26-г1а урок
Урокн ц1е: «Мукъаза зевне аз (Л) , элп Лл»
1алашо: мукъаза зевне аз (Л) довзийтар , мукъаза элп Лл довзийтар. Элп Л юкъадог1у дешдакъош деша 1амор.
Кхочушдан лерина жам1аш:
1.Предметни: берашна девзар ду мукъаза зевне аз (Л) , элп Лл. 1емар ду нийса а , шера а элп Лл юкъадог1у дешдакъош деша.
2.Метапредметни:
· Регулятивни: берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто. Хуур ду хьалххе дуьйна шайн белхан кхиамашка кхача, уьш ган. Берашна 1емар ду шаьш х1оттийна планан рог1алла а ларъеш дешарехь кхиамаш баха.
· Познавательни: берашна 1емар ду мукъазачу аьзнийн башхаллаш йовза, уьш схеманаш т1ехь ган , билгалдаха.Берашна 1емар ду т1айп- тайпанчу дешнашкахь элп Лл каро (Юьххьехь, юккъехь, чаккхенгахь).Берашна хуур ду мукъаза элпаш шина тайпанара хилар (зевне, къора). Берийн алсамбер бу тидаме хилар , ойлаяр.Берашна 1емар ду х1етал- металшкахь жоьпаш дала. Берашна евзар ю керла говзалла –йишлакхархо.Берашна девзар ду ЛО дешан шиъ маь1на.
· Коммуникативни: берашна хуур ду хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала, 1емар ду вовшашца къамеле довла. Берашна 1емар ду тобанашкахь болх бан. Шайн накъосташка ладог1а, шайна хетарг ала.
3.Личностни: берийн безам кхоллалур бу искусстве, лаам хир бу йилакхархо говзалла караерзо.
Урок д1аяхьар.
1.Маршалла хаттар.
-Де дика хуьлда шун бераш!
-Диканца дукха ехийла!
2.Дешаре шовкъ кхоллар.
· Ловзар «Дог1у дош ала!»
(Хьехархочо д1агойту бераша жоьпана ала дезаш долу дашна сурт)
Суна дадас хьалххе 1амий:
Тхов т1е вала XIOTTO. .. . (Лами)
Дагна хуьлу боккха там,
Гича лекха, сийна .... (Лам)
Со ца кхоьруш лаца ваьхьа
Лаьттахь сетташ, бог1у __
Хазахетарх дуьзна дог,
Ире ду майрра боккхуш ког.
Хьох со кхоьруш вац, хало,
-Латта к1айдеш, деъна....(Ло)
К1анталг, хьуна бо ас хьехам,
Ца хилийта цхьа а эшам.
Ша болччохь 1адбитахь ахьа,
Д1овш ца тухуш 1ийр бу ... .(Лаьхьа)
Сан кадолу дика тахна:
Балхана т1е ойла яхна.
Беш ахкало соьга атта,
Иокъа йолуш ма дац ....(Латта)
Говрана т1екхаьчча хан,
Тоха деза когех....(Лан)
-Муьлха дешнаш далий аша жоьпашна? (Лами, ло, латта , лаьхьа)
-Х1ун ю ЛАЬХЬА? (Берийн жоьпаш)
· ЛАЬХЬА- текхарг ю.
-Муьлха аз ду массо а оцу дешнашкахь? (Аз (Л) ду)
-Х1ун 1амор ду вай тахана? (Берийн жоьпаш)
-Вайна тахана девзар ду мукъаза аз (Л) , элп Лл.
3. 1алашо йовзийтар.
-Д1аелла учебникан 37-г1а аг1о.
