2-г1а урок
Урокан ц1е : « Стоьмаш»
1алашо: «Стоьмаш» дешан маь1на берашна довзийтар. Стоьмамаш вайн бешахь дитташ т1ехь кхуьучу рицкъанах олуш хилар хаийтар.
Кхочушдан лерина жам1аш
1.Предметни: берашна хуур ду стоьмаш х1ун ю, уьш стена оьшу.
2.Метапредиетни:
· Регулятивни: берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто, тайп- тайпана беснаш долу фишканаш йохккуш учебника аг1он т1ехь шаьш хьалха-таьхьа 1амор долчунан план х1отто. Цу планан рог1алла ларъеш учебникаца болх бан.
· Познавательни: берашна 1емар ду стоьмаш кхидолчу рицкханах схьакъсто. Берашна хуур ду стоьмаш дитташ т1ехь кхуьуш долу рицкъ хилар.Берашна хуур ду суьрташ юкъара стоьмаш схьахаржа.
· Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочуьнга ладог1а , цуьнан хаттаршна жоьпаш дала. Берашна 1емар ду вовшашка хаттарш дала , царна жоьпаш дала.
3.Личностни: берийн 1аламе безам кхоллалурр бу. Дешаре лаам хир бу.
Урок д1аяхьар.
1.Маршалла хаттар.
-Де дика хуьлда шун бераш!
-Диканца дукха ехийла!
2.Дешаре шовкъ кхоллар.
· Дитт кечдар.
(Хьехархочо суьрташ охьадохку: стоьмийн хасстоьмийн, ц1азамийн. Цул т1аьхьа диттан сур д1ауллу уьн т1е. Иштта д1адоладо ловзар)
-Бераш х1ара х1ун ю аса уьн т1е д1алатийнарг? (Дитт ду)
-Аша сунна г1о дан деза дитт кечдеш. Шун партанаш т1ехь охьадехкина суьрташ ду. Аша царна юкъара дитта т1ехь кхуьуш йолу х1уманаш т1е а летош дитташ кечдан деза)
-Адам , схьагайтал цхьа сурт. Х1ун ю х1ара ? (Х1ара хорсам ю)
-Хорсам кхуьий дитта т1ехь? (Ца кхуьу)
-Иза лато мегар дуй вайн дитта т1е? (Дац)
-Ахьмад, схьагайтал цхьа сурт .Иза х1ун ю ? (Иза 1аж бу)
-1аж лата бой дитта т1е? (Бо)
-Иза д1алатабе вайн дитта т1е.
(Иштта кечдо дина дитт)
-Х1ун лати аша дитта т1е? (1аж , хьайба, хьач, кхор)
-Уьш х1ун ю хьанна хаьа? (Берийн жоьпаш)
-Уьш стоьмаш бу.
3.1алашо йовзийтар.
-Х1ун яра вай дитта т1е латийнарш? (Стоьмаш бара)
-Стенах лаьцна дуьйцр дув ай тахана? (Вай стоьмех лаьцна дуьйцур ду)
-Д1аелла учебникан 7-г1а аг1о.
- Вай дуьххьара 1амор ду стоьмийн ц1ераш яха. Цунна т1е йилла цхьа г1аж хьаькхна йолу фишка. Алал, х1ун 1амор ду вай дуьххьара? Вайна дуьххьара 1емар ду стоьмийн ц1ераш яха)
-Ала массара (Х1ора дешархочуьнга шега-шега олуьйту)
Суна 1емар ду стоьмийн ц1ераш яха .
-Х1ара х1ун ю? (Берийн жоьпаш)
-Х1ара сурт ду. Суртах лаьцна къамел дан вайна гуш дерг д1аала 1емар ду вайна.
-Цу т1е йилла ши г1аж хьаькхна фишка.
-Х1ун 1емар ду вайна шозлаг1а? (Суьртах лаьцна дийца)
-Алал х1ораммо
Суна 1емар ду суьрта т1ехь гуш дер дийца.
-Юха ала х1ун 1емар ду шуну тахана?
Суна 1емар ду стоьмийн ц1ераш яха .
Суна 1емар ду суьрта т1ехь гуш дер дийца.
-Иза аша тахана бен долчу белхан план ю. Оцу планах пайда а оьцуш д1ахьур бу вай болх.
-Юха ала Муьлха план ю шун? Х1ун 1амо дагахь ду шу?
Суна 1емар ду стоьмийн ц1ераш яха .
Суна 1емар ду суьрта т1ехь гуш дер дийца.
-Нийса боху. Вайна тахана 1емар ду стоьмийн ц1ераш яха, суьртах лаьцна къамелаш дан.Шуна 1емар ду хаттаршна жоьпаш дала, къамелаш дан а.
3. Стоьмийн ц1ераш яха 1амор.
