03.09.2021
Абат (дешар)
Урокан ц1е : «Школа. Новкъахь. Дешархочун г1ирс»
1алашо: Дешархочун г1ирс бовзийтар. Берашна шайна оьшуш йолу х1ума ларъян, иза ц1ена лело , пусар дан 1амор.
Урок д1аяхьар.
1.Маршалла хаттар.
2.Дешаре шовкъкхоллар.
-Аса х1инца цхьана дешархочух лаьцна дуьйцу шуна. Аша ойла е , иза муха дешархо ву?
-Муса, элпаш язде.
-Ручка яц, тетрадь дац.
-Муса, книга еша.
-Книга яц.
-Муса, сурт дилла.
-Къолам бац, альбом яц.
-Муха дешархо ву Муса? (Берийн жоьпаш)
-Х1ун яц Мусан? (Книга , ручка, тетрадь, альбом, къолам)
-Уьш стена оьшу цунна? (Уьш школехь болх бан оьшу)
-Мегар дуй уьш йоцуш школе ваха? (Берийн жоьпаш)
-Х1унда? (Болх балур бац цуьнга школехь)
-Царех массарех х1ун олу? (Берийн жоьпаш)
-Царех массарех олу дешархочун г1ирс.
3.1алашо йовзийтар.
-Х1ун яра Мусагахь йоцург? (Дешархочун г1ирс)
-Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана? (Берийн жоьпаш)
-Вай тахана дуьйцур ду дешархочун г1ирсах лаьцна.
-Д1аелла учебникан 9-г1а аг1о.
- Вай хьалхара 1амор ду дешархочун г1ирсан ц1ераш яха. Цунна т1е йилла цхьа г1аж хьаькхна йолу фишка. Алал, х1ун 1амор ду вай дуьххьара?( Вайна дуьххьара 1емар ду ххасстоьмийн ц1ераш яха)
-Ала массара (Х1ора дешархочуьнга шега-шега олуьйту)
3. Дешархочун г1ирсан ц1ераш яха 1амор.
-Дагалаца шайн белхан план. Х1ун 1амор ду вай хьалха? (Дешархочун г1ирсан ц1ераш яха)
(Хьехархочо уьн т1е суьрташ д1аухку)
-Хьовсал суьрта т1е. Х1ара х1ун ю? (Х1ара тетрадь ду)
-Х1ара х1ун ю?( Х1ара къолам бу)
-Х1ара х1ун ю?( Х1ара альбом ю)
-Х1ара х1ун ю?( Х1ара ручка ю)
-Х1ара х1ун ю?( Х1ара линейка ю )
-Х1ара х1ун ю?( Х1ара книга ю)
-Царех массарех х1ун олу? (Царех дешархочун г1ирс олу)
-Уьш стенгахь оьшу? (Уьш школехь оьшу)
-Кхин муьлха дешархочун г1ирс бевза шуна? (Берийн жоьпаш)
-Хьуна х1ун 1емира, Хеда? (Суна 1емира дешархочун г1ирсан ц1ераш яха)
-Муьлханиг дара вайн планан хьалхара дакъа? (Дешархочун г1ирсан ц1ераш яха 1амор дара)
-Хьан кхочушдина и дакъа? (Берийн жоьпаш)
-Мила висна и кхочуш дан ницкъ ца кхаьчна? (Берийн жоьпаш)
· Ловзар « Х1ун ю совнаха?»
Хьехархочо уьн т1е д1аухку суьрташ.
1-ра тоба 2-г1а тоба
Альбом тетрадь
Къоламаш ручка
Краскаш книга
Кисточка краскаш
Ручка
-Х1ун ю хьалхарчу тобанехь совнаха? (Ручка)
-Х1унда ю ручка совнаха? (Важа г1ирс сурт дуьллуш лелош болу г1ирс бу, ручканца сурт ца дуьллу)
-Х1ун ю шолг1ачу тобанехь совнаха? (Краскаш)
-Х1унда? ( Важа г1ирс йоза яздеш оьшуш бу, ткъа краскаш сурт дуьллуш оьшу г1ирс бу)
4. Сада1аран миноташ
5.Дозуш долу къамел кхиор.
· Суьртах лаьцна къамел дар
-Х1ун дара шун планаца шолг1а 1амо дезаш дерг? (Суьртах лаьцна къамелаш дар )
-Х1ун 1амор ду вай х1инца? (Суьрта т1ехь гуш дерг дийца)
-Д1аелла учебникан 9-г1а аг1о.
-Муьлш бу суьрта т1ехь гуш берш?( Суьрта т1ехь бераш ду)
-Ц1ераш тахка царна?
-Бераш стенга ддоьлху? (Бераш школе доьлху)
-Цаьргахь х1ун ю? (Цаьргахьзезагаш , портфелаш ю)
-Уьш школе стенна боьлху? (Уьш школе деше боьлху)
-Х1ун до цара школехь? (Цара школехь доьшу , яздо , суьрташ дохку)
-Муьлха г1ирсаш беза царна суьрташ дохкуш? (Альбом, къоламаш, краскаш, кисточкаш)
-Муьлха г1ирсаш беза царна йоза яздеш? (Тетрадаш, ручканаш)
-Муьлха г1ирс беза царна книга еша 1ама? (Абат)
-Муха лело беза дешархочун г1ирс? (Ц1ена)
-Схьагайтал шайн г1ирс, вай хьовсур ду угаре ц1ена г1ирс хьенан бу. (Хьехархочо хаставо угаре ц1ена а, дика а дешархочун г1ирс лелош верг)
-Муха лело деза тетрадаш? (Тетрадаш ц1ена лело деза)
-Муха лело еза книжкаш? (Книжкаш ц1ена лело еза)
-И беригге г1ирс стена чохь лелабо аша? (Портфела чохь лелабо)
-Х1инца суьрте а хьовсуш вай х1оттийна дийцар схьа хьан дуьйцур дара? (Бераша схьадуьйцу дийцар)
-Муьлханиг дара шун планан шолг1а дакъа? (Суьртах лаьцна къамел дар)
-Хьенан ницкъ кхечи и кхочуш дан? (Берийн жоьпаш)
-Х1ораммо хьала г1оттуш ала шайна 1еминчух лаций.
Суна 1еми суьртах лаьцна къамел дан.
-Мила виси и дакъа кхочуш ца далуш?
· Ловзар « Дешархочун г1ирс я ловзо х1уманаш»
-Бераш аса х1инца дешархочун г1ирсан , ловзочу х1уманийн ц1ераш йохур ю. Дешархочун г1ирсан ц1е яккхахь д1адийша, ловзочу х1уманийн ц1е яьккхича хьалаг1овтта.
Тайниг, ручка, тетрадь, къолам, паровоз, цхьогал, альбом, резинка , линейка, портфель
6. Жам1 дар.
-Муьхла дешархочун г1ирс бевзи шуна?
-Уьш стена оьшу?
7.Рефлекси.
-Муха яра вайн план? (Берийн жоьпаш)
-Хьенан аьтту хили и кхочуш ян? Шайна х1ун 1еми дийца?
Суна 1еми дешархочун г1ирсан ц1ераш яха.
Суна 1еми суьртах лаьцна къамел дан.
-Мила висина и кхочуш ца далуш ?
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.