-Х1ара х1ун ю? (Элп ду)
-Х1ун 1амор ду вай хьалхара? (Вайна девзар ду элп Лл)
-Х1орш х1ун ю? (Берийн жоьпаш)
-Уьш дешдакъош ду. Х1ун дийр ду вай царна? (Вай 1амор ду дешдакъош деша)
-Х1ара х1ун ю ? (Сурт ду)
-Х1ун дийр ду вай цунна? (Вай суьртах лаьцна дийцар х1оттор ду)
-Х1инца план х1отта е. Х1ун кхиамаш бахалур бу шуьга х1оранга?
· Суна девзар ду
· Суна 1емар ду..
· Аса х1оттор ду..
-Вайна тахана девзар ду мукъаза аз (Л), элп Лл. Вайна хуур ду и мукъаза хилар. Вай 1амор ду элп Л юкъадог1у дешнаш деша. Вай х1оттор ду дийцар.
4. Мукъаза аз (Л) довзийтар , элп Лл довзийтар.
-Х1ун 1амор ду вай дуьххьара? (Вайна девзар ду керла элп)
· Суьрташца болх бар.
-Х1ара х1ун ю? (Лам бу)
-Маса дешдакъа ду ЛАМ дашехь? (Цхьаъ)
-Маса мукъа аз ду ЛАМ дашехь? (Цхьаъ)
-Муьлханиг ду иза? (ЛАААМ- (А) ду)
-Алал ЛЛЛАМ. Муьлха аз хеза ЛЛЛАМ дешан юьххьехь? (Аз (Л) хеза)
-Алал массара аз (ЛЛЛ). Аз (Л) лакхалой? (Ца лакхало)
-Цуьнан мукъам буй? (Бац)
-Аз (Л) мукъаза аз ду. Мукъаза бохург- иза мукъам боцуш аз ду бохург ду. Мукъаза аьзнаш , шайн мукъам ца хиларе терра ца лакхало.
-Тидам бе схемин. Муьлхачу меттехь ду аз (Л)? (дешан юьххьехь)
-Х1ун бос болш ю мукъаза озан еък1ов схеми т1ехь? (Сийна бос болуш ю)
-Мукъаза аьзнаш хуьлу зевне а ,къора а. Зевне аьзнаш вайн кийрахь кхоллало. Уьш олуш арадолуш долу аз кийрара хьала къамкъаргехула долу. И аз арадолуш логан пхенаш тохало. Къора аьзан вайн багахь кхоллало. Уьш кхуллуш логан пхенаш ца тохало.
-Толлур вай аз (Л) зевне ду я къора ду. Лог т1е куьг дилла , ала ЛЛЛ.Тохалой логан пхенаш? (Ло)
-Аз (Л) зевне ду я къора ду? (Зевне ду)
-Х1ара х1ун ю ? (Алу ю)
-АЛУ дешан масса дакъа ду? (Шиъ ду)
Муьлханиг ду хьалхара? (А-)
-Шолг1аниг? (-лу)
-Муьлхачу меттехь хеза аз (Л) АЛЛЛУ дашехь? (Дешан юккъехь хеза)
-Х1ара х1ун ю? (Шаптал)
-Маса дешдакъа ду ШАПТАЛ дашехь? (Шиъ ду)
-Муьлханиг ду хьалхара дешдакъа? (Шап-_
-Шолг1аниг? (-тал)
-Мича меттехь хеза аз (Л) ШАПТАЛЛЛ дашехь? (Чаккхенгахь)
· Элп Л л довзийтар.
Х1ара зорбанан доккха элп Л ду, х1ара зорбанан жима элп л ду.
-Стенах тера ду элп л? (Берийн жоьпаш)
· Байта т1ера элп довзар.
Стенах тера ду элп?
Ирахбахна лам а лаьтта,
Шерра цуьнан бохь гуш бу.
- Лам буй и! - ахь соь мА хетта
Хьуна гушдерг Л элп ду.
-Элп Л тер аду ломах
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
· Суна девзи аз а , элп а Лл.
· Суна хии аз (Л) мукъаза хилар.
4. Сада1аран миноташ.
