.
3.Личностни: берийн лаам кхоллалур бу нохчийн мотт бовза, нохчийн матах дозалла дан а 1емар ду царна. Нанна г1о дан лаам хир бу.
Урок д1аяхьар.
1.Маршалла хаттар.
-Де дика хуьлда шун бераш!
-Диканца дукха ехийла!
2.Дешаре шовкъ кхоллар.
· Х1етал -металш
Х1етал-метал хаийла хьуна?
Пхьар вац, амма морзахца-м ю. (Искогберг)
Ма1аш ю, амма сту бац, ялх ког бу, амма бергаш яц? (Искогберг)
Массо х1умашаръешд1асалела
х1ордан кема? (Иту)
-Х1ун ю х1етал –металш т1ехь ялийнарш? (Искогберг, иту)
-Алал ИИСКОГБЕРГ. Муьлха аз хеза дешан юьххьехь? (Аз (И) хеза)
-Алал ИИТУ муьлха аз хеза дешан юьххьехь? (Аз (И) хеза)
-Х1ун ду цу шина дешан цхьатера? (Царна юьххьехь хеза аз (И))
-Х1ун 1амор ду ва йтахана? (берийн жоьпаш)
-Вайна тахана девзар ду аз (И) , элп Ии.
3. 1алашо йовзийтар.
-Д1аелла учебникан 35 -г1а аг1о.
-Х1ара х1ун ю? (Керла элп ду)
-Х1ун дийр ду вай цунна? (Вайна девзар ду керла элп)
-Х1орш х1ун ю? (Дешнийн схеманаш)
-Царна х1ун дийр ду вай? (Вай 1амор ду дешнийн схеманашца болх бан)
-Х1ара х1ун ю? (Сурт ду)
-Цунна х1ун дийр ду вай? (Вай 1амор ду суьртах лаьйна дийцар х1отто)
-Х1ораммо шех лаьцна ала , муьлха кхиамаш бохар бу аша тахана урокехь?
·
Суна девзар ду керла ….
Суна 1емар ду….
· Суна хуур ду…
-Нийса боху. Вайна тахана девзар ду керла аз (И), элп Ии. Хуур ду аз (И) мукъа я мукъза хилар. Вай 1амор ду суьртах лаьцна къамел дан, схеманашца болх бан. Шуна хуур ду мукъа аз шина тайпана алар долуш хилар. Шуна девзар ду тайп- тайпана маь1наш долу дешнаш.
4. Мукъа аз (И) довзийтар. Мукъа элп Ии довзийтар.
· Суьрташца болх бар.
-Х1ун 1амор ду вай хьалхара? (Вайна девзар ду керла элп)
-Х1ара х1ун ю?(Иту ю)
-Х1ара ИТУ дешан схема ю. Маса мукъа аз ду ИТУ дашехь? (Шиъ ду)
-Маса дешдакъа ду ИТУ дашехь? (Шиъ дешдакъа ду )
-Муьлханиг ду хьалхара дешдакъа? (Хьалхара дешдакъа И- ду)
-Муьлханиг ду шолг1а дешдакъа? (Шолг1а дешдакъа -ТУ ду)
-ИИТУ дешан юьххьехь муьлха аз хеза? (Аз (И) хеза)
- Аз (И) Мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа ду)
-Х1унда ? (Иза лакхало)
-Х1ара х1ун ю?(Къиг ю)
-Х1ара КЪИГ дешан схема ю. Маса мукъа аз ду КЪИГ дашехь? (Цхьаъ ду)
-Маса дешдакъа ду КЪИГ дашехь? (Цхьаъ дешдакъа ду )
-КЪИИГ дешан юккъехь муьлха аз хеза? (Аз (И) хеза)
-Х1ара х1ун ю?(Лами бу)
-Х1ара ЛАМИ дешан схема ю. Маса мукъа аз ду ЛАМИ дашехь? (Шиъ ду)
-Маса дешдакъа ду ЛАМИ дашехь? (Шиъ дешдакъа ду )
-Мича меттехь хеза аз (И) ? (Дешан чаккхенгахь)
· Элп Ии довзийтар.
-Муьлха аз девзира вайна? (Аз (И))
-Х1ун ю аз? (Вайна хезаш , вай олуш дерг аз ду).
