Конспект урока по чеченской литературе Аз хь , элпаш Хьхь.
Оценка 4.9

Конспект урока по чеченской литературе Аз хь , элпаш Хьхь.

Оценка 4.9
doc
14.01.2024
Конспект урока по чеченской литературе Аз хь , элпаш Хьхь.
Конспект урока по чеченской литературе Аз хь , элпаш Хьхь..doc

11.01.2024

Урокан ц1е: «Аз [хь],элпаш Хь,хь».

Урокан 1алашо: мукъаза, къора аз [хь],элпаш Хь,хь довзийтар, «шалха элпаш» кхетам балар, башхаллаш (шина хьаьркаца билгалдар) йовзийтар; хь элпаца дешнаш,дешдакъош, предложенеш еша 1амор.

             Урок д1аяхьар.

I. Дешаре шовкъ кхоллар.

  1. Ловзар «Дог1у дош ала!».

-Бераш , аса  д1айоьшур ю кегийра байташ. Аша  т1етоха  деза  цхьа дош.

Хьаьжк1ех  юьзна   ю  тхан беш:

Воллуш ву со асар деш...

Хуьлу мерза,адамаш,

 Ахьарх йина.... (Хьолт1амаш).

 

Дитта т1ехь ца волуш  лач,

Ас  схьабоккху хьаьрса… (Хьач).

 

Тхан лулахо жима Мовла

Даъал дукха дезаш ву…(Хьовла).

 

Лаахь хила шайна пайда,

Кхаба деза  кертахь....(Хьайба).

 

Яц со дечиг я т1улган хьех,

 Ду со  лаьмнийн акха ....(Хьех).

 

Эшарш лакха хаза, говза

Хууш ду тхан  бешахь ....(Хьоза).

II. Урокан 1алашонаш билгалъяхар.

III. Керла тема хьехар.

      1. Мукъаза къора аз [хь],элпаш Хь,хь довзийтар.

-Х1ун ю х1ара? (Хьайба).

- Маса дешдекъах лаьтта и дош?

-Муьлханиг ду хьалхара дешдакъа? Шолг1а?

- Гайта схеми т1ехь дешдакъа хьай-.

-Гайта дешдакъа ба-.

-Муьлха дешдакъа ду къевлинарг? Диллинарг? Муьлханаш ду аьзнийн иэдаларш?

-Хьхьхьайба дешан юьххьехь муьлха аз хеза?

-Ала хьхьхь. Аз [хь] мукъа ду я мукъаза ду? Зевне я къора?

-Муьлхачу элпашца билгалдо аз[хь] йозанехь.

- Схьагайта зорбанан доккха элп Хь, жима элп хь. И шиъ цхьатера ду я тайп-тайпана ду?

-Х1ара  х1ун ю? (Буьхьиг).

-Маса дешдакъа ду  буьхьиг  дешан? (Шиъ ду).

-Муьлханиг  ду хьалхара  дешдакъа ? (Буь-)

-Шолг1аниг? (-хьиг).

-Мича  меттехь хеза  аз [хь] буьхьиг дашехь? (Дешан  юккъехь).

-Схьагайта буь-дешдакъа схеми т1ехь, схьагайта –хьиг.

-Муьлхачу элпашца билгалдо йозанехь аз[хь]? Схьагайта зорбанан доккха элп Хь, жима элп –хь.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

-Суна девзи мукъаза  къора   аз [хь],элпаш Хь,хь. Хии элпаш Хь,хь шалха хилар.

 2 .Хь  элпах лаьцна байт 1амор.

X ьалххе:шена  лоьхуш  ижу

Хьоза уьйт1ахь  к х и й с а л о

Хьовсал — д1огахь теба Пису,

Хьанна хаьа  цо х1ун до?

Хьавас Пису эккхадо.

-Муьлха аз хеза юх-юха?

3. Дехий, доций мукъа аьзнийн тидам бар.

- Д1адеша сийначу шекъанца яздина дош. Маса дешдекъах лаьтта и дош? Х1унда? (Шиъ дешдакъа ду, шиъ мукъа аз долу дела).

- Муьлханаш ду уьш? ([о],[а]).

-Д1адеша мукъа аз [о] деха ,юха доца олуш. Стенан тидамби аш? (Бора дашехь мукъа аз [о] деха дешна деза, доца дешчу дешан маь1на телха).

4.. Дешдакъош дешар.

-ХЬХЬХЬ.

-ХЬХЬАА.

-ХЬХЬ.

-ХЬХЬОО.

-ХЬХЬУУ,

-ХЬХЬИИ.

-ХЬХЬЕЕ

-Суна  1еми дешдакъош деша.

      5.Б1ог1амалгашкара дешнаш дешар.

IV.Сада1аран миноташ.

V.Керла тема кхин д1а а хьехар.

1.Дийцар  х1оттор.

-Муьлш бу  суьрта т1ехь  гуш? (Бераш).

-Уьш  стенга  боьлху? (Уьш экскурсе боьлху).

-Стенга  экскурсе  боьлху  уьш? (Уьш хьуьнах  боьлху).

-Х1ун до цара экскурсехь? (Цара 1аламан  тидам бо).

-Шу  хиллий экскурсехь? Х1ун  дара  шуна гуттар а дагахь  лаьттинарг?

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

VI. Урокан жам1 дар.


Скачано с www.znanio.ru

Урокан ц1е: «Аз [хь],элпаш Хь,хь»

Урокан ц1е: «Аз [хь],элпаш Хь,хь»

Маса дешдакъа ду буьхьиг дешан? (Шиъ ду)

Маса дешдакъа ду буьхьиг дешан? (Шиъ ду)
Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
14.01.2024