Конспект урока по чеченскому языку.
Оценка 4.6

Конспект урока по чеченскому языку.

Оценка 4.6
docx
19.04.2024
Конспект урока по чеченскому языку.
1 урок . школа.docx

1-ра урок

Урокан ц1е : « Школа”

1алашо:  Берашна  хаийта  школе  деша вог1ий, школехь 1илма  1амадой. Берашна  довзийта школехь долу г1иллакхаш.

Кхочушдан лерина жам1аш

1.Предметни: берашна  евзар ю школан беш, библиотека ,  спортзал , уьйт1е, ловза меттиг.Берашна бевзар бу шайн Даймохк, шайн дин.

 2.Метапредиетни:

·        Регулятивни: берашна  хуур ду  вовшашца  уьйр лаца , доттаг1алла таса.  Берашна  хуур ду  школехь лело  мегариг, цунах пайдаэца  а  1емар ду. Берашна девзар ду  школехь  лело ца  магош дерг , цунах  лардала  1емар ду царна.

·        Познавательни: берашна хуур ду  вайн  Даймохк  муьлханиг бу , берашна  хуур ду вайн пассахь мила ву, шаьш  муьлхача  динехь бу.

·        Коммуникативни: берашна  1емар ду  хьехархочуьнга ладог1а , цуьнан  хаттаршна  жоьпаш дала. Берашна  1емар ду  вовшашка  хаттарш дала  , царна  жоьпаш дала.

3.Личностни:  берийн  Даймахке, нохчийн мате   безам  кхоллалур бу. Дешаре  лаам хир бу.

Урок д1аяхьар.

1.Маршалла хаттар.

-Де дика дойла шун , бераш!

-Диканца дукха  ехийла!

-Охьаховша . Со шун  хьехархо ю . Сан ц1е … Ю.  Шу  тахана дуьххьара школе даьхкина. Шун  тахана д1адоладелла  керла  , ирсе  дахар. Шу декхарийлахь ду  хьехархочунга дика ла  а дуг1уш дика  деша. Дика дешна  нах  вайн  Даймахкахь оьшуш бу.

-Цкъа хьалха  шуна довзуьйтур  ду  школехь  дан  мегарг ,  дан  ца магош  дерг.

·        Суьрташ т1ехь болх бар.

-Мила ву суьрташ т1ехь гуш вверг? (к1ант)

-И стенга  веана? (Школе )

-И муха  вог1уш  ву класса чу? (Ведда , мохьа  хьоькхуш)

-Иштта ванн мегар дуй школа чу, шуна  х1ун аьлла хетта? (Мегар дац)

-Х1унда?  (Цо  новкъарло  йо шайн урокехь болх беш болчу дешархошна)

-Х1ара  мила ю? (Йо1)

-Иза х1ун деш ю? ( Иза  урокехь жоп луш волчунна  юкъалелхаш ю)

-Ишттаниг дан мегар дуй? (Дац)

-Х1унда? (Цо новкъарло йо  жоп луш  волчунна)

-Муха лела  веза урокехь? (Берийн жоьпаш)

-Урокехь  шена  цхьа х1ума ала лаахь куьг айба деза, т1аккха хьехархочо магохь ,жоп дала деза. Урокехь мегар дац  вовшашна  юкъалелха, вовшаша дуьйцучуьнга ладог1а деза, вовшашна  г1о дан хьовса деза. Школа  чу вог1уш  мегар дац  ведда ванн, мохь хьекха, х1унда аьлча школехь  хьо воцурга дауккха а бераш  ду доьшуш , ахьа  цунна  новкъарло йийр ю.

-Хьанна  девза  шуна г1иллакхаш?

-Школе вог1уш хьехархо дуьхьалнисвелча  х1ун ала деза? (берийн жоьпаш)

-Школе вог1ун хьехархо  дуьхьалнивелча  «Де  дика  хуьлда хьан  !» -ала деза. Воккхачунна  некъ  бита беза.