-Ткъа х1ора аз билгалдо элпаца. Элп ган йиш юй вайн? (Ю)
-Х1ара зорбанан доккха элп И ду, х1ара зорбанан жима элп и ду.
-Стенах тера ду элп У?(Берийн жоьпаш)
-Схьаэца шайн палочкаш . Х1оттаде эл И цаьрца. (Бераша х1оттадо)
-Х1ун кхиамаш бехира аша ?
· Суна керла аз а , элп а Ии девзира.
· Суна хиира аз (И) мукъа хилар.
5. Сада1аран миноташ.
Искогберг
Дешархойх цхьаъ «искогберг» хоржу, юккъе д1ах1оттаво.
Дешархой:
- Искогберг, искогберг, (т1едоьлху, цуьнан когашка хьуьйсу)
Юй хьан когахь цхьа а берг?
Искогберг:
-Бергаш яц сан, - «тукар» ду,
Муьлхха х1ума хадор ю. (гойту куьйгашца)
Хьехархо:
Мекхаш сеттош йолало и,
Даржош хьаьъна сирла хи.
Бераш цунна т1е ма г1ерта
Цулла яла е и берта
Дешархой:
- Искогберг,искогберг,
Гайта тхуна иссе берг!(т1едоьлху,хьуьйсу, дехарш до)
Искогберг:
-Бергаш яц сан, -«тукар» ду,
Цунах, доьху, ларло шу.
5. И элпах лаьцна байт 1амор.
Ирсас бедарш йиттира,
Иту хьаькхна якъийра.
«Иза-м тамаш бацара»-
Ислам вешаш вацара.
-Стенах лаьцна ю и байт? (Ирсах, Исламах лаьцна ю)
-Муьлха элп ду гуттар а гезаш? (Элп И ду)
6. Дозуш долу къамел кхиор.
· Дийцар х1оттор.
-Х1ара мила ю ? (Ирса ю)
-Ирса с х1ун до? (Ирсас нанна г1о до)
-Цо х1ун до? (Цо бедаршна иту хьокху)
-Муха йо1 ю Ирса? (Ирса дика йо1 ю)
-Аша дой нанна г1о? Х1ун до аша?
-Х1ун ди аша ?
· Аса дийцар х1отти.
· 1амийнарг т1еч1аг1дар. Дешнаш таллар
-Х1ара х1ун ю? (Зингат ду)
-Маса мукъа аз ду ЗИНГАТ дашехь? (Шиъ ду)
-Маса дешдакъа хир ду ЗИНГАТ дашехь? (Шиъ)
-Х1унда? (Зингат дашехь шиъ мукъа аз ду , цундела ду шиъ дешдакъа)
(Иштта толлу дешнаш: диъ. Шиша, салаз, сирнак)
6. Жам1 дар.
-Муьлха элп а , аз а девзи шуна?
-Элп (И) мукъа ду я мукъаза ду?
-Х1унда?
7.Рефлекси.
-Дагаяйита вайн план.
-Х1ун кхиамаш бехи аша ? Х1ун керланиг 1еми шуна.
Суна евзи…
Суна 1еми…
Суна хии.
25-г1а урок
Урокан ц1е: «Мукъа аз (И) , элп Ии»
1алашо: мукъа аз(И) довзийтар , элп Ии довзийтар. Аьзхнех , элпех лаьцна болу хаамаш шорбар.
Кхочушдан лерина жам1аш:
1.Предметни: берашна девзар ду мукъа аз (И) , хуур ду аз (И) билгалдар Ии элпаца. Берашна девзар ду зорбанан докха а , жима а элп а. Берашна хуур ду аз (И) схемехь билгалдаккха (дешан юьххьехь, юккъехь, чаккхенгахь).
2.Метапредметни:
· Регулятивни: берашна 1емар ду учебникаца болх бан. Берийн аьтту хир бу учебника аг1она т1ехь гайтинчу таронца шайн болх д1анисбан. Хьалха –т1аьхьа 1амон дериг ган , шайн планаца и билгалдаккха. Берашна 1емар ду цу планан рог1аллица шайн дешаран болх д1анисбан
· Познавательни: берашна хуур ду мукъа аз (И) шина тайпана алар долуш хилар , шен маь1не хьаьжжина (деха а , доца а) Берашна 1емар ду х1етал-металшна жоьпаш лаха. Берийн тидаме хилар, ойлаяр алсамдер ду. Керла дешнаш довзарца берийн алсамъер б дешнаш довзар. Берашан хуур ду мукъачу озо дешдакъа кхуллуш хилар.