Л элпах тарбеш когаш д1аса бохуьйту, хаьнт1е куьйгаш дохку. Шина a arlop а те1аш, олу:
Аьтту, аьрру,
Хаза г1уллакх хуьлу.
Дика бераш шу ма ду!
Аьтту - аьрру,аьрру - аьтту...
Хьехархочо цхьацца х1уманийн ц1ераш йоху. Нагахь и т1ема йолуш елахь, берашка «т1емаш ластаде» олу. Дешнаш х1окху тайпана хила мега: йилбазговр, ц1а, беракема, кема, полла,
г1арг1ули, тарсал, лом, маккхал.
5. Дешдакъош х1иттор , уьш дешар.
· Л элпаца дешдакъош кхоллар.
-Х1ун 1амор ду вай х1инца? (Вай 1амор ду дешдакъош деша)
-Бераш , вай х1инца 1амор ду дешдакъош деша. Аса хьала ойбу элп Л , аша аз а ца хадош д1адеша иза. (Хьехархочо д1агойту элп Л , бераша д1адоьшу.
-ЛЛЛЛЛЛ.
-Аса цунна улло дуьллу кхин цхьа элп А. (Л) олуш долуш долу аз а ца хадош д1адеша дешдакъа. (Бераша д1адоьшу)
-ЛЛЛЛЛЛААААААА.
-Д1адеша аса гойтуш долу элп юха.
-ЛЛЛЛЛЛЛ.
-Аса дуьллу цунна улло кхин элп О. (Л) олуш долуш долу аз а ца хадош ший цхьана д1адеша.
-ЛЛЛЛЛЛОООООО.
-Юха СА дуьллу элп У. Аз ца ходуьйтуш д1адеша.
-ЛЛЛЛУУУУУ,
-Юха аса дуьллу элп И. Д1адеша аз а ца ходуьйтуш.
-ЛЛЛЛИИИ.
· Л элп юкъадог1у дешдакъош дешар.
(Хьехархочо уьн т1е д1ах1иттадо дешдакъош ,бераша д1адоьшу)
ЛЛАА ЛЛУУ
ЛЛОО ЛЛИИ
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
· Суна 1еми дешдакъош деша.
· Дехий , доций мукъа аьзнех кхетам балар.
Хьехархочо д1агойту сурташ: ло дагуш ду, 1аж ло )
-Х1ара х1ун ю? (Л оду)
-Х1н ю ЛО? (Стиглара охьадог1уш долу л о ду)
-Х1ун до Азас 1ожана ? (Азас 1аж ло берана)
-Х1ун до? (Ло)
-ЛО бохучу дашо х1ун гойту? (Берийн жоьпаш)
-ЛО бохучу дашехь йо1а деш долу дика г1уллакх гойту.
-Х1ун ду цу шина дешан цхьатера? (Ишиъ яздина цхьатера)
-Х1ун ду цу шина дешан тайп- тайпана? (Маь1на ду)
-Ала стиглара ЛО, 1аж ЛО. Муьлхачу дашехь ду деха мукъа аз (О)? (Стиглара ЛООО дашехь ду)
-Муьлхачу дашехь ду доца мукък аз (О) ? ( 1аж ЛО дашехь)
-Х1ун керланиг хии шуна?
· Суна хии ЛО дешан шиъ маь1на хилар.
· Дийцар х1оттор.
-Муьлш бу суьрта т1ехь? (Бераш ду)
-Бераша х1ун до? (Йиш локху)
-Муха локху цара йиш? (Хаза йиш локху цара)
-Шуна лаьий йишлакхархой хила? Муьлха йиш хазахета шуна?
· Тобанашкахь болх бар.
1-ра тоба- Л элп хьалхахь долуш дешдакъош кхолла.
2-г1а тоба-Л элп т1ехьахь долуш дешдакъош кхолла.
6. Жам1 дар.
-Муьлха аз девзира шуна? (Л)
-Аз (Л) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза ду)
-Х1унда ? (Иза ца лакхало)
-Аз (Л) муьлхачу элпаца билгалдо ? ( Элп Эл)
7. Рефлекси.