-Хьехархо чу веача х1ун дан деза? (Берийн жоьпаш)

-Хьехархо чувеача  хьалаг1атта   веза,  иза  охьахаалц  ирахь латта веза.

-Вай д1а1амор  стихотворении « Г1иллакх»

Г1иллакхе  верг нахал ору,

Г1оза  ваха  цара  олу .

Г1атта    ваг1ахь воккханиг

Г1иллакх ма ду коьртаниг.

-Муханиг лору наха? (Берийн жоьпаш)

-Наха лора г1иллакх долуш волу  стаг, цундела шу декхарийлахь ду  г1иллакхе  хила.

2. Бераш  довзар , царна  школа даймохк , шайн дин  довзийтар.

-Х1инца  ас   аьлларг хьалаг1оттуш  шайн ц1е , ден ц1е , фамилии йоккхуш  шаьш  довзийта.

·        Даймохк  бовзийтар.

-Бераш хьовсал  суьрта т1е. Х1ара х1ун ю ? (Лаьмнаш)

-Ткъа х1ара х1ун ю? (Хьаннаш)

-Ткха х1ара х1ун ю? (Шовданаш)

-Ткъа  х1орш х1ун ю ? (Ярташ)

-Ткъа х1орш х1ун ю? (Г1аланаш)

-Уьш  ерриге  цхьана  вайн Даймохк бу.Хьанна  хаьа  шуна , хун  ю даймохк? (Берийн жоьпаш)

-Даймохк иза хьо вина , кхиъна , хьан да , деда  ваьхна хьан мохк бу. Вайн даймохк Нохчийчоь ю. Хьовсал  Нохчийчоь  мел хаза ю(Интерактивниуьн т1ехь  д1агойту  хьехархочо). Вайн махкахь ду хаза лаьмнаш, шера  аренаш, шийла шовданаш, стоьмийн бошмаш. Дено-дено хахлуш , кхуьуш ю вайн ярташ , г1аланаш.

-Вайн  вешан паччахь ву. Х1ун ю цуьнан  ц1е? (Рамзан Ахматович Кадыров )

-Рамзан Ахматович  ч1ог1а  дика  паччахь ву, цо вайна  яйтина  садикаш , аша доьшуш йолу школа  маьждигаш. Цо г1о до  цомгуш хиллачунна, чу ваха ц1а доцуш висиначунна.Вайн республикин столица  Грозный ю.

-Вай  деха Россияхь. Иза вайн боккха Даймохк бу. Рассина  чу дог1у дуккха къаьмнаш, нохчийн, оьрсий, г1алг1ай, суьлий. Вай муьлхачу къомах ду? Х1ораммо хьала а г1оттуш  ала?

-Со  нохчо ву. Со нохчо ю

-Россияхь ду дуккха а динаш : бусалба  дин, керста дин. Шу муьлхачу динехь ду?Х1орамма хьала а г1оттуш ала?

-Со бусалба ву. Со бусалба ю.

·        АБАТ  йовзийтар.

-Шун   партанаш т1ехь охьаехкина  хаса  книгаш ю. Уьш шуна  вайн 1едало  шуна  1амо  яийтина . Х1ара абат ю. Ч1ог1а хьекъале  а , оьшуш а  книга ю  иза. Цо хьуна 1амор ду яздан а, деша  .

    Книга еш дуккха наха  къахьоьгу : авторша,художникаша-и дагахь латтош , кхоаме  хила хьайн учебникаца, ларъе уьш. Книги т1е  хьекха мегар дац ручканаш, листокаш сетто мегар дац. Кника ц1ена лело еза.

3. Сада1аран  миноташ.