-Дагалаца шайн белхан план. Х1ун 1амор ду вай хьалха? (Стоьмийн ц1ераш яха)
(Хьехархочо уьн т1е суьрташ д1аухку)
-Хьовсал суьрта т1е. Х1ара х1ун ю? (Х1ара 1аж бу)
-Х1ара х1ун ю?( Х1ара хьайба ю)
-Х1ара х1ун ю?( Х1ара кхор бу)
-Х1ара х1ун ю?( Х1ара хьач бу)
-Х1ара х1ун ю?( Х1ара балл ду)
-Х1ара х1ун ю?( Х1ара камс ю)
-Царех массарех х1ун олу? (Царех стоьмаш олу)
-Уьш мичахь кхуьу? (Дитташ техь кхуьу)
-Кхин муьлха стоьмаш бевза шуна? (Берийн жоьпаш)
-Хьуна х1ун 1емира, Адам ? (Суна 1емира стоьмийн ц1ераш яха)
-Муьлханиг дара вайн планан хьалхара дакъа? (Стоьмийн ц1ераш яха 1амор дара)
-Хьан кхочушдина и дакъа? (Берийн жоьпаш)
-Мила висна и кхочуш дан ницкъ ца кхаьчна? (берийн жоьпаш)
· Тобанашкахь болх бар.
Бераш шун партанаш т1ехь охьадехкина ду тайп-тайпана стоьмийн дитташ, аша царна т1е оьшу стоьмаш лато беза , хедийначу суьрташна юкъара схьа а хоржуш.
(Хьехархочо хьалххе кечбина стоьмийн кегий суьрташ , бераша уьш схьа а хедош летабо дитташ т1е)
· Дагардан 1амор.
-Бераш хуьлий лоазарш . Стенах ловзу шу? (Лечкъаргех)
-Муха къаставо аша д1ахьббийриг? (Дагардарца къаставо)
-Аса 1амор ду шуну цхьа дагардар.
Суна-1ежаш,
Хьуна-кхораш,
Кхунна - баьллаш,
Цунна-хьечаш.
Т1аьхьависнарг
Мила ву?
Цоб1ьргаш
Д1ахьаббийр бу.
4. Сада1аран миноташ.
Маьлхан серло яржале
Цхьаъ, шиъ , кхоъ, диъ , пхиъ
Г1енаш лахка , човхаде
Цхьаъ, шиъ , кхоъ, диъ , пхиъ
Йиша, ваша г1аттаде
Цхьаъ, шиъ , кхоъ, диъ , пхиъ
Физзарядка йолае
Цхьаъ, шиъ , кхоъ, диъ , пхиъ
5..Дозуш долу къамел кхиор.
· Суьртах лаьцна къамел дар
-Х1ун дара шун планаца шолг1а 1амо дезаш дерг? (Суьртах лаьцна къамелаш дар )
-Х1ун 1амор дув ай х1инца? (Суьрта т1ехь гуш дерг дийца)
-Д1аелла учебникан 7-г1а аг1о.
-Муьлш бу суьрта т1ехь гуш берш?( Суьрта т1ехь бераш ду)
-Ц1ераш тахка царна?
-Бераш стенга даьхкина? (Бераш стоьмийн беша даьхкина)
-Цаьргахь х1ун ю? (Цаьргахь тускарш ду, ламиш бу)
-Уьш х1ун деш бу? (Уьш стоьмаш схьабохуш бу)
-Х1ара мила ву? (Ахьмад ву)
-Ахьмада х1ун до? ( Ахьада 1ежаш схьабоху)
-Х1ара мила ю? (Хеда ю)
-Хедас х1ун до? (Хедас 1ежаш тускар чу д1анисбо)
-Стенна оьшу стоьмаш? (берийн жоьпаш)
-Стоьмаш оьшу баа, варениш ян, компоташ ян. Цаьрца дуккха а витаминаш ду могушаллина оьшуш долу. Уьш баар ч1ога дег1ана пайдехь ду.
-Х1инца суьрте а хьовсуш вай х1оттийна дийцар схьа хьан дуьйцур дара? (Бераша схьадуьйцу дийцар)
-Муьлханиг дара шун планан шолг1а дакъа? (Суьртах лаьцна къамел дар)
-Хьенан ницкъ кхечи и кхочуш дан? (Берийн жоьпаш)
-Х1ораммо хьала г1оттуш ала шайна 1еминчух лаций.
Суна 1еми суьртах лаьцна къамел дан.
-Мила виси и дакъа кхочуш ца далуш?
6. Жам1 дар.
-Муьлха стоьмаш бевзира шуна?
-Стоьмаш мичахь кхуьу?
7.Рефлекси.
-Муха яра вайн план? (Берийн жоьпаш)
-Хьенан аьтту хили и кхочуш ян? Шайна х1ун 1еми дийца?
Суна 1еми стоьмийн ц1ераш яха.
Суна 1еми суьртах лаьцна къамел дан.
-Мила висина и кхочуш ца далуш ?
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.