-Х1ун кхиамаш бехи аш?
-Угарре дика шуна х1ун дан делина?
27-г1а урок
Урокн ц1е: «Мукъаза аз (Л) , элп Лл»
1алашо: мукъаза аз (Л) довзийтар , мукъаза элп Лл довзийтар. Элп Л юкъадог1у дешдакъош деша 1амор.
Кхочушдан лерина жам1аш:
1.Предметни: берашна девзар ду мукъаза аз а , элп а Лл. 1емар ду нийса а , шера а элп Лл юкъадог1у дешдакъош деша.
2.Метапредметни:
· Регулятивни: берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто. Хуур ду хьалххе дуьйна шайн белхан кхиамашка кхача, уьш ган. Берашна 1емар ду шаьш х1оттийна планан рог1алла а ларъеш дешарехь кхиамаш баха.
· Познавательни: берашна 1емар ду дешнаш а , предложенеш а еша.Берашна 1емар ду т1айп- тайпанчу дешнашкахь элп Лл каро (Юьххьехь, юккъехь, чаккхенгахь). Берийн алсамбер бу тидаме хилар , ойлаяр.
· Коммуникативни: берашна хуур ду хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала, 1емар ду вовшашца къамеле довла. Берашна 1емар ду тобанашкахь болх бан. Шайн накъосташка ладог1а, шайна хетарг ала.
3.Личностни: берийн 1алсамбер бу 1аламх лаьцна хаамаш. Берийн 1алам довза . 1алашдан лаам хир бу.
Урок д1аяхьар.
1.Маршалла хаттар.
-Де дика хуьлда шун бераш!
-Диканца дукха ехийла!
2.Дешаре шовкъ кхоллар.
· Суьрташца болх бар.
-Х1ара х1ун ю? (Линейка)
-Хара х1ун ю?( Лом)
-Хара х1ун ю?(Лампа ю)
-Хара х1ун ю?(Лан ду)
-Х1ун ду цу дешнийн цхьатера? (Церан массеран юьххьехь аз (Л) хеза)
3. 1алашо йовзийтар.
-Д1аелла учебникан 38-г1а аг1о.
-Х1ара х1ун ю ? (дешнаш ду)
-Х1ун дийр ду вай царан? (Вай 1амор ду дешнаш деша)
-Х1орш х1ун ю? (Берийн жоьпаш)
-Х1орш предложенеш ю. Х1ун дийр ду вай царна? (Вай 1амор ду предложенеш еша)
-Х1ара х1ун ю? (Сурт ду)
-Х1ун дийр ду вай цунна? (Суьртах лаьцна дийцар х1оттор ду вай.
-План х1оттае х1ораммо шена. Х1ун кхиамаш баха дагахь ду шу?
· Суна 1емар ду…
· Суна хуур ду …
· Аса х1оттор ду..
-Вайна тахана 1емар ду дешнаш а предложенеш а еша. Вай дийцар х1оттор ду суьртах лаьцна.
4. Л элпана лерина байт дагахь 1амор.
Лоьраш бо г I у!
Лоьраш бог1у!
Лайлаъ хазахеташ ю:
Легаш лозуш ю и ч1ог1а
Лоьро дарба лелор ду.
(Хьехархочо д1ааларца дагахь 1амайо байт)
5. Дешнаш деша 1амор.
-Х1ун 1амор ду вай хьалхара? (Вай 1амор ду дешнаш деша)
-Д1адеша дешдакъош.
ЛА ЛО ЛУ ЛИ
- Аса уьн т1ехь д1агойтур ду дешнаш , динна а ца гойтуш . дешдакъошца. Аша аз ца хадош цхьана д1адеша.
-Х1оттадо элп А.
-Д1адоьшу ААААА .
-Х1оттадо дешдакъа ЛА. Аз ца лахдеш д1адеша.