Маьлхан  серло  яржале

Цхьаъ, шиъ , кхоъ, диъ , пхиъ

Г1енаш лахка  , човхаде

Цхьаъ, шиъ , кхоъ, диъ , пхиъ

Йиша, ваша  г1аттаде

Цхьаъ, шиъ , кхоъ, диъ , пхиъ

Физзарядка йолае

Цхьаъ, шиъ , кхоъ, диъ , пхиъ

4.Дозуш долу къамел кхиор.

·        Д1аелла  учебникан  4-5 аг1о.

-Муьлш  бу  цу  т1ехь  гуш? (Бераш )

-Царна  ц1ераш тахка.

-Х1ара мила ю? (Х1ара Ама ю)

-Амегахь х1ун  ю? (Амегахь зезагаш  ду)

-Амин  коьртахь х1ун ю? (Амин коьртахь йовлакх ду)

-Аша леладой коьртахь  йовлакх? (Леладо)

-Х1ара  мила ву? (Х1ара  Адам ву)

-Х1ун  ю Адаман карахь? (Портфель)

-Бераш стенга даьхкина ? (Бераш  школе даьхкина)

-Церан карахь х1ун ю? (Берийн карахь зезагаш ду)

-Хьовсал  5-гачу  аг1он т1е. Х1ара мила ю? (Хьехархо ю)

-Хьехархочо х1ун до? (Хьехархочо хьоьху берашна)

-Хорш муьлш бу ? (Х1орш бераш ду)

-Школе деша даьхкина хилча  муха олу  царех лаьцна? (Дешархой олу)

-Дешархоша х1ун до школехь? (Дешархоша школехь  доьшу)

-Муха ю  церан класс  ? (Церан класс ц1ена , хаза ю)

-Муха ю партанаш? (партанаш ц1ера ю)

-Х1ун ю кора т1ехь? (Кора т1ехь зезагаш ду)

·        Берашна йовзуьйту  школа , керт, библиотека.

-Х1инца вай  жима  экскурсе йийр ю  вешан  школехь. Хьалаг1овтта , сунна т1ехьа  схьадуьйлало. (Хьехархочо йовзуьйту  школехь берийн хьашташ долу меттигаш, дуьйцу муха лела веза  х1ора меттехь)

 

5.Жам1 дар.

-Бераш  , х1ун ю даймохк? (Даймохк  -хьо вина , кхиъна, хьан да ,деда вина кхиъна  мохк бу.

-Муьлханиг бу вайн Даймохк? (Вайн Даймохк Нохчийчоь ю)

-Муьлха г1ала  ю вайн  коьрта г1ала? (Грозный)

-Хьо  муьлхачу  юьртахь веха? (Со Шоьнахь веха)

-Мила ву вайн паччахь? (Кадыров Рамзан Ахматович ву)

-Хьо  муьлхачу динехь ву? (Со бусалба ву)

Рефлекси.

-Бераш, х1ун керланиг хезра шуна тахана?

(Берийн жоьпаш)

-Со Аббасов Билал  ву. Сан  7 шо ду. Со 1-чу  классехь доьшуш ву.Сан Даймохк Нохчийчоь  ю. Со  нохчо ву. Со бусалба ву.


 

Урокан ц1е : « Школа” 1алашо:

Урокан ц1е : « Школа” 1алашо:

Х1ара мила ю? (Йо1) -Иза х1ун деш ю? (

Х1ара мила ю? (Йо1) -Иза х1ун деш ю? (

Рамзан Ахматович ч1ог1а дика паччахь ву, цо вайна яйтина садикаш , аша доьшуш йолу школа маьждигаш

Рамзан Ахматович ч1ог1а дика паччахь ву, цо вайна яйтина садикаш , аша доьшуш йолу школа маьждигаш

Муха ю партанаш? (партанаш ц1ера ю) -Х1ун ю кора т1ехь? (Кора т1ехь зезагаш ду) ·

Муха ю партанаш? (партанаш ц1ера ю) -Х1ун ю кора т1ехь? (Кора т1ехь зезагаш ду) ·
Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
19.04.2024