· Коммуникативни: берашна хуур ду хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала, 1емар ду вовшашца къамеле довла. Берашна 1емар ду тобанашкахь болх бан. Шайн накъосташка ладог1а, шайна хетарг ала.
3.Личностни: берийн лаам кхоллалур бу нохчийн мотт бовза, нохчийн матах дозалла дан а 1емар ду царна. 1аламе безам кхоллалур бу, цуьнан доладан лаам хир бу.
Урок д1аяхьар.
1.Маршалла хаттар.
-Де дика хуьлда шун бераш!
-Диканца дукха ехийла!
2.Дешаре шовкъ кхоллар.
Стенах тера ду элп?
Д1ахьажал хьо цу ринже
-Тардеш динчу
И элпе: Шина уьнна т1ехула
Пурх т1етоьхна кхоалг1а.
-Муьлха элп ду байт т1ехь дуьйцуш дерг? (Элп И)
-Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана? (И элпах лаьцна дуьйцур ду вай тахана)
3. 1алашо йовзийтар.
-Д1аелла учебникан 36-г1а аг1о. Х1ун дийр ду вай тахана урокехь?
· Вай схеманашца болх бийр бу.
· Вай дийцар х1оттор ду.
-Х1ун дийр ду аша х1орамма.
· Суна 1емар ду …
· Суна хуур ду…
· Ас дийр ду…
4. Дешнийн схеманашца болх бар.
-Х1ун дийр ду вай тахана? (Вай 1амор ду дешнийн схеманашца болх бан)
-Х1ара х1ун ю? (Тукар ду)
-ТУКАР дашехь масса дешдакъа ду? (Шиъ дешдакъа ду)
-Муьлханиг ду хьалхара дешдакъа? (Ту- )
-Шолг1а? (-кар ду)
-Маса мукъа аз ду ТУКАР дешан схеми т1ехь? (Шиъ)
-Х1ара х1ун ю ? (Гомаш)
-Маса дешдакъа ду ГОМАШ дешан? (Шиъ ду)
-Муьлханиг ду хьалхара дешдакъа? (Го- )
-Шолг1аниг? (-маш )
-Маса мукъа аз ду ГОМАШ дашехь? (Шиъ ду)
(Иштта толу дешнаш: диг, уьстаг1)
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
· Суна 1еми дешнаш т1ехь болх бан.
5.
Сада1аран миноташ.
Искогберг
Дешархойх цхьаъ «искогберг» хоржу, юккъе д1ах1оттаво.
Дешархой:
- Искогберг, искогберг, (т1едоьлху, цуьнан когашка хьуьйсу)
Юй хьан когахь цхьа а берг?
Искогберг:
-Бергаш яц сан, - «тукар» ду,
Муьлхха х1ума хадор ю. (гойту куьйгашца)
Хьехархо:
Мекхаш сеттош йолало и,
Даржош хьаьъна сирла хи.
Бераш цунна т1е ма г1ерта
Цулла яла е и берта
Дешархой:
- Искогберг,искогберг,
Гайта тхуна иссе берг!(т1едоьлху,хьуьйсу, дехарш до)
Искогберг:
-Бергаш яц сан, -«тукар» ду,
Цунах, доьху, ларло шу.
6. Дозуш долу къамел кхиор.
· Дийцар х1оттор.
-Муьлш бу суьрта т1ехь гуш? (бераш ду)
-Стенга дахана бераш? (Бераш экскурсе дахана)
-Царна х1ун карийра ? (Царна шовдв карийра)
-Муха дара шовда? (Шовда ц1ена дара)
-Бераша х1ун мелира? (Бераша шовда мелира)
-Х1ун кхиамаш бехи аша ?
· Аса дийцар х1отти.
6. Жам1 дар.
-Муьлха элп а , аз а девзи шуна?
-Элп (И) мукъа ду я мукъаза ду?
-Х1унда?
7.Рефлекси.
-Дагаяйита вайн план.
-Х1ун кхиамаш бехи аша ? Х1ун керланиг 1еми шуна.
Суна евзи…
Суна 1еми…
Суна хии
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.