-Д1адоьшу ААА-ЛААА.
-Муьлха дош хили? (Ала)
-Х1оттадо элп О.
-Д1адоьшу ООООО.
-Т1етуху дешдакъа ЛУ.
-Д1адоьшу ООО-ЛЛУУ.
-Муьлха дош хили? (Олу)
-Х1оттадо дешдакъа ИЛ.
-Д1адоьшу ИИЛЛ.
-Т1етуху дешдакъа ЛИ,
-Д1адоьшу ИИЛЛ-ЛЛИИ.
-Муьлха дош хили? (Илли)
-Х1оттадо дешдакъа ЛИ,
-Т1етуху дешдакъа ЛА.
-Д1адоьшу ЛЛИИ-ЛЛА.
-Муьлха дош хили? (Лила)
- Х1оттадо дешдакъа ЛА. Т1етуху дешдакъа ЛА.
-Д1адоьшу ЛЛАА-ЛЛАА.
-Муьлха дош хили? (Лала)
-Х1оттадо дешдакъа ЛУ, т1етуху дешдакъа ЛУ. Д1адоьшу ЛЛУУ-ЛЛУУ.
-Юха а д1адеша дешнаш.
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
· Суна 1еми дешнаш деша.
· 1амийнарг т1еч1аг1дар.
-Бераш, д1адеша учебникан 38-аг1он т1ера дешнаш.
6. Сада1аран миноташ.
7. Предложенеш еша 1амор.
-Х1ун 1емар ду вайна? (Вайна 1емар ду предложенеш еша)
(Хьехархочо уьн т1е д1ах1оттайо предложени)
ЛУ-ЛА, А-ЛУ А-ЛА,
-Д1аеша предложении.
-Маса дош ду предложенехь? (Кхоъ ду)
-Муьлханиг ду хьалхара дош? (Лула)
-Шолг1аниг? (Алу)
-Кхоалг1аниг? (Ала)
(Хьехархочо уьн т1е д1ах1оттайо предложении)
ЛА-ЛА ИЛ-ЛИ А-ЛА.
-Д1аеша предложении.
-Маса дош ду цу предложенехь?
-Муьлханиг ду хьалхара дош? (Лала)
-Шолг1аниг? (Илли)
-Кхоалг1аниг? (Ала)
(Хьехархочо уьн т1е д1ах1оттайо предложении)
-Д1аеша предложении.
-Муьлха дош т1еоьшу цу предложенехь? Хьан олу илли? (Лалас илли олу)
(Оцу кепара толу важа предложенеш)
· Т1еч1аг1дар. Цхьанаэшарехь массара цхьана ешар.
-П1елг билла учебника т1е. Д1айоьшур ю вай предложенеш цхьанаэшарехь массара цхьана. Хьехархочун г1оьнца массара цхьана д1айоьшу предложенеш.
-Х1ун кхиамаш бехи аша ?
· Суна 1еми предложенеш еша.
· Дийцар х1оттор.
-Муьлш ду суьрта т1ехь? (бераш ду)
-Стенга дахана бераш? (Берийн жоьпаш)
- Бераш походе дахана
-Х1ун ю поход? (Берийн жоьпаш)
-Поход иза 1алам довзв , керланиг хаа бераша йина экскурсе ю.
-Х1ун деш ду бераш? (Садо1уш ду)
-Цара х1ун латийна? (Цара ц1е латийна)
-Х1унда? (Буьйса т1ееана, шийла ца хилийта)
-Шу г1ой походе? Х1ун керланиг хиира шуна?
· Къовсар «Лами)
-Вай толлур ду шуну еша уггар дика хьанна хаьа хьовсуш.Хьехархочо хенаца туьду кхиамаш.
Хьехархочо берашка карточка шло дешнаш т1ехь а долуш.
8. Жам1 дар.
-Х1ун 1емира шуна?
9.Рефлекси